Россельхозбанк

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Российн юьртабахаман банк (Россельхозбанк) — российн пачхьалкхан банк. Коьрта офис Москохахь ю. Российн яккхийчу 30 банках цхьаъ (2016 шо)[1].

"Россельхозбанкан" гӀишло Теркан кӀоштарчу ЧӀулга-Юртахь

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Банкан цхьаъ бен йоцу акционер, 2016 шеран январь беттан хьолехь, пачхьалкх ю - Росимущество.

Кхоьллина РФ Президентан декхарш кхочушдеш волчу В. В. Путинан 2000 шеран 15 мартан омар кхочушдархьама. Йиллина Россехь агропромышленностан арахецаран декъера сурсаташ дечарна гӀоьнна[2]. 2000 шеран 24 апрелехь регистраци йина РФ ЦБ (регистрацин лоьмар — 3349), коьрте хӀоьттина Трушин Юрий[3].

2008 шарахь банкан декхаран чоьтех долаелира Бурятера жижигкечден предприяти ОАО «Бурятмяспром».[4] 2008 шарахь «Россельхозбанкан» долаевлира Краснодаран мехкан йеа шекаран заводан активаш «Евросервис» тобан ОАО банкрот хиларна. Банкан кхолла ойла ю банкан куьйга кӀелахь шекаран холдинг «Евросервисан» заводийн бух тӀехь.[5]

2009 шеран апрелехь Россельхозбанкан долаелира Ленинградан областан уггаре яккхийчех старгӀанаш кхиош йолу — «Агрокомплекс Рассвет» (хьалха долахь яра жижиган холдинган «Парнас-М») а, ялта охьу предприяти ООО «Зерностандарт-Кострома» (хьалха долахь яра Оьрсийн-промышленни финансан компани).[6]

2009 шарахь «Россельхозбанкан» Самаран филиало декхаршна схьаяьхна Самаран областан уггаре яккхийчех агрохолдинган «Группа Аликор» ерриг активаш.[7] «Россельхозбанка» долаевлла активаш: ОАО «Безенчукский элеватор», ОАО «Подбельский элеватор», ОАО «Похвистневский элеватор», ОАО «Кошкинский элеватор», ОАО «Алексеевский ХПП», ОАО «Жито» (хьер), ОАО «Самарский комбикормовый завод», Красноармейскан кӀоштахь йеш йолу хьакхийкомплекс, кхин а кхоъ шуран-сурсатийн комплекс 1200 коьртан лерина йолу, юьртабахаман латташ ерриг майда 200 эз. га йолуш.[7] 2012 шарахь самаран агрохолдинган «Группа Аликор» долахочун Неустроев Алексейн аьтту белира куьйга кӀела ерзо хьалха «Россельхозбанкан» дӀаелла тобан активаш.[8]

2009 шеран июнь чекхболуш российн «Ялтан компанис „Настюшас“» дӀаелира Россельхозбанкан декхарна дуьхьала шен долара Краснодаран махкара 4,75 млрд сом мах болу 10 элеватор[9]. 2013 шарахь, элеваторш оьцуш стаг ца карийна, банко барт бира суьдан кхелаца хьалхалерачу дена уьш юхаерзо 1.6 миллиардах, амма аьтту ца белира.[10]

Уьш а, кхин а кредиторашкара декхарна дуьхьал схьаяьхна активаш, Россельхозбанко дӀаелира 2010 шарахь кхоьллина ООО «Торговый дом „Агроторг“» кхолламан.[6]

2010 шарахь «Банкан гӀуллакх» совгӀатан лауреат хилла[11].

2011 шеран июлехь Россельхозбанкан долаелира самаран хьакхийн «СВ-Поволжское» цӀе йолчу комплексан бахаман 75+1 % акцеш.[12]

Роснефть а, Россельхозбанк а 2014 шеран аьхка украинера хиламаш бахьнехь АЦШн санкцеш юкъабахара. Иза бахьнехь Россельхозбанкан дуьненаюкъара капиталийн базара йолийла ца хилира, цуьнан иза лаха дийзира пачхьалкхан чохь[13].

2015 шеран сентябрехь банк юкъатуьйхира Украинан санкцин испискан. Санкцино сацайо активаш а, Украинан экономикийн а, финансийн а декхараллаш а[14][15].

Роснефто 2015 шеран октябрехь делира Россельхозбанкан субординацин депозит $1,15 млрд 2021 шарахь токхур долуш 4,9 % шарахь риба доккхуш.

ГӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

2014 шеран 1 январан хьолашца Банкан берриг кредитан тӀоьрмиг хилира 1 трлн 274 млрд сом, оцу юкъахь юридически яххьийн сегментехь — 1 трлн 026 млрд сом, физикан яххьийн — 247 млрд сом. Жима а, йоккха а бизнесан кредиташ хилира 570 млрд сом сов, иза 55 % Банкан корпоративан кредитан тӀоьрмиг бу. Банко 1 меттиг боккху Россехь АПКн кредит луш, 1 меттиг – АПКн жима а, йоккха а кредит луш, 2 меттиг банкан машан барамца.

ОАО «Россельхозбанкан» активаш 2014 шо долалуш хилира 1 трлн 968 млрд сом.[16]

2008 шарахь юьртабахам кхиоран Пачхьалкхан программа йолаелчхьана ОАО «Россельхозбанко» делла кредитийн барам, 01.01.2014 ш. совбелира 2,3 трлн сом. Цуьнца цхьаьна аренан белхийн кредитан базарара Банкан дакъа 2013 шеран жамӀашца хилира 74 %.[17]

01.07.2015 шеран хьолашца РФ махка тӀехь яра 76 Россельхозбанкан регионан филиал[18].

  • Лоруш йолчу дуьненаюкъара рейтингийн агенталлаш Moody's а, Fitch а АО «Россельхозбанкан» елира ехачу хенан кредитан рейтингаш Вa1 а, ВВВ- а, хӀораммо. Прогноз шинне а «негативан» ю[19][20].
  • 2014 шарахь юкъахь яра тешамаллин лакхарчу рейтингехь 100 банкан тобанахь Forbes журналан версица[21].
  • 2014 шарахь Россельхозбанк дуьххьара юкъаяхара дуьненан яккхийчу банкийн брендашна «The Banker» арахецаран рейтингехь, 7 меттиг баьккхира российн банкашлахь брендан юкъарчу мехаца 283 млн доллар[22].
  • «Социалан жоьпаллин банк 2013»[23], «Экономикан реалан сектор кхиоран балхан»[24] совгӀаташ делла.

Рейтингаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 2014 шарахь билгалъяьккхина Российн банкийн ассоциацин «Жимачу а, юккъерчу а бизнес кхиорехь белхан» цӀе йолчу леринчу дипломца[25].
  • 1 меттиг баьккхина 100 йоккхачу дуьненан банкашкашна SWIFT декъашхошна юкъахь 2013 шарахь трафик тӀекхетарна.

Кхолламашкахь дакъалацар[нисъе бӀаьра | нисъе]

АО «Россельхозбанк» декъашхо ю лахарчу российн а, дуьненаюкъара а кхолламийн[26]:

  • Российн банкийн ассоциаци (РБА)
  • Российн банкийн ассоциаци (РБА)
  • Коммерцийн боцу кхоллам «Российн регионийн банкийн ассоциаци» ("Росси" ассоциаци)
  • Российн агропромышленностан союз (Росагропромсоюз)
  • Ерригроссийн болхлучеран отраслан агропромышленностан цхьаьнакхетар (Росагропромцхьаьнакхетар)
  • Коммерцин боцу кхоллам «Дуьненаюкъара Юьртабахаман Кредитан Конфедераци»
  • Коммерцин доцу накъосталла «Российн-Цийн ГӀуллакхан Совет» (РЦГӀС)
  • Коммерцин йоцу корпорацеш «Американ-Российн ГӀуллакхан Совет» (USRBC)
  • Канадан ГӀуллакхан Ассоциацеш Россехь а, Евразехь а (CERBA)

Спонсорийн гӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

АО «Россельхозбанк» ламастаца ю инарлин накъост Российн агропромышленностан гайтаман «Дешийн гуьйре» — Российн Федерацин юьртабахаман министраллас йеш йолчу, мехкан уггаре йоккхачу аграрийн форуман[27].

Иштта банко жигара гӀо лоцу тайп-тайпана дуьненаюкъара, федералан, регионалан форумаш дӀахьуш, царна юкъахь ю Пиетарбухан дуьненаюкъара экономикан форум[28][29], российн банкийн Ассоциацин Гулам[30], Сочера Дуьненаюкъара Инвестицин Форум[31], Ерригроссийн агропромышленностан гайтам «Агрорусь — Регионаш»[32], Республикан форум «Республика Саха (Якути) АПК кхиар»[33], Юккъераоьрсийн экономикан форум (Курскан область), кхин дӀа а[34].

Дай а, куьйгалхой а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Цхьаъ бен йоцу банкан акционер, 2016 шеран хьолаца, пачхьалкхан Росимущество ю.

Урхаллин председатель[нисъе бӀаьра | нисъе]

Тергонан советан председатель[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Сводная статистическая информация по крупнейшим банкам
  2. Распоряжение № 75-рп «О создании Российского сельскохозяйственного банка»
  3. Справочник ЦБ РФ по кредитным организациям: Открытое акционерное общество «Российский Сельскохозяйственный банк»
  4. «Байкалпресс»: «Россельхозбанк забрал ОАО „Бурятмяспром“ за долги». № 47 от 19.11.2008
  5. Кристина Бусько: «Россельхозбанк занял сладкое место». «Коммерсантъ» № 233 от 22.12.2008
  6. 1 2 Кристина Бусько: «Россельхозбанк наскреб по сусекам» «Коммерсантъ» № 15 от 29.01.2010
  7. 1 2 Юрий Скудаев: «Взяли долги на себя». «Волжская Коммуна», 02.04.2009
  8. «Волга Ньюс»: «„Аликор“ продал Подбельский элеватор, отсуженный у Россельхозбанка». 6.02.2014
  9. «Коммерсантъ»: «Россельхозбанк стал владельцем элеваторов „Настюши“». 06.07.2009
  10. Алексей Кузьменко: «„Настюша“ не берёт элеваторы у Россельхозбанка». «РБК Daily», 18.03.2013
  11. Россельхозбанк удостоен премии «Банковское дело» в номинации «За вклад в реализацию проектов реального сектора экономики»
  12. Россельхозбанк забрал 75 % акций бывшего агрокомплекса «СВ-Полжское»
  13. «Роснефть» поддержала Россельхозбанк кредитом на $1,15 млрд | Forbes.ru
  14. УКАЗ ПРЕЗИДЕНТА УКРАЇНИ № 549/2015
  15. Под украинские санкции попали российские министры и крупнейшие авиакомпании. Lenta.ru (2015, 16 сентябрь).
  16. Россельхозбанк провел расширенное заседание правления
  17. «Россельхозбанк» в рамках госпрограммы развития сельского хозяйства выдал уже 2,3 трлн руб. кредитов
  18. Филиалы Россельхозбанка в регионах РФ | Банки и Финансы. bankifinansy.ru. Теллина 2015 шеран 26 сентябрехь.
  19. Рейтинги, присвоенные Moody’s
  20. Рейтинги, присвоенные Fitch
  21. Рейтинг 100 банков — 2014: что изменила новая политика ЦБ
  22. The Banker расставил банки по брендам
  23. Национальная банковская премия АРБ
  24. Национальная премия «Компания Года-2013»
  25. АРБ отметила вклад Россельхозбанка в развитие малого бизнеса
  26. Участие банка
  27. Россельхозбанк — генеральный партнер XV Российской агропромышленной выставки «Золотая осень»
  28. Что нам стоит ПМЭФ провести?
  29. Соглашения на 9,6 трлн руб были заключены на ПМЭФ-2013
  30. В Москве прошел XXIV съезд Ассоциации российских банков
  31. Продукция волгоградского тепличного хозяйства составит конкуренцию импорту
  32. Россельхозбанк поддержал проведение выставки «Агрорусь-регионы»
  33. Форум определил пути сотрудничества аграриев Дальневосточного и Сибирского регионов
  34. Россельхозбанк профинансирует строительство новой современной племенной фермы в Курской области

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]