Арик (эвла)
Эвла | |
Арик гӀебарт.-чергаз. Борыкъуей, оьрс. Арик | |
Регион | ГӀебартойн-Балкхаройчоь |
---|---|
Муниципалан кӀошт | Теркан кӀошт |
Координаташ | 43°34′48″ къ. ш. 44°07′17″ м. д.HGЯO |
Юьртда | Таучев Амурбек Лалушкович |
Йиллина | 1839 шарахь |
Хьалхара цӀерш | 1920 шо кхачале Бороково (Борыкъуей) |
ХӀордан сизал локхалла | 233 м |
Бахархой | ↗2768[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | гӀебартой |
Динан хӀоттам | бусалбанаш-суннийш |
Бахархойн цӀерш | арикхой |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Телефонан код | +7 86632 |
Поштан индекс | 361 218 |
Автомобилан код | 7 |
Код ОКТМО | 83235000003 |
Арик картан тӀехь |
Арик (гӀебарт.-чергаз. Борыкъуей, оьрс. Арик) — Российн Федерацин ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштан юкъа йогӀу эвла. Муниципалан «Юьртан меттиг Арик» кхолламан административан юкъ.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвла лаьтта Теркан кӀоштан малхбуза декъехь, Теркан аьтту берда тӀехь. 11 км къилбаседехьа ю кӀоштан юкъ йолчу Терк гӀалан, Нальчик гӀалан 65 км малхбалехьа ю.
Дозанаш ду: Джулатца къилбаседехь, Куянца къилбаседа-малхбалехь, Лаха Акбашца къилба-малхбалехь, Теркца къилбехахь, Псынашхоца къилба-малхбузехь. Малхбузехь, Теркан дехьа берда тӀехь лаьтта Котляревски гӀала а, Майски гӀала а.
Эвла лаьтта таьӀна йолчу ГӀебартойн акъарин тӀехь, Арикан дукъан малхбуза кӀажошкахь, республикан ломан кӀажошкара аренан зоне волучохь. Элан юккъера локхаллаш хӀордан тӀегӀанера 233 метр ю. Меттиган рельеф, коьртаниг таьӀна тулгӀен кепара акъари ю, малхбалехь цӀеххьана айало Арикан дукъан басеш.
Гидрографин маша гойту Терк эрко. Цул сов эвлахь даьккхина хи дилларан татол. Иштта эвлан малхбален йисташкахула чекхдолу Тамбовн татол, малхбузан йисташкахула Акбашан татол. Эвлан юккъехула чекхйолу татол дина Куян эркан тогӀе. Иштта ю хиоьцийлаш, куьйга даьхна Ӏаьмнаш а, татолийн хин барам лелорхьама.
Климат бараме тӀуьна. Аьхке йовха. ХӀаваан температуран юккъера барам июлехь - +23,0°С гергга. Август болалуш абсолютан гайтам кхочу +35°С. Ӏа кӀеда, дахло кхаа батте, сих-сиха йовхонаш а йогӀуш. Температуран минимумаш наггахь охьайовлу −10°С. Январан юккъера температура хуьлу -2,5°С. ХӀаваан юккъера температура ерриг лаьрчи +10,5°С. Шеран йочанийн юккъера барам 630 мм гергга бу. Июлехь а, августехь а дукха хьолахь йокъаллаш хуьлу, уьш йогӀу йовха, екъа хӀаваан массашца Каспиййистан аренашкара.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвла кхоьллина 1839 шарахь гӀебартойн элийн тайпано АнзоровгӀара, уьш кхелхина шайн нахаца Теркан аьрру берда тӀиера аьтту берда тӀе, оьрсийн тӀеман чӀагӀо «Пришибски» (хӀинца Майски гӀала) гӀало махкара арататтар бахьнехь. Дехьавала дагадеаниг вара эла Анзоров Бороко Кульчукович. ГӀебартойн Ӏадаташца керла эвлан цуьнан цӀе тиллира — Бороково (Бэрыкъуей).
Бахархойн дукхалла[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бахархойн дукхалла | ||
---|---|---|
2002[2] | 2009[3] | 2010[1] |
2806 | ↘2681 | ↗2768 |
Сахьтан аса[нисъе бӀаьра | нисъе]
Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса ю UTC+3.
Ссылки[нисъе бӀаьра | нисъе]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 21 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 21 сентябрехь.
- ↑ Численность населения Кабардино-Балкарской Республики по сельским населенным пунктам по итогам ВПН-2002. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 11 февралехь. Теллина 2016 шеран 11 февралехь.
- ↑ Численность населения по Кабардино-Балкарской Республике на 1 января 2009 года в разрезе муниципальных образований. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 16 мартехь. Теллина 2015 шеран 16 мартехь.
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|
![]() |
ХӀара ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |