Салт-ГӀала

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Салт-ГӀала
Сурт
43°31′47″ къ. ш. 45°46′24″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
КӀошт Неврен
Йукъаралла Салт-ГӀалин
Истори а, географи а
Йиллина 1848
Климатан тайпа Барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 2015[1] стаг (2019)
Къаьмнийн хӀоттам Нохчий, оьрсий
Динан хӀоттам Бусалба, керста
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366127
Автомобилан код 95, 20
ОКАТО 96222819001
Картин тӀехь
Салт-ГӀала картан тӀехь
Салт-ГӀала
Салт-ГӀала картан тӀехь
Салт-ГӀала
Салт-ГӀала картан тӀехь
Салт-ГӀала

Салт-ГIала[2] йа Салтийн-ГIала (оьрс. Никола́евская [3]) — Нохчийчоьнан Невран кӀоштан гӀала. Салт-ГӀалин йуьртан меттиган административан центр[4].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀала лаьтта Теркан аьтту бердаца, Невр-Шелковски хидилларан татолан га Терках кхетачохь; ткъа и татол кхета Ленинан цӀарахчу татолах.

ГӀалин къилбаседехьа чекхболу Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан аса цӀерпоштнекъ МазалкОьрза-ГӀала а, СтавропольКрайновка Р262. некъ а.

Гергара нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбузехь — Керла Солкушино эвла а, Обильни кӀотар а, къилба-малхбалехь — Оьрза-ГӀала, малхбузехь (Теркан дехьа берд тӀехь) — Эха-Борзе эвла, къилбехахь (иштта Теркан дехьа берд тӀехь) — ТогӀи эвла[5].

Салт-ГӀалин кӀотарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Бачагировн кӀотар – лаьттина арахь, Салт-ГӀалин 8 км къилбаседехьа.
  • Дуймабеткинан кӀотар – лаьттина арахь, Салт-ГӀалин къилбаседехьа. Дуймамбет – тюркийн (ногӀийн) фамили.
  • Луцовн кӀотар – гӀалагӀазкхийчун Луцовн хилла кӀотар, лаьттина Салт-ГӀалин къилбаседехьа.
  • Обильни кӀотар – лаьтта арахь, Салт-ГӀалин 7 км къилбаседехьа. Кхузахь беха хьалха колхозехь болхбина даьхнилелорхойн кӀеззиг доьзалаш, дукхаха берш нохчий, Органан Ӏинара кхалхийна болу – хилдехьарой, чӀебарлой, зумсой. КӀотарахь лаьтта шурийн сурсатийн № 1 йолу ферма.
  • Папанинан кӀотар – лаьтта арахь, Салт-ГӀалин къилбаседехьа. Кхузахь беха масех даьхнилелорхойн доьзал. ЦӀе тиллина Советийн Союзан Турпалхочун Папанинан сийна.
  • Росламбековн кӀотар – лаьттина Салт-ГӀалин къилбаседехьа.
  • Сабинан кӀотарш – НогӀийн аренахь маьӀ-маьӀӀехь хьоладайн Сабин Сергей Семеновичан ялхоша йехкина кӀотарш хилла. Дуьйцу, цуо, ша хьалдолчу совдегархочун Нестеренко Василий Васильевичан тӀехьожу белхало волуш, тайп-тайпанчу харцонашца а, ямартлонашца а совдегархо хӀаллаквина, дерриг даьхний шен доладехира. 1917 шо кхачале хьалха Сабинан 89 эзар уьстагӀ бара, эзар – жен жӀаьла, ши бӀе xIyx долу зуд-жӀаьлеш.
  • Свинцовн кӀотар – лаьттина Салт-ГӀалин къилбаседехьа. Свинцов – цӀена оьрсийн фамили.
  • Семиколодцев кӀотар – Салт-ГӀалин къилбаседехьа. Кхузахь беха колхозан жаӀуйн доьзалаш. ЦӀеран бух биллина оьрсийн шина дешо «семь» - ворхӀ, «колодцы» - гӀунаш, ма-дарра гочдича «ВорхӀ гӀун» кӀотар хуьлу.
  • Стари Касаева кӀотар – лаьттина Салт-ГӀалин 8 км къилбаседехьа. Иза йиллина ХӀирийчуьра кхелхинчу КасаевгӀар.
  • Стари кӀотар – лаьттина Салт-ГӀалин къилбаседехьа.
  • Суворовцев кӀотар – лаьтта арахь, Салт-ГӀалин къилбаседехьа. Кхузахь беха хьалха колхозехь болхбина даьхнилелорхойн кӀеззиг доьзалаш, дукхаха берш нохчий, Органан Ӏинара кхалхийна болу. ЦӀеран бух тӀе йиллина сийлахь-воккха оьрсийн бӀаьччан Суворов Александр Васильевичан цӀе. КӀотаран кхин цӀе а йу – Бурунни. КӀотаран гуонаха лаьтта шовзткъа гергга жоьла.
  • Чернаевн кӀотар – лаьттина Салт-ГӀалин къилбаседехьа. Черняев – оьрсийн фамили.
  • Чугункинан кӀотар – лаьттина Салт-ГӀалин къилбаседехьа. Чугункин – оьрсийн фамили. ХӀинца байданаш ду.

Топоними[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Аксински барз – йуккъерабӀешерийн кешнийн барз. Салт-ГӀалин малхбузехьа 2 км генахь, Теркан аьрру бердаца.
  • Аьхкина барз – Салт-ГӀалин къилбаседехьара онда йуккъерабӀешерийн кешнийн барз. ЦӀе йелла цигахь археологин ахкарш динадера.
  • Бачагировн Ӏам – Салт-ГӀалин 8 км къилбаседехьара Ӏам болу меттиг, цигахь иштта цӀе йолу кӀотарш хилла.
  • Демченкон пхьолгӀа – эвлан йукъахь.
  • Загин барз – Салт-ГӀалин къилбаседехьара юккъерабӀешерийн кешнийн барз. Теркан аьрру бердаца йолчу нохчийн топонимех цхьаъ. Кхузахь алссама хилла хила тарло топонимаш, амма хено яйина хила тарло. Зага – вайнехан наггахь бен ца хаало цӀе.
  • Ира барз – Салт-ГӀалин 4 км къилбаседехьара йуккъерабӀешерийн кешнийн барз. ЦӀе барзан ира бохь хиларна тиллина.
  • Калюжнин хьер лаьттина меттиг – Салт-ГӀалин къилбехьара, Теркан аьрру бердаца йолу меттиг.
  • «Кхаа вешийн» барз – Салт-ГӀалин къилбаседа-малхбузера баьрзнаш.
  • Кхаьрзина барз – Салт-ГӀалин 10 км къилбаседехьара онда йуккъерабӀешерийн кешнийн барз.
  • КӀорга боьра – Салт-ГӀалин къилбаседаӀехьара меттиг.
  • Луцовн Ӏам – Салт-ГӀалин къилбаседаӀехьара меттиг, иштта цӀе йолчу кӀотаран гергахь.
  • Новосельцов Иванан хьер лаьттина меттиг – Салт-ГӀалин къилбехьара, Теркан аьрру бердаца йолу меттиг.
  • Хьакхарчийн барз – Салт-ГӀалин малхбузехьара онда йуккъерабӀешерийн кешнийн барз.
  • Рагулинан пхьолгӀа – эвлан йукъахь.
  • Сабинан Ӏам – Салт-ГӀалин 25 км къилбаседехьа, гергахь лаьттина масех цӀа долу Сабинан кӀотар.
  • Теза барз – Салт-ГӀалин 10 км къилбаседехьара онда йуккъерабӀешерийн кешнийн барз. ЦӀе мичхьара яьлла хууш дац.
  • Беха барз – лаьтта эвлан генна къилбаседа агӀора.
  • Боккха поштан некъ – Теркан аьрру бердаца боьдура. Цуьнан, иза йоцуш, масех цӀе яра: «Оьрсийн некъ», «Чергазийн некъ». ТӀаьхьа кхузахь Мазалк-ГӀизлар некъ биллира.
  • ГӀала лаьттина меттиг – иштта олура хьалха Салт-ГӀала лаьттинчу Теркан бердан йисттерачу меттигах. Керлачу меттиге яьккхира сих-сиха Терк дестий хи хьадар бахьнехь.
  • Солнышкинан барз – лаьтта эвлан къилбаседа агӀора, цӀе тиллина хьал долчу гӀалагӀазкхийчуьнан Солнышкинан байданаш тӀехь лаьттина дера.
  • Старцевн барз – лаьтта эвлан къилбаседа-малхбален агӀора.
  • Шира кешнаш – Салт-ГӀалин йисттера дитина оьрсийн кешнаш.
  • Ӏаьржа барз – лаьтта эвлан къилбаседа агӀора, Чернаев кӀотаран кӀоштахь.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Салт-ГӀала йиллина 1848 шарахь, Терка тӀехь «шаповалаш» гучубевлчи. Уьш бу 1847—1848 шерашкахь Кавказан асане малороссийн губернешкара кхалхийна гӀалагӀазкхий а, царна тӀеязбина ахархой а. ГӀертара, церан чоьтах Гребенски гӀалагӀазкхийн полкан барам айа. Оьрз-ГӀалара гӀазакхаша «шаповалаш» тӀе ца эцчи, царна йуьйгӀира шайна гӀала — Салт-ГӀала[6].

ГӀала йукъаягӀара Кавказан асанан гӀазакхийн эскар Гребенски гӀалагӀазкхийн полкан[7]. 1874 шеран хьолера гӀалин амал: «Теркан аьрру бердаца, Соьлжа-ГӀала а, ДегӀастане боьдучу новкъаца», 189 цӀа, 1 325 вахархо (658 боьрша стаг а, 667 зуда стаг а), православин килс, поштан станци, гӀалин ишкол, Терка тӀехула тӀай, 2 базар (10 апрелехь а, 26 августехь а)[8].

1926 шеран хьолашца Салт-ГӀала йукъахь йу Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Новран кӀоштан Николаевски сельсоветан. Оцу хенахь хиллачу нах багарбаран жамӀашца гӀалахь вехара 2236 стаг, царех украинхой — 1976, великороссаш — 196[9].

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1926[10]1990[11]20022010[12]
2235184416331867

2002 шарахь бахархой багарбаран жамӀашца, гӀалахь вехара 1 633 стаг (754 стаг а, 879 зуда а), 97 % бахархой нохчий[13] бу.

2010 шарахь бахархой багарбаран жамӀашца къоман хӀоттам[14]:

Къам Барам,
ст.
Дакъа
берриг бахархойх, %
нохчий 1 798 96,30 %
оьрсий 31 1,66 %
кхин а, къам ца гайтинарш а 38 2,04 %
берриш 1 867 100,00 %

Инфраструктура[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Салт-ГӀалин йуккъера йукъарадешаран ишкол[15].
  • Йуьртан оьздангаллин цӀа[16].
  • Салт-ГӀалин йуьртан библиотека-филиал № 6[17].
  • Маьждиг.

Иэсаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Арахьара суьрташ
Первоначальный вид памятника на братской могиле воинов 11-й армии.
  • ГӀалин чуволлучохь ду Гражданийн тӀеман заманахь XI-гӀа ЦӀиен Эскарахь кхелхинчу тӀемалойн Вежарийн каш. Иэс хӀоттийна 1949 шарахь[18]. Соьлжа-ГӀала —Новр-ГӀала некъан йисттера барз тӀиера эисан хьаьрк, лерина йу 1918 шарахь тӀамехь кхелхинчу 11-гӀа эскаран тӀемлошна. Оьрз-ГӀалин а, Салт-ГӀалин а гергахь даккхий тӀемаш хилла 1918 шеран 5 декабрехь 11-гӀа эскаран шариӀатан колоннин а, Соьлжа-ГӀалин цӀиечу тӀеман тобанийн а, цхьана агӀора, эшна малхбалехьа дӀабоьдучу Г. Ф. Бичераховн Теркан гӀаттаман ницкъашца, вукха агӀора[19]. Вежарийн каш чу схьаеира Гал-ГӀалара, Салт-ГӀалара, Савельевски даьӀахкаш. Йуьхьанцара хӀоллам бара хӀоьттина цӀиечуэскархочунан карахь топ йолчу, эчига-бетонан скульптура. Автор НГӀАССР гӀараваьлла скульптор И. Д. Бекичев (Соьлжа-ГӀалин Николай Гикалон, Асланбек Шериповн, ГӀапур Ахриевн иэсан автор) ву. Кхоъ метр скульптура чекхъялара йеа метран тӀегӀан тӀехь дара, гуонаха керт а йолуш. Иэсан у тӀиера тексто боху: «Гуттаренна а сий ду 11-гӀа Эскаран тӀемлошна, турпаллийца кхелхинчу 1918 шарахь Къилбаседа Кавказехь Советийн Ӏедал меттахӀоттош». 1960 шарахь иэс тойина. Иэс Ӏалашъяр а, тергояр а тӀедиллина «ЦӀиечу байракхан» колхозан а, Салт-ГӀалин йуккъерачу ишколан а.

НГӀАССР Министрийн Советан № 109 1970 шеран 6 мартан сацамца мемориалан статус елира меттигера маьӀна долу историн иэс[20]. ХӀинца цӀечу эскархочун сурт дӀадаьккхина, цуьнан меттана мемориалан пен бу.

Галерей[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
  2. Сулейманов, 1997, с. 610.
  3. А. Г. Мациев, А. Т. Карасаев. Русско-чеченский словарь. — М., Русский язык, 1978. — 728 с. — С. 728
  4. Закон Чеченской республики № 47-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Наурский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 13 апрелехь. Теллина 2012 шеран 11 февралехь.
  5. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 18 февралехь. Теллина 2010 шеран 2 январехь. Объём 8 МБ.
  6. Караулов М. А. Терское казачество в прошлом и настоящем. Пятигорск, 2002. С. 306
  7. Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год. Справочник. Ч. 3. Основные сведения о населённых пунктах. С. 323 Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  8. Сборник сведений о Кавказе. Том V / Списки населенных мест Кавказского края / Ч. 1. Губернии: Эриванская, Кутаисская, Бакинская и Ставропольская и Терская область / Сост. Н. Зейдлицем. — 1879. — C. 471
  9. Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю. Ростов-на-Дону. 1929. С. 322 Архивйина 2016-05-17 — Wayback Machine
  10. Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года. Теллина 2017 шеран 12 июнехь.
  11. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  12. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  13. Данные Всероссийской переписи населения 2002 года: таблица 02c. М.: Федеральная служба государственной статистики, 2004. (2002zip, см. прим.)
  14. База данных Всероссийской переписи населения 2010 года.
  15. МБОУ «Николаевская СОШ» Архивйина 2019-01-19 — Wayback Machine
  16. Отдел культуры Наурского муниципального района. Сельский дом культуры станицы Николаевской Архивйина 2019-10-18 — Wayback Machine
  17. Отдел культуры Наурского муниципального района. Библиотека-филиал № 6 ст. Николаевская Архивйина 2019-10-18 — Wayback Machine
  18. 1 2 Памятники, посвящённые Великой Отечественной войне 1941—1945 годов и Гражданской войне // Комитет Правительства Чеченской Республики по охране и использованию культурного наследия Архивйина 2018-05-26 — Wayback Machine
  19. Музаев М. Н. Историко-революционные места в Чечено-Ингушетии. Грозный, 1969
  20. Братская могила воинов 11-й Красной Армии, погибших в годы Гражданской войны // Архив культурного наследия

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]