АргӀаной

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Къена тайп
АргӀаной
Кхин цӀерш

Арганой, АргӀной, ОргӀаной, Органой

Этноиерархи
Раса

европеоиднин

Расан тайп

кавкасионан

Тукхуман юкъа догӀу

нохчмахкахой

Юкъара хаамаш
Мотт

нохчмахкахойн лер меттанийн вайнехан тобанаш

Йоза

Кириллица

Дин

ислам (сунниташ)

Юкъа догӀу

нохчий

Таханлера дӀасакхалхар

РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:
• шира. мохк Нохч-Мохк

АргӀаной — нохчийн тайп, ширачарех нохчийн цхьа тайп. Схьадалар ду ЦӀонтарара Арсанука-моллегара а, Ичкери къеда хилла волу Ш.Каратаевгара а «Нахчуван юьртара нохчийн дай схьабовларх лаьцна тептар» цӀе йолчу тептар тӀехь вуьйцучу Аргунах (АргӀун). Дукхаха болу АргӀаной беха Нохчийн Республикан Теркйист кӀоштара ЧӀулг-Юьртахь XVIII бӀаьшера шолгӀачу декъехь дуьйна. Тайпана латташ ду Ножий-Юьртан кӀоштан къилба-малхбалехьа. АргӀаной мехкан доза ду Бенойн а, ДаргӀан а латташца.

Дукхаха болу АргӀанойн тайпана нах J2 гаплотобан юкъа богӀу.

Аланийн историка Аздин Вазара (1395—1460 гг.) шен тептар тӀехь[1] хьахийна АргӀаной тайп Арваной цӀарца. Тептар шира хиларо тайп шира хилар гойту.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

АргӀаной (АргӀуни) юртара исторера[нисъе | нисъе чухулара]

АргӀаной юртан 900 шо гергга ду. АргӀанойн историн уьйр ю Шем (Сири) пачхьалкхаца. Тептаро дуьйцу, Ӏарбийн Халифата шеш схьабаьхначу махкашка шайн нах (СаӀидаш — пайхӀамаран, соллаллохӀу ӀалайхӀи васаллама, гергара а, уллора а нах, я цуьнан сахьабаш) ховшабора. Царех цхьана тобано, Халебера Аргун хьалха а волуш, дӀалаьцна хӀинцалера аргӀнойн латта. Схьадийцарехь АргӀана йиллана 1116 шарахь. АргӀанойн дайша дийцарехь, вайга кхаьчнарг хӀара ду: Генара Шема махкара (хӀинца Сири а, Урдане а) АргӀаной дай (къурайшех волу да кхаа кӀантаца) из далекой страны Шам (ныне территория Сирии и Иордании) ХI бӀаьшарахь дин даржош баьхкира таханалера ДегӀастанан махка, Ӏаьндийн дукъ тӀехь Аргуни юрт а кхоьллира. Цхьа кӀант Аргунихь висира, шен деца, церан тӀехье хӀинца а ехаш ю цигахь, ткъа шолгӀаниг Нашха охьахиира. КхолгӀаниг Юккъера Ази дӀавахара (кхазакхашна юкъахь ду АргӀын джуз). Дукха АргӀаной дӀасабахара цхьацца бахьнашца Нохчийчоьна аренашкарчу юьрташка. А.Сулеймановс, Орга боху гидроним яьлла хила мега боху АргӀо я Арго цӀарех, иза дустуцу цуо Арагви хица[2]. Каратаев Шамилан тептарехь дуьйцу, нохчийн дайша шаьш Орган бердаш тӀе хевшича, дуьнен тӀеваьллачу кӀантана Аргун цӀе тиллира. Оцуо Ӏилманчин ойла нийса йогӀуш хилар чӀагӀдо. АргӀаношца уггар уллор гергарло долу тайпанаш: Нашхой,Чертой, ЦӀикарой, Чубаьккхинрой.


АргӀаношца уьйр йолу топонимаш[нисъе | нисъе чухулара]

Шаройн Орга — хи схьадолу АгӀонан дукъан къилбаседа басара Кочие шаш тӀийра, ЧӀаьнтийн-Органах кхета ЧӀишка юртана уллохь. Шен цӀе этноним — Шорах а, Органах а, схьаяьлла, уьш Сулейманов Ахьмада ойланца, АргӀо я Арго тӀе йогӀу. Дуста Арагвица (Гуьржий-Мохк)[3]. Шаройн-Органа бассейнехь дара нохчийн юкъараллаш: Сандаха, КӀесала, Шикъара, Шора, ДӀай, Хуланда, Кири, ХӀима, ЧӀайра, Хьакхмада, Нижала, Бути, Нохч-КӀиела, Саьрбала кхин а.

Оргуне (ОргӀуне) — Шаро-Аргун аьтту берда тӀиера юрт, ДӀайн масех километр къилбаседа-малхбузехьа; цуьнан латта доза долуш ду ДӀай, Буосой-овла, Сурукха, Хьала-КӀиела, Саьрбала эвланашца. Гамас (ГӀамас) а, цуьнан кӀенташа — Келамата (воккханиг), МуцӀийс, Мусолта а кхоьллина лору[4].

Оргунахойн ахк — Шаройн-Органа аьтту га.

Оргунахойн хьун — 7 км шуьйра, 12 км еха, Оргуне юьртара бахархойн хьун[5].

ДаьргӀа — Нохчийчура Веданан кӀошт. Ясси хина аьтту берда тӀехь ю, БелгӀатан доьххьала. ДаьргӀара бахархой геннара сха герз даран говзаллица гӀарабевлла бара. Имам Шамиль шен хенахь даьргӀахой эскаре бигарх бовлуьйтуш хилла, цаьрга даиман а тӀеман герз дайтархьама. Беха кхузахь масийтта тайпана нах. «Дай»+«АргӀа» боху маьӀана хила мега топониман, хӀунда аьлча кхузахь бехаш бу алссама АргӀаной, ткъа АргӀана географически уллохь а ю.


ГӀарабевлла АргӀанойн тайпана нах[нисъе | нисъе чухулара]

Джаьнтамар-хьаьж — гӀараваьлла Ӏеламстаг, шайх. Каш ду ЧӀулг — Юртахь.

Джанхотов Мохьмад ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.

Закаев Шарпудди ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, гӀап чохь кхелхина.

Исраилов (Кадиев) Мохьди ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.

Мидаев (Мунаев) Муса ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.

Паттахов Авади ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.

Халадов (Хамидов) Хусайн — ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.

Хамидов Абдул-Муслим Ахтаевич — ЧӀулг — Юртан вахархо — Брестан гӀап ларъярхо, тӀепаз вайна.

Багалова Зулейха́н (Зулай) Муту́шевна — нохчийн актриса, Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н Халкъан актриса (1981 шо), РСФСР-н Хьакъдолу артист (1991 шо).

Хамидов Бауди Хожаевич — ОАО «Грознефтегаз» генералан директор, "Тюменьнефть" генералан директор.

Ибуев Рамзан — Нохчийн Республикан Коьртан динан а, къоман а политикан хьехамча.

Амаев Махьмуд а, Хасанов Шамсуддин а — революци хиллачул тӀехьа СССР пачхьалкхехь дуьххьала маьждаг дан дагадеънарш а, иза деш шайн бахамца дӀакъа лаьцнарш а.


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Газета «Республика» от 14 февраля 1991 года.
  2. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  3. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997, стр.142
  4. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  5. Сулейманов А. С. «Топонимия Чечни», Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]