Итон-Кхаьлла

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эвла
Итон-Кхаьлла
ANCIENT CITY.jpg
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Итон-Кхаьллан
Юьртан меттиг Итон-Кхаьллан
Координаташ 42°43′51″ къ. ш. 45°34′19″ м. д.HGЯO
Юьртда Амаев Лом-Али Григорьевич
Йиллина 940
Хьалхара цӀерш Шулкаг, 1944 кхаччалц — Итон-Кхаьлла
1958 кхаччалц — Ахалхеви
ХӀордан сизал локхалла 773 м
Климатан тайпа Барамера
Бахархой #Н/Д[1] стаг ([[#Н/Д[2] шо|#Н/Д[2]]])
Къаьмнийн хӀоттам Нохчий
Динан хӀоттам бусалба-суннийш
Бахархойн цӀерш Итон-Кхаьллахой, Итон-Кхаьллахо
Сахьтан аса UTC+3
Телефонан код +7 87164
Поштан индекс 366404
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96211810001
Итон-Кхаьлла картан тӀехь
Итон-Кхаьлла
Итон-Кхаьлла картан тӀехь
Итон-Кхаьлла
Итон-Кхаьлла картан тӀехь
Итон-Кхаьлла

Итон-Кхаьлла[3], Итон-Кхелли[3] (оьрс. Итум-Кали) — Нохчийчоьнан Итон-Кхаьллан кIоштан юрт, административан центр. Кхуллу Итон-Кхаьллан юьртан меттиг.

География[нисъе бӀаьра | нисъе]

Итон-Кхаьллан кӀошт картин тӀехь

Эвла лаьтта Орган шина бердаца, цунна чу аьтту га Хьелдихойн-эрк кхетачохь, Шуьйтан 24 км къилба-малхбузехьа, Соьлжа-ГӀалан 75 км малхбузехьа.

Гергара эвланаш: Ведуча къилба-малхбалехьа, Кхокхада къилбаседехьа, Тас-ГутӀе малхбалехь.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Итон-Кхаьллан къилба йистехь, эвлан гергахь дуккха а юккъера бӀешеран иэсаш — тайпаний бӀаьвнаш, кешнаш а, маьлхан кешнаш а ду. Шира эвла Шулкаг, хӀинца Итон-Кхаьллан дозан тӀехь ю, иза хила тарло М. Ю. Лермонтовн «Ломан эвла гар» суьртан тӀаьхь ерг [4].

М. Ю. Лермонтовн «Ломан эвла гар» 1840—1841.

1858 шарахь Орган аьтту бердаца, Итон-Кхаьллан къилбехьа юьйгӀира «Евдокимовн чӀагӀо»[5][6].

Зазмерк эвлан гергахь, чуволучехь диллина ду Башан-кхеллахь дерг санна тӀай, некъ араболу арене, лаьмнаш агӀонашка дӀасахуьлу, садаӀа атта хуьлу. Сихха гучудовлу Итон-Кхаьллан тӀулгийн саьккалш. Евдокимовн чӀагӀо лаьтта цуьнца цхьаьна асанехь, кӀеззиг аьттухьа, Органан аьтту бердаца. Цунна тӀекхачале, дезара кхин цхьаъ кхозу тӀайн тӀехула довла, иза долчохь говрара дисса дезара.

1944—1957 шерашкахь, нохчий а, гӀалгӀай а арабаьхначул тӀаьхьа, эвла дӀаелира Гуьржийн ССР юкъа цӀе Ахалхеви а тиллина. Нохчий цӀа бирзинчул тӀаьхьа шен цӀе меттахӀоттийра. 1967 шарахь кхузахь кхоьллира Органан историн-археологин музей-заповедник.

Итон-Кхаьллара болало Нохчийн Республика Ичкерис болийна автонекъ Итон-Кхаьлла — Шатили.

ШолгӀа нохчийн тӀом болуш, 2000 шеран 10 февралехь Итон-Кхаьлла каралецира федералан ницкъаша[7].

Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Н/Д[8]
  1. Н/Д[9]
Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран терхьашца[10]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 689 64,51 %
оьрсий 122 11,42 %
жӀайхой 81 7,58 %
лаьзгий 50 4,68 %
табасаранаш 47 4,40 %
гӀумкий 24 2,25 %
азербайджанаш 15 1,40 %
кхин берш 40 3,75 %
берриш 1 068 100,00 %

Сийлаллаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дукхаха долу цӀенош доьттина шарбанза тӀулгах, поппар хьаькхна, кир тоьхна, хуьлу йиллина уче. ЦӀеношна уллера декъан гуо бо лохачу тӀулгийн кертах. Юьртахь ду тодина маьждиг[11].

Цхьаьна меттехь хӀоттийна Российн Турпалхочун Узуев Мохьмадан бюст[12]. Циггахь лаьтта Орган дозан тобан Узуев Мохьмадан цӀарах дозанера гӀап.[13]

ГӀарабевлла эвлахой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Галерей[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Итон-Кхаьлла > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
  2. Итон-Кхаьлла > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
  3. 1 2 Сулейманов, 2006, с. 166.
  4. Виноградов, 1980, с. 42.
  5. Военно-историческая карта северо-западного и северо-восточного Кавказа 1899 г.
  6. Кавказский сборник, издаваемый по указанию Его Императорского Высочества Главнокомандующего Кавказской Армией. Том III.
  7. Геннадий Трошев Моя война. Чеченский дневник окопного генерала. Кампания в горах. 1999-2000(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2002 шеран 28 августехь. Теллина 07 ноября 2006.
  8. Итон-Кхаьлла > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
  9. Итон-Кхаьлла > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
  10. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более"(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 29 сентябрехь. Теллина 2018 шеран 9 декабрехь.
  11. Мечеть в Итум-Кали (фото)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 21 июлехь. Теллина 2007 шеран 8 октябрехь.
  12. Указом президента Российской Федерации от 19 февраля 1996 года за мужество и героизм, проявленные в боях с фашистскими захватчиками в годы Великой Отечественной войны 1941—1945 годов Узуеву Магомеду Яхъяевичу присвоено звание Героя Российской Федерации (посмертно). Узуев Магомед Яхъяевич (1917 — 2.7. 1941)
  13. X. Эскерханов Торжества в Итум-Кали Архивацийина 27 мартехь 2006 шеран.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]