ГӀулоз

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
КӀотар
ГӀулоз, Банкин-Юрт
43°33′40″ къ. ш. 45°05′59″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Теркан
Юкъаралла ГӀулозан
Юьртда Гайрабеков Абу
Истори а, географи а
Хьалхара цӀерш Нижний Калаус, Нижнее Красноармейское[1], Кирово
Климатан тайпа Барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 936[2] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366817
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО 96216817001
Картан тӀехь
ГӀулоз, Банкин-Юрт картан тӀехь
ГӀулоз, Банкин-Юрт
ГӀулоз, Банкин-Юрт картан тӀехь
ГӀулоз, Банкин-Юрт
ГӀулоз, Банкин-Юрт картан тӀехь
ГӀулоз, Банкин-Юрт

ГӀулоз[3] я Банкин-Юрт [4] Нохчийчоьнан Теркан кӀоштан эвла ю.

Иза ю ГӀулозан юьртан меттиган административан центр[5].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьтта Соьлжа-ГӀалан къилбаседа-малхбузехьа, кӀоштан центран ЧӀулга-Юртан къилбехьа, Теркан дукъ тӀехь.

Гергара ярташ: къилбаседа-малхбузехьа — Бена-Юрт, НогӀамирзин-Юрт, Ӏелин-Юрт, къилбаседа-малхбалехьа — Лаха Невре, Лакха Невре, къилбехьа — Кирпични, къилба-малхбузехь — Горагорск, ӀамтӀе-КӀотар, малхбалехьа — Минеральни, Аьчка-ХитӀе[6].

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Банкин кIотар – ГӀулозан къилбаседа-малхбузехьара меттиг[7], кхузахь лаьттина ингалсан банк, ЧӀулга-Юртан а, ГӀулозан а бахархошна зие меттахӀоттош, шеш мехкдаьтта доккхуш латта хӀаллак дарна.
  • ГIулоз чоь – Лакха Неврен къилбехьара меттиг[7].
  • ГIулоз чу – юьртан къилбехьара меттиг.
  • ГIулоз гIу – Лаха Неврен къилбехьара дежийлаш, оханаш долу меттиг.
  • ГӀулоз чу боьду некъ – араболу Лаха Неврера малхбузехьа[8].
  • Теркан дукъ я ГIулозан регIнаш, малхбузера малхбалехьа дахделла, къилбехьа дехьаваьлчи Шина регӀа юкъ цӀе хуьлу. Кхин а цӀераш ю: Чергазийн рагI, ГIебартойн рагI. Теркан дукъан къилбаседа агӀо Махьмад-ХитӀе малхбузехь Аьчка-ХитӀе кхаччалц малхбалехь, вайнахан девза ГIулоз-чоь, ГIулозан боьранаш ГIулозан регIнаш цӀерашца[9].
  • УргIала некъ – УргӀала коьртан тӀиера охьадогӀу ламанан тача, цуо вовшех тосу ярташ Махьмад-ХитӀе, НогӀамирзин-Юрт, ГӀулоз. ХӀинцалера техника юкъаяьлчи дуьйна тачанан хьалхара маьӀна дайна[9].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1944 шарахь нохчашна а, гӀалгӀашна а депортаци йинчул тӀаьхьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀа а яьккхина, ГӀулозан цӀе Нижни Красноармейски[1]. До середины 90-х населенный пункт носил название Кирово[10] тиллина, кхуза оьрсий охьаховшийра.

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1990[11]20022010[12]2012[13]2013[14]2014[15]2015[16]
7958949369629809911006
2016[17]2017[18]2018[19]2019[20]2020[21]
10181024102410441037

Юьртара тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Юьртахь деха тайпанаш:

Дешар[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Банкин-Юртан муниципалан юккъера юкъарадешаран ишкол[23].

ГӀулоз фольклорехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Алмаз» я «Алмаст» - нохчийн а, гӀалгӀайн а фольклорехь, вериг ваьлла хьуьнан стаг. Нохчийн эшаршкахь ГӀулоз хьахош даиман а цунна уллехь ловзу алмаз хуьлу: «...Алмазаш ловзучу ГIулозан бийрахь»[7].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
  2. 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2012 шеран 16 апрелехь.
  3. Нохчийчоьнан яртийн цIерш.
  4. Банкин-Юрт
  5. Калаусская сельский округ (Юьртан меттиг)* (Надтеречный район) Архивацийина 14 июлехь 2014 шеран.
  6. Карта Чечни Объем 8 МБ.
  7. 1 2 3 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.557
  8. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.560
  9. 1 2 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997,стр.476
  10. http://download.maps.vlasenko.net/smtm100/k-38-019.jpg Архивацийина 14 майхь 2015 шеран.
  11. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  12. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  15. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  17. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  18. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  19. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  20. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
  21. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
  22. 1 2 Кадиев (Мисарбиев) С.-М.Х. "Краткая история и генеалогия тайпа АргIаной", Знаменское, ГУП "Надтеречная межрайонная типография", 2007
  23. МОУ 'СОШ с.п. Калаус' 89280180436, 2007004294

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]