Эмасуле

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
КӀотар
Эмасуле[1]
Эмасуле.jpg
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
КӀошт Теркан кӀошт
Юьртан меттиг Лакха Неврен
Координаташ 43°38′47″ къ. ш. 45°11′22″ м. д.HGЯO
Юьртда Лечиев Хьусайн
Йиллина до 1808
Бахархой 35 адам
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Бахархойн цӀерш бусулбанаш
Телефонан код 87132[2]
Поштан индекс 366812
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96216807001
Эмасуле[1] картан тӀехь
Эмасуле[1] картан тӀехь
Red pog2.svg
Эмасуле[1] картан тӀехь
Red pog2.svg
Эмасуле[1] картан тӀехь
Red pog2.svg

Эмасуле[3] я Эмасулиэ[4]Нохчийн Республикан Теркан кӀоштан кӀотар ю. Бахархой — 30 стаг.

Иза ю Лакха Неврен юьртан меттиган[5] юкъа йогӀу кӀотар.

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Эмасуле чугӀойла

Эмасуле лаьтта Лакха Неврен 7 км къилбаседа-малхбузехьа, ЧӀулга-Юртан 4 км къилба-малхбалехьа, Лаха Неврен малхбузехьа, Теркан аьтту бердаца[4].

Лулара нах беха меттигаш: къилбаседехь — Алпату юрт, къилбаседа-малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Новр-ГӀала а, къилба-малхбалехь — ярташ Лаха Невре, Макан-КӀотар, Минеральни, къилба-малхбузехь — ГӀулоз[6].

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

ЧӀулга-Юрта ЧӀулг валие дуккха а хьалха Теркан аьтту бердаца, цхьаьна гӀумкийчо Хажгириев Эмас, Лакха Неврен масех чаккарма (1,06 км) малхбузехьа йиллина эвла Эмасуле. Цигахь цхьаьна бехара гӀумкий а, нохчий а. Оцу эвлахь вехира XIX бӀешеран юккъерачу заманахь корнет эла Солтахан Таймазов.

1878 шарахь Чечанара ДадаевгӀар Джаби-Хьаьжа, Къада-молла, Уса, Даша охьахевшина Эмасуле. Церан тӀаьхье хӀинца еха ЧӀулга-Юртахь[7].

Оьрсийн даьхнийлелорхошна МазаевгӀарна латта мукъадаккхархьама, 1888 шарахь Теркйисттерачу ярташкахула дӀасабоькъу. Эма Хажгириевн тӀаьхье УмалатовгӀар, ТембулатовгӀар, СалаватовгӀар, ДакиевгӀар хӀинца а беха Ӏелин-Юртахь.

Советийн Ӏедал тӀедеанчул тӀаьхьа, ночий махках баьхначул тӀаьхь, кхузахь йиллира хьакхарчий лело ферма, иза латтира 80-гӀа шераш кхаччалц. И ферма йохийначул тӀаьхьа кхузахь бежний лело буьйлабелира. Иштта даьхний лелон аьтту хиларна кхуза кӀез-кӀезиг адам охьахууш ду хӀусамаш а югӀуш. ДӀадекъна лаьттан дакъош а ду керла бахархошна.

Инфраструктура[нисъе | нисъе чухулара]

Эмасулера заправка

КӀотаран къилбехьа, Мазалк-Гуьмсе новкъаца, лаьтта заправкин комплекс, цунна юкъа йогӀу: бензин а, газ а ютту заправка, чӀургаш тоен вулканизаци, кафе, бильярдан чоь, машенаш юьлу меттигаш.

КӀотарахь ишкол а, берийн беш а яц, бераш автобусца Лакха Неврен ишколе дуьгу.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Руслан Хуррит, Некоторые лакуны историографии Чечни, Караганда, издательство "Луч", 2018,стр.24
  2. Село Верхний Наур / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  3. Руслан Хуррит, Некоторые лакуны историографии Чечни, Караганда, издательство "Луч", 2018,стр.24
  4. 1 2 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Грозный, ГУП «Книжное издательство», 2006,стр.581, 585
  5. Верхненаурский сельский округ (Надтеречный район)
  6. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 18 февралехь. Теллина 2010 шеран 2 январехь.rar. Объём 8 МБ.
  7. Руслан Хуррит, Некоторые лакуны историографии Чечни, Караганда, издательство "Луч", 2018,стр.24