ГӀордалой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Шира тайп
ГӀордалой
Кхин цӀерш ГӀоьрдалой
Этноиерархи
Раса европеоиднин
Тукхам Нохчмахкахой
Юкъара хаамаш
Мотт Нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Гергарло Энганой, ЭгӀашбатой
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
ДегӀастаFlag of Dagestan.svg ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

ГIордалой – Нохчмахкахой тукхуман юкъара шира нохчийн тайпа[1]. Тайпа J1, J2, Q1а гаплотобан юкъахь ду. Амма алссама болу ГӀордалой Q1а гаплотобанехь бу[2].

Географи

Тайпа схьадаьлла ГӀоьрдалара. ГӀоьрдала лаьтта Нажи-Юьртан кӀоштахь, ЦӀоьнтаран 3 километр къилбаседехьа, 6 километр Энганан малхбузехьа, Яьссин аьрру бердаца[3].

Тайпанах топонимаш

ГӀордалоша ехкина ярташ

Мелчхе юьрт йиллинарш бу ГӀордалой а, Сесаной а.

Схьабовлар

ГӀоьрдалоша лору шеш Энганойн гергара тайпа. Цара дийцарехь Айткхаьллой, Сесаной, Энганой тайпанаш кхаа вешийн тӀаьхье ю, уьш дерриш гергара ду Чиччалхойн а, Даттахойн а. Тайпа схьадаьлла ГӀорд-Ӏалих, иза хилла Шемарчу эмиран Сайд-Ӏалин кӀентан Ӏабдул-Ханан (Ахьмад-ханан) кӀентан Шамханан (770-828 шераш) кӀант[5].

ЦӀечой тайпанара ГӀардан тӀаьхье хила а тарло ГӀордалой. Тайпа ЦӀечой декъало кхаа некъашка: Бокой (БоковгӀар), ГӀардой (ГардоевгӀар, ГардановгӀар), Бей (БеевгӀар). ГӀардойн ЦӀечу Олкумиен малхбален йисттехь, саьлнаш юкъахь, шайн бӀов ю ГӀарда-гӀала олуш[6].

Кхин а версию халкъехь, ГӀоьрдала герз деш юьрт хилла бохуш, ткъа гӀурда цигахь деш хилла долу халкъехь гӀарадаьлла тур хилла. Вагаповс А.Д. а, Ахмадовс Р.П. а топониман бух хилла гӀуордалан орам гӀердила (багвал.), гӀердилъа (тиндин.) уьйр йолуш хила тардолуьйту, иза нохчийн маттахь «тӀаргӀа хьовзор» хуьлу. Нагахь иштта этимологи нийса елахь, субэтноним ГӀордалой кхаьчна царна шеш юьртахь лелош болчу балхах, ткъа иза хуьлу тӀаргӀа буцар а, кӀадеш дар а[7]. К.З. Чокаевс дийцарехь, Нажи-Юьртан кӀоштахь ши юьрт ю ЦӀа-ГӀордала а, Бас-ГӀордала а, ткъа ГӀордалой цӀе оцу яртий цӀарех схьаевлла. Дешан этимологи ца евза[8].

Нохчийн тайпанийн ДНК тесташ йохуш бинчу белхан жамӀаш гойту ГӀордалой а, Энганой а, ЭгӀашбатой а, дукхах берш, Q1а гаплотобанера хилар а, вовшех гергара хилар а[9].

Бекъабалар

ГӀордалой бекъало некъешка:

  • Басхой - гаплотоба J2, Q1а
  • Буги
  • БучӀи - гаплотоба Q1а
  • Доьвла
  • Ирбаьхьи - гаплотоба Q1а
  • ЛаӀжги - гаплотоба J1
  • Ойбул - гаплотоба Q1а
  • Оккхи - гаплотоба Q1а
  • Песи - гаплотоба Q1а
  • ХӀуци - гаплотоба Q1а
  • Эти
  • Ӏаьжи - гаплотоба Q1а[10]

ГӀарабаьлла гIордалой

  • Асхьадар (Уди шейх, Уди молла) – Накшбандин тӀарикъатера авлияъ. Схьавалар Ханти махкара ду. Зийарат Нажи-Юьртан кӀоштара ГӀоьрдала эвлахь.
  • Бахьауддин (Хада) Ибаев – къадарийн тӀарикъатера авлийаъ, ИбрахӀим-Шайхан кӀант. 1937 шарахь лаьцна Советийн Ӏедало, цуо Советийн Ӏедал кестта духур ду баьхна аьлла мотт тоьхна. 1944 шарахь мукъаваьккхина, доьзалан тӀе цӀа вогӀуш новкъахь ког каггийна Семипалатинскан дарбан цӀенна чувиллина. Цигара товелла араваьккхина. Кхин цунах хилларг хууш дац.
  • Геха — ГӀордалин вахархо. Къона Ӏилманча. Имам Шемалан наиб хилла.
  • Духигов Мутуш Махдоевич ЧӀулга-Юртан вахархо – Брестан гӀопан турсло, кхелхина гӀап чохь.
  • ИбрахӀим-Шайх, Устрада-ГӀалара Аьлтийн кӀант (Аба) – къадарийн тӀарикъатера авлийаъ. Зийарат Устрада-ГӀаларчу, юьртан къилбаседехьарчу кешнашкахь. Кишиев Кунта-Хьаьжин мутӀелам а, мурид а хилла. Бамат-Гири-Хьаьжин доттагӀа а хилла. Шен вирд ду. Кунта-Хьаьжас векал вина хьаьжийн вирд хьеха бакъо а хилла. Шена тӀаьхьа витина Назиров Мохьмад (Мани-Шайх), цуо шел тӀаьхьа Абин кӀант - Бахьауддина (Хада) витина.
  • Мударов Мохьмад ЧӀулг-Юртан вахархо – Брестан гӀопан турсло, тӀепаз вайна.
  • Радуев, Салман Бетырович (13 февраль 1967, Гуьмсе — 14 декабрь 2002, Соликамск) — уггар бевзаш болучу нохчийн тӀемалойх цхьаъ, дуьххьара а, шолгӀа а нохчийн тӀемийн декъашхо. Российн махкахь масийтта терракташ йина цо. Салманан зуда яра Дудаев Жовхаран маьхчан йоӀ[11][12]. Террорист ву аьлла Соликамскера «Белый лебедь» цӀе йолу набахте чу воьллина вара, цигахь кхелхина[13].

1877 шарахь Российн пачхьалкхан Нохчийн полкан декъа шайн лаамца язбина бу ГӀордалин бахархой.

Билгалдахарш

  1. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
  2. familytreedna.com
  3. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  4. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  5. Костерин А. По Чечне: (Путевые наброски.)
  6. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  7. Вагапов А.Д., Ахмадов Р.П. Названия тэйпов восточной Чечни Лингвофилософия, 2010
  8. Чокаев К.3. Географические названия Чечено-Ингушетии. Архив ЧИИИСФ, ф. 1, оп. 1, д. 16.
  9. familytreedna.com
  10. familytreedna.com
  11. Трошев Г. Н. Глава 3. Время набегов // Моя война. Чеченский дневник окопного генерала. — М.: Вагриус, 2001. — 15 000 экз. — ISBN 5-264-00657-1
  12. Демченко Владимир Кого обвиняет Генпрокурор? // «Известия», 16.11.2001
  13. Радуев, Салман Бетырович //Россия-Чечня: цепь ошибок и преступлений 1994—1996 / Сост. О. П. Орлов и А. В. Черкасов. — М.: Мемориал:Права человека, 2010. — С. 428. ISBN 978-5-7712-0420-8

Хьажа иштта