ХӀинжа-ГӀала

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(ХӀинжа-гӀала тӀера хьажжина кхуза)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГIала
ХIинжа-ГIaла
жӀай. Махӏачхъала, Магьачкъала, даьргӀ. Мяхӏячкъала, гӀум. Анжикъала, гӀазгӀум. Махӏачкъала, лаьзг. Магьачкъала, ногӀ. Махачкала, рут. Магьачкъала, таб. Мягьяжгъала, татийн Махачкъала, цахур. Магьачкъала, нох. ХӀинжа-ГӀала
Montage-of-Makhachkala-(2016).png
Байракх[d] ХӀост
Байракх[d] ХӀост
42°59′ къ. ш. 47°30′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх РоссиFlag of Russia.svg Росси
Федерацин субъект ДегӀаста
ГӀалан гуо ХIинжа-ГIaла
Юкъара екъаялар 3 кIошт
Корта Дадаев Салман Кадиявович
Истори а, географи а
Йиллина 1844 шарахь
Хьалхара цӀерш 1857 кхаччалц — Петровское
1921 кхаччалц — Петровск-Порт[1]
Майда 468,13 (гӀалан гуо)[2] км²
ХӀордан сизал локхалла 135 м
Климатан тайпа Барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 603 518[3] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам жӀай, даьргӀой, гӀумкий, лаьзгий, гӀазгӀумкий, оьрсий, табасаранаш, рутулаш, агулаш, азербайджанаш, цахураш, гӀезалой, эрмалой, ногӀий, нохчий
Динан хӀоттам бусулба-суннийш, православни, кхин а.
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 +7 8722
Поштан индексаш 367000-367999
Автомобилан код 05
Код ОКАТО 82 401 000 000
Код ОКТМО 82 701 000 001

mkala.ru (оьр.)
Картан тӀехь
ХIинжа-ГIaла картан тӀехь
ХIинжа-ГIaла
ХIинжа-ГIaла картан тӀехь
ХIинжа-ГIaла

ХӀинжа-ГӀала — Кавказера, Российн къилбехара гӀала, лаьтта Каспий-хӀордан бердашца[4]. Республика ДегӀастанан коьрта шахьар. Бахархойн барамца Къилбаседа Кавказ регионан кхоалгӀа гӀала а, Къилбаседа Кавказан Федералан гуон уггаре йоккха гӀала. Кхуллу гӀалан гуо ХӀинжа-ГӀала. ТӀум ю миллион гергга йолчу ХӀинжа-ГӀалан-Каспийн агломерацин.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалхара истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

«ДегӀастанан некъ» баккхарх къийсамаш латтийна гуннаша, гӀажарша, Ӏаьрбаша. Исторехь кӀезиг ладаме роль ловзийна ца Ӏа и некъ къуьйсуш Таркхи эвлано, иза лаьтта хӀинцалера ХӀинжа-ГӀалан гена йоццуш. «Таргу» цӀарца иза дуьххьара хьахайо VIII бӀешарахь эрмалойн историка Гевонда.[5]

Таркхи евзаш яра XV бӀешарахь дуьйна махлелоран юкъ санна, цунна чухула чекхболура Дербент гӀала боьду къепалан некъ. Ткъа иза яра дуьненан ширачех гӀала. Инджи (гӀум. Инжи, тӀаьхьуо Анджи) цӀарца нах беха меттиг евзара юккъерачу бӀешерашкахь дуьйна[6].

Российн империн юкъахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

1844 шарахь Анджи-Арка[7][8] гу тӀаьхь, иза гӀумкийн меттара гочдича «Анджи букъ (дукъ)»[9] ду, юьйгӀира Петровски чӀагӀо, цӀе тиллира 1722 шарахь ГӀажарчу боьлхуш оцу меттигехь Пётр I-ра хиларна лерина[10]. 1857 шарахь цунна елира гӀалан статус а, Петровск[11] цӀе а.

1870 шарахь йира говзаллийца гавань а, порт[12] а.

1894—1896 шерашкахь гӀала цӀерпоштнекъаца БуритӀе а, Бакох а гӀаланашца вовшех тесира.

Дуьххьарлера гӀалан промышленостан предприяти йира 1876 шарахь, иза яра йий доккху завод. 1878 шарахь болх бан йолаелира дуьххьарлера типографи. ТӀаьхьуо йира шиъ тонкан фабрика.

XIX бӀешо чекхдолуш а, XX бӀешо долалуш а гӀала жигара кхиа йолаелира. Биллира Дон-тӀера-РостовБакох цӀерпоштнекъ, цунна тӀехула дуьйладелира цӀерпоташ ХӀинжа-ГӀала кхаччалц.

1897 шарахь гӀалан бахархой деазза сов тӀекхийтира, 8,7 эз. сов бевлира бахархой.

Петровск-Порт (ХӀинжа-ГӀала) XX бӀешо долалуш

1900 шарахь йина елира гӀалан уггаре йоккха предприяти акционерийн юкъараллин «Каспийн мануфактуран кехатан фабрика[13]» (советийн муьрехь III Интернационалан цӀарах фабрика).

1914 шарахь йиллира жима мехкдаьтта кхехко завод. Бахархойн барам тӀекхийтира, 24 эз. сов велира, гӀала хьалхаелира ДегӀастанан гӀаланашна юкъахь бахархойн барамца а, экономикин хьолаца а. ДегӀастанан областан административан-политикин юкъ яра Шури-ГӀала.
1915 шо чекхдолуш болх бан йолаелира цӀерпоштнекъан аса ХӀинжа-ГӀала — Шури-ГӀала, цуо гӀала йихкира ломан ДегӀастаца.

XIX бӀешо чекхдолуш а, XX бӀешо долалуш ХӀинжа-ГӀалахь йира мехкдаьтта кхехко а, черманаш ден а заводаш, кехатан а, тонкан а фабрикаш, цӀерпоштнекъан пхьолгӀанаш.

ХӀинжа-ГӀалахь 4 урам бен дацара — Барятински (хӀинца Буйнакски); Привольни (хӀинца Данияловн ← Марковн ← Садови ← Привольни); Соборни (хӀинца Манташевн ур. ← Оскаран ← Октябрьски ← Соборни), Инженерни (хӀинца Р. Гамзатовн ← В. И. Ленинан ← Комсомольски ← Инженерни)[14]. Юккъерачу декъера урамаш тӀулг биллина а, мехкдаьттан стогарш серладаьхна а дара. Кхузахь тӀулгийн а, кибирчиган а цӀенош дара, царна чохь бехара хьаькамаш, эпсарш, динан гӀуллакххой, хьалдолу гӀалахой. Коьрта урамехь — Барятински — лаьттира 25 меттиг болу хьешан цӀа «Гуниб», масех туька, аптека, кинотеатр «Прогресс», ткъа хӀинца Пачхьалкхан банк (РФ Центробанк) лаьттачохь яра нах совцу керт. Вукха урамашкахь бара дехьа а ца валало хатт, ткъа аьхка — чан, мозийн а, чуьркийн а бода. 2004 шарахь Малыгинан ур. 1, лаьттина, йохийна бани тӀера, татол дара, боьха хи хӀордан чудохуьйтуш. ХӀинца Правительствон цӀа лаьтта, килсан уллера майда а нехашшах юьззина боьха меттиг яра. ГӀалахь цхьаъ бен библиотека яцара, цунна чохь кхо эзар жайна дара, амма ткъа сов малара молу меттиг яра. Хин биргӀа гӀалахь яцара, наха хи черманашна чохь кхоьхьура.

Советийн мур[нисйе бӀаьра | нисйе]

1921 шеран 14 майхь ДегӀастанан революцин комитетан № 59 йолу омарца Петровск-Порт гӀалан цӀе оьрсийн маттахь хийцира ДегӀастанан революционеран Дахадаев Махачан (1882—1918) сийнна Махачкала аьлла. 1923 шеран 15 декабрехь ДАССР ЦКХК Президиумо кхайкхийра ХӀинжа-ГӀала ДАССРн коьрта шахьар[15].

«ХӀинжа-ГӀала». ССРС поштан марка

1930-гӀа шерашна юккъехь гӀалех туьйхира гӀалан тайпана посёлок Петровск-Кавказски (хӀинца мккӀ. ХӀинжа-ГӀала-1).

Советийн заманахь ДегӀастанан коьрта шахьар сихха кхуьура, 1930-гӀа - 1980-гӀа шерашкахь бахархойн барам тӀекхийтира иттазза сов, кхоьллира коьрта социалан инфраструктура, хӀокху заман дешаран система, промышленностан бух тӀиера дакъош. Хи латторан бала а дӀабаьккхира, йира иттаннаш медицинан, оьздангаллин хьукматаш, дӀайиллира лакхара а, юккъера а дешаран меттигаш. ХӀинжа-ГӀалан бахархойн хӀоттам кхуллуш дакъа лецира ДегӀастанан дерриг къаьмнаша.

1952 шо кхаччалц гӀалан Коьрта майданехь лаьттира Сийлахь элан Невски Александран килс. Килс язйира 1891 шеран 30 августехь. 1952 шарахь цунна хилира, советийн Российн динан гӀишлойн хилларг — килс йохийра. Тахана цуьнан меттигехь лаьтта ДегӀастанан Республикин коьртан а, правительствон а гӀишло.

Александро-Невски килс

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш 5 хӀинжа-гӀалахочун Советийн Союзан Турпалхо цӀе елира[16].

ГӀалан дахаран ерриг сферашкахь баккхий хийцамаш хилира тӀемал тӀаьхьарчу 1950—1970-гӀа шерашкахь. 1969 шарахь ХӀинжа-ГӀалахь яра 4 лдм: ДегӀастанан пачхьалкхан университет, юьртабахаман (хӀинца ДегӀастанан пачхьалкхан юьртабахаман академи), медицинан (хӀинца ДегӀастанан пачхьалкхан медицинан академи), педагогикан (хӀинца ДегӀастанан пачхьалкхан педагогикан университет) институт, 51 юкъарадешаран ишкол, ерриг фонд 1,4 млн сов жайна долу иттаннаш библиотекаш, 20 сов кинотеатр (дукхах йолчарна тӀаьхьуо хийцамаш бина). Лакхарчу боларца кхуьура гражданийн гӀишлошъяр. Йира яккхий промышленностан объекташ, царна юкъахь М.Гаджиевн цӀарах, Машенашъяран (хӀинца «Авиаагрегат»), «Шура чекхйоккху машенийн», «Дагэлектромаш», Приборашъяран, «Стекловолокно», Радиосурсатийн, «Эльтав» заводаш, III интернационалан а, Крупскийн а цӀарах фабрикаш, Революцин ТӀемлойн цӀарахь чӀеран-консервийн комбинат, кхин а.

1960-гӀа шераш чекхдовлуш ХӀинжа-ГӀалахь Таркхи-Тау ломан басехь фуникулёр хӀотто план яра, амма тӀаьхьа сацийра и проект.

ХӀинжа-ГӀалан чӀогӀа зуламаш хилира 1970 шеран 14 майхь мохкбегор бахьнехь.


XX бӀешеран чаккхе[нисйе бӀаьра | нисйе]

ССРС йохар бахьнехь, экономикин хийцамаш буьйлабаларца а, базаран бахаме дехьадовларца а, коьртаниг ТӀПК заказашка йирзина йолу ХӀинжа-ГӀалан промышленность, йисира халачу хьолехь. Конверсин программаш кхочуш ца ян елира.
1990-гӀа шерашкахь арахоьцу сурсаташ охьадовларан бахбелла мур хилира. Масала: 1990 шо кхачале «Стекловолокно» заводо болх латтабора 3800 стагана, хӀинца — 500 стагал кӀезиг ву. «Эльтав», Приборашъяран, Радион, Дагэлектромаш заводаш, 3-гӀа Интернационалан а, Крупскийн а фабрикаш, ЧӀерийн-консервийн комбинат ерриг йохийна юкъара яьхна, ткъа латта доьхкина гӀишлошъечарна. Изза ду кхечу предприятешца а. 1990-гӀа шераш чекхдовлуш хьал тодала доладелира. XXI бӀешо долалуш хаъал дика хийцамаш хилира сурсаташ арахецаран структурехь а, гӀалан промышленностан потенциал тӀетухуш а.

1998 шарахь гӀала администрацин коьрте хӀоттийра Амиров СаӀид.

XXI бӀешо[нисйе бӀаьра | нисйе]

2013 шеран июнехь ХӀинжа-ГӀалан администрацин коьртера Амиров СаӀид лецира бакъо ларъечу меженаш. Цуьнан меттиге хӀоттийра ДПУ ректор Рабаданов МуртазӀали. 2014 шеран апрелехь Рабаданов шен лаамца дӀавелира ХӀинжа-ГӀалан мэран декхарш кхочушдаран даржера, ткъа цуьнан меттиге ДегӀастанан коьртерчу Абдулатипов Рамазана хӀоттийра Сулейманов Мохьмад. 2015 шеран июлехь Сулеймановн меттана мэран декхарш кхочушдан волавелира Мусаев Муса. ХӀинжа-ГӀалан Гуламан депутаташа сацам бира хан тӀекхачале мукъа ваккха, ДегӀастанан коьрта шахьран мэран даржера курхалла дарна колонин диъ шо а тоьхна чувоьллина, Мусаев Муса. Иза хаийтина 2018 шеран 27 декабрехь мэрин пресс-гӀуллакхо. Январера ноябрь кхаччалц ХӀинжа-ГӀалан мэран декхарш кхочушдийриг вара Гасанов Абусупьян. 2018 шеран 7 ноябрехь Гасанов Абусупьян лецира, гӀалан мэран декхарш кхочушдечу заманахь, 40 млн сом лачкъорах шеко йолуш[17]. 2018 шеран 8 ноябрехь Гасанов Абусупьян цӀахь сацийначул тӀаьхьа, 2019 шеран 31 январь кхаччалц цхьаьна ханна ХӀинжа-ГӀалан мэран декхарш кхочушдира Алиев Мурада.[18]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Петровск // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
  2. Подсчитано по базе данных муниципальных образований РФ на 2008 год
  3. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
  4. Муханов В.М., Павлинов П.С. Махачкала́ / председ. Ю.С. Осипов и др., отв. ред. С.Л. Кравец. — Большая Российская Энциклопедия (в 30 т.). — Москва: Научное издательство «Большая российская энциклопедия», 2012. — Т. 19. Маниковский - Меотида. — С. 409-410. — 766 с. — 60 000 экз. — ISBN 978-5-85270-353-8.
  5. ГЕВОНД->ИСТОРИЯ ХАЛИФОВ->ЧАСТЬ 1
  6. М. И. Артамонов. Очерки древнейшей истории хазар. Л. 1936. С. 97.
  7. БСЭ (Большая Советская Энциклопедия); статьи на (МА). — М. под ред. Прохорова А. М. 1969—1978
  8. Города и сёла Дагестана: Махачкала
  9. Сказание о гӀалае Анжи
  10. История Архивацийина 6 августехь 2016 шеран.
  11. Н. И. Воронов, Сборник статистических сведений о Кавказе, Том I, с. 7
  12. Селиванов А. Ф. Петровск, город Дагестанской области // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  13. ОАО „Каспийская Мануфактура“.(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 19 сентябрехь. Теллина 2008 шеран 23 декабрехь.
  14. Махачкале — 160: И Бродвей, и Арбат. Прогулка по проспекту Р. Гамзатова
  15. Петровск — ХӀинжа-ГӀала: история возникновения и развития Архивацийина 28 ноябрехь 2020 шеран.
  16. Махачкалинцы — Герои Советского Союза Архивацийина 22 октябрехь 2019 шеран.
  17. ХӀинжа-ГӀалан
  18. [1]

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]