Балта (Къилбаседа ХӀирийчоь)
Эвла | |
Балта хӀир. Бæлта | |
![]() | |
Къилбаседа ХӀирийчоь | Къилбаседа ХӀирийчоь |
---|---|
ГӀалин гуо | гӀала БуритӀе |
Координаташ | 42°55′05″ къ. ш. 44°37′40″ м. д.HGЯO |
ХӀордан сизал локхалла | 960 м |
Климатан тайпа | барамера |
Бахархой | 926[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | гуьржий, гӀалгӀай, хӀирий, оьрсий, эрмалой |
Динан хӀоттам | керсталла, бусалбанаш-суннийш |
Бахархойн цӀерш | балтхой |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Поштан индекс | 362901 |
Код ОКТМО | 90401362002 |
Балта картан тӀехь |
Балта́ (хӀир. Бæлта, гуьрж. ბალთა, гӀалгӀ. Балта) — Къилбаседа ХӀирийчоьн эвла. БуритӀе гӀалан Затеречни кӀоштан куьйгакӀелара эвла, юкъайогӀу БуритӀе гӀалан.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
ТӀеман-Гуьржийн некъа тӀехь Теркан аьрру бердаца лаьтта.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвла йиллина XIX бӀешарахь, юьхьанца охьахевшина гуьржий а, хӀирий а. Оьрсийн администрацино ТӀеман-Гуьржийн некъ тобеш Балтехь хӀоттийра новкъан станци (дуьххьара БуритӀе воьдуш) а, тӀеман редут а. Редутехь хила безара цхьа рота салтий а, шиъ мортира а меттигера бахархой — тагаурхой къарбан, нагахь гӀовттахь[2]. Кхузахь новкъан мах боккхура. 1850-гӀа шераш чекхдовлуш — 1860-гӀа шераш долалуш дира ши гӀат йолу станцин цӀе, лекхачу тӀулгийн кертан дехьа, довха даарш долуш буфет а йолуш, кхо чоь новкъахошна — юкъара божарийн, ишттаниг зударийн, «инарлин».
ЦӀе елла луларчу эвланах.[3].
XX бӀешо долалуш эвла кхалха буьйлабелира ЖӀайрахан Ӏинера гӀалгӀай.
1920 шо кхачале эвла Теркан гуон юкъахь яра. Регионехь советийн Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа, эвла дӀаелира ГӀалгӀайн автономин область юкъа, ткъа тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн областе (1944 шо кхаччалц).
Нохчий а, гӀалгӀай а Кхазакхстане арабаьхначул тӀаьхьа, эвла дӀаелира Къилбаседа-ХӀирийн АССРн Пригородни кӀоштан.
Цул тӀаьхьа эвла Пригородни кӀошта юкъара а яьккхина, юкъатуьйхира Орджоникидзе (хӀинца БуритӀе гӀалан гуо).
2000-гӀа шарахь дуьйна эвлахь жигара гӀишлош еш ю, бахархой ховшуш бу. Балта ю дукха къаьмнаш деха эвла, кхузахь беха гуьржий, гӀалгӀай, хӀирий, оьрсий, эрмалой. ХӀора шарахь эвлахь хуьлу динан-къоман Ӏида Ломисоба (ломан малхбален-гуьржийчуьра даьлла), иза даздо тайп-тайпан къаьмнаша.
Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бахархойн дукхалла |
---|
2010[1] |
926 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца[4].
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
гуьржий | 532 | 57,5 % |
гӀалгӀай | 209 | 22,6 % |
хӀирий | 142 | 15,3 % |
оьрсий | 26 | 2,8 % |
эрмалой | 16 | 1,7 % |
кхин берш | 1 | 0,1 % |
берриш | 926 | 100 % |
Транспорт[нисъе бӀаьра | нисъе]
Юьрт лаьтта А-301 шоссе тӀехь, БуритӀен 8 километр къилбехьа. Гергара цӀерпоштнекъан станци — БуритӀе лаьтта эвлан 15 километр къилбаседехьа.
ГӀарабевлла эвлахой[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Яндиев Джамалдин Хамурзаевич (1916—1979) — ГӀалгӀайчоьнан халкъан поэт.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
- ↑ Арджеванидзе И. А. Военно-грузинская дорога: (Краеведческий очерк с приложением схематической карты маршрута и библиографии). — Тбилиси: Госиздат Грузинской ССР, 1954. — 252 с.
- ↑ Григорiй Москвичъ Иллюстрированный практическiй путеводитель по Кавказу. Одесса, 1899
- ↑ Том4. Таблица 4. Национальный состав РСОА по муниципальным образованиям по переписи 2010 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 19 августехь.
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|