Шелковски

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эвла (гӀала)
Шелковски
оьрс. Шелковская
Шелковская (1).jpg
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Шелковскан
Юьртан меттиг Шелковскан
Координаташ 43°30′27″ къ. ш. 46°20′13″ м. д.HGЯO
Йиллина 1718
Хьалхара цӀерш Сарапан, Сарафанниково
ХӀордан сизал локхалла 19[1] м
Бахархой 12 913[2] стаг (2018)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, оьрсий, кхин а
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш, православин
Телефонан код +7 87136
Поштан индекс 366108
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96240834001
Шелковски картан тӀехь
Шелковски картан тӀехь
Шелковски
Шелковски картан тӀехь
Шелковски
Шелковски картан тӀехь
Шелковски

Шелко́вски[3], Мохне[4] (оьрс. Шелковская) — гӀала, Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштан административан юкъ. Кхуллу Шелковскан юьртан меттиг[5].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀалан цӀе схьаяьлла дарин заводах (оьрсийн маттахь «шелк» олу дарех), иза йиллина 1718 шарахь Терк эркан тӀехь эрмалойн совдегархочо Васильев Сафара. Заводан гуонаха кхоллаелира гуьржийн-эрмалойн эвла, цӀе тиллира Сарапан аьлла, иза гуьржийн маттахь "дари" бохург ду[6], цул тӀаьхьа хийцира Шелковски[7] гӀала аьлла.

2000 шарахь дуьйна гӀалахь гуттаренна бух тӀаьхь лаьтта Российн ЧГӀМ чоьхьара гӀуллакхийн оперативан Ӏалашон 46-гӀа ша йолу бригадан дакъа.

2007 шарахь июлехь Нохчийн Республикан куьйгалло кхайкхийра гӀалахь православин килс ян ойла хилира[8]. Йолуш йолу Шелковски килс ю Варвара Илиопольскин[9] цӀарах, иза ламазан цӀа бен дац[10].

2016 шеран 22 апрелехь ХӀинжа-ГӀалин епископа Варлаама базбира Сийлахь Варварин цӀарах юьллу керла килсан бух тӀе буьллу тӀулг. Килса йина Шелковскин Ӏам йисттехь, республикан Ӏедало а, Хьуьнан промышленникийн къоман «Русский лес» ассоциацис а гӀолоцуш. Килсан совгӀатна елира йоккха Ӏазапхочун Варварин даьӀахкийн дакъонца ботт[11].

2018 шеран декабрехь гӀало даздира шен 300 шо кхачар.

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Эвла лаьтта Теркаца, Мазалк-ГӀизлар новкъаца. Соьлжа-ГӀалина 71 км къилбаседа-малхбалехьа[12].

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехьа ю — Гребенски а, Воскресеновски а, къилба-малхбалехьа ю — Харьковски, къилба-малхбузехьа ю — Шелкозаводски, къилбаседа-малхбузехьа Коби.

Микротопоними[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нах беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Ломидзе кӀотар – гӀалан къилба-малхбузера меттиг, цигахь, баккхийчара дийцарехь, лаьттина мехкаден Ломидзен долара даьхний кхоба кӀотар.
  • Шира гӀала – иштта олух Ӏинца а Теркан аьрру бердаца, кхо км малхбалехьа, йолчу, хьалха Шелковски лаьттинчу меттигах[6].
  • Вознесенски кӀотар я Дуриловка – лаьттина гӀалан къилбаседа агӀора, Мазалк-ГӀизлар новкъаца. Кхузахь беха ногӀий, гӀезалой, нохчий. Дуриловка боху шира цӀе йисина Шелковски, Гребенски, Старогладовски гӀаланийн бахархошна юкъарчу къамелашкахь. КӀотар Дуриловс йиллина лору.
  • Бабски кӀотар – иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина гӀалан къилбаседа агӀора меттиг. Баккхийн бахархоша дийцарехь цӀе тиллина кӀотар йиллинчун цӀарах.
  • Борисовски кӀотар – гӀалан къилба-малхбуза йистера меттиг. Баккхийн бахархоша дийцарехь, кхузахь иштта цӀе йолу кӀотар лаьттина. Тахана гӀалин юкъа яхана и меттиг.
  • Миклон мохк – Теркан аьрру бердаца йолу меттиг, гӀалан къилба-малхбалехь, дийцарехь, кхузахь ваьхна ведда лела гуьржий Баруки Микло (Бараташвили Михаил) – воккха забарча а, самукъане стаг а. Микло вехара талларца, чӀара лацарца, кӀеззиг уьстагӀий а, ет а лелабора, бераш а, жима хаза зуда а яра. Теркан хиш сих-сиха чудовлура цуьнан керта а, тоьлина а, цигара Микло а, цуьнан доьзал а сихха дӀаболхара луларчу гӀала, берриг бахам дӀа а тосий.
  • Гноевойн кӀотар – Коминтернан колхозан юккъера керт хиллачу кӀоштара меттиг. Цигахь иштта цӀе йолу, хьал долчу гӀазакхийчун, Гноевойн кӀотар лаьттина, цуьнан дукха даьхний а, кемсийн беш а яра[13].
  • Харьковски кӀотар – гӀалан къилбаседа-малхбален агӀора меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу, Харьков гӀалара кхелхинчу бахархоша йиллина, кӀотар[14].

Инженерийн кхолламаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Шелковски тӀай – Теркан тӀехула диллина Шелковски кӀошт Гуьмсан кӀоштаца а, ДегӀастанан Республикица а цхьаьнатуху тӀай, гӀалан къилба-малхбалехьа лаьттина[6].
  • Килс – иштта цӀе йисина баккхий гӀазакхашна юкъахь Теркан аьрру бердаца йолчу меттигна, хьалха шира гӀала хиллачехь, цигахь гӀалин юккъехь лаьттира килс. Килс дукха лаьттира шен меттигехь, гӀазакхаша дӀатесна цӀенойн а, тоьлийн а саьлнашна юкъахь. Дукха шерашкахь керлачу гӀалара гӀазакхий оьхура Ӏибадат дан а, динан Ӏиданашка а ширачу гӀалара килсе. ТӀаьхьуо килс вовшах а яьккхина керлачу гӀалане дӀакхалхийра[13].
  • Пачхьалкхан дарбанан цӀа – иштта олу, революции халале хьалха йоьгӀначу, дарбанан цӀийнан ширачу гӀишлонах. ГӀалин юккъехь.
  • Керла дарбанан цӀа – 1980-гӀа шерашкахь дина дарбанан цӀа. Лаьтта Шелковскин къилбаседан йистехь, Гребенски боьдучу новкъаца[15].

Хиш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Копаньки – гӀалан юккъера Ӏам. Дуьйцу, гӀалан бахархоша кхузахь буьйда кибирчигаш ян а, поппаран а сацкъар-латта доккхуш хиларх лаьцна, цуьнан жамӀ хилла доккха ор, хан хене мел йолу хино дуьзина. Ӏам чур ахи ара ца долу, шен хи схьаоьцу догӀнера а, шовданашкара а. Шен цӀе «Копаньки» нохчийн мате яьккхича «Аьхкина» хуьлу. Оцу меттигах хьалха шовда олуш хилла.
  • Харш – хи дилларан татол, чекхдолу гӀалан къилбаседа-малхбуза агӀора. Татолан Новр-Шелковски га[6].
  • Сулу-Чубутла – йочанийн хих гулбелла Ӏам, лаьтта гӀалан къилбаседехьа. ЦӀе тюркийн маттара ю[16].
  • Будары – куьйга баьккхина Ӏам, цунна тӀаьхь лаьттина республикин кӀоштан къинхьегамхойн дика йина садоӀу база. ГӀалин къилбаседа-малхбузенан агӀора[13].

Меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • ГӀамаршка – иштта олу гӀалан малхбузехьара а, къилбаседехьара а НогӀийн аренех[6].
  • Форштат, Форхштат – иштта цӀе йолу меттиг лаьтта гӀалин къилба-малхбалехь. Дуьйцу, оцу меттигехь гӀалин кӀентий эскаре новкъа бахар бохуш, тӀемера цӀа богӀучарна цига дуьхьала богӀура. ТӀаьхьа – дуьххьарлера самукъадоккху а, кхин даздаран а белхаш. Иза галдаьккхина меттигерачу диалекто форштадт дош ду[13].

Иэс[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Гражданийн тӀамехь кхелхина тӀемлошна йоьгӀна иэс – йоьгӀна гражданийн тӀамехь кхелхинчу 19-гӀа ЦӀен Эскаран тӀемлошна. Лаьтта гӀалин къилба-малхбалехь[15].

Транспорт[нисъе бӀаьра | нисъе]

Шелковски ю СтавропольКрайновка трассин тӀехь; малхбалехьо ду Теркан тӀехула долу Гребенскан тӀай, цуна тӀехулла Шелковскан кӀоштера Хаси-Эвлан кӀоште дехьа гӀо. Эвлахь ю аьчка некъан станци Шелковски Къилбаседа-Кавказан аьчка некъ.

Шелковскехь йиллина керла автостанци.

Шелковскера автостанци

Галерей[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бахархойн дукхалла
1878[17]1883[18]1926[19]1939[20]1959[21]1970[22]
5946631321231033575558
1979[23]1989[24]2002[25]2010[26]2012[27]2013[28]
66007961958111 11211 44011 679
2014[29]2015[30]2016[31]2017[32]2018[2]
11 92412 27312 50412 71912 913


Къоман хӀоттам

2002 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[33]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 7 802 81,43 %
оьрсий 1 291 13,47 %
гӀумкий 156 1,63 %
жӀайхой 58 0,61 %
ногӀий 50 0,52 %
гӀезалой 36 0,38 %
кхин берш 188 1,96 %
берриш 9 581 100,00 %

2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран жамӀашца[34]:

Къам Барам,
ст.
Берриг
бахархойх дакъа, %
нохчий 9 395 84,55 %
оьрсий 1 020 9,18 %
гӀумкий 192 1,73 %
жӀайхой 117 1,05 %
ногӀий 73 0,66 %
гӀезалой 61 0,55 %
даьргӀой 40 0,36 %
лаьзгий 33 0,30 %
кхин берш 172 1,55 %
ца гайтина я, ца аьлла 9 0,08 %
берриш 11 112 100,00 %

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Определение высоты над уровнем моря по координатам (оьр.). latlong.ru. Теллина 2018 шеран 26 августехь.
  2. 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  3. Карасаев А. Т., Мациев А. Г. Русско-чеченский словарь. — М.: Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
  4. Нохчийн маттахь «Шелковски» я «Мохне»…. Исламов И. (14.05.2019). Теллина 2020 шеран 17 февралехь.
  5. Закон Чеченской республики № 42-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Шелковской район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 15 февралехь. Теллина 2011 шеран 1 июлехь.
  6. 1 2 3 4 5 Сулейманов, 2006, с. 653.
  7. Натик Джафаров. Я в шелка тебя одел бы // Дагестанская правда, 22.04.2004
  8. NEWSru.com. Кадыров объявил о начале строительства православного храма в Чечне
  9. Информационный сервер Главы и Правительства ЧР. Рамзан Кадыров подарил автомобиль «Газель» для православных прихожан Чеченской республики
  10. Грозный-информ. В станице Наурская состоялась встреча духовенства с православными жителями района
  11. Храм в честь святой великомученицы Варвары в станице Шелковской // Гора Господня. Официальный сайт Махачкалинской епархии
  12. Сулейманов, 2006, с. 652.
  13. 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, с. 654.
  14. Сулейманов, 2006, с. 654-655.
  15. 1 2 Сулейманов, 2006, с. 655.
  16. Сулейманов, 2006, с. 653-654.
  17. Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
  18. Список населённых мест Терской области. По сведениям к 1-му января 1883 года. Владикавказ. 1885
  19. Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
  20. Шелковской район (1939)
  21. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  22. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 14 октябрехь. Теллина 2013 шеран 14 октябрехь.
  23. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 29 декабрехь. Теллина 2013 шеран 29 декабрехь.
  24. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 20 ноябрехь.
  25. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
  26. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  27. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  28. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  29. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  30. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  31. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  32. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  33. Этнокавказ. Национальный состав Шелковского района по переписи 2002 года
  34. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более".