Муьже
Эвла | |
Муьже оьрс. Октябрьское, хӀир. Октябрьскæй | |
Пачхьалкх | Росси |
---|---|
Регион | Къилбаседа ХӀирийчоь |
Муниципалан кӀошт | Мазалкан кӀошт |
Координаташ | 43°40′29″ къ. ш. 44°48′39″ м. д.HGЯO |
Юьртда | Потапова Ирина Александровна |
Йиллина | 1890 шарахь |
Хьалхара цӀерш |
Кожаковски эвла, Тюленев кӀотар, Надеждин кӀотар, Терк кӀотар[1] |
ХӀордан сизал локхалла | 142 м |
Бахархой | 176[2] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий, оьрсий |
Динан хӀоттам | бусулбанаш-суннийш, православин |
Бахархойн цӀерш | муьжихой, муьжихо |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Телефонан код | +7 86736 |
Поштан индекс | 363702 |
Автомобилан код | 15 |
Код ОКТМО | 90230873002 |
Муьже картан тӀехь |
Муьже́ (хӀир. Октябрьскæй, оьрс. Октябрьский) — Къилбаседа ХӀирийчоь-Аланин Мазалкан кӀоштара эвла. «Муьжен юьртан меттиг» муниципалан кхолламан юкъайогӀу.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвла лаьтта Мазалкан кӀоштан малхбален йистехь, Терк эркан аьтту бердаца, Лакхара ГӀоьжакъ олучу меттигехь. КӀоштан юкъ йолчу Мазалкан 17 км къилба-малхбалехь, БуритӀе гӀалан 110 км къилбаседехьа.
Эвлан уллехула чекхдолу автомобилан некъан дакъа «Мазалк — Гуьмсе», и некъ боьду Теркан аьтту бердан йисттехула Нохчийчухула дӀа.
Доза ду: ГӀоьжакъеца къилбаседа-малхбузехь, НогӀамирзин-Юртаца къилба-малхбалехь. Теркан дехьа бердаца лаьтта Стодеревски гӀала.
Эвла лаьтта Теркан къилбехьа, мазалкан аренашкахь. Меттиган рельеф дукхаха ерг нийса ю, цӀеххьана хийцалуш яц. Эвлан лаьттан хӀордан тӀегӀанера локхаллин юккъера барам 142 метр бу. Теркан тогӀенца масех километр кӀорге а, шуьйра а лаьтта хица йолу хьаннаш, Муьжен кӀоштан гергахь уггаре яккхий майданаш ю церан.
Эвлара гидрографин маша коьртаниг Терк а, куьйга даьхна хин татолаш а ду. Эвлан къилбехьа охьадоьду хин татолаш — Теркйистан а, 1-ра ГӀизларан а.
Климат[нисъе бӀаьра | нисъе]
Климат барамера тӀуьна. Шеран хӀаваан температуран юккъера барам бу +10,5°С гергга. ХӀаваан юккъера температура техка июлехь +23,5°С тӀиера, январехь -2,8°С кхаччалц. Шеран йочанийн юккъера барам бу 530 мм гергга. ДогӀанаш коьртаниг догӀу май – июль беттанашкахь. Аьхкенан чаккхенгахь Каспиййистан акъари тӀиера хьоькху бекъа, бовха мох.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
XIX бӀешо долалуш Лакхара ГӀоьжакъ меттигехь, элас Бекович-Черкасский Инал Эльмурзаевича йиллира эвла цӀе ГӀоьжакъе а йолуш. Цигахь бехара ГӀизлар гӀалан гуонахьара мухажираш, царна юкъахь элан лайш а. 1840 шарахь эвла ягийна, бахархой дӀабахара ГихтӀан хьаннашка имам Шемалан эскаре.
Таханлера эвла йиллина 1890 шарахь, оцу меттиге кхелира Юккъера Россера мухажираш, йиллира Тюленев кӀотар, дукха хан ялале цӀе хийцира Надеждин кӀотар аьлла. Советийн Ӏедал хӀоьттича кӀотаран цӀе хийцира Терк аьлла.
1944 шарахь эвла Нохч-ГӀалгӀайн АССР йохош дӀаелира Къилбаседа-ХӀирийн АССР юкъа. Оццу шарахь юкъатуьйхира Мазалкан кӀоштан ГӀоьжалкъан сельсоветан. Оцу хенахь эвлан оьрсийн цӀе хийцира Октябрьски аьлла.
Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бахархойн дукхалла |
---|
2010[2] |
176 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран[3] жамӀашца юьртан бахархойн къоман хӀоттам:
Къам | Барам, чел. |
Берриг бахархой дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 128 | 72,7 % |
оьрсий | 45 | 25,6 % |
хӀирий | 3 | 1,7 % |
берриш | 176 | 100 % |
Инфраструктура[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвлахь яц социалан инфраструктуран объекташ. Эвлан бахархой доьшуш бу, медицинан гӀо доьхуш бу луларчу эвланашкахь — ГӀоьжакъехь а, НогӀамирзин-Юртахь а.
Урамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвлахь ши урам бен дац — Лугови а, Молодёжни а.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Сахьтан аса[нисъе бӀаьра | нисъе]
Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса ю UTC+3.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Карта генштаба РККА юга России • 2 км. 1941 г.
- ↑ 1 2 Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
- ↑ База микроданных Всероссийских переписей населения 2002 и 2010 годов.
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|