Салой
Къена тайпа | |
Салой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн литиратуран мотт |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Ӏовхойн мохк | |
![]() Салойн-мохк |
Салой — нохчийн тайпа, баьржина хевшина аренийн а, ломан кӀажошкара а Нохчийчоьнан декъехь, беха ярташкахь: Бена-Юрт[1], ЧӀулга-Юрт, ГӀулоз, Горагорск (Теркан кӀошт). Ткъа кхин а Нажи-Юртахь (Нажи-Юьртан кӀошт) а, Гермачигахь (Шелан кӀошт) а.
Тайпанан юьрташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
Саала-Юрт – хӀинца кхин къаьмнаша Кандаур-Аул олу. Хаси-Эвлан къилбаседехьа Ивгин аьтту бердаца лаьтта. Юьрт йиллина нохчаша-Ӏовхоша[2][3].
Сал-Юрт – Ширча-Юртан малхбалехьара меттиг. Цуьнан цӀе йоккху и юьрт хӀинци а йолуш санна, амма иштта юьрт ян а яц. Иза оьрсийн эскарша ягийна, ткъа дийна бисина Салой дӀасабаьржина Нохчийчоьнан кӀорге а, луларчу ярташка а. ХӀинца цигахь дежийлаш а, оханаш а ду[4].
Гаплотоба[нисйе бӀаьра | нисйе]
Яьхна ДНК тестийн жамӀаш гойту тайпа j2 гаплотобанера хилар[5].
Топонимика[нисйе бӀаьра | нисйе]
1849 шеран гурралца Жалкх хин тӀехь, Шелан къилба-малхбузехь хилла Салойн эвла, Эвла оьрсаша йохийна, бахархой кхалхийна Гермачиг юьрта[6].
Сала-али – Нохчийчуьра ТӀехьа-Мартанан кӀоштан хи, Марта хина аьтту га. Сала-али а, Чож а шина хин юкъахь даьржина Сал а-алиен-дукъ ломан дукъ. А.В.Твердис дийцарех, цӀе схьаяьлла доларчу цӀарах «Сала» а, «али» а «хи», - «Сала» (вайн.)[7][8].
Сала-ирзу – лаьтта Бумматан юххехь. Оцу меттигехь Сала хила тарло нохчийн долдара цӀе. Вайнехан ономастикехь оцу кепара цӀераш дукха хуьлу[8].
МагӀа Сала-ирзу – Бумматан къилбехьа, Сала-али хин юххехь.
ИгӀа Сала-ирзу – Бумматан къилбехьа, Мага Сала-ирзун гергахь, Сала-али хин юххехь.
Бану-Салу – юьрт яра Ивги а, ГӀурий а хишна юкъахь, Салах-Эвлан къилбехьа, Кхархой-Мехкан кӀоштахь[9].
Сала-су – Пхьарчхошкахь шен тогӀи дежийлашна лелош йолу хи[10].
Сал-эскар хьайра – Ястий хин тогӀи чохь, хьалха Сал-эскаран хьер лаьттина меттигехь[11].
Сал текхийна боьра – Соьлжа эркан аьтту бердан тӀиера, текхош дӀакхачайора гӀишллошъяран хьун а, дечиг а кхин дӀа Соьлжин а, Теркан а чухула ГӀизлара. Сал – хин чухула дӀаяхьийта кечйина йолу хьун а, дукъош а[12].
Эпос[нисйе бӀаьра | нисйе]
Йисина наьртийн эпос, цуо хьахадо Салойн тайпа[13]:
Ачамза-барзера иза вахара Салой тайпанан элан махка. Эвлан йисттехь, доьхна даьллачу цӀиенон кевнакахь сецира цуьнан говр. Ах юьрт тевнехь сакъоьруш яра, ткъа вуьш сингаттамехь бара. Юьртан оцу декъехь сецнера Ха кӀентан говр. «ХӀун хилла кхузахь? — хаьттира цуо ша сецначу хӀусамера жерочуьнга. — Со юьртах чекхволуш цхьа дакъа сакъоьруш ду, ткъа важа сингаттамо хьийзош ду».
Фамилеш[нисйе бӀаьра | нисйе]
АкмурзаевгӀар, БаймурзаевгӀар, БаталовгӀар, БекбулатовгӀар, ВисингириевгӀар, МусаевгӀар, МитаевгӀар, МежидовгӀар, НаурбиевгӀар, СалоевгӀар, ЯхаевгӀар[14], ГайхановгӀар, ГойтимировгӀар.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Книги
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: «Эль-Фа», 1997. — 682 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни / Ред. Т. И. Бураева. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 5-98896-002-2.
- А. О. Мальсагов. Нарт-орстхойский эпос вайнахов. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1970. — 178 с.
- Статьи
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 578.
- ↑ А.В.Твердый, Топонимический словарь Северного Кавказа, Ч. 1, 2. Краснодар, 2006, стр.233
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 334.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 338.
- ↑ NA Project - Y-DNA Classic Chart
- ↑ Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
- ↑ А.В.Твердый, Топонимический словарь Северного Кавказа, Ч. 1, 2. Краснодар, 2006, стр.235
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 33.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 336.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 351.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 353.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 543, 544.
- ↑ Мальсагов, 1970, с. 126.
- ↑ Хаам бина Мусаев Артура 2018 ш.
Хьажа. кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |