Ишоре
Эвла | |
Ишоре | |
---|---|
![]() | |
43°42′55″ къ. ш. 45°07′35″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Неврен |
Йуьртан меттиг | Ишорен |
Йукъара йекъайалар | Ишоре, Дальни, Кречетов |
Истори а, географи а | |
Дуьххьара хьахор | 1771 |
Центран локхалла | 102 метр[2] |
Климатан тайпа | Бараме |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 4899[1] стаг (2019) |
Къаьмнийн хӀоттам | Нохчий, оьрсий, туркой |
Динан хӀоттам | Ислам, керсталла |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 366132 |
Автомобилан код | 95, 20 |
ОКАТО | 96222804001 |
Картин тӀехь | |
Ишо́ре (оьрс. Ищёрская) — Нохчийчоьнан Невран кӀоштара гӀала. Ишорен йуьртан меттиган административан центр[3] (йукъайогӀу Ишоре гӀала, Дальни эвла а, Кречетово кӀотар).
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]ГӀала лаьтта Теркан-Куман аренахь, Теркан аьрру бердаца, кӀоштан центран Новр-ГӀалин 15 км малхбузехьа, Теркан кӀоштан центран ЧӀулга-Юртан 5 км къилбаседехьа, Алпатун 7 км къилба-малхбузехьа[4], Нохчийн Республикин Ставрополан мехкаца долчу административан дозан 4 км гена.
Ишорен йуьртан меттиган йукъара нах беха меттигаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Кречетов кӀотар йукъайогӀу Ишорен йуьртан меттиган административан йукъан[3]. Лаьтта Ишоре гӀалин къилбаседехьа. Бахархой хьалха хилла йолу «Россия» совхозан белхалой бара. ХӀинца совхоз йоьхна.
Дальни эвла йукъайогӀу Ишорен йуьртан меттиган административан йукъан[3]. Лаьтта Ишоре гӀалин къилбаседехьа.
Топонимаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]КӀотарш лаьттина меттигаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Баскаковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
- Бычковн кӀотар – Ишорен къилбаседехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар.
- Лукъянан кӀотар – Ишоре гӀалин малхбален йисттера меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу гӀазакхийчуьн Лукъянан кӀотар хилла.
- Новобычковн кӀотар – Ишоре гӀалан къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийчуьн Бычковн кӀотар.
- Новомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг. Хьалха и кӀотар аьхка а, Ӏай а даьхний кхобуш лелош хилла.
- Орловн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбуза агӀора меттиг. Хьалха кхузахь хьал долчу даьхнийлелорхочун Орловн кӀотар хилла.
- Сборни кӀотар – Ишоре гӀалин малхбален агӀора меттиг. Хьалха иштта цӀе йолуш кӀотар хилла. Къаноша дийцарехь, кӀотар кхоллаелла керла балийна гӀазакхий гуллалучу ирзухь.
- Старомельниковн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн кӀотар. Старомельниковн кӀотарна гергахь хьалха хилла Новомельниковн кӀотар.
- Хрусталевн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу гӀазакхийн хилла кӀотар.
- ХӀирийн кӀотар – Ишоре гӀалин малхбузера меттиг, цигахь лаьттина иштта цӀе йолу хьал долу хӀирийша йиллина кӀотар.
- Чернышевн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, цигахь лаьттина аьхка а, Ӏай а даьхний кхобу кӀотар.
- Чикулаевн кӀотар – Ишоре гӀалин къилбаседа агӀора меттиг, хьалха цигахь лаьттина иштта цӀе йолу кӀотар[4].
Бошмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Колесниковн бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу паччахьан инарлан Колесниковн бошмаш лаьттина, бошмашкахь болхбеш хуьлура йалхой а, салтий а.
- Краюшкинан бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу хьал долчу гӀазакхийчуьн Краюшкинан бошмаш лаьттина.
- Лопатинан бошмаш – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг, цигахь иштта цӀе йолу бошмаш лаьттина[4].
Хьаннаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Дешийн хьаннаш – иштта цӀе хилла Теркан аьрру бердан атагӀан чуьра, Ишоре гӀалин къилбехьара хьаннаш. Дешийн хьаннаш олуш хилла, цигахь гӀишлошйарехь лело мегаш йолу дечигаш йохуш хиларна.
- Жима Гола – лаьтта Ишоре гӀалин къилба-малхбузехьа.
- Йоккха Гола – Терко голатухучу меттигера, Ишоре гӀалин къилбехьара хьун.
- Сибилиха – хьуьнан массив. ЦӀе схьайаьлла гӀазакхийчун фамилех. Иза хилла чӀогӀа говза таллархо, цуо оцу хьуьнхахь куьйранаш а лоьцуш, талла Ӏамош хилла, тӀаккха духкуш хилла олхазарш.
- Сосовн хьун – лаьтта Ишоре гӀалин къилбехьа, Теркан аьрру бердаца.
- Хурониха – Ишоре гӀалин къилбан йисташкара хьун[4].
Баьрзнаш[4]
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Барышниковн барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа. Барышников – оьрсийн антропонимин фамили йу. ЦӀе йелла оцу барзан гуонахьара латтан дакъа Барышниковн хилар бахьнехь.
- Городбище барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
- ГӀалмакхойн барз – кошан барз лаьтта Ишорен къилбаседехьара меттиг. Этноним тюркийн меттанашкара йу: «кхалмыкх» - тӀехьабисинарш.
- Жанжалинан барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбалехьа. Жанжалин – наггахь бен ца хуьлу оьрсийн фамили.
- Закутинан барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
- Куоканийн барз – Ишоре гӀалин къилбаседа-малхбузера тӀе куоканийн коьллаш йевлла кошан барз болу меттиг.
- Косовн барз – кошан барз болу меттиг Ишорен къилбаседехьа.
- Междуярский барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа.
- Серебряковн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан барз болу меттиг.
- Хохолийн барз – кошан барз Ишорен къилбаседехьа.
- Часовницкийн барз – йуккъерачу бӀешеран кошан барз, лаьтта Ишоре гӀалин малхбузехьа.
- Шина вешийн барз – Ишоре гӀалан къилбаседа-малхбузера кошан ул-уллехь ши барз болу меттиг.
Кхин топонимаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Булгаков атагӀа – Ишоре гӀалин къилбаседехьара шера меттиг.
- Дешийн атагӀа – иштта цӀе йара Ишоре гӀалин къилба-малхбален агӀора, Теркан аьрру бердан атагӀан. И цӀе йелла кхузахь чӀогӀа дика, хьена латташ долун дела.
- Кхазакх кхуйу – Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг. Гочдича хуьлу «ГӀазакхийн гӀу».
- Кхыркхыз кхуйу – иштта цӀе йолу хин хьост долу Ишоре гӀалин къилбаседехьара меттиг. Ма-дарра «ГӀиргӀазойн гӀу».
- Мазалкан некъ – Мазалкний, гӀизларний йукъара шоссен некъ, цуо вовшашца уьйр латтайо массо а Теркан хьуьнан йисттехула йолчу эвланашца а, гӀаланашца а (Ишоре, Алпату, Новр-ГӀала, Макан-ГӀала, Савельевски, Гал-ГӀала, Новотерски, Керла Солкушино, Левобережни, Салт-ГӀала, Оьрз-ГӀала, Новощедрински, Шелковски, Гребенски, Старогладовски, Курдюковски, Каргалински, Дубовски, Бороздиновски). Оцу новкъан йу кхин а цхьа цӀе, Мазалк-ГӀизлар некъ, хӀинца а йолуш йолу. Цуьнга нисса боьду цӀерпоштнекъ. Мазалкан некъ дехьа болу тӀайнаш тӀехула Теркан аьтту берда тӀе Ишорехь, Оьрз-ГӀалахь, Гребенскехь.
- Нефтекачка – Ишоре гӀалин малхбузехьара меттиг, цигахь лаьтта мехкдаьтта тотту станци[4].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ишоре йилларан билгала терахь хууш дац. Дуьххьара хьахийна 1771 шарахь, оцу хенахь кхоьллира Мазалкан гӀазакхийн аса, цунна йукъайахара гӀала. 1772 шарахь Ишорехь хилла Пугачёв Емельян, иза гӀалагӀазкхаша алапа а, даар а деха хьажийра Москоха, амма Мазалкехь постехь Пугачёв лецира[5] (тӀаьхьуо цуьнан аьтту белира хойх вада).
1926 шеран хьолашкахь Ишоре гӀала йукъайодара Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран кӀоштан Ишорен сельсоветан. 1926 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, гӀалахь вехара 4312 стаг, царех оьрсий — 3255[6].
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Беха Ишорехь нохчий а, гӀазакхий а, туркой а. Алсама бу нохчийн хьачарой, чӀинхой, чартой, шарой, зумсой, аьккхий тайпанийн векалш[4].
Бахархойн дукхалла | |||
---|---|---|---|
1926[7] | 1990[8] | 2002[9] | 2010[10] |
4309 | ↗4639 | ↗4930 | ↘4808 |
- Къоман хӀоттам
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2002 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[11]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 3 227 | 65,46 % |
туркой | 803 | 16,29 % |
оьрсий | 747 | 15,15 % |
гӀалгӀай | 22 | 0,45 % |
украинаш | 20 | 0,41 % |
кхин берш | 111 | 2,25 % |
берриш | 4 930 | 100,00 % |
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2010 шеран Йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[12]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 3 482 | 72,42 % |
туркой | 756 | 15,72 % |
оьрсий | 521 | 10,84 % |
кхин берш | 49 | 1,02 % |
берриш | 4 808 | 100,00 % |
ГӀарабевлла бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Колесников, Иван Никифорович — инарла-майор, Хьалхара дуьненан тӀеман турпалхо.
- Сафонов, Василий Ильич — дирижёр, пианист, Москохан консерваторин директор, Илья Иванович Сафоновн кӀант.
- Сафонов, Илья Иванович — гӀазакхийн инарла, Кавказан тӀеман турпалхо.
Транспорт
[бӀаьра нисйан | нисйан]ГӀалахь йу цӀерпоштнекъан станци Ишоре, 2018 шарахь Теркан тӀехула керла тӀай диллина, шираниг дӀа а даьккхина, чекхболу автотрасса Мазалк—ГӀизлар.
Кхузахь лаьтта Невран кӀоштан Пачхьалкхан некъаш лелоран урхалла.
Топографин карташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Лист карты K-38-7 Ищерская. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Ишорен йуьртан маьждиг
-
Автотуька
-
Кибарчиган заводан администраци
-
Берийн беш
-
Некъаш дахкаран урхалла
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
- ↑ http://www.latlong.ru
- ↑ 1 2 3 Закон Чеченской республики № 47-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Наурский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 11 февраль. Архивйина 2012 шеран 13 апрелехь Архивйина 2014-10-06 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
- ↑ Протокол показаний Е. И. Пугачёва на допросе в Моздокской комендантской канцелярии
- ↑ Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю. Ростов-на-Дону. 1929. С. 320. Архивйина 2016-05-17 — Wayback Machine
- ↑ Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 июнь.
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Этнокавказ. Национальный состав Наурского района по переписи 2002 года
- ↑ Том 4 книга 1 «Национальный состав и владение языками, гражданство»; таблица 1 «Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населённым пунктам, сельским населённым пунктам с численностью населения 3000 человек и более» . Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу Нохчийчоьнан географех лаьцна. ГӀодехьа Википедина, хӀара йаззам тӀебуьзна. |