Талор

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Талор (Российн зуламан кодексан ст. 161) — ца лечкъаш лачкъор неха бахам. Талор до стагана ницкъ беш а, ца беш а. Цуьнца къаьста талор къолах (неха бахам къайлаха лачкъор).

Талор чекхдаьлла лору, нагахь бахам схьабаьккхинехь, бехкечуьнан шена луъург да йиш йолуш велахь (масала, лачкъийна хӀума шен пайден яхийта я кхечун пайден хьажо)[1].

Файл:В Одессе как в раю 1917.jpg
«Одессехь беха, ялсаманехь санна». Гоп-стоп одессан 1917 шеран суьрта тӀехь

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Талор башха зуламан юкъа дохуьйту шира бакъонан иэс хилла Хаммурапин Законаш (ст. 22, 23, 24). Талор а, къола а къастадо ширахӀиндин Ману Законаш.

Талор Российн зуламан бакъонехь[нисъе бӀаьра | нисъе]

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

1903 шеран зуламан законехь муьлхха а бахам ницкъ барца лачкъорах талор олу.

ХӀокху заман зуламан бакъо[нисъе бӀаьра | нисъе]

РФ ЗК 161 статьяца талор — неха бахам ца лечкъаш лачкъор. Талор хууш до, ца хууш динчу зуламан юкъатухийла а дац.

РФ ЗК 161 статьяхь дийцина неха бахам диллина лачкъор (талор), ду ишттаниг, нагахь хӀума кхечарна а гуш, хӀуман да я кхин долахо волуш лачкъаяхь.[1]

Объективан агӀо — лаьтта 3 хӀуманах: динарг (бахам биллина лачкъор), тӀаьхье (долахочун бахаман зулам дар), динчун а, тӀаьхьенан а бахьанан-тӀаьхьенан юкъара уьйра.

Субъективан агӀо — зулам дан дуьххьала дӀа Ӏалашо йолуш болу бехк.

Субъект — хьекъале 14 шаре ваьлла стаг.

Талорийн квалифицикаци:

  • Дина тобано, хьалххе барт бина, цӀа я кхечу хӀусаман чубевлла;
  • Дина закон дохош цӀа чуваьлла, я кхин хӀусам, ларма чуваьлла;
  • Дина дахаран а, могашаллин а зуламе доцуш ницкъ беш;
  • Дина даккхий барамашкахь.

Башха талорийн квалификаци:

  • Дина кхоьллинчу тобано;
  • Дина тӀех боккхачу барамехь.

Российн а, ССРС уггаре гӀарабевлла талорхой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Постановление Пленума Верховного суда Российской Федерации от 27 декабря 2002 года № 29.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]