Чулацаман тӀегӀо

Аьрсаной

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Доккха тайпа
Аьрсаной
Кхин цӀерш Эрсаной
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Йоза Кириллица
Дин ислам (сунниташ)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: Акъарийн ярташкахь
 Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Аьрсанойнохчийн тайп, доккхачарех нохчийн цхьа тайп. Аьрсаной (Эрсаной[1]) J2[2] гаплотобан йукъара бу. Tайп Нохчмахкахойн тукхумара[3] ду. Аьрсана юрт ю Веданан кӀоштехь, Веданан 7 километр къилбаседа-малхбалехьа а, ЭгӀашбетан 4 километр къилба-малхбалехьа, шина Хул-Хуло а, Гумс а хишна йукъахь[4]. Нохчашна хетарехь «аьрса» - еза колла ю. Аьрсанойша шеш Сайд-Ӏали Шамин кӀента кӀента кӀентан Пахрутдинан тӀаьхьенах лору[5]. Уьш 25000 гергга стаг ву. Еллачу ДНК тестан жамӀаш гайтина Аьрсаной, Курчалой, ЦӀонтарой цхьаьна дех схьабевлла хилар. Аьрсаной беха ярташкахь: Гелдаган[6], Доьлаке, Лакха Невре, Мескар-Эвла[6], Сиржа-Эвла[7], Устрада-ГӀала[8], ЧӀулга-Юрт, Шела (гӀала)[9], Эна-Кхаьлла[10].

Аьрсаной бекъало некъашка: Бедин некъе, Боьрзаган некъе, ГӀойлин некъе, Жунгуттойн некъе, Зауран некъе, Ибайн некъе, Идарз некъе, Илесан некъе, Къарлойн некъе, КӀартойн некъе (Гуьржийчура схьабовлар долчух тера ду), Майлийн некъе, МицӀалган некъе, МӀачин некъе, Тоьдакх некъе (J2), Окаш некъе, Чалайн некъе, Ӏелийн некъе[4].

Лам Аьрсаной корт бу Кхеташон коьртан уллохь, оцу шина ломан йукъахула Гумс хи охьадогӀу. Аьрсаной эвла лаьттина 1849 шо кхаччалц Джалкх хин тӀехь. Аьрсаной юрт лаьттина Хул-Хуло тӀехь ХӀХ бӀешарахь. Аьрснойн йукъ[7] ю Сиржа-Эвлахь. Аьрсанойн кешнаш[1] ду Шелан къилбехьа. Эрсана боьду некъ ЭгӀашбетан малхбалехьа.

Аьрсана (Эрсана) — Веданан кӀоштара юрт а, тайпа а ду. Йиллина иза XIV бӀешо чекхдолуш Нашхара Устара. Кхин версии а ю историн тептаран тӀейоьгӀна. Мровели Леонтис шен «Юккъера бӀешерийн малхбален а, малхбузан а историн хӀосташ – Картлийн паччахьийн дахар» жайнахь яздо - "ХӀара Таргамос вара Таршисан кӀант, Нухьийн кӀента Иафетан кӀента кӀант. Таргамос шен тайпанца веана, чӀагӀвелла адам тӀекхочур доцучу шина ломан — Араратан а, Масисан а йукъахь. Цуьнан кӀенташлахь билгалваьлла бархӀ ваша. Церан цӀераш иштта хилла: хьалхара — Гаос, шолгӀа — Картлос, кхоалгӀа — Бардос, веалгӀа — Мовакан, пхоьалгӀа — Лек, ялхалгӀа — Эрос, ворхӀалгӀа — Кавкас, бархӀолгӀа — Эгрос. Ца табора уьш Араратан а, Масисан а латташ шайна чохь, тӀаккха дийкъира Таргамоса латташ а, бахархой а шен бархӀ кӀантана. Ах тайпа а, диканиг ах латта а делира цуо Гаосан, ткъа вукха ворхӀанна дакъа делира церан гӀуллакхашка хьаьжжина. Картлосан делира, дозанаш а туьйхира: малхбалехь — Эрети а, Бердуджи хи а; малхбузехь — Понтийн хӀорд; къилбехьа — Бердуджи хин хӀостера богӀу лам, шен хиш къилбаседехьа охьа а доьдий Кларджети а, Тао а лаьмнашна йукъахула чекх а долий хӀордаха кхетачу Курах; къилбаседехьа дозанаш ду Гадоца, Жимачу Ломаца, Кавказах схьа а къаьстий Гадох дӀакхеташ болчу, хӀинца цунах Лихи олу. Шадерг оцу йукъара делира Картлосан. Бардосан делира Куран къилбехьара латташ, Бердуджи хи тӀиера Кура а, Рахси а цхьаьнакхетачу кхаччалц. Бардоса йоьгӀна Бардави гӀала, цигахь чӀагӀвелла. Ткъа Моваканан делла латташ Куран къилбаседехьара, Жимачу Алазанин хикхочера хӀорд тӀекхаччалц. Цуо йиллина Мовакнети гӀала, цигахь чӀагӀвелла[11]. Эросан бела мохк Куран къилбаседехьара, Жимачу Алазанин хикхочера Ткетба кхаччалц, хӀинца цунах олу Гулгула. Оцу Эроса уггар хьалха йоьгӀна гӀала ший а Алазани цхьаьнакхетачохь, шен цӀе Эрети тиллина. Цунах схьаяьлла оцу мехкан цӀе Эрети а. ХӀинца оцу меттигах Хоранта олу. Эгросан белла хӀорда йисттера мохк, дозанаш а тоьхна: малхбалехь — Кегийра Лаьмнаш, хӀинца Лихи олу; малхбузехь — хӀорд; къилбаседехь — Жима Хазарети хи Кавказан лаьмнех кхетачура. Эгроса йиллина шен цӀарах гӀала — Эгриси. ХӀинца цунах олу Бедиа. Дукха хан ялале Гаос кхайкхина ворхӀ веше, гулбина уьш кхайкхийна: «Лекхачу Дала вайн ницкъ белла, дуккха а тайпанаш а делла. ХӀинца дуьйна вай кхоьллинчун гӀоьнца лайш хир дац вай цхьанне а, вай кхоьллинчу Делан бен». ЛадуьйгӀира ворхӀ вашас оцу къамеле, барт хилла оцу тӀехь севцира уьш. Кхузара Эас - Эра – долара цӀе ю, Эра+Са ма-дарра аьлча Эрин са хуьлу. Цунна тӀедоьгӀна Эрасно – Эран сих бевлларш.

ГӀарабевлла тайпанан нах

[бӀаьра нисйан | нисйан]

СоӀип-Молла – Аьрсанойра схьавалар ду. 1842 ш. Йоккхачу Нохчийчоьнан наибан Джаватханан гӀоьнча. Джаватхан кхелхача Йоккха Нохчийчоьнан наиб хилла. 1844 ш. мартехь Малхбален Нохчийчоьнан мудир хилла. 1845 ш. аьхка турпала кхалхара нисделла ведда волу М. С. Воронцовн (ДаргӀойн экспедици) тӀаьхьаваьлла лелаш.

Мохьмад Патиевич Арсеноев – Брестан гӀап ларъярхо, тоьпаш тоьхна Смоленскан областан Ореховка юртан уллохь.

1877 шарахь Нохчийн полк йукъа язбина шайн лаамийца Аьрсанойн юртара бахархой.

Ахмадов, Мохьмад Исаевич - Нохчийн Республикин белхан а, белхан гӀуллакхан а, социалан кхиоран а министр 2009 - 2017 шерашкахь[12].

Ахмадов Мохьмад-Эми Исаевич – Нохчийн Республикера Российн Федерацин Пенсийн фондан декъан урхалча[13]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 489.
  2. http://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  3. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
  4. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 279.
  5. Семенов Н. "Туземцы Северо-Восточного Кавказа", Санкт-Петербург, 1895
  6. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 494.
  7. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 486.
  8. Сулейманов, 1997, с. 493.
  9. Сулейманов, 1997, с. 487.
  10. Сулейманов, 1997, с. 306.
  11. Мровели Леонти, Жизнь картлийских царей. М. Наука. 1979
  12. http://grozny-inform.ru/about/personalii/pravitel_stvo-chechenskoiy-respubliki/pravitel_stvo-chr/68500/
  13. http://www.pfrf.ru/branches/chechnya/about/direction_opfr/ Архивйина 2018-04-17 — Wayback Machine

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]