Шела

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГӀала
Шела
Шали. Строящийся комплекс высотных зданий и мечеть им. Р. Кадырова.jpg
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Шелан
Координаташ 43°09′00″ къ. ш. 45°54′00″ м. д.HGЯO
ГӀала ю 1990
Майда
  • 27,02 Квадратан километр
ХӀордан сизал локхалла 225 м
Бахархой 53 807[1] адам (2018)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Бахархойн цӀерш шелахой шелахо
Телефонан код +7 87146
Поштан индекс 366300
ОКАТО 96237501
Шела картан тӀехь
Шела картан тӀехь
Red pog2.svg
Шела картан тӀехь
Red pog2.svg
Шела картан тӀехь
Red pog2.svg

Шела — Нохчийчоьнан гӀала, Шелан кӀоштан административан центр. Бахархойн дукхалла 53 807[1] эзар. адам леррана 2018 шарахь.

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

ДӀахӀоттийна ю къилбера декъан Нохчийн аренгахь, Джалка хи доьду чохь.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Шела йиллина 14 бӀешаран чеккхехь, Тамерланан эскар дӀадаханчу хенахь а Нохчийчура Дагестанан феодалийн Дашо Ордан хӀоттийнарш ара баьхча. Шела йиллина терахь 14 бӀешаран чеккхе лоруш елахь а (1378 я 1384 шо), делахь а монголаш тӀеккхетале а цул тӀехьа Тамерлан тӀеккхетале а кхузахь гӀала хилла, иза гергарчу хьесапехь йиллина вайн эра тӀеяле I бӀешарахь вуьшта аьлча 2100 шо хьалха, гӀала йиллинарш бу Нашхара схьабевлла нах.

XIX бӀешарахь Шела Йоккхачу Нохчийчоьнан юккъера а лараме йоккха гӀала хилла, цуна 9-эзар бахархой хилла. Иза юккъехь хилар бахьнехь тӀом болучу хенахь Шамилан эскар гуллуш хилла Шелахь вуьшта аьлча Российн тӀекхетта йохуьтуш йолу массо а яккхий партеш гуллуш хилла гӀалахь, , цул совнаха кхузахь гулла белла Йоккха а Жима а Нохчийчура нохчий.

1825 шарахь Бейбулат коьртехь а волуш меттахъхьеран юкъ яра Шела. Шамиль гучуваьлча Шела цхьана хана йолу резиденци яра. 1850 дуьйна Козловский, Викентий Михайловичан тобано Шелан уллера луьста хьун юккъехула Шелан ворданан некъ беланчу хенахь а, 1858 шо кхачале а — массо а Нохчийчохь хуьлуш болу тӀеман эскарш мадарра аьлча Шелан уллехь тӀегулуш хилла.

23 февралехь 1944 шарахь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Междуречье аьлла хийцина.

1994-96 шарашкахь хилла тӀамо гӀалин тӀех дукха зенаш дина. ТӀом болучу хенахь дукху адамаш дайина. дохина цӀенош, йохийна индустри, транспорт, зӀе, агропромышленни комплекс.

Нохчийн Республикехь тӀом чеккхбаьллачул тӀехьа лараме а политикийн а хиламаш хилла, ЧР конституци тӀеоьцуш референдум йина. Ахмат Кадыров Нохчийн Республикан президент хаьржина, дӀадоладелла тӀом машаре дӀаберзор, экономика хьалаяьлла, социалан дахаран хийцамаш хилла.

Бевзаш болу гӀалара нах[нисъе | нисъе чухулара]

ДоттагӀий-гӀаланаш[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхалла
19391959[2]1970[3]1979[4]1989[5]1992[6]1996[6]
10 60011 91118 63621 89424 98526 80024 000
2002[7]2003[6]2005[6]2006[6]2007[6]2008[6]2009[8]
40 35640 40042 10043 50044 30044 20045 161
2010[9]2011[10]2012[11]2013[12]2014[13]2015[14]2016[15]
47 70847 70049 02649 96750 41251 26852 234
2017[16]2018[1]
53 01653 807
Къаьмнийн хӀоттам
Халкъ Дукхалла,
адам.
Доля
от всего населения, %
нохчий 43 018 90,17 %
оьрсий 2 578 5,40 %
гӀумкий 362 0,76 %
суьйлий 279 0,58 %
кхазакхаш 214 0,45 %
табасаранаш 202 0,42 %
кхиберш 1 015 2,13 %
шаш билгал ца бинарш 40 0,08 %
массо 47 708 100,00 %

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  2. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  3. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 14 октябрехь. Теллина 2013 шеран 14 октябрехь.
  4. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 29 декабрехь. Теллина 2013 шеран 29 декабрехь.
  5. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 20 ноябрехь.
  6. 1 2 3 4 5 6 7 Народная энциклопедия «Мой город». Шали
  7. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  8. Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, посёлкам городского типа и районам на 1 января 2009 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 январехь. Теллина 2014 шеран 2 январехь.
  9. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  10. Число городских населенных пунктов Чеченской Республики на 1 января 2011 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2016 шеран 11 майхь. Теллина 2016 шеран 11 майхь.
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  13. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архив йина хьалхара хьостан чура 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.