ЖагӀа

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

ЖагӀа — семса яккхийра кегъелла (псефитан) охьахиина ломан порода, гоьрга тӀулгех хилла породаш (наггахь хуьлу 1-10 мм барамера кегъелла минералаш), кхоллало чӀогӀа ломан породаш Ӏаламо йохорца.

Шен барамашца екъало: йоккха (5-10 мм), юккъера (2,5-5 мм), кегийра (1-2,5 мм). ЖагӀан кегдаршна юкъахь кегийра кегдаран материал (гӀум) хила тарло.

ЖагӀан генетикан тайпанаш: ломан (боьран), эркан, хӀордан, Ӏоман, шен.

Ломан жагӀа шога хуьлу, цуьнца ийна гӀум, сацкъар-латта, органикан хӀуманаш хуьлу. Эркан а, хӀордан а жагӀа ломанчул цӀена хуьлу, амма цуьнан буьртигаш шера хуьлу, цуьнан бетонера цементан-гӀамаран берамца тасадалар гӀийло хуьлу.

Ткъа архитектуран-гӀишлошъяран терминийн дошамца, жагӀа — Ӏаламан я куьйга йина материал ю, цуьнца гоьрга буьртигаш хила беза 5-70 мм барамца, шера а хила беза; гоьрга ломан породийн кегдарш хила деза 1 — 2 тӀиера 10 — 20 мм кхаччалц, наггахь — 50 мм кхаччалц а.

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу яззам «жагӀа»
  • Гравий // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.