Чулацаман тӀегӀо

Зиярат

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад
Самаррера Аль-Аскари маьждиг

Зия́рат (Ӏаьр. زِيارة‎‎ — гучу-вахар, тӀехӀоттар) — йезачу меттиге вахар (пахӀамарийн, авлияийн, шайхийн, имамийн кешнаш, ткъа Къилбаседа Африкехь дийна суьпийн шайхаш болчу эхар) а, иштта ша и йеза меттиг билгалъйаккхар (хьажа иштта макъам). Башха маьӀна ду бусалбанашна Мадинатера Мухьаммад пайхӀамаран коше валар а хьаьж данле йа динчул тӀаьхьа. Ӏибадат йукъа догӀу: кошан уллехь Къуръанан сураташ дешар а, дуӀа дар а, кошан гуонаха хьовзар а, иза кечдар а, ткъа иштта сагӀа далар а. Зияратан чеккхенан Ӏалашо йу беркат кхачар а[1].

Исламан историн хьалхарчу бӀешерашкахь цхьаьна хӀуманна Ӏибадат дар делаца накъост тохар лорура. X бӀешо йуккъе даххалц Мухьаммад пайхамаран каш а ца хилла Ӏамал йаран меттиг[2]. IX бӀешо чекхдолуш хааделла Элчан а, асхьабийн а, исламехь лоруш болу Ӏалимийн а зияраташна тӀехула макъамаш а, маьждигаш а дар. Безчу нехан а, церан кешнийн а культ сиха кхуьу X бӀешо чекхдолуш. ЧӀогӀа йоккха роль оцу белхехь ловзийна суьпалло, цуо лору син-мехаллин устазаш (муршидаш, шайхаш) а, церан зияраташка эхаран ламаст а. Суьпеш лорура, шайхин йукъараллийца дӀаделла дуӀанашна АллахӀа жоп лур ду аьлла[2].

Халебера машхад аль-Хьусейн

Ӏибадат даран объекташ хуьлу иштта Библин а, Къуръанан а пайхамарашца йоьзна меттигаш. Йуьхьанца безчу нехан кешнех а, кхечу динан сийлаллех а машхӀадаш олура. Зиярташна гуонаха наггахь маьждигаш а до. ЦкъаццӀа царех бух хуьлу йаккхийчу гӀаланашна (ОвхӀанера Мазари-Шариф, Ӏиракъера Неджеф, кхин а)[2].

Цхьаболчара йеза меттигаш лору шайн дайн кешнаш, цига боьлху башха дезачу деношкахь (ГӀурбан Ӏид)[3]. Масала гӀалгӀайн а, нохчийн а Ӏедал ду рамадан бутт болалуш авлияийн коше бовлуш[4]. ДегӀастанехь ду ЗахӀидийн зиярат, цига оьху дуккха а нах, цигахь до зикраш а, йоьшу мовлдаш.

Меца аренера авлияан каш (сурт С. М. Прокудинан-Горскин)

Уггаре девзаш долу зияраташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Уьш доцуш, хӀинцалерачу Иранан, Азербайджанан, Ӏиракъан, Шеман мехкашкахь шортта зияраташ ду имамийн а, церан берийн а.

Цул сов, суннан а, шиӀийн а исламехь беркате лору пайхӀамараш а, церан асхьабаш а дӀабоьхкина меттигаш. Царна йукъахь, масала, Иерусалимера Аль-Акъса а, Къуббат ас-Сахра а маьждигаш, Иерусалиман а, Димашкъан ПайхӀамарийн хьех, Иерусалимера (аль-Кудсера) Марьяман каш, Иерусалиман гена доццуш долу Муса пайхӀамаран وصلة= каш, Наблусера Юсуп пайхӀамаран وصلة= каш, Димашкъера Билал бин Рабахьан каш, Иерусалимера (аль-Кудсера) Салман аль-Парсин каш, кхин дӀа а.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Большаков О. Г. Мазар // Ислам: энциклопедический словарь / отв. ред. С. М. Прозоров. — М. : Наука, ГРВЛ, 1991. — С. 151.
  • Али-заде А. А. Зияра : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  • Кеп:ИСА-1988/1
  • Литвинов В.П. Религиозное паломничество: региональный аспект (на примере Туркестана эпохи средневековья и Нового времени. Елец: ЕГУ им. И.А. Бунина, 2006, 377 с.
  • Горшунова О.В. [ https://elibrary.ru/download/elibrary_10080218_52113015.pdf Священные деревья Ходжи Барора. Фитолатрия и культ женского божества в Средней Азии] // Этнографическое обозрение,2008 №1. Сс.71-82. ISSN 0869-5415