Теркан дукъ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Теркан дукъ
Амалш
Майда165 км²
Уггар лекха меттиг
Абсолютан локхалла707 м
Лаьтта меттиг
43°30′ къ. ш. 45°10′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Росси
Red pog.png
Теркан дукъ
Нохч-ГӀалгӀайчоь
Red pog.png
Теркан дукъ

Теркан дукъ (нох. РегIа, Теркан Дукъ, гӀебарт.-чергаз. Тэрчытх) — Теркан-Соьлжан локхаллин системера Теркан аьтту бердаца лаьтташ долу Хьалхара Кавказан ломан дукъ ду. Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а, Къилбаседа ХӀирийчоьнан а, ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан административни дозан тӀехь ду. Курп хино дӀакъастийна дукъан малхбузан чеккхенах Арикан дукъ олу.

Дукъ 165 км деха ду. Дукъан малхбузера дакъа Курп хин тогӀен тӀиера Аьчкахи юьрте кхаччалц шоралле дирзина ду. Уггара а лекха даккъаш: Токаревн лам (707 м), Малхабек (652 м).

Дукъ лаьтта гӀум-сазлаьттах, уьш къевлина лёскепара суглинкаша. Басешкахь байаренаш ю. Довха саьнгалан хиш ду дукъаца.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]