Гендаргной
Гендаргной | |
![]() | |
Кхин цӀерш | Гендаргеной, Гендаргной, Гяндарганой, Гендаргуной |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Юкъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан нохчмахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Дуьххьара хьахадар | 997 шо григорианан рузманца |
Къам | нохчий |
ТӀаьхье | Сингалхой, Ноккхой |
Гергарло | гуной?, курчалой?[1] |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира мохк Нохч-Мохк |
Гендарганой - нохчийн тайпа, ширачарех нохчийн тайпа[2][3][4]. ЮкъадогӀу Нохчмахкахойн тукхаман. Тайпан юрт — Нохчийчура Нажи-Юьртан кӀоштан Гендаргана. Гендаргана лаьтта Ястий хин аьрру бердан тӀехь, Нажи-Юртан къилбехьа, Бенан къилбаседехьа, Энганан малхбалехьа, Даьттаха малхбузехьа.
Тайпа J2 гаплотобан юкъара ду[5]. Дукхаллин барам - 75 000 сов стаг.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Сулейманов Ахьмадан истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
ГӀараваьлла волу нохчийн Ӏилманчо Сулейманов Ахьмада дийцарехь, Гендарганой эмиран Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенах бу. Уьш схьабевлла кхаа вешех: Гундалх, Гундаргенах, Нижалх. Гендаргноша дийцарехь уьш вежарий хилла. Церан йиша Курчала хилла.
Шеман эмир Сайд-Ӏали велча дарже кхаьчна кхечу тайпан векал. Эмиран Саид-Ӏалин кӀенташна Абул-Ханан, Решид-Ханан, Хьамзат-Ханан ца лиира даймахкахь баха, къилбаседехьа дӀабахара. Уьш кхечира Курку-ломан я Кхеташ-коьртан кӀошта, хӀинца ЦӀоьнтара а, Тезa-Кхаьлла а ярташ йолчу. Оцу кхааннах цхьаьнан кхо кӀант вара Гундал, Нижал, Гундарген. ТӀаьххьарниг охьахиира хӀинца Гендаргана йолчу, ткъа ши ваша – Гундал а, Нижал а – циггахь бисира. Доьзалаш а, даьхний а алсамадевлча, меттиг ца тоьъна ши ваша къаьстира. Ший а цигара дӀавахара. Нижал охьахиира Ястий хил дехьа, ткъа Гундала караерзира Гумс а, Хул-Хуло хишна юкъара меттиг.
Пхоччу – шира эвла ю Шуьйтан кӀоштара ЧӀиннахара, лаьтта Ушкхаьллан къилбаседехьа (Орган аьтту берд тӀехь). Юьртахь дуккха а бӀаьвнийн ша-кепара архитектура ю. Иза Орган уггаре готта а, акха а меттиг ю. Ехачу заманахь оцу бӀевнаш чохь гуламаш бина Мехкан Кхеташоно, бакъо а, нийсо а лоху ламанхой, Орган хьосташкара ломал хьалхарачу аренашка кхаччалц кхачара цига. Кхеташонан декъахой бара хоржуш болу векалш – хьекъал долуш, тешаме болуш, нийсо езаш болу.
Бена юкъан 2 км гена тера цӀе йолу шира эвла. Иза Бенан юкъайогӀуш ю. Ткъа луларчу Гендарганан а, Энганан а бахархоша юьйцу Пхьачу шайн «тайпанан мехкаш» юкъахь, лору иза шайн шира кхерч. Оцу гӀуллакхо дагатосу и кхуьй а тайпа гергара хила мега олий[6].
А. Костеринан истории[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вайн тайпа схьадаьлла Шемарчу гӀалара, иза лаьтта кхузара къилбехьа Ассирехь. ГӀалан хьаькам вара вехаш а, ницкъ болуш а стаг Ахьмад-хан. Цуьнан дара дукха латташ, куьйга кӀелахь дукха адамаш а дара цуьнан. Уггар дика гӀалара зударий бара цуьнан хӀусамехь. Амма цуьнан хазна а, сий а цуьнан кхо кӀант вара: воккханиг - Шамхан, юккъерниг – Сайд-Ӏали, жиманиг Ӏаббас. Хезнера вежаршна даккхий а, беркате а долчу къилбаседерчу ДегӀастанан лаьмнех лаьцна. Дагадеара царна оцу лаьмнашка баха, талла, бакъ хилар оцу лаьмнех дуьйцург. Сингаттамца дӀахийцира Ахьмад-хана шен кӀентий лела генарчу а, бевзаш боцучу а махка. Дуккха а нах эцна, доьзалашца арабевлира вежарий къилбаседехьа. Масех шарахь некъ бира вежарша хӀорд тӀиера хӀорд тӀекхаччалц, дехьа бевлира ДегӀастанан лаьмнел, ца бевзачу, адам доцчу махка. Вежаршна гира оцу мехкан хозалла: лаьмнашкара охьаоьху хиш, чӀерий куьйгашца а лоьцуш шорта, экханаш юьззина хьаннаш. Тархашна юкъара дуьйлу цамгарех товеш долу шовданаш, лаьттах дуьйлу су тоьхчи а леташ долу мехкдаьтта. Йиллира вежарша эвла МахкатӀе. 10 шарахь бехира вежарий МаьхкатӀехь. Берриг белхаца аьтту а, беркат а дара. Тайпа дебара, вежаршна готта хилира цхьаьна эвлахь баха. Барт хилира кхин меттиг лаха, ялташ ден а, даьхний лело а аьтту болуш. Карийра царна доккха хи, цигахь сецира Сайд-Ӏали, юьрт а кхоьллина шен кӀентан цӀарах АргӀун аьлла. Ӏаббаса, дуккха а меттигаш теллина, юьйгӀира Нашха эвла, Орга хин лакхенашкахь. Нашха – гендаргной бевлла мохк бу. Воккхаха волу ваша, Шамхан, висира МаьхкатӀехь. И кхо юрт йиллинчул тӀаьхьа йиллира кхин цхьаъ - ГӀоьрдала, Шамханан кӀентан цӀарах. И йиъ юьрт йоцург оцу хенахь Къилбаседа ДегӀастанахь кхин ярташ яцара.
И ярташ ехкинчул тӀаьхьа, шайн тайпа бехаш болчу махкахь чӀагӀдина, вежарш хаийтира Шеман гӀаларчу гергарчу нахе, оцу хенахь дуьйна цига кхалха дуьйладелира кхин нохчийн тайпанаш[7].
ДӀаяздина 430-гӀа шарахь Мухьаммад пайхӀамар воьссинчул тӀаьхьа.
Сил-сил[нисъе бӀаьра | нисъе]
Тайпана силсил: Сайд-Ӏали Шами – Ӏабдул-Хан (Ахьмад-Хан) – Сайд-Ӏали – АргӀун – Шайхуль-Ислам – Джамалуддин – Нурдахьад – Дада – Кавмар – Ӏийса[8].
Бекъабалар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Гендаргной бекъало некъешка[5]:
Баталан, Берсин, БӀозин, Лаьжгин, Мовсаран, Муьжгин, Мозгин, Мугин, Мамин, Мухьлин, Муьлгин, Нинин, Ибийн, Ноккхойн, Овкин, Сайкин, Седин, ТӀакӀалшан, Тесин, Тучин, Эскаран, Яхотан, Ӏаппазан, Сингалхой(Ц1ечой бу, Гендаргенойшна т1е бяркан бу уьш).
Гендаргноша ехкина ярташ[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ӏовхойн махкара Бетарсолтин отар йиллина гендаргночо Бетарсолтас, ткъа ЧӀулга-Юрт а, Хьалха-Марта а, Таьнги-Чу а, Мартан-Чу а ехкина Гендаргной тайпа наха.
Беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Беха меттигаш: Бена-Юрт, БердакӀел, Дубовски, Жима АтагӀа (Дехьа АтагӀа), Йоккха АтагӀа, Лаха Невре, СаӀдин-КӀотар (Бачин-КӀотар, ГӀой-Чу), Таьнги-Чу, Хьалха-Марта, Чуьйри-Эвла, ЧӀулга-Юрт, Ӏалхан-ГӀала[9].
ГӀарабевлла Гендарганой[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Тимергераев, Асламбек Нажмудинович – нохчийн Ӏилманча
- Овхадов, Муса Рукманович – нохчийн Ӏилманча
- Баталов, Вахьад Алиевич – милицин полковник
- Куриев Рахьим – нохчийн спортхо
- Токаев, Турпал Аптиевич – нохчийн спортхо
- Хоьту — Имам Шамилан наиб 1854 - 1859
- ЧӀулг — чакх. XVIII — юьхь. XIX бб. Нохчийчохь хилла тӀемийн жигара декъашхо.
- Хьоза — Имам Шамилан наиб 1851-1854.
- Вагапов, Iарби Джамалайлович – нохчийн Iилманча-лингвист, филолгин Iилманийн кандидат, доцент.
- Хаджимурадов, Иса Нажадиевич – нохчийн политик
- Жумалаева, Лула Изнауровна – нохчийн яздархо
- Ахмадов, Iумар Ахмадович – нохчийн яздархо, Севетийн Пачалкхан яздархойн бертан декъашхо.
- Такаев, Апти – Ичкерин спецназан куьйгалхо
Ахмадов, Зелимхан Аднанович – ичкерийн инарла
Ахмадов, ХутӀа Аднанович – ичкерийн полковник
Ахмадов, Ризван Аднанович – ичкерийн инарла
Ахмадов, Рамзан Аднанович – ичкерийн инарла
Умаров, Мовлди Абдул-Вахабович — Российн турпалхо
Юсупов, Эльдар-Хьаж – нохчийн воккха саг, хьалхара а, шозлагӀа а Нохчийчоьхь хилла тӀемийн декъашхо
Доти Ӏали – нохчийн Ӏеламстаг
Гериханов, Абдулла Шамсадович – шозлагӀа дуьненан тӀеман декъашхо
Гендаргнойн Iиса — Къилбаседа-Кавказан имамаллан эскаран хьаькамехь цхьаъ
Гендаргнойн Муса – имам Шемалан наиб
Уьчар-Хьаж (Iумар Якъуб) — Нохчийчохь хилла тIеман жигара декъашхо
Билу-Хьаж — бусулба динан Ӏилманхо а, тIеман жигара декъашхо а
ГуьчггӀеран Аюбан Iела — нохчийн XX бӀешеран хьалхаран эхан пачхьалкхан гӀуллакххо, Сийлахь-боккха даймехкан тӀеман декъашхо
Яндаров, Андарбек Дудаевич — нохчийн Ӏилманча, политик, юкъараллин гӀуллакххо
Дахиев, Бувади Султанович – Нохчийн Республикан ОМОНан куьйгалхо
Эльмурзаев, Юсуп Мутушевич – нохчийн яздархо а, политик а вара, 1994–1996 шаршкахь хилла Хьалха-Мартанан кIоштан куьйгалхо
Чуликов, ИбрахIим Махьтиевич – нохчийн къоман кхеташонан корта. ГӀараваьлла антисоветийн гӀуллакханча
Iабдул Хьаким Джанхоев – нохчийн Iелам стаг
Хьалим Берсанов – нохчийн Iелам стаг
Солса-Хьаж – нохчийн Iелам саг
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ А.Сулейманов, «Топонимика ЧИ», 1978 г.
- ↑ К вопросу о количестве чеченских тайпов. Натаев Сайпуди Альвиевич
- ↑ Фурман Д. Е. Чечня и Россия: общества и государств. — М.: Права Человека, 1999. — с. 96
- ↑ Мамакаев, 2009, с. 21.
- ↑ 1 2 http://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
- ↑ Костерин А. По Чечне: (Путевые наброски.)
- ↑ Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007.
- ↑ А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьажа кхин[нисъе бӀаьра | нисъе]