ЭгӀашбатой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къена тайпа
ЭгӀашбатой
Ибрагим-Бек Саракаев.jpg
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт Нохчимахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Гергарло ГӀордалой, Энганой
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

ЭгӀашбатой[1]Нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайпа[2].

Тайпа Q1a гаплобанера ду, Энганой а, ГӀордалой а санна[3][4].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ЭгӀашбетан доза ду: къилбехьа Эрсанца, малхбалехьа Курчалца (Гуьмс-хица), къилбаседехьа Гуница, малзбузехьа ЦӀен-Веданца (Хул-Хуло хица)[1].

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цхьаьна версица тайпа схьадаьлла шина вешех, историн мехкара Нашхара кхелхина болу ЭгIашах а, Бетех а тайпана ЦӀесий хилла болу[1]. Ткъа церан дай Сайд-Ӏали Шамин кӀентан кӀентан кӀента, Нашха йиллинчу Пахруддинан тӀаьхьенах лору. Уьш цигара ЦӀеса баьхкина, тӀаккха ЭгӀашбета баьхкина.

ЭгӀашбатой схьабовларх лаьцна яздина 1868 шарахь инарла А.П.Ипполитовс, Ахшипатой (ЭгӀашбатой) фамилино лору шайн схьадовлар фиренгейх, аьлчи а европахойх[7].

XIX бӀешарахь Соьлжа-ГӀалахь Кировн цӀарах парк лаьттинчохь, хӀинца Нохчийн Республикин резиденци лаьттачох хилла ЭгӀашбатойн-Юрт, иза йохийна инарла Ермоловс. Дийна бисина бахархой кхелхина Йоккха АтагӀа а, ГӀойтӀа а. Цара ехкира керла кӀотарш а, эвланаш а, кхоллаелира ЭгIашбатойн ГIойтIа Гелин ГIойтIан уллехь, адам тӀе а кхетта уьш вовшах кхийтира.

Мамакхин-Юрт лаьттара хӀинцалерачу Ипподромни олучу Соьлжа-ГӀалин кӀоштахь. Соьлжа-ГӀалахь гӀап югӀуш иза кхалхийра хӀинцалерачу меттиге. Мамакхи а, Хьанакхай а тайпана эгӀашбатойх а вара, ши ваша а вара.

Хьанакхайн юрт лаьттара Соьлжа-ГӀалин хьехархойн училище лаьттинчохь[8].

Баржар[нисйе бӀаьра | нисйе]

ЭгӀашбатой охьахевшина Нохчийчоьнан ярташка а, гӀаланашка: БердакӀел, Гал-ГӀала[1], ГӀойтӀа[1][1], Жима АтагӀа, Йоккха АтагӀа, Новр-ГӀала, Сиржа-Эвла[9], Соьлжа-ГӀала, ТӀехьа-Марта, Хьалха-Марта, Цоци-Эвла, Чечана, ЧӀулга-Юрт, Шела[1], Шелковски.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.280
  2. Алексей Головлëв — Очерки о Чечне: природа, население, новейшая история
  3. Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart
  4. О происхождении чеченского и ингушского народов в свете данных генетических исследований. Чокаев Х. К., Чокаев А. Х., Арсанов П. M. (2014). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2022 шеран 16 майхь.
  5. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.543
  6. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.456
  7. А.П. Ипполитова [http://www.docme.ru/doc/264152/sbornik-svedenij-o-kavkazskih-gorcah-1-1868-ocr СБОРНИК СВЕДЕНИЙ О КАВКАЗСКИХ ГОРЦАХ ВЫПУСК 1 тифлис 1868 Этнографические очерки АРГУНСКОГО ОКРУГА.] (03 декабря 1868 года).
  8. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.469
  9. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997, стр.486