Парабоч
Эвла | |
Парабоч | |
---|---|
43°28′22″ къ. ш. 46°17′41″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
Муниципалан кӀошт | Шелковскан |
Йуьртан меттиг | Шелкозаводскан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1794 |
Дуьххьара хьахор | 1794 |
Хьалхара цӀерш | Парубочев[1], Паробоч[2], Паробочева, Парубачево, Порабочево[3] |
Центран локхалла | 17-18[4] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗473[5] стаг (2010) |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 366111 |
ОКАТО | 96240829001 |
Картин тӀехь | |
Парабоч — Нохчийн Республикин Шелковскан кӀоштара эвла[6]. ЙукъайогӀу Шелкозаводскин йуьртан меттиган.
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Лаьтта Теркан аьрру бердаца, Парабочан заказникан дозанехь, цуьнан малхбален агӀора. Эвлан малхбузехьа, хьуьнан къилбаседа йистехь, лаьтта башха Ӏалашбен республикин маьӀна долу Ӏаламан мохк «Карьеран Ӏам», иза кхоллабелла иштта цӀе йолчу хи латтийлин бух тӀехь.
Парабочин заказник ю Теркан аьрру бердаца йолу ерриг географин кӀошт, Старощедрински гӀалин тӀийра малхбузехь цӀерпоштнекъан тӀекхаччалц. Муьлхха а кепара таллар магийна дац цигахь. Къилба-малхбалехь доза ду БоргӀанен заказникца[7].
Гергара нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехь — Шелкозаводски гӀала, къилбаседа-малхбузехь — Коби эвла, къилбехьа — Азамат-Юрт, малхбалехьа — Харьковски эвла, малхбузехьа — Новощедрински а, Старощедрински а гӀаланаш, къилба-малхбалехь — Первомайски (ДегӀаста), къилба-малхбузехь — Хьаьнгаш-Юрт[8].
Кашман эрк чекхдолу эвлан къилбаседа йистехула[7].
Микротопоними[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьаннаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ГӀазакхийн хьун – лаьттара Теркан бердаца. ХӀинца йукъайоьду Парабочин хьуьнан бахаман[7].
- Пачхьалкхан хьун – иштта олура 1917 шерал хьалха, хӀинца Парабочевн хьуьнан бахаман йукъара, ерриг хьуьнан массивах, Парабочан къилбехахь, малхбалехь, малхбузехь, Теркан аьрру бердаца лаьттачу. Пачхьалкхан хьуьнхахь совгӀатна дела шайн дакъош дара, паччахьан чинхойн[9].
Хотеш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Гренадерийн хоти – меттиг лаьттина эвлан къилба агӀора.
- Лафетан хоти – эвлан къилбехьа лаьтта. Хотин масех тӀегӀа ю, цигара схь цӀе а тиллина.
- Эрзан хоти – иштта цӀе йолу хоти эвлан къилбехьа а, къилбаседехьа а яра[9].
- Александровн хоти – иштта цӀе йолу меттиг ю Парабочан къилбехьа.
- Гоьрга хоти – лаьттара эвлан къилба агӀора.
- Лопатинан хоти – лаьтта эвлан къилба агӀора. Долахь хилла гӀарулин Лопатинан, цуьнан гӀарулин пост Теркан бер йистехь яра. Кхин а ю Лопатинан пост а, Лопатинан гечо а[7].
Баьрзнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Валентинан барз – лаьтта эвлан йистехь.
- Дешин барз – лаьтта Парабоч эвлан а, Старощедрински гӀалан а юккъехь. Тарло, иза шира кошан барз хила, барз тӀехь лаьтта реперан хьаьрк[7].
Инженеран кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Пачхьалкхан вал – чекхболу эвлан къилба агӀора. Бина XIX бӀешарахь дистина Терках лардалархьама.
- Трахтан некъ – трахт галдаьккхина тракт – поштан некъ ду. Чекхболура гӀарулийн постийн асанца ширачу гӀаланашна уллехула, ГӀизларера Мазалке кхаччалц. ХӀора гӀалахь яра поштан станцеш, цигахь латтайора кийчча масех говр новкъахь гӀелъелларш хийцархьама. Поштан гӀудалкх ларйора герзашца болчу хойша.
- «Шемилан» чӀагӀо – онда чӀагӀонах йисина саьлнаш, лаьтта Парабоч трассийца тухучу новкъан аьрру агӀора. Юккъерачу бӀешерашкара гӀажарийн чӀагӀо Семендеран саьлнаш хила а тарло[7].
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Эвлан цӀеран бух биллира, кхузахь кемсийн бошмаш йоьгӀначу, чагӀаран завод йиллинчу, Парабочиевн фамилис[9].
Эвла дуьххьара хьахийна 1794 шарахь мехкада волчу Калустовс Сенатан инарла-прокурор хиллачу эла А. А. Вяземскийн когаметтайолчуьнгара оьцучу хенахь. Оцу хенахь ГӀизларан уездан йукъахь яра; 1832 шарахь дӀатоьхна Гребенски гӀазакхийн полках[3].
Шен заманахь А. В. Хастатовн тӀаьхьенийн доларчу эвлахь М. Ю. Лермонтов хилла лору[10]. Иза доьзна ду, цхьаьна декъана, эвлахь болх беш М. Ю. Лермонтовн музей хиларца, тӀечӀагӀдарехь, ХастатовгӀеран кертарчу цӀенна чохь. Цуьнца хьаьна, хаамаш бу, ХастатовгӀеран Шелкозаводскехь бен мохк ца хиларх, поэт а цигахь хуьлуш хилла. Ткъа Парабоч эрмалойн мехкадайн КалустовгӀеран мохк хилла[11] — лаххара а, цуьнан бахархойх 1830-гӀа шерашкахь гӀазакхий хиллалц[12]. Усадьба же Калустовых существовала здесь, по-видимому, до 1917—1918 годов[13]. Цигара схьа, чохь М. Ю. Лермонтовн музей йолу элийн цӀа — КалустовгӀеран мехкан юккъера цӀа ду, цу тӀе Шелкозаводскера ХастатовгӀеран баринан цӀа ца дисина[12]. Цхьацца хаамашца, XX бӀешо чекхдолуш эвлан къилбан йистера меттигах олура «КалустовгӀеран бошмаш»[14].
Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бахархойн дукхалла | ||||
---|---|---|---|---|
1878[15] | 1926[16] | 1990[17] | 2002 | 2010[5] |
65 | ↗124 | ↗357 | ↗443 | ↗473 |
1990 шеран 1 январехь Харьковски сельсоветан (йукъ — Харьковски эвла) йукъахь йолчу Парубоч эвлахь, вара 357 вахархо[18]. 2002 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, Парабоч кӀотарахь вехара 443 стаг, царех 209 боьрша стаг а, 234 зуда а, 94 % бахархой бара нохчий[19].
Сийлаллаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ По лермонтовским местам. М., 1989. С. 251.
- ↑ Караулов М. А. Терское казачество в прошлом и настоящем. М., 2008. С. 258.
- ↑ 1 2 Основные сведения о Терской области. ч. 3
- ↑ Определение высоты над уровнем моря по координатам (оьр.). latlong.ru. Теллина 2018 шеран 19 июнехь.
- ↑ 1 2 Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
- ↑ Закон Чеченской Республики от 29.08.2011 № 30-РЗ «О внесении изменений в некоторые законодательные акты Чеченской Республики» Архивйина 2018-11-11 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Сулейманов, 2006, с. 656.
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Теллина 2010 шеран 2 январехь. Объём 8 МБ.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 655.
- ↑ М. Абалаева. Приезд М. Ю. Лермонтова в Парабоч // Вести республики, 3.10.2016
- ↑ В. Коваленко. Так чья же усадьба — Хастатовых или Калустова? // Родник. Общественно-политическая газета Раменского муниципального района. № 84, 6 ноября 2012 г. С. 7.(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 3 декабрехь. Теллина 2013 шеран 24 августехь.
- ↑ 1 2 Л. Нухаева. Связан с историей // Официальный портал Главы и Правительства Чеченской Республики(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 14 октябрехь. Теллина 2013 шеран 24 августехь.
- ↑ Н. Ерёмин. Усадьба и дом Калустовых в Паробоче // Проза.ру — национальный сервер современной прозы
- ↑ Сулейманов А. Топонимия Чечни. Нальчик, 1997 (переизд.: Грозный, 2006).
- ↑ Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
- ↑ Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
- ↑ Численность наличного населения по сельским населённым пунктам ЧИАССР на 1 января 1990 года // Архивный вестник : Историко-документальный бюллетень / Отв. сост.: М. Х. Ченчиева, А. И. Духаев. — Нальчик: Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013. — № 1. — С. 126. — ISBN 978-5-905770-24-1.
- ↑ Данные Всероссийской переписи населения 2002 года: таблица 02c. М.: Федеральная служба государственной статистики, 2004. (2002zip, см. прим.)
![]() |
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |