НогӀамирзин-Йурт
Эвла | |
НогӀамирзин-Юрт | |
---|---|
Ломаз-Юрт, Номаз-Юрт[1] | |
![]() | |
43°38′57″ къ. ш. 44°53′01″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Нохчийчоь |
КӀошт | Теркан |
Йуьртан меттиг | Ломаз-Юьртан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1860 ш. |
ХӀордан сизал локхалла | 121[2] м |
Климатан тайпа | барамера континенталан |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 5000[3] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87132[2] |
Поштан индекс | 366816 |
Автомобилан код | 95 |
ОКАТО | 96216804001 |
bratskoe-sp.ru | |
Картин тӀехь | |
НогӀамирзин-Юрт (Ломаз-Юрт[4]) — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.
НогӀамирзин-Юьртан меттиган административан центр[5].
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нохчийчохь уггар малхбузера юьрт ю, Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан кӀоштаца доза ду малхбузехь. Лаьтта Теркан аьтту бердаца Ставрополан мехкара Курскан кӀоштан Гуьлгани гӀалан дуьххьала, кӀоштан юкъ йолчу ЧӀулга-Юртан 19 километр къилба-малхбузехь, 116 километр гена Нохчийчоьнан коьрта шахьран Соьлжа-ГӀалин, 24 километр гена цӀерпоштнекъа станцин Ишорен[1]. Уллора ярташ: къилбаседа-малхбалехь — Ӏелин-Юрт а, Бена-Юрт а[6].
Микротопоними[нисйе бӀаьра | нисйе]
Юьртан махка тӀехь ю лахара микротопонимиш:
- Баьрзнаш – юккъерчу бӀешерашкара кешнийн баьрзнаш, юьртан къилбехьа.
- Кешнаш – юьртан къилба декъехь.
- Шира кешнаш – юьртан къилбаседа агӀора дӀатесна кешнаш, токхмаш хиларна духуш ду.
- ГIонжин некъ – некъ араболу малхбалехьа аренашка. И некъ биллина Анстой тайпана хиллачу хьоладас ГӀонжас, юьртан гена йоццуш ГӀонжгӀеран кӀотар хилла.[1]
- Манин саьнгар – Мани-Шайхан омрица цуьнан муридаш а, ломазюртхоша а, XX бӀешеран 20-гӀачу шерашкахь гӀалагӀазкхашна дуьхьала тӀом бан яьккхина саьнгар.
- ГIарсин гIайре – юьртан къилбаседа-малхбалера Теркан гӀайре. ГӀарси – нохчийн боьршачу стеган цӀе ю.
- БугIин некъенан кIотар – юьртан малхбалехьара кӀотар, цӀе ширъелла. ХӀинца Къурбан кӀотар я МТС олу. БугӀин некъе Чермойх дакъа ду.
- Къурбан кӀотар – БугIин некъенан кIотар цхьаъ ду. Кхазакхстанера цӀехьадирзича Къурбан некъе дуьххьара охьахевшира цига НогӀамирзин-Юртара кхелхина. Къурбан некъе орстхойн тукхумара Анстой тайпах бу.
- Элийн мохк – массо а аьлча санна теркан аьтту бердаца йолчу ярташкахь ю иштта цӀе, уггар дика латташ паччахьо совгӀатан лора эскаран гӀуллакхехь болчарна, хьоладайшна, элашна, гӀазакхийн тхьамданашна, шайн агӀора бевлла цӀе йоккхуш хилла болу нохчашна а.
- Кхуран хи долу чоь – юьртан къилбехьара хьост долуш меттиг.
- КIир боккху чоь – юьртан къилбехьа.
- Белшин чоь – юьртан къилбехьа. «Белши» - наьртан Новран зуда.
- Бесиран боьлак – юьртан къилбехьара коьллин хьун. Бесир – нохчийн боьршачу стеган цӀе ю.
- Ирбаьхьанан барз – юьртан къилба-малхбузехь. Ирбяхан - нохчийн боьршачу стеган цӀе ю.
- Ирзен гIайре – Теркан гӀайре тӀехь хьуьнан ирзе долуш, юьртан къилбаседа-малхбалехьа.
- Оьзаг – юьртан малхбалехьа а, къилбехьа а долу дежийлаш.
- ГIожакъан Iуьрг – юьртан малхбален агӀора лаьтташ доьду Ӏуьрг. ГIожакъ – наьрт ду вайнехан мифологера. Наьрташ ГIожакъ, Новр, церан зударий Сатиха а, Белши а дуккха а хьахийна бу теркхойн дийцаршкахь а, туьйранашкахь а. Теркан дукъ тӀехь а, Ӏалханчуртан тогӀен чохь а иттаннаш топонимаш ю наьртех техкина.
- ГӀонжин боьра – юьртан малхбалехьа[7]. Цигахь лаьттина ГӀонжин кӀотар.
Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1990[8] | 2002[9] | 2010[10] | 2012[11] | 2013[12] | 2014[13] | 2015[14] |
3436 | ↗5042 | ↘5000 | ↗5207 | ↗5330 | ↗5446 | ↗5473 |
2016[15] | 2017[16] | 2018[17] | 2019[18] | 2020[19] | ||
↗5532 | ↗5604 | ↘5594 | ↗5632 | ↘5602 |
Къоман хӀоттам (2002 ш.):
- нохчий — 5 022 ст. (99,6 %)
- кхин берш — 20 ст. (0,4 %)
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
НогӀамирзин-Юрт йилина 1860 шарахь Теркан аьтту бердаца, тайпана цӀечой хиллачу НагӀмирзас.
1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а махкахбаьхначул тӀехьа юьртан цӀе хийцира цӀе – Братски, ткъа нохчийн цӀе НогӀамирзин-Юрт юхаерзийра[4] Братское — село с большой
Ичкерин хьалхара паччахьо Дудаев Жовхаро НогӀамирзин-Юрт цӀе «Турпал-Юрт» аьла хийцира[20]. Тахана юьртхоша дукхах дерг Ломаз-Юрт олу, ткъа НогӀамирзин-Юрт а, Турпал-Юрт а наггахь болчара бен ца олу.
Социалан объекташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
Юьртахь ду доккха рузбанан маьждиг, оьздангаллин цӀа, масех туька, пошта, 2015 шарахь керла йиллина ишкол (НогӀамирзин-Юртан муниципалан юккъера юкъарадешаран ишкол[21]).
ГӀарабевлла юьртахой[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Буркаев Мовлад (1937 шо. Ломаз-Юрт, Теркан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР - 1995 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь) — гӀараваьлла нохчийн а, советан пачхьалкхан а артист, эшархо, солист. Нохч-ГӀалгӀайн АССРн халкъан артист.
- Курбанов, Сайд-ИбрахӀим (1933 шарахь, ССРС, Нохчийн автономин область, Теркан кӀошт, Банкин кӀотар) – Нохчийн Республикин Ичкерин финансийн министр (1997-1999 шераш)[22], НГӀАССР юьртабахаман министран гӀовс, НГӀАССР Республикин хьашташкхочушдаран юкъараллин председателан гӀовс.
- Умалат Лаудаев – дуьххьарлера нохчийн историк а, этнограф а[23].
- Чабаев, Лема Тепсуркаевич (2 февраль 1957 шо, Темиртау, Кхазакхийн ССР, ССРС) — гӀараваьлла нохчийн журналист[24] а, политикин гӀуллакххо а, «Маршо» газетан редактор («Свобода»)[25], хьалха — Нохчийчуьра Российн «Хьалхара каналан» долара корреспондент (1998—2004)[26][27].
- Элабаздукъа-молла - XVIӀI бӀешарахь гӀараваьлла Ӏелам стаг.
Юьртара тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 3 4 Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.551
- ↑ 1 2 Село Братское / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
- ↑ 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2012 шеран 16 апрелехь.
- ↑ 1 2 http://grozny-inform.ru/news/society/50930/
- ↑ Братский сельский округ (Надтеречный район) Архивйина 2017-10-18 — Wayback Machine
- ↑ Карта Чечни
- ↑ Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.552
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
- ↑ Памяти героя Ичкерии Вахи Центроева (Одинокий Волк)
- ↑ МОУЧ 'СОШ с.п. Братское' 89637016742, 2007003861
- ↑ Газета "Коммерсантъ" № 067 от 13-05-97 Полоса 001
- ↑ Умалат Лаудаев
- ↑ Новости мира из Вашингтона — Радикальный ислам или буддизм — религия как причина конфликтов September 8, 2017 Архивйина 2017-12-28 — Wayback Machine
- ↑ Интервью с Джамбулатом Умаровым от 21 ноября 2017 Говорит Москва 22 ноября 2017
- ↑ Победы и поражения комбата Ямадаева. Южный репортёр (2005, 27 июнь).
- ↑ Обращение к журналистам и общественным деятелям, признающим необходимость окончания войны в Чечне и начала мирных переговоров. Московская Хельсинкская Группа (2002, 1 октябрь).
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Топонимика слова Ногамирзин-Юрт
- Почтовые индексы и коды ОКАТО — село Братское Надтеречного района Чеченской Республики. Архивйина 2015-04-05 — Wayback Machine
- НОГАМИРЗИН-ЮРТ. Индекс почты 366816 — отзывы и оценки работы отделения почты
- Населённые пункты Чечни на CHECHEN.ORG
- Газета "Коммерсантъ" № 067 от 13-05-97 Полоса 001
![]() |
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |