Барз

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Барз — нартол кепара айаделла лаьттан дакъа долу рельефан кеп я Австрали а, Антарктида а йоцучу, континенташ тӀехь яьржина кешнийн иэс. Бина, стаг дӀавоьллина ор тӀехула латта а духкуш[1].

Еврази[нисъе | нисъе чухулара]

Баьрзнаш Россехь ахка долийра Пётр I-рчо 13 (24) февралехь 1718 шарахь деллачу омарца [2] [3]. Йоккхачу Ариенахь, оцу юкъахь ю Российн аренаш а, Нохчийн аренаш а, ду баьрзнаш дерриг аьлча санна историн муьрийн (энеолит тӀиера тахане кхаччалц) а, тайп-тайпана кхерста къаьмнийн а — хӀиндоевропан тӀиера тюркийн меттан тобане кхаччалц. Цхьайолу Евразин археологин оьздангаллашна цара битинчу баьрзийн цӀарах — барзаш деш дӀабохкаран оьздангалла, псковн беха баьрзийн оьздангалла, новгородан баьрзийн оьздангалла.

Дукха баьрзаш ду Республика Хакасехь. Уггаре гӀарабаьлларг — Боккха Салбыкски барз, карийна 1739 шарахь Г. Ф. Миллеран, аьхкина 1954—1956 шерашкахь куьйгаллехь С. В. Киселёв волу ССРС ӀА экспедицис.

Яккхий башхаллаш йолуш ду Британин гӀайренаш тӀиера неолитан муьрера баьрзаш. Ингалсан Ӏилманчаша къасто дукха хан ю беха а, гоьрга а баьрзаш (царна юкъахь бошхӀапкепара, церан тайпа лору тӀулгийн каирнаш).

ХӀиндиевропахой[нисъе | нисъе чухулара]

Аренан асанера дуьххьарлера баьрзашна терахь делла энеолит муьрера (вайн эрал 4 эзар шо хьалха), уьш дар юккъера бӀешерашка кхаччалц схьадеина. Юкъара тӀеэцначу литван-американ талламхочун Гимбутас Мариян баьрзан гипотезица баьрзаш дар доьзна ду ХӀинди-Европан меттанаш лелораш баржарца. Беллачарна тӀехула баьрзаш дар амалехь ду хӀинди-европан тайпанийн дукхачу геннийн, башха ду скифийн (Пазырык) а, скандинавийн (Ӏаьржа каш, биенан баьрзаш, Шира Уппсала) а.

Вайн эрал диъ эзар шо хьалха доладелла хӀинди-европан меттанаш (ШолгӀа тулгӀе) даржа Европан къилбаседе Майкопан оьздангалла лелочаран тӀиера, гучудаьккхина Майкопан а, Ульскан а баьрзашца.

Цийчоь а, Япон а[нисъе | нисъе чухулара]

Цийчохь ишттачу могӀанера уггаре боккха кешнийн барз бу хьалхарчу цийн императоран Цинь Шихуандин пирамида. Японехь баьрзаш башха ладаме маьӀна долуш бара IV—VI бӀешерашкахь, цундела оцу пачхьалкхан историн муьрех аьлла «баьрзан мур». Баьрзаш къастало шайн тайп-тайпанчу кепашца (гоьрга а, беакӀуо а) а, барамашца (периметр 200 м гергга) а.

Америка[нисъе | нисъе чухулара]

Къилбаседа Америкин шира баьрзех ламаст хилла олу «маундаш». Цундела цхьа могӀа колумбал хьалхара АЦШ индахойн оьздангаллаш (царна юкъахь Миссисипан оьздангалла) евза юкъарчу цӀарца «маундаш йинарш». Маундаш екъало 3 коьртачу тобане: гоьрга баьрзаш, куьцан баьрзаш, зооморфан (хьажа Серпент-Маунд) а, кӀеззиг антропоморфан а куьцаш, экъанаш чӀапа баххьашца — бух килсашна а, хьалдолчеран хӀусамашна а. ТӀаьххьарчарех уггаре боккханиг, «МозгӀарийн маунд», бу ширачу меттигехь Кахокия.[4][5]

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Древние курганы // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2005. — Т. II. — ISBN 9965-9746-3-2
  2. Указ Императора Петра I Именный, данный Губернаторамъ и Комендантамъ О порядке выдачи награжденiй за приносимыхъ уродовъ изъ царства животныхъ.13 (24) февралехь 1718 года
  3. Доманский Я. Первобытные сокровища // Юный художник. — 1988. — № 3. — С. 22-25.
  4. Керам К. В., 1979. — С. 205—242.
  5. Строители погребальных холмов и обитатели пещер, 1997. — С. 6—77.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Барз — яззам бу Большой советской энциклопедии чура. 
  • Керам К. В. Первый американец: Загадка индейцев доколумбовой эпохи. — М.: Прогресс, 1979. — С. 205—242.
  • Строители погребальных холмов и обитатели пещер / Пер. с англ. — М.: ТЕРРА, 1997. — (Энциклопедия «Исчезнувшие цивилизации»). — С. 6—77. — ISBN 5 300 01182 7

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]