Ӏелин-Йурт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Ӏелин-Йурт
Сурт
43°40′18″ къ. ш. 44°57′37″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Теркан кӀошт
Йуьртан меттиг Ӏелин-Йуртан
Истори а, географи а
Йиллина XVIII век
Хьалхара цӀерш Алхазово[1], Ӏелин-Йурт[2]
Центран локхалла 108 метр
Сахьтан аса UTCUTC+3
Бахархой
Бахархой 8446[3] стаг (2020)
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366823
Автомобилан код 95
ОКАТО 96216810001
Картин тӀехь
Ӏелин-Йурт картан тӀехь
Ӏелин-Йурт
Ӏелин-Йурт картан тӀехь
Ӏелин-Йурт
Ӏелин-Йурт картан тӀехь
Ӏелин-Йурт

Ӏелин-Йурт[4]Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.

Ӏелин-Йуртан йуьртан меттиган административан центр[5].

Iелин-Йуьртан администраци

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏелин-Йурт лаьтта Теркан аьтту берд тӀехь, кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Йуртан 8 километр малхбузехьа, цӀерпоштнекъан станци йолчу Ишорен 15 километр генахь, Гуьлгани (Ставрополан мохк) гӀалан дуьххьала. Уллора йарташ: къилба-малхбузехь — НогӀамирзин-Йурт, къилбаседа-малхбалехь — Бена-Йурт[6].

Йуьртан микротопонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Йуьртахь а, йуьртан йисташкахула а йу микротопонимаш.
  • 1941-1945 шерашкара Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь кхелхинчу салташна вежарийн каш тӀехь боьгӀна хӀоллам. Йуьртан йуккъехь.
  • "Элан хьун" – йуьртан къилба-малхбалехь.
  • "Халадан хьун" – изза хьун. Халад – паччахьан эскарехь хилла эпсар, цуьнан боккха мохк хилла Теркан аьтту бердаца.
  • "Зандакъойн бассе" – Теркан дукъан къилбаседа басе, дуьйш, дерзош, даьхни дажош лелош хилла Ӏелин-Йуртара Зандакъойша.
  • "Шу тIера кешнаш" – йуьртан къилбехьара кешнаш.
  • "Шира кешнаш" – йуьртан йукъара кешнаш.
  • "Чарташ дохку меттиг" – изза кешнаш.
  • "Цугин хи" – йуьртан къилбехьа. Цуга – долара цӀе.
  • "БугIин некъ" – къилбаседехьа Теркан тӀебоьду некъ. БугIа – долара цӀе.
  • "Айдин кхор" – Ӏелин-Йуртан къилбаседа йисттехь ша лаьтташ кхор болу меттиг.
  • "Алашин хи" – йуьртан къилбаседехьа. Алаша – наггахь бен хаалуш йоцу стеган долара цӀе[7].

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1970[8]1990[9]2002[10]2010[11]2012[12]2013[13]2014[14]
4962490771847471771580348268
2015[15]2016[16]2017[17]2018[18]2019[19]2020[3]
829983238386843184598446
Къоман хӀоттам

2010 шеран Ерригроссийн нах багарбаран[20]:

Къам Дукхаллин барам,
чел.
Дакъа
берриг бахархойх, %
нохчий 7 037 94,19 %
жӀай 273 3,65 %
гӀумкий 43 0,58 %
гӀазгӀумкий 24 0,32 %
кхин берш 28 0,37 %
ца хаийтина, къам доцуш 66 0,88 %
массо 7 471 100,00 %

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а ара а баьхна, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхича Ӏелин-Йуртан кхин цӀе тиллира – Гвардейски[2]. Советийн Ӏедал доьхначул тӀаьхьа шен шира цӀе Нохчийн Республикин Ичкерин парламенто меттахӀоттийра. НРИ Ӏедал дохийначул тӀаьхьа, йуха а официалан цӀе Гвардейски лело йолийра.

Iелин-Йурт цӀе тиллина хила тарло дуьххьара охьахиинчу Iелин цӀарах. «Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу Эла Мусостанний, Адин Сурхонний илли» цӀе йолчу Турпалийн иллин чохь буьцу хиламаш Iелин-Йуртахь хиллачух тера ду[7].

Инфраструктура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йуьртахь йу социалан объекташ:

  • Ӏелин-Йуртан муниципалан йуккера йукъарадешаран № 1 ишкол[21].
  • Ӏелин-Йуртан муниципалан йуккера йукъарадешаран Мальсагов Аюбан цӀарах № 2 йолу ишкол[22];
  • Ӏелин-Йуртан муниципалан йуккера йукъарадешаран № 3 йолу ишкол[23];
  • Ӏелин-Йуртан кхианза болчеран социалан-реабилитацин центр[24];
  • Ӏелин-Йуртан "№ 1 йолу Берийн беш "МАЛЫШ""[25];

Юьртахь алссама туькнаш, кафеш, заправкаш йу. Эвла йисттехь Ӏелин-Йуртана а, Бена-Йуртана а йуккъехь йиллина асфальтан завод.

Тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏелин-Йуртара тайпанаш[26]:

  1. Зандакъой
  2. Энганой
  3. Чартой
  4. Анастой
  5. Чермой
  6. Билтой
  7. ЦӀонтарой
  8. ЧӀаьнтий

Йуьртара гӀарабевлла бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гериханов, Ихван Баудинович - (вина 1954 шеран 17 апрелехь, Караганда гӀала, Карагандан область, Кхазакхийн ССР) — Нохчийн Республикин политикин а, пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, юридически Ӏилманийн кандидат, республикера йуристех дуьххьарчарех Ӏилманча-юрист.[27][28] Нохчийн Республикин Ичкерин Парламентан депутат хилла.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Сунженский округ Терской области
  2. 1 2 Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
  3. 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
  4. Нохчийчоьнан яртийн цIерш.
  5. Гвардейский сельский округ (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
  6. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  7. 1 2 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.553
  8. Надтеречный район (1970)
  9. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  10. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
  11. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  14. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  17. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  18. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  19. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
  20. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более".
  21. МОУЧ 'СОШ 1 с. Гвардейское Надтеречного района'
  22. МОУЧ 'СОШ 2 с. Гвардейское Надтеречного района'
  23. https://gvardeysk3.edu95.ru/ Архивйина 2018-02-12 — Wayback Machine
  24. gsrtsn.ru/contact/
  25. http://www.list-org.com/company/8030006
  26. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006.
  27. Диссертации на тему: Международное право, Европейское право. www.dissland.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  28. Стр. 51 - ученые чечни. chenetbook.info. Теллина 2018 шеран 15 январехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]