Алпатово
Эвла | |
Алпатово я Алпату | |
---|---|
Алпатово | |
![]() | |
43°42′10″ къ. ш. 45°14′42″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Невран |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1925 |
Дуьххьара хьахор | 1929 |
ХӀордан сизал локхалла | 95[1] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 5548[2] стаг (2019) |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87143[1] |
Поштан индекс | 366130 |
ОКАТО | 96222802001 |
alpatovskoe.ru | |
Картин тӀехь | |
Алпа́ту — Нохчийн Республикин Невран кӀоштан эвла. Алпатун юьртан меттиган административан центр ю (цунна чу йогӀу Алпату а, Свободни а).
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Лаьтта Теркан аьрру бердаца, Дон-тӀера-Ростов — Бакох цӀерпоштнекъан тӀех (цӀерпоштнекъан станци Алпатово Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан юкъара). Гергара эвланаш: малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбузехь — Рубежни эвла, Къилба-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Чернокозово эвла а, къилба-малхбузехь — ЧӀулга-Юрт[3].
Микротопоними[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Аьхкина барз – лаьтта эвлан къилбаседа агӀора Алпатун баьрзнийн тобанехь. Барз цхьана хенахь аьхкина хазна лохучара, цунах дуьйцу баьрзан цӀеро.
- Свободни кӀотар (хӀинца эвла) – лаьтта Алпатун къилбаседехьа, юкъаягӀара Алпатун юьртан советан.
- «Наурский» чагӀаран совхозан № 3 йолчу декъан поселок.
- Степной кӀотар – юкъаягӀара Алпатун юьртан советан.
- ЦӀерпошнекъан Алпатово станцин цӀерпоштнекъахойн поселок, эвлан къилба декъехь лаьтта[4].
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Эвла йилина 1925 шарахь цӀерпоштнекъан разъезд Алпатово аьлла. 1926 шарахь кхузахь 8 керт бен ца хилла, коьрта бахархой — великоруссаш. Административан агӀора юкъахь хилла Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран кӀоштан Новр-ГӀалан юьртан советан (юкъ — Новр-ГӀала)[5] .
Ислам дин тIеэцна Дмитрий (Яков) Алпатов цӀе йолу гIалагIазакхи хилла Кавказан тIамехь нохчийн агӀора дехьаваьлла, оьрсашна дуьхьала тIом бина. Нохчаша цунах обарг Яшка олуш хилла, нохчийн къоман доттагI лоруш а хилла, 1856 шарахь оьрсашна каравахна[6]. Виеран кхел йина вийна цхьаьна барз тӀехь (тӀаьхьа цӀе елла Алпатовн барз)[4].
Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бахархойн дукхалла | |||
---|---|---|---|
1926[5] | 1990[7] | 2002[8] | 2010[9] |
33 | ↗1963 | ↗5181 | ↘4861 |
- Къоман хӀоттам
2002 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[10]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 4 491 | 86,68 % |
оьрсий | 294 | 5,67 % |
туркой | 280 | 5,40 % |
жӀайхой | 24 | 0,46 % |
кхин берш | 92 | 1,78 % |
берриш | 5 181 | 100,00 % |
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[11]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 4 452 | 91,59 % |
туркой | 186 | 3,83 % |
оьрсий | 161 | 3,31 % |
жӀайхой | 21 | 0,43 % |
кхин берш | 29 | 0,60 % |
ца гайтина | 12 | 0,25 % |
берриш | 4 861 | 100,00 % |
Дин[нисйе бӀаьра | нисйе]
Юьртахь доккха рузбан маьждиг а ду, жамаIатан маьждиг а ду.
Инфраструктура[нисйе бӀаьра | нисйе]
1929-1931 шерашкахь юьйгӀира совхозан центран керт. Эвлан юкъахь юьйгӀира нах беха шала тӀекӀела йина гӀалан кепара хӀусамаш, царна чохь бехара белхалой а, гӀуллакхехь берш а, йира пошт, кинотеатр, оьздангаллин цӀа. Эвлахь ю юккъера а, юьхьанцара а ишколаш, йиллина газ, диллина хи[4].
ГӀарабевлла бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Село Алпатово / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
- ↑ Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012-02-18. Теллина 2010 шеран 2 январехь. Объём 8 МБ.
- ↑ 1 2 3 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997
- ↑ 1 2 Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года. Теллина 2017 шеран 12 июнехь.
- ↑ Атаман Дмитрий Алпатов — враг росийских колонизаторов и друг чеченского народа
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012-02-03.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014-05-09. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
- ↑ Этнокавказ. Национальный состав Наурского района по переписи 2002 года
- ↑ Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более".
- ↑ Малиновский В. Т.
![]() |
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |