ЧӀулга-Юрт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Юрт
ЧIулга-Юрт[1]
Знаменский перекресток.jpg
Пачхьалкх

Российн Федераци

Регион

Нохчийн Республика

Муниципалан кӀошт

Теркан  

Координаташ

43°40′44″ къ. ш. 45°07′25″ м. д.HGЯO

Юьртда

С.А.Аслаханов

Йиллина

1808

Дуьххьара хьахор

1811

Хьалхара цӀерш

Эльдарова, Мундар-юрт[2]

ХӀордан сизал локхалла

94[3] м

Климатан тайпа

барамера континенталан

Бахархой

9620[4] адам (2002)

Къаьмнийн хӀоттам

нохчий, оьрсий, гӀумкий, гӀазгӀумкий, жӀайхой, гӀалгӀай

Динан хӀоттам

бусулбанаш, керстанаш

Бахархойн цӀерш

ЧIулга-Юртхой ЧIулга-Юртхо

Сахьтан аса

UTC+3

Телефонан код

+7,87132[3]

Поштан индексаш

366813, 366831

Автомобилан код

20, 95

ОКАТО ишар

96216816001

Официалан сайт

sznamenskoe.ru

Картан тӀехь
ЧIулга-Юрт[1] картан тӀехь
Locator Dot2.gif
ЧIулга-Юрт[1] картан тӀехь
Locator Dot2.gif
ЧIулга-Юрт[1] картан тӀехь
Locator Dot2.gif

ЧӀулга-Юрт[1][5] — Нохчийн Республикан юрт, Теркан кӀоштан центр[6].

Кхузахь беха нохчий, тайпанашкара: Ӏаларой, цӀонтарой, гендаргной, зандакъой, аьрсаной, чермой, чартой, энганой, аргӀаной, айткхаьллой[7].

ЧӀулга-юртан Администраци
Теркан кӀоштан Администраци

Географи

Юрт лаьтта Теркан аьтту берд тӀехь, Соьлжа-гӀалан 99 километр генахь ю.

ЧӀуьлга-Юртара некъаш хадо меттиг

Уллора ярташ: къилбаседехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Рубежни юрт, малхбузехь — Бена-Юрт а, Ӏелин-Юрт а, малхбалехь —Чернокозово юрт, къилба-малхбалехь — Новр-ГӀала, Алпату, Лакха-Невре, Лаха-Невре ярташ, къилба-малхбузехь — Ломаз-Юрт[8].

Микротопонимаш

Юьртахь билгалъяьхна лахара микротопонимаш.

"Зима шу" - Теркан дукъан хьалхара тӀегӀа. ЧӀулга-юртан къилба агӀора[9], юрт зима шу тӀех шоръелла.

"Боккха шу" - Теркан дукъан шолгӀа тӀегӀа. ЧӀулга-Юртан къилба агӀора[10].

"Теркан татол" - хи туху татол, юьртан къилба агӀора чекхдолу[11].

"Саьнгар" - Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш 1942 шарахь мостагӀийн танкашна дуьхьала яьккхина юьртахоша. Юьртан малхбуза агӀора ю[12], къилбаседехьа а яра, амма Теркан бердаца гӀишлош йина саьнгар къевлина.

"Диксалун барз" - лаьтта юьртан къилба агӀора, ширачу заманара кешнийн барз бу иза. «Диксалу» - наггахь хаало нохчийн цӀе ю. Баккхийн наха дийцарехь, оцу барз тӀиера коллективизаци еш а, кулакашна дуьхьала дов латтош а, юьртахошна хьалха вистхилира юьртара жигархо Диксалу, цигара йогӀу цӀе: Диксалун барз[13].

"Лакхара хьун" - юьртан къилбаседа а, къилбаседа малхбузан а агӀора.

"Лахара хьун" - юьртан малхбалера хьун[14].

"МогIара баьрзнаш" - юккъерчу бӀешерашкара могӀара лаьтта кешнийн баьрзнаш. Малхбузехьа. ЦӀе елла тӀехуларчу сиптех[15].

"Теркан тогIе" - юьртан къилбаседехьа, Теркан йисттехь[16].

"ЖагI мере" - жагӀа боллу меттиг ю юьртан къилба-малхбузехь[17].

"Къахка муьре" - хьун. Малхбале агӀора. «Къахк» - диттан тайпа, «муьре» - дахкаделла дитте. Хила мега, «муьре» - галдаьккхина «мере», нохчаша и дош леладо уллохь, герга дешнийн маьӀнехь.

"ХӀурин бун лаьттинчу" - малхбален агӀора Эмасулин уллора говраш хохку майданахь лаьтта барз. Баккхийчара дийцарехь кхузахь бун тоьхна дуьххьала охьахиина ХӀури[18][19](СайдулаевгӀеран а, ГелихановгӀеран а дайшах хилла иза). "Хьо хӀун да гӀерта хаьттича" - юьртахоша хаьттича, жоп делира бахара:"Нах тӀебагӀахь юьртда хир ву ша, цабагӀахь бун хир шена".

"Пероз" - къилбаседа-малхбузера хьуьнах олу. Нохчий махках бахале цигахь лаьттина Терках волу бурам. Дош даьлла оьрсийн "перевоз" дашах[20]. Бурам тӀехь болхбеш хилла ЧӀулга-Юртан вахархо Гилхан Ӏусман.

"Божа лаьхкина боьра" - юьртан къилбехьара меттиг[21].

"Алмазийн боьра" - юьртан къилбехьара меттиг, «Алмаз» я «Алмаст» - хьуьнхара, вала а ваьлла, дика стаг, хьехаво нохчийн а, гӀалгӀайн а фольклорехь. Масала, нохчийн эшаршкахь ГIулоз чоь хьахош гуттара а цунан улло туху ловзу алмаз (...Алмазаш ловзучу ГIулозан бийрахь)[22].

"ГӀулоз чоь" - «Банкин-Юртан уллора боьра[23]. Урочище к югу от села.

"Банкин кIотар"[24] . ЧӀулга-Юртан къилбехьара Теркан дукъ тӀиера кӀотар ю, цига ховшура чӀулгюртхой.

"Эмсулиэ" - юьртан малхбалехьара меттиг. Хьун а, жима кӀотар а. ГӀараваьллачу нохчийн этнографа А.С.Сулеймановс яздо: "Нохчийн меттаца оцу дешан кхетам бац"[25]. Амма юьртарчу воккха стага Итрин Мийкалас дийцира оцу топониман маьӀна. Цуо дийцарехь, оцу меттигехь хьоладен Мазаев Тимофейн бахам бара, цуьнан шина йоӀа Эммас а, Соняс а тойш хӀиттадора, кхойкхура юьртарчу кегий нехе кӀотарара тойне. хьо стенгара вогӀу хаьттича, жоп лора ЭммСоние йолчура олий (аьлчи а Эммий, Соний йолчура).

"Чергазийн некъ" олура, баккхийчара хӀинца а олу, малхбузера малхбалехьа Теркан аьтту бердаца боьдучу некъах. Шоссейн некъ бу, цуо вовшех тосу Теркан аьтту бердаца йолу ярташ. Ширачу заманахь цуо вовшахтасара БуритӀе ГӀизларца, кхин дӀабодара ХӀинжа-гӀала а, Дербенте а, иза чӀогӀа ладаме йохк-эцаран а, стратегин а аса хилла. Тахана республикан чоьхьара маьӀна бен дац[26].

"Теркан тIай" - Теркан тӀехулара тӀай, цунна "ДоттагӀаллин тӀай" аьлла цӀе тиллина оьрсаша. Вовшахтосу юрт Ишореца, аьлчи а аьрру, аьтту бердаш[27].

"Къуйн некъ" - ширъелла цӀе. Иштта олуш хилла ишалаш, боьранаш чухула, хьаннаш юкъахула боьдучу некъах, оцу некъа лелаш хилла къуй, талорхой, талораш деш, дукха хьолахь даьхни дӀадохуш хилла жаш лелош волчу Мазаев Тимофейгара а, гӀалагӀазкхийн баьччанашкара а, оьрсаша латтанаш деллачу нохчийн хьоладайшкара а, паччахьан белхалошкара Гендаргнойн ЧIулгера а, НогӀа-Мирзегара а (НогIа-Мирзин-юртан юртда). ХӀинца ярташ яккхий хилла, ишалаш лекъна некъ байна[28].

Истори

Юрт йиллина схьавалар нохчех волчу, Ичкерера масех доьзал охьабалийначу мукъаваьккхинчу поручика Гендаргнойн ЧIулга 1808 шарахь Теркан аьтту берд тӀехь Ишоре гӀалин дуьхьала, ЧӀуьлга-Юрт аьлла цӀе а тиллина. Дукха хан ялале, тӀелетачу ламанхойх лардайтархьама, юьртахоша кхайкхина валийра Аксайра гӀумкийн эла Эльдаров Мурдар[29], оцу хенахь иза акъарийн нохчийн ярташ лелош дара уьш Жимачу ГӀебартан латташ лоруш доллушехь. Иштта юьртах Мундар-юрт ала долийра[30].

Эла Мундар Эльдаров аьттонца даржехь хьалавоьдуш вара, дика алапа а дагӀара цунна, таро йолуш вехаш вара, амма 1840 шарахь гӀевттинчу теркйистерачу нохчаша болчу бахамах ваьккхира иза. Иза шен цӀенош дагийна ведара[31].

Гендаргной тайпана наха кхоьллина лору юрт, амма ЧӀулгаца Ичкерера охьабаьхкинарш АргӀаной хилла, 1811 шеран дуьххьара ЧӀуьлга-Юрт хьахочу архиван тептар тӀехь вуьйцу АьргӀанойн тайпана Бисолтийн некъех волу Байтаркха. 1863 шеран дозатохаран архиван кехат тӀехь, комисси юкъахь бу Далка Мисарбиев АьргӀанойн тайпанара, Ша1ма Болатбиев Беркойн тайпанара, Нурмохьмад Центуров ЦӀонтаройн тайпанара. ТӀехьуо XIX бӀешо чекдолуш юьрта охьахевшина кхечу тайпанан нах — Айткхаьллой, Аьрсалой, Аьрсаной, ГӀордалой, Зандакъой, Салой, Таркхой, ТӀерлой, Чермой, Чартой, Шикъарой, ЭгӀашбатой, Энганой, Ӏаларой, ткъа иштта кхечу къаьмнийн векалш — оьрсий, гӀалгӀай, жӀайхой, гӀазгӀумкий, гӀумкий[32].

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а, ара а баьхна Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхинчул тӀехьа Мундар-Юртан цӀе хийцира оьрсаша шайн маттахь Знаменское аьлла[33], амма нохчашна ЧӀуьлга-Юрт цӀе йисира. 1943 шарахь 1 сентябрехь Мундар-Юрт (ЧӀуьлга-Юрт) уллохь тӀемаш хилира немцойн эскаршца Мазалк агӀо мукъаяккхархьама — мостагӀийн (шиъ минометан батарей а, батальон сов гӀашлой а) аьтту белира Теркан къилба берд тӀе дехьабевлла чӀагӀбала бердйисттерчу хьун чохь юьртан къилбехьа. Юьртан тӀелатар юхатуьйхира 417-гӀа Сивашан а, 389-гӀа кхийсархойн дивизин а ницкъашца. ТӀехьуо, 1943 шеран декабрехь Мазалк а мукъаяьккхира[34].

Дуьххьара ножан хьокха ЧӀуьлга-Юрт кхуллучу меттигехь боьгӀна ша ЧӀулга, аларца:

« «ХӀокху юьртана дика маьхкарий а, чехка дин а ма иэшабойла.»[35] »

Оцу хьокханах иттанаш шераш девлча боккха наж кхиара.

1963 шарахь 1 февралехь НГӀАССР-н Теркан кӀоштан администраци Лаха Неврера дӀахьо ЧӀуьлга-Юрта[36].

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1970[37]1979[38]2002[39]2010[40]2012[41]2013[42]2014[43]
42215238962010 28610 52810 82811 072
2015[44]2016[45]
11 23311 412
Къаьмнийн хӀоттам

2002 шеран:

Социалан сфера

Юьртахь кхоъ юккъера ишкол ю: № 10 йолу гимнази (Московски ур., №20), ЧӀуьлга-Юьртан № 1 йолу ЮДИ[46], СОШ № 3[47] (Центран урам тӀехь), ЧӀуьлга-Юьртан № 3 йолу ЮДИ (Центран урам тӀехь), берийн кхоллараллин цӀа, спортан ишколаш, кхоъ берийн беш, шиъ техникуман филиал, шиъ спортан цӀа, стадион (болх бан йолаяланза ю), Нохчийн Республикан лакхарчу лигехь ловзу футболан команда «Теркйист», тренажерийн чоьнаш, бассейн, шиъ медицинан учреждени, Оьздангаллин цӀа 100 меттигана, шиъ библиотека, шиъ пошта, телеграф, иттаннаш туьканаш, кафеш, ресторанаш, йохк-эцаран центр «Знаменский», иттаннаш машенаш тоен боксаш, иттех машенаш юьлуш йолу боксаш. Дзержински урам тӀиера № 1 А йолчу гӀишлон чохь ю Россельхозбанкан тӀейина офис.

Промышленность

ЧӀуьлга-Юртахь промышленностах яра ЧӀуьлга-Юртан «Тереквинпроман» чагӀаран завод, ЧӀуьлга-Юртан кӀоштан юурган комбинат, шурийн завод, гарзанийн фабрика.

КӀоштан юурган комбинатах цхьа а хӀума ца дисина, ткъа шурийн заводах деккъа пенаш бен ца дисина, чагӀаран завод вовшахъяьккхина, гарзанийн фабрикан гӀишлош дика лаьтташ ю, амма иза а болх беш яц; кемсаш бухъяьхна алкоголан дуьхьала компани йолчу хенахь. Дика болх дӀабахийта хи дуьллу маша метта хӀотто без, 800 га майданера кемсаш меттахӀитто оьшу.

Гарзанийн фабрикан уллохь йина цхьаъ ах гектар майданехь йоккха дешаран-производственни реабилитацин центр, Цигахь деша таро ю тайп-тайпанчу пхьоланашна 240 беран, царна юкъахь БЦП бала хьоьгуш а, кхин цамгарш йолу бераш а. Оцу майданахь ялх производственни пхьолгӀа йоцуш 30 беран лерина чохь Ӏан меттиг ю, самукъадаккхаран комплекс ю, администрацин гӀишло ю, маьждиг ду. Центр дӀайоьллуш дакъалецира НР Правительствон жима а, юккъера а бизнесан Комитетан председатель волчу Шуаипов ШаӀранис, цуо элира[48]:

«Хьуьнарчашна кхузахь ю пхьолгӀанаш: мебелан, дечка пхьолан, тегаран, эчка пхьолан, хьун якъоран чоь. Ю иштта берашна компьютерца болх, бухгалтеран гӀуллакх Ӏамо классаш. Берашна кхузахь 12 корматалла Ӏамор ю, царна юкъахь эчка пхьар, дечка пхьар, слесаран, дешин а, кхин а пхьоланаш. 120 стаг болх беш хир ву центрехь даиман а бух тӀехь»

Динан агІо

Юьртахь маьждигаш ду:

  • Абаст-Хьаьжин цІарах долу рузбанан маьждиг
  • ССРС дуьххьала дина доккха маьждиг
  • Хамидов Баудин маьждиг
  • ЦӀонтаройн маьждиг
  • Миколаев ЗавдигІера маьждиг
  • Іабдул-КеримгІера маьждиг
  • ДарбанцІен кертара маьждиг
  • Реабилитацин-дешаран меттиган кертара маьждиг
  • Базаран кертара маьждиг

Юьртахь йоккха хьуьжар ю.

Кешнийш кертахь кхоъ зиярат а, гІазота кхелхинчеран хІоллам а бу. Иза боьгІна вайн юьртарчу кІенташна: Ахмадов Ильясан, Дадаев Зайндин, Кадиев Хьасанан, Мусаев Ризванан, Хажмурадов Анзоран.

Зияраташ:

Куьйгалхой

Юьртдай лаьттина: Хьату Халад, Закаев Сайпудди Закаевич, Махмудова Людмила Петровна, Халадова Петимат Ахмедовна, Такуев Висани Дараевич, Закаев Мохьмад Адамович, Аслаханов Салавдин Абал-Хасанович. 1966—1971 шерашкахь — «Знаменский» совхозан директор лаьттина Завгаев Доку Гапурович — 1995—1997 шерашкара Нохчийн Республикан корта. Совхозехь директорш лаьттина Батукаев Асланбек, Нурадиев ИбрахӀим Олхазурович, Яхъяев Висхан Магомедович, Семиев Ширвани Язедович.

Закера Сайпудди

Тайпанаш

Юртара тайпанаш:

  1. Айткхаьллой
  2. АргIаной,
  3. Аьрсалой,
  4. Аьрсаной [49],
  5. Беркой,
  6. Гендаргной,
  7. ГӀордалой,
  8. Зандакъой,
  9. Нижлой,
  10. Пешхой,
  11. Салой,
  12. Таркхой,
  13. ТӀерлой (Гуорой, Оьтти),
  14. ЦӀонтарой,
  15. Чартой,
  16. Чермой,
  17. Шикъарой,
  18. ЭгӀашбатой,
  19. Энганой,
  20. Ӏаларой[1],

ГӀарабевлла юьртахой

  • Гендаргнойн ЧIулг — XIX бIешеран юьххьера нохчийн баьчча, АтагӀан юьртда.
  • Чуликов Юсуп — Теркан областан Теркан декъан хьаькам. Гендаргано.
  • Хамидов, Баудин Хожаевич (9 апрель 1958(19580409)) — геолого-минералогиийн 1илманийн кандидат, ООО «Компания Полярное Сияние», ООО «Соровскнефть» генеральни директор. Тайпана аргӀано.
  • Умарсултанов, Вахит Османович (20 август 1950(19500820), Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн художник, Российн Федерацин Сийлахь художник, Нохчийн Республикан художникийн тобанан председатель, Российн художникийн тобанан нохчийн регионан декъан председатель, Российн художникийн тобанан секретарь, ССРС художникийн тобанан декъашхо, дукха регионийн а, ерригроссийн а, халкъашна юккъера а гайтахӀоттамийн декъашхо, 2012 шарахь Российн Федерацин Правительстван культуран совгӀатхо. ЦӀонтаро.
  • Багалова, Зулейхан Мутушевна (Зулай) (2 июнь 1945(19450602), Кара-Балта, Жайыл кӀошт, Чуйн область, Киргизийн ССР, СССР) — нохчийн актриса, НГӀАССР Халкъан актриса (1981 шо), РСФСР Сийлахь артист (1991 шо), юкъараллин гӀуллакханча. Тайпана аргӀано.
  • Ахтаханов, Руслан Абуевич (14 март 1953(19530314)15 ноябрь 2011) — нохчийн поэт, Россин яздархойн Союзан декъашхо, Боровик Артеман цӀарахчу премин лауреат, Современни гуманитарни академин проректор. Чертой.
  • Хажмурадов, Ӏайнди Алиевич (1955 шеран 25 май) — нохчийн яздархо[50], поэт[51], 1983 шарахь дуьйна ССРС журналистийн Союзан декъашхо, 2014 шарахь дуьйна Российн яздархой Союзан декъашхо, 1976 шарахь Германера Дрезден гӀалахь хиллачу ерригевропан хелхаран фестивалан лауреат, вайнехан «Лаьмнийн Поэма» цӀе йолу хелхар хӀотторна мидал а луш. Тайпана аргӀано.
  • Салихов Джаьнтамар-Хьаьжа[52] — гӀараваьлла Ӏеламстаг, шайх, кхелхина 18.03.1904. Каш ду ЧӀулг — Юртахь. Тайпана аргӀано.
  • Мисарбиев Джансу-Хьаьжа[52] - Ӏеламстаг, кхелхина 1902. Каш ду ЧӀулг — Юртахь. Тайпана аргӀано.
  • Юсупов Хьабар (Хьабар-молла)[53] — гӀараваьлла Ӏеламстаг, шайх. Каш ду Йоккхачу АтагIахь. Тайпана аргӀано.
  • Багалов Мутуш Генаевич[54][55][56] — ЧӀулга-Юртан вахархо — лахара лейтенант, 1941 шарахь Сталинградан тIамехь дакъа лаьцна, 1942 ш. мукъаваьккхина, тIаьхьа 1943-1944 шерашкахь Теркан кIоштехь болх бина ЧГIХК хьаькам даржехь. Тайпана аргӀано.
  • Багалов Махьмуд Мутушович[57][58][59] - ЧIулг — Юртан вахархо, шиъ институт чекхъяьккхина, Американ колледжехь дешна. 1991-1995 шерашкахь Нохчийн Республикан Ичкерин Парламентан депутат, 1995-1996 шерашкахь НРИ Арахьарчу ГIуллакхийн Министраллин Американ Цхьанатоьхначу Штаташкахь волу векал, АЦШ вахархо. Тайпана аргӀано.
  • Амаев Махьмуд[52][60] — революци хиллачул тӀехьа СССР пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца дӀакъа лаьцнарш а. Тайпана аргӀано.
  • Хасанов Шамсуддин[61] а — революци хиллачул тӀехьа СССР пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца дӀакъа лаьцнарш а. Тайпана аргӀано.
  • Усманов, Нурлан Сайд-Алиевич (1954 шо Карагандан область) – Российн Федерацин Художникийн союзан декъашхо, Российн Халкъан пхьар, Нохчийн Республикан Хьакъдолу художник. Тайпана Пешхо.

Урамаш

  • 1-ра Базаран урамалг
  • Абаст-Хьаьжин урам
  • Абубакар Сайдхасаевн урам
  • Абузара Айдамировн урам
  • Адам Сайдулаевн урам
  • Амад Атиевн урам
  • Артезианан урам
  • Асламбек Шериповн урам
  • Ахьмад Завгаевн урам
  • Ахьмад Завгаевн урамалг
  • Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн урам
  • Ахьмад-Хьаьжа Кадыровн урамалг
  • Базаран урам
  • Бамматгири-Хьаьжин урам
  • Баудин Арсановн урам
  • Береговой урам
  • Ваха Умеевн урам
  • Виноградни урам
  • Владимир Маяковскин урам
  • Восточни урам
  • Гагаринан урам
  • Гилани Бисултановн урам
  • Грозненски урам
  • Грузински урам
  • Дальни урам
  • Дени Арсановн урам
  • Десяти урам
  • Дзержински урам
  • Докка Датиевн урам
  • Жаьнтамар-Хьаьжин урам
  • Зайнди Джамалхановн урам
  • Знаменски урам
  • Ирисхан Алиевн урам
  • Ирисхан Алиевн урамалг
  • Кабардински урам
  • Кавказан урам
  • Кавказан урамалг
  • Калауссан урам
  • Карьерни урам
  • Кати Айсхановн урам
  • КахӀим Ясаковн урам
  • Комаровн урам
  • Кооперативан урам
  • Кунта-Хьаьжин урам
  • Лев Толстойн урам
  • Лермонтовн урам
  • Лесной урам
  • Лесной урамалг
  • Луговой урамалг
  • Ляля Насуханован урам
  • Мани-Шайхан урам
  • Марьям Айдамирован урам
  • Маташ Мазаевн урамалг
  • Маташа Мазаевн урам
  • Махьмуд Амаевн урам
  • Махьмуда Эсамбаевн урам
  • Мира урам
  • Мирни урам
  • МитӀи Арбиевн урам
  • Мовлад Дакуевн урам
  • Мовлид Висаитовн урам
  • Мовлид Висаитовн урамалг
  • Молодежни урам
  • Молодежни урамалг
  • Московски урам
  • Мохьди Исраиловн урам
  • Мохьмад Баймурзаевн урам
  • Муса Абдулаевн урам
  • Мусайп Мидаевн урам
  • Муслим Магомаевн урам
  • Надтеречни урам
  • Надтеречни урамалг
  • Наурски урам
  • Нефтяникийн сектор 1 урам
  • Нефтяникийн сектор 2 урам
  • Нефтяникийн сектор 2а урам
  • Нефтяникийн сектор 3 урам
  • Нефтяникийн сектор 4 урам
  • Никита Хрущевн урам
  • Нови урам
  • Озерни урам
  • Олимпийски урам
  • Паша Бисултановн урам
  • Перви урам
  • Первомайски урам
  • Петр Захаровн урам
  • Победы урам
  • Пойменни урам
  • Полевой урам
  • Прудни урам
  • Раиса Ахматован урам
  • Рамзан Кадыровн урам
  • Рамзан Кадыровн урамалг
  • Садови урам
  • Сайд-Хьасан Индербиевн урам
  • Сайпудди Закаевн урам
  • Свободы урам
  • Свободы урамалг
  • Северни урам
  • Солта Бисултановн урам
  • Спортивни урам
  • Спортивни урамалг
  • Строительни урам
  • Сулим-Хьаьжин урам
  • Сулим-Хьаьжин урамалг
  • Тапа Чермоевн урам
  • Тапа Чермоевн урамалг
  • Ташу-Хьаьжин урам
  • Терски урам
  • Тихи урам
  • Торгови урам
  • Узеньки урам
  • Умалат Лаудаевн урамалг
  • Ханпаша Нурадиловн урам
  • Хизар Ахмадовн урам
  • Хьалим-моллин урам
  • Хьесамакк-Моллин урам
  • Хьусейн Исаевн урам
  • Хьусейн Исаевн урамалг
  • Хьусейн Юсуповн урам
  • Хьуьнхойн цӀа урам
  • Центральни урам
  • Чеченски урам
  • ЧуликовгӀеран урамалг
  • Шаба Шамаевн урам
  • Шайх Канин урам
  • Шайх Мансуран урам
  • Шамсуддин Хасановн урамалг
  • Шамсуддин Хасановш урам
  • Школьни урам
  • Энтузиастийн урам
  • Южни урам
  • Юнус Дешериевн урам
  • Ӏабдурахьман Автурхановн урам
  • Ӏарби Мамакаевн урам
  • Ӏели Малаевн урам
  • Ӏели Митаевн урам
  • Ӏумар Якубовн урам
  • Ӏусман-Хьаьжин урам[62]

Билгалдахарш

  1. 1 2 3 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  2. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР от 23.02.1945 о переименовании с/советов и населенных пунктов Грозненской области
  3. 1 2 Село Знаменское / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  4. Итоги переписи населения 2002 г.
  5. История села Знаменское
  6. Закон Чеченской республики № 16-РЗ от 20.02.09 (doc). — Об образовании муниципального образования Надтеречный район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 9 апрелехь. Теллина 2009 шеран 11 декабрехь.
  7. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.555
  8. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  9. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  10. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  11. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  12. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  13. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.556
  14. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  15. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.555
  16. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  17. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  18. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007, стр.124,126.
  19. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.556
  20. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  21. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  22. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  23. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  24. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  25. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  26. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  27. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  28. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.557
  29. http://arhiv-chr.ru/deyatelnost/publikatsii/50-knyazya-eldarovy
  30. Волкова Н. Г. — Этнический состав населения Северного Кавказа в XVIII — начале XX века. M., 1974, стр. 184
  31. . И. ДУХАЕВ, отдел научно-исследовательской работы и информационно- поисковых систем Архивного управления Правительства ЧР
  32. АИЭ, ф.8, д.27, л.67. Материалы экспедиции 1971 г.
  33. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ № 100)
  34. А. А. Гречко — Битва за Кавказ
  35. Эльмурзаев, Юсуп Мутушевич страницы истории Чеченского народа.
  36. Административно-территориальное деление Чеченской Республики
  37. Надтеречный район (1970)
  38. Надтеречный район (1979)
  39. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  40. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  41. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  42. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  43. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  44. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  45. Чеченская Республика. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2008-2016 годов
  46. МОУЧ 'СОШ N1 С.ЗНАМЕНСКОЕ' 89637077601, 2007003903
  47. МОУЧ 'СОШ N3 с. Знаменское' 89280894523, 2007003893
  48. В Чеченской Республике открылся крупный учебно-производственный реабилитационный центр
  49. Эрсеной тейп.
  50. http://mk-chr.ru/press-sluzhba/arhiv-news/825-id825
  51. https://www.culture.ru/events/272476/koncert-yazyk-dusha-naroda
  52. 1 2 3 Духаев А.И., "Эпоха шайхов", Элиста, "Джангар", 2007, стр.162-172.
  53. Духаев А.И., "Эпоха шайхов", Элиста, "Джангар", 2007, стр.162.
  54. https://www.geni.com/people/%D0%9C%D1%83%D1%82%D1%83%D1%88-%D0%91%D0%B0%D0%B3%D0%B0%D0%BB%D0%BE%D0%B2/6000000037718090002
  55. http://lists.memo.ru/d3/f27.htm
  56. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007, стр.72.
  57. https://www.youtube.com/watch?v=T5t_v_hLx3Y
  58. http://artofwar.ru/w/woronin_a_j/prawitelxstwodudaewamart1994goda.shtml
  59. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007, стр.23, 72.
  60. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007, стр.23, 75.
  61. Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007, стр.28, 55.
  62. http://mapkarta.ru/%D0%A7%D0%B5%D1%87%D0%B5%D0%BD%D1%81%D0%BA%D0%B0%D1%8F__%D0%A0%D0%B5%D1%81%D0%BF/%D0%9D%D0%B0%D0%B4%D1%82%D0%B5%D1%80%D0%B5%D1%87%D0%BD%D1%8B%D0%B9__%D1%80%D0%B0%D0%B9%D0%BE%D0%BD/%D0%97%D0%BD%D0%B0%D0%BC%D0%B5%D0%BD%D1%81%D0%BA%D0%BE%D0%B5__004/%D1%83%D0%BB%D0%B8%D1%86%D1%8B

Хьажоргаш