Зандакъой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къена тайпа
Зандакъой
Ӏовхойн махкара Зандакъой
Ӏовхойн махкара Зандакъой
Кхин цӀерш ЗантӀхой, Зандхой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Ӏовхой а, нохчмахкахой а
Йукъара хаамаш
Мотт Ӏовхойн а, нохчмахкахойн а нохчийн меттан меттадакъош
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар

 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ГӀалгӀайчоь: хууш дац

 ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк, Ӏовх

За́ндакъой (оьрс. За́ндакой[1], За́ндхой) — нохчийн уггаре даккхийчех цхьа тайпа, юкъадогӀу нохчмахкахойн а, Ӏовхойн[2] а тукхумашна. Тайпанан юрт лору Зандакъ[3] эвла. Зандакъой бу шина гаплотобанашна юкъахь - J1 а, J2 а[4].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тайпанан йуьртан Зандакъан доза ду малхбузехьа Билтаца, ткъа вукха агӀонашкахь ДегӀастанца, лаьтта аьтту бердаца Ивги[5] хин. Зандакъа чуйогӀа эвланаш: Байтаркхе[5], Беза Ӏин[6], Гильна[5], Даьттаха[5], Симсир[5], Татай-кӀотар[5], Чеччал юх[5], Шамалкх Ӏин[6].

Тайпанах евлла топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къилбаседа Кавказехула охьаховшар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зандакъой беха аренийн эвланаш: Бена-Юрт, БердакӀел, БӀачи-Юрт, Галне, Гребенски, Гуьмсе, Девкар-Эвла, Доьлаке, Дубовски, Иласхан-Юрт, Лакха Невре, Макане, Макан-КӀотар, НогӀамирзин-Юрт, Устрада-ГӀала, Чечана, ЧӀаьнти-Юрт, ЧӀулга-Юрт, Энгал-Юрт, Аьчка-ХитӀе, Ӏелин-Юрт.

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нохчийн талламча-мохк’Ӏаморхо, хьехархо, халкъан поэт волу А. С. Сулеймановс, ялайо масех халкъан эпистемологин цӀераш. Цаьрца тайпанан цӀе а, йуьртан цӀе а яьлла дешнех «сан дакъа». «...Шиъ ваша талла веана хӀинца Зандакъа йолчу. Шорта экха карийна царна цигахь. Дукха хӀонцӀ эцна. Воккхах волчу вашас аьлла: «Сан дакъа хьур ду кхузара дIа, со дийна дIа ца воьдуш. Со кхуззахь ваха соцур ву!». Кхин а цуо ялайо шиъ вариант, амма билгалдоккху, Зандакъа цӀе схьаяларх дийцарш масех ду, массо а цхьаьна а ца догӀу, башха тешаме а дац олий. 1. Занхой + дукъ = зан дукъ. 2. Сандаха я зандаха – гӀажарийн маттахь хаьржина (тӀемалой), зийна (тӀемалой)[1].

Кхин а ю варианташ:

Гуьржийн историка Г.З.Анчабадзес шен «Вайнах» цӀе йолчу белха тӀехь дуьйцу, Къилбаседа Кавказехь уггаре шира пачхьалкхан кхоллам, кхоллабелла болу меттигерчу этносан бух тӀехь (хетарехь, адыгийн), лору Синдикъа (вайн эрал V-ӀV бӀешераш хьалха), тӀаккха а, хила тарло, иза тайпанийн цхьаьнакхетар пачхьалкхан сипташца[15]. Тарло Зандакъой оцу тайпанийн цхьаьнакхетарх бисинарш хила а. Нохчийн Ӏилманча-лингвисто А.Д. Вагаповс а, Р.П. Ахмадовс а Зандакъан этимологи схьаялар, тера лору, тюркийн «сандыкъ // сандукъ» - «тӀорказ, Шина ломан йукъара ага»[16].

Оцу тайпана цӀераш, географин Ӏилманийн доктора Э.М. Мурзаевс дийцарехь, сих-сиха хаало географин номенклатурехь, дуста кхаз. «сандык-тау, сандык-тас» - «ша лаьтта нийса бохь болу боккха лам, ира баххьаш а доцуш». Кузнецки Алатаун цхьаьна ломана шен сиптах Сундук аьлла цӀе кхаьчна. ГӀиргӀазойчоьхь бу лам Сандык «тӀорказ», ткъа Эвенкехь кхоъ лам бу Авса цӀе йолуш, эвенкийн маттахь авса «тӀорказ» ду[17]. Оцу могӀанера хила тардолийта Ӏ.Д. Вагаповс а, Р.П. Ахмадовс а нохчийн Ичкерера топонимаш Зандакъ-лам а, Зандакъ-аре а.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шира дийцарша боху, Нашхара Кушул кхелхина сецна Куьрчалахь Юьртачоь цӀе йолчу меттигехь. Цуьнан кхоъ кӀант вара: ШаӀа, ТӀелип, Курчалхан. ШаӀех Зандакой бевлла, ТӀелипах – Билтой, ткъа Курчалханах – Курчалой. ШаӀас йиллина Зандакъа юрт. Курчалахь хӀинци а ю меттиг ШаӀин гу цӀе йолуш.

Кавказан тӀом болуш тайпано агӀо лецира Шемалан Кавказан Имаматан, тайпанан наха дакъа лецира дуккха а тӀемашкахь Имаматан агӀора. Оцу заманахь тайпанан нахах гӀараваьлла вара ГӀеза-Хьаьжа, воккха авлияъ, иза вара нохчийн синан Ӏу.

1944 шеран февралехь нохчий а, гӀалгӀай а мехках баьхна, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяьккхича Зандакъан цӀе хийцира Дагбаш аьлла, кхуза ховшийра бахал улара дегӀастанхой. Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийча йуьртан цӀе юхаерзийра.

2003 шо чекхдолуш декабрехь юьртахь токхамаша зулам дира, дохийра 50 гергга цӀа.

Некъий[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зандакъой бекъало некъешка: Аьрзин некъе (я ХагIашан некъе), Бе-некъе (я Бацойн-некъе), ГIадалан некъе, ГIовтакъин некъе, ГӀурмин некъе (J1, J2), Даки-некъе (J1), ЗагӀш некъе (J2), КӀорнийн некъе, КӀохцала некъе, Лен некъе, Ментиган некъе[1].

ГӀарабевлла зандакъой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 342.
  2. Сулейманов, 2006, с. 397.
  3. Ахмадов Ш., 2002, с. 215.
  4. https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  5. 1 2 3 4 5 6 7 Сулейманов, 1997, с. 328.
  6. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 330.
  7. 1 2 Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859.
  8. Сулейманов, 1997, с. 334.
  9. Сулейманов, 1997, с. 553.
  10. Сулейманов, 1997, с. 352.
  11. Сулейманов, 1997, с. 329.
  12. Сулейманов, 1997, с. 360.
  13. Сулейманов, 1997, с. 413.
  14. Сулейманов, 1997, с. 371.
  15. Анчабадзе Г.З. ВАЙНАХИ / Ред. Н.В. Гелашвили. — Тбилиси, 2001.
  16. А.Д. Вагапов, Р.П. Ахмадов. Названия тэйпов Восточной Чечни. Журнал «Рефлексия» №3 май-июнь 2010 г.
  17. Мурзаев Э. М. Очерки топонимики / Институт географии АН СССР; Оформление художника В. П. Логинова. — М.: Мысль, 1974.
  18. Усман Осмаев — «Чечня: голоса времен»
  19. Адам Духаев — «Плеяда шейхов из Надтеречья», Лаха-Невре, 1997 г., стр.39-41
  20. http://rubrikator.org/russia/znamenskoe-posts/366832.
  21. Адам Духаев — «Плеяда шейхов из Надтеречья», Лаха-Невре, 1997 г., стр.43-45
  22. Адам Духаев — «Плеяда шейхов из Надтеречья», Лаха-Невре, 1997 г., стр.51-54

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Жайнаш

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]