Хошгельдиотар
ГӀота | |
Хошгельдиотар | |
---|---|
43°41′41″ къ. ш. 46°30′38″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | ДегӀаста |
Муниципалан кӀошт | КӀляратӀан |
Истори а, географи а | |
Хьалхара цӀерш | Хашкалды-Отар[1], М. Дахадаевн цӀарах колхозан гӀота[2] |
Картин тӀехь | |
Хошгельдиотар — ДегӀастанан КӀляратӀан кӀоштара М. Дахадаевн цӀарах колхозан гӀота.
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Лаьтта Бабаюртан кӀоштан махкахь, 16 км Керла ЧӀаьнка-Юртан къилбаседа-малхбузехь, Теркан аьтту бердаца.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хошгельдиотар - нохчийн хилла йу[3].
1914 шеран хаамашца Кхошкельды кӀотарахь хилла 5 керт, гӀотан бахамехь хилла 355 дистин латта, цунна йукъахь 355 — аьтту болу латта. Административан агӀора куьйгакӀела хилла Теркан областан Хаси-Эвлан гуон 2-гӀа декъан Качалай-ГӀота эвлан[4]. 1929 шарахь Хошкельди-Отар лаьттара 46 бахамах, йукъайодара Бабаюртан кӀоштан Керла ЧӀаьнка-Юртан сельсоветан[5]. 1944 шарахь кӀотаран бахархой арабехира. Оцу хенахь дуьйна кӀотар дӀайолу. ТӀаьхьа кӀотаран латташ дӀало Тляратан кӀоштан Фрунзен цӀарах колхозан Ӏаьн байданашна[6].
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]1914 шарахь кӀотарахь вехаш вара 61 стаг (41 боьрша стаг а, 20 зуда стаг а)[4]. 1929 шарахь кӀотарахь вехира 209 стаг (102 боьрша стаг а, 107 зуда стаг а), 100 % бахархой — нохчий[5].
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Жайнаш
- Осмаев У. Г. Чечня: голоса времен. — Махачкала: Юпитер, 2005. — 670 с. — 2000 экз. — ISBN 5789500676, 9785789500675.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Карта генштаба РККА юга России • 2 км.
- ↑ K-38 карты Генштаба СССР. Тбилиси, Ереван, Грозный, Нальчик.
- ↑ Осмаев, 2005, с. 499.
- ↑ 1 2 Список населённых мест Терской области по данным на 1-е июля 1914 г. Владикавказ 1915 г.
- ↑ 1 2 Районированный Дагестан. Административно-хозяйственное деление ДССР по новому районированию 1929 г.
- ↑ Дагестанская АССР: Административно-территориальное деление. — Махачкала: Дагестанское кн. изд-во, 1966
ХӀара ДегIастанан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |