Чулацаман тӀегӀо

Нажи-Йурт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Нажи-Йурт
43°05′45″ къ. ш. 46°22′35″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Нажи-Йуьртан
Йуьртан меттиг Нажи-Йуьртан
Истори а, географи а
Йиллина 1810
Центран локхалла 510 метр
Бахархой
Бахархой 5062[1] эзар.[2] стаг (2002)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87141
Поштан индекс 366220
ОКАТО 96225828001
Картин тӀехь
Нажи-Йурт картин тӀехь
Нажи-Йурт
Нажи-Йурт
Нажи-Йурт картин тӀехь
Нажи-Йурт
Нажи-Йурт
Нажи-Йурт картин тӀехь
Нажи-Йурт
Нажи-Йурт
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Нажи-Йурт[3]Нохчийчоьнан Нажи-Йуьртан кӀоштан административан центр.

Иза йу Нажи-Йуьртан йуьртан меттиган административан центр.

Нажи-Йурт, Нажи-Йуртан кIошт карта тӀехь

Эвла йу Нохчийчоьнан малхбален дакъан тӀехь, Соьлжа-ГӀалина къилба-малхбалехьа 111 километрехь йу, ДегӀаста дозанан гена йоцуш йу, Хаси-Эвлан къилба-малхбузехьа 30 километрехь йу, Ястий хинайистехь йу[4].

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседехьа йу — БуланхитӀа, къилбаседа-малхбузехьа йу — Бетти-Мохк, къилбаседа-малхбалехьа йу — Кешен-Эвла а, Бони-Эвла (Дагестан) а, къилбехьа йу — Билта а, МехкаштӀехьа а, къилба-малхбузехьа йу — Ишхой-Отар, малхбузехьа йу — Айти-Мохк а, СоврагӀа а, Ӏалара а, къилба-малхбалехьа йу — Чуьрча-Ирзе а, Гилна а, Зандакъ а[5].

Эвла йиллина 1810 шарахь.

1944 шеран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, иштта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Андалалы аьлла хийцина яра. Эвла баьхкина Дагестанера суьйлий а СССР меттигашкара оьрсийн бахархой а. 1957 шеран 9 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[6] иштта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча йуха баха.

Совет Ӏедал заманехь йуртахь латталелоран а, хьуна лелоран предпреятеш хилла. 1960-1990 шершкахь кӀоштахь тонка кхиоша хилла.

Бахархойн дукхалла
1939[7]1959[8]1970[9]1979[10]1989[11]2002[12]2010[13]
1658194328823636438850626744
Къаьмнийн хӀоттам

2010 шарахь Йерригроссийн бахархой ларарца къаьмнийн хӀоттам[14]:

Халкъ Дукхалла,
стаг
Массо бахархойх дакъа, %
нохчий 5 858 86,86 %
оьрсий 320 4,74 %
суьйлий 217 3,22 %
гӀумкий 90 1,33 %
лаьзгий 41 0,61 %
гӀазгӀумкий 32 0,47 %
кхиберш 180 2,67 %
билгалцабинарш 6 0,09 %
массо 6 744 100,00 %

Нажи-Йуьртахь йу кибарчигийн завод. 1994 шарахьхиллачу ШолгӀа нохчийн тӀамехь завод йохийнера, 2006 шарахь меттахӀоттийра. Заводан арахецаран нуьцкъалла — 8 миллион кибарчигаш шарахь.[15]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Нажи-Йуьртан кIошт, 2002-гIа шо
  2. Дийнароссин бахархой лараран 2002-чу шаран данныш
  3. Даймохк, 2015.
  4. Ножай-Юрт // Географические названия России
  5. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу терахь: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь rar. Объём 8 МБ.
  6. Указ Президиума ВС СССР от 09.01.1957 Архивйина 2019-09-06 — Wayback Machine
  7. Кеп:Население/1939AI
  8. Всесоюзная перепись населения 1959 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу
  9. Всесоюзная перепись населения 1970 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населенных пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 14 октябрь. Архивйина 2013 шеран 14 октябрехь
  10. Всесоюзная перепись населения 1979 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров. ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 29 декабрь. Архивйина 2013 шеран 29 декабрехь
  11. Всесоюзная перепись населения 1989 года. Численность сельского населения РСФСР - жителей сельских населённых пунктов - районных центров по полу. ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
  12. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
  13. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу терахь: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  14. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более". Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
  15. В селе Ножай-Юрт восстановлен кирпичный завод Архивйина 2020-09-22 — Wayback Machine // ИА REGNUM

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]