Лаха Невре

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Юрт
Лаха Невре
Пачхьалкх

Российн Федераци

Республика

Нохчийчоь

КӀошт

Теркан кӀошт

Юьртан меттиг

Лаха Неврен

Координаташ

43°37′21″ къ. ш. 45°20′22″ м. д.HGЯO

Хьалхара цӀерш

станица Надтеречная[1], Ниж.Наур[2]

ХӀордан сизал локхалла

82[3] м

Климатан тайпа

барамера континенталан

Официалан мотт

нохчийн мотт

Бахархой

7860[4] адам (2002)

Къаьмнийн хӀоттам

нохчий

Динан хӀоттам

бусулбанаш

Бахархойн цӀерш

новрхой

Сахьтан аса

UTCMSK+0 (UTC+3)

Телефонан код

87132[3]

Поштан индекс

366810

Автомобилан код

95

ОКАТО

96216822001

Официалан сайт

[http://nadterechnoe.ru]

Картан тӀехь
Лаха Невре картан тӀехь
Locator Dot2.gif
Лаха Невре картан тӀехь
Locator Dot2.gif
Лаха Невре картан тӀехь
Locator Dot2.gif

Лаха Невре (оьрс. Надтеречное[5], Нижний Наур) — Нохчийн Республикан Теркан кӀоштара юрт.

Лаха Неврен юьртан меттиган административан центр[6]. Цунна юкъайогӀу Минеральни а.

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Лаьтта Теркан аьтту бердаца, 20 километр генахь кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан, 28 км цӀерпоштнекъан станцин Ишорен[7].

Уллора ярташ а, гӀаланаш а, кӀотарш а: малхбузехь — Лакха Невре (8 км), къилбаседа-малхбалехь — гӀаланаш Макан-ГӀала а, Савельевски а, къилбаседа-малхбузехь — Новр-ГӀала, къилбехь — кӀотар Минеральни, малхбалехь — Макане (8 км) а, Макан-КӀотар а[8].

Микротопоними[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртахь а, гуонаха а хӀара микротопонимиш ю.

«Кхо колл йолучохь» — къилбехь. Дежийлаш.

«Ишал чоь» — къилбаседан агӀора. Дежийлаш.

«Ишал мере» — юьртан малхбузехьа. Дежийлаш.

«Мокин баьрзнаш» — цхьа могӀа баьрзнаш ду юьртан къилба-малхбалехь. Мока — нохчийн шира цӀе ю. Дежийлаш а, оханаш а.

«Хьажин гунаш» — юьртан къилба-малхбалехь. Дежийлаш а, оханаш а.

«ГӀамаран ор» — юьртан къилбехь. Дежийлаш а, оханаш а.

«Боккхачу шу кӀело» — юьртан къилбехь. Дежийлаш а, оханаш а.

«ТӀутӀин боьра» — юьртан къилба-малхбузехь. Дежийлаш.

«ЦӀахьин акъара» — ЦӀахьа — нохчийн шира цӀе. Юьртан къилбехьара дежийлаш.

«Возкхин боьра» — Возкха — нохчийн шира цӀе. Юьртан къилба-малхбалера дежийлаш.

«Аьчган акъара» — юьртан къилбаседа-малхбалера дежийлаш. Хьалхарчу заманахь кхузахь мужан хьост хилла, шеца эчиг а долуш.

«Сту бийна боьра» — юьртан къилбехьара дежийлаш а, аренаш а. Нохчийн ширачу заманахь ламаст хилла тӀевеана стаг тӀелацаран, юьртара доккхачу тайпано тӀе ца лаьцчи нах охьаховшийтуш ца хилла. Шеш тӀелоцург цара сту я говр я гомаш юй сагӀа доккхуш хилла. ТӀаккхий бен шайн тайпана юкъаоьцуш ца хилла. Дийцарехь оцу меттигехь и сагӀа доккхуш хилла[9].

«Беширан хуьчу» — юьртан къилбехьара дежийлаш.

«ЦӀуна кхуьйсу боьра» — дежийлаш а, оханаш а юьртан къилбехьа.

«Муьжа чоь» — дежийлаш а, оханаш а, бошмаш а юьртан къилбехьа.

«ГӀулоз чу» — дежийлаш, Теркан дукъ тӀиера атагӀа.

«ГӀулоз гӀу» — дежийлаш а, оханаш а юьртан къилбехьа.

«ТогӀи чохь» — юьртан къилбаседехьара Теркан тогӀи.

«Девкара-эвла боьду некъ» — асфальт биллина малхбалехьара малхбузехьа юьртан юкъахула болу некъ, юьртан арахьа биллира лела машенаш юьртан юкъахула ца лелийта. ТӀаккха а, юьрт шоръелла некъ Лаха неврен юкъахь бисира.

«Аьчка хи тӀе боьду некъ» — тӀулгийн некъ юьртан къилба-малхбалехьа.

«ГӀулоз чу боьду некъ» — аренан некъ къилба-малхбузехьа.

«Муьж чу боьду некъ» — къилбехьа боьду аренан некъ.

«Сен маӀашка» — юьртан малхбалехьа.

«Мусин хьун» — юьртан малхбалехьара хьун[10].

«Язаркъе» — юьртан къилба-малхбузехьара догӀа доьху меттиг. Дежийлаш, оханаш.

«Эскин кӀотар» — юьртан къилба-малхбузехьа Эскас йиллина кӀотар лаьттина меттиг. Оханаш а, дежийлаш а. Эски — нохчийн шира цӀе.

«Муьжан хара йоллучу» — юьртан къилбехьа.

«Дозанан барз» — юьртан малхбалехьара барз. Кхузахула доза ду Лаха Неврен а, Маканен а юкъара.

«Хьакхарчийн барз» — Къилбаседехьара барз, хьалха кхузахь эрз а, къух а хилла юкъахь акха хьакхарчий а йолуш.

«Хьажин вал» — къилбаседа-малхбузера Теркан дуьхьала Хьаьжас бина вал, построенный жителем села Хьажи.

«Ӏумхин кӀотар» — къилба-малхбалехь кӀотар лаьттина меттиг. Ӏумха — нохчийн цӀе.

«Эна юккъера барз» — юьртан юккъехь лаьтта. Баккхийчара дийцарехь оцу меттигехь пхьолгӀа лаьттина, иза йохийча бульдозерца и гӀишло а, пхьолгӀахь багийначу кӀоран къовкъарш а тӀеттӀа гулйина бина бара и барз. ХӀинца оцу меттигехь маьждиг доьгӀна.

«КӀуо барз» — юьртан къилба-малхбузехь. Дежийлаш, оханаш. КӀуо стена олуш хилла хууш дац, хетарехь цигахь акха саьрсекх я хьонка болуш хилла хила тарло.

«Касин кӀотар» — юьртан къилба-малхбухехьа кӀотар лаьттина меттиг. Каса — нохчийн шира цӀе. Цуьнан тӀаьхье, Сесанойн тайпана нах хӀинци а беха Лаха Неврехь[11].

«Чхарнаш дохучу» — чарташна тӀулг боккху меттиг. Юьртан къилба-малхбалехьа[12].

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхалла
1939[13]1970[14]2002[15]2010[16]
3569511978608475
Къоман хӀоттам

2002 шеран:

  • нохчий — 7 826 ст. (99,6 %)
  • кхин — 34 ст. (0,4 %)

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртах лаьцна[нисъе | нисъе чухулара]

1944 шарахь нохчий а, гӀалгӀай а арабаьхначул тӀехьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР йоха а йина Лаха Неврен цӀе Надтеречное аьлла хийцира. Юьртахь вина Советийн Союзан Турпалхо Висаитов Мовлад.

Теркаца лаьттачу юьртахь беха хӀума хаалууш, шайн юьрт, мохк, нах дукха безаш бахархой. Лаха Невре кӀоргера орамаш долуш ю. Иза кхоллаяларан истори XVIII бӀешераш долалучу заманера ю, Российн историца уьйр йолуш а ю.

Юьрт йиллар[нисъе | нисъе чухулара]

Дийцарехь, иза дуккха а хьалха кхоллаелла дисинчу документашкахьчул а, цара боху гихтӀахой охьахевшира кхуза 1779 шарахь. Ткъа Ӏаларойн тайпанара нах шеко йолуш бац шайн дай дуьххьала Теркан тогӀи чу охьаховшарх. Изза боху нижлоша а. Ший а тайпа Лаха Неврехь уггар доккхах дерш ду, ткъа церан орамаш XVIII бӀешере кхочу. Уггар гӀарабевлларш а, йоккха силсил ерш а хилла элий ТӀурлогӀара. Цара йиллина лору XVIII бӀешераш чекхдовлуш ший а Невре.

Олуш дара, гӀазакхийн Новр-ГӀала йоьгӀна Теркан аьрру берда тӀехь нохчийн, шен цӀе туьйранашкара наьртан Новран цӀарах тиллинчу юьртан Лаха Неврен дуьхьала. Дийцаршкахь наьрт даьхна теркаца, Лакха Неврехь хӀинци а долчу Новр-Ӏуьрг чохь. П. А. Востриков дийцарехь, Новр-ГӀалан цӀе кхьаьчна «кхуза гӀазакхий бахкале хиллачу нохчийн эвланах». Историка Исаева ТӀауса яздо: «XVII бӀешарахь, ойла ян еза, хилла Теркаца юьрт Нойри (хӀинцалера Лаха Невре). Архиван документашца, меттигаш Мекень а, Наур (Ноур) а хьахайо 1642-1643 шерийн кехаташ тӀехь. Ткъа гӀазакхийн гӀала Наур хилла 1645 шарахь а.

Амма Теркаца йолу нохчийн эвланаш а, гӀазакхийн гӀаланаш а, Соьлжан къевлинчу меттигца цхьаьна, ягийра 1653 шеран мартехь «Кызылбашан талораш» долуш гӀажарийн эскаро, гӀодеш боргӀаной а, гӀумкий а болуш. Оцу хенара документаш дуьйцу: «Соьлжан къевлина меттиг гӀумкаша маьӀ-маьӀнехь ягийра, амма ерриг ца ягийра, Терк хица йолу гӀазакхийн гӀаланаш а дукхах ерш ягийра. Оцу хенахь хӀаллакйина ярташ юха туо ца йира дуккха а шераш девлчий бен. ХӀоранза а шира нохчийн аренашкара ярташ хан хене мел йолу хӀаллак йора тӀемашкахь, ткъа бисина бахархой лаьмнашка шайн тайпанин эвланашка дӀаболхара. ТӀаьхьа, маьрша зама еачи, адамаш дика латташ долчу аренашка бахам лело охьабагӀара.

Юха охьаховшар[нисъе | нисъе чухулара]

Хьосташца, юха Невре охьаховшар хилира XVIII бӀешераш чекхдовлуш. 1748 шеран документашкахь «Наверене» а, «Мекень» а (аьлчи а «Невре», «Макане») хьехайо. 1769 шарахь Теркан аьрру бердаца охьаховшу гӀалагӀазкхий.

Теркан аьтту бердаца охьаховша болало маьрша нохчий. П. Г. Бутковн белхашкахь карадо хӀара тешалла: «Нохчий, …шайн элий хилла болу, уьш лаьхкира, шайн олаллех бехира. ТӀаккха и элий цхьаберш юхабирзира шеш баьхккинчу Аксай а, Ӏаьндаре а; кхин берш, российн хьаькамийн пурбанца, ехкира керла ярташ аренашкахь Соьлжан а, Теркан аьтту бердан а юкъахь, гребенски а, мазалкан а гӀазакхийн гӀаланашна дуьхьала. Нагахь Бутковс Лакха Невре а, Лаха Невре а йиллина терахь 1784 шо ларахь, тӀаккха Ӏаббас-Кули-АгӀа Бакихановн «Гюлистан-и Ирам» жайнин академика З. М. Буниятовс динчу маьӀнашца жайнахь доьшу: «1782 ш. ТӀурлугӀара кхелхира Новр гӀалан дуьхьала Теркан аьтту берд тӀехь шеш йиллинчу эвла».

Ткачёв Георгийс дош дашера а ца доккхуш Бутковн ойланца ву: «1760 шарахь Гермачигара а, Шелара лаьхкинчу Довт-ГиригӀарна, правительство бакъо елира дӀалаца оьрзгӀалан гӀазакхийн Мелчу хин хьостуш долучара «Шира-юрт», цара бух биллира таханлерачу йоккхачу эвлана Ширчу-Юртана. 1783 ш. царна тӀаьхьа баьхкира ТӀурлугӀара. Уьш арабаьхнера Топлера, охьахевшира оьрсашкара бакъо яьккхина Лаха а, Лакха а Неврехь гӀазакхийн гӀалана Новрана дуьхьала».

ГӀараваьлла дегӀастанан этнографа Б.К. Далгата (1870-1934) яздо: «1783 ш. Потёмкина таӀзардира нохчашна, цара массара а (аренашкарчара) байӀат дира. Лаьхкина элий юхаберзийна оьрсийн лаамца, амма дукха ца лаьттира; тӀаьххьаре а цара йитира Нохчийчоь, дӀабахара Соьлжан аьрру бердан тӀе, Соьлжан а, Теркан а юккъехь кхоьллира эвланаш Лакха а, Лаха а Невреш; царна тӀаьхьа шайн лаамца бахара масех бӀе нохчий, царех маьрша нохчий олура». Далгатан йоӀа – Уздията, дас дуьццург дуьйцу: «Лакха а, Лаха а Невре санна яккхий эвланаш ехкина нохчаша Соьлжа а, Терк а хишна юккъехь 1783 ш. оьрсашца Ӏиттабелча»

Цхьаьна версица, дуьххьала юьрта охьахиинарг Устарха лору. XIX бӀешо долалуш, Сесана эвлара Устарха кхелхира Девкар-Эвла. Устарха хилла гӀараваьлла таллархо («БӀаьрг нийса топ туха Устарха» олуш хилла цунах). Оцу мехка доладеш хиллачу эла ТӀурлос кхайкхина охьахиина Устарха шен кӀенташца Касийца а, Яндархийца а (хӀинца а бу церан тӀаьхьенаш КасаевгӀар а, ЯндаровгӀар а Неврехь) оцу латта тӀехь. XIX бӀешо чекхдолуш Касас латт эцна Теркан дукъан кӀоштахь, шен кӀенташца цига охьахиина. Йиллина цигахь Касин кӀотар. Дукха даьхний, говраш, уьстагӀий хилла цуьнан. РСФСР Къилбаседа-Кавказан мехкан ЦСУ (гӀ. Ростов, 1925 ш.) терхьашца Касин кӀотарахь хилла 20 цӀа, 53 стаг, 47 зуда, вериг а 100 стаг. Лаха Невре а, Лакха Невре а цӀераш тахкар бахьана ду, Лакха Невре Теркаца лакхахь хилар, ткъа Лаха Невре – лахахь хилар.

Имам Шамиль Теркйистехь[нисъе | нисъе чухулара]

1840 шеран бӀаьста имам Шамиль коьртехь волуш мурдаш баьхкира Теркйистерачу ярташка, цара кхайкхам бира Российн дуьхьал довла бохуш. Уггар чӀогӀа даггах къамел дира цуо лахановрхошна хьалха. Теркахоша имам дика тӀеэцний хиина, паччахьан администрацин тешам байра теркйисттерачу нохчашна, кхайкхийра герз охьадилладеза аьлла. Иза бахьнехь 1840 шеран июнь баттахь ерриг а ярташкара нохчий шайн цӀенош охьакхийсина Гихта хьуьнах дӀакхелхира. Нохчийчуьра паччахьан баьччалло барт бира таӀзар дан гӀевттинчу теркахошна, кечйира таӀзаран экспедиции, коьртехь инарла Галафеев волуш. Иза лаьттара 3 эзар гӀашлочух а, 1500 гӀазакхийчух а, шайца 14 йоккха топ а йолуш болу. И экспедици хӀаллакйира 1840 шеран 11 июлехь ВалартӀа йоккхучу тӀамехь. Теркйистера бахархой бевддачул тӀехьа, паччахьан администрацис омар дира, «юхабоьрзу нохчий шайгара пурба доцуш тӀе ма эца» аьлла. 1840 шеран 9 августехь эскаран баьччо инарла–адъютанта Граббес тӀеман министре Чернышевга деллачу рапортехь яздина: «Теркйистера нохчий хӀинцале дохко бевлла, доьху къинтӀера довлар. Хьан сийлаллин хаьа, аса яздина инарла Галафеевга дӀакхайкхаде, уьш гуттаренна а бевлла шайн латах мукъа». ГӀаттамал тӀехьа еса йисина юьрта Лаха Невре юха охьахевшира 1847 шарахь. Оцу хенахь цунна кхин цӀе еллера Новомусино аьлла. И цӀе тиллинера Лаха Неврен олалла дечу ТӀурлогӀера эла Мусан цӀарах.

XIX бӀешеран чеккхе, XX бӀешеран юьхьиг[нисъе | нисъе чухулара]

1859 шарахь, Кавказан тӀом чекхбаьлла аьлла хетачу хенахь Лаха Невре хевшира Мамакаев Хьанакхи а, Висинчиев Чала а, оьрсашкахьа бевлла болу. Шинне а эпсаран даржаш делира, латтанаш а делира Теркйистехь. Ша жима волуш Х.Мамакаевн дика хаара Ӏарбийн а, оьрсийн а меттанаш, цуо аьтту бира цуьнан юьртда даржехь дуккха а латта. Дукха хьолахь юьртахойн халонаш хуьлура гӀалагӀазакхашца юкъаметтигашкахь мотт ца хаарна – оьрсийн мотт хууш 10 стаг бен вацара юьртахь. Ӏарбийн мотт хууш 12 стаг вара. Хьалха Терк Новр-ГӀалан уллохула долура, амма 1876 шарахь цӀеххьана шен харш хийцина Лаха Невре хин чуяхийтира Терко. Бехк юьртахойн бара, царна гӀазакхаш хьехар динера Теркан тӀиера шайна татол дига бошмашна а, хасбошмашна а хи тоха, даьхнашна хи мало а аьлла. Амма оцу хенахь хиллачу юьртдас Мамакаев Хьанакхис бехира цаьрга Терк дистича юьртан чудер ду хи бохуш. Иштта нис а делира. Дукхах болу бахархой лакха хьалабевлира хих бевдда. 1886 шарахь «Посемейный список селения Нижне-Наурского» цӀе йолчу тептаро дийцарехь Лаха Неврехь 2098 стаг вара. XIX бӀешо чекхдолуш XX бӀешо долалуш Лаха Неврен къегина мур беира, юьрт йоккхалуш яра, кхуьуш яра массо а агӀора, юьртабахам айабеллера, тайп-тайпана пхьоланаш дара. 1916 шарахь юьртахь 3508 стаг вара, латтан майда - 9477 десятин (10 эзар гектар гергга), хӀора стагана кхочура 2,7 десятин. Россехь 1917 шарахь революци хиллачул тӀаьхьа а, Гражданийн тӀом болуш а, Лаха Невре масийттаза схьаяьккхира тӀом бен агӀонаш, Теркан тӀехула диллина бурам хилар бахьнехь. 1918 шеран 1-2 январехь Лаха Неврен бахархой коьртехь лераме шайх Хантиев Кана волуш тӀом бира кӀайнгӀазакхашна дуьхьала Девкар-эвлан бахархошца цхьаьна могӀарехь. Оцу тӀамехь гӀазот хилира ворхӀ лахановрхо. Гражданийн тӀом чекхбаьлчи Теркйистехь маьрша дахар хӀоьттира.

Советийн мур[нисъе | нисъе чухулара]

КӀоштара дуьххьара ишкол йиллира 1923 шарахь Лаха Неврехь. Дуьххьарлера хьехархо - Базаков Ӏабдул-Муслим Керзуевич. Изза ву дуьххьарлера Халкъан дешаран гуонан отделан хьаькам. 1934 шарахь А-М.К.Базаков Москоха деша вохуьйту а Халкъан дешаран белхалойн квалификаци ойу Центран Институте. Къилбаседа Кавказера уьш шиъ бен вацара. Халкъан хьехархочо Базаковс валлалц бира и болх. Цуьнан цӀе ю НГӀАССР Дешаран Министраллин сийн жайнин тӀехь. 1926 шеран 8 мартехь кхоьллина Теркан кӀошт центр Лаха Неврехь а йолуш. 1965 шарахь бен дӀа ца яьхьина иза ЧӀулга-Юрта.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш немцой Теркан аьрру бердашка кхечира. Лаха-Неврехь Теркан кӀошт ларъяран штаб яра. Цундела цига масийттаза бумбанаш туьйхира немцойн авиацис. Кхин тӀе Лаха Невре хӀора дийнахь яккхий тоьпаш еттара. Оццу хенахь дукхаха болу юьртара кегий нах, советийн-германийн фронтан массо а дакъошкахь къинхетам ца беш хӀаллакбеш бара мостагӀий. Царна юкъахь бара Эдиев Дикалу, Султанов Ӏабдул–Хьалим, МамакаевгӀар Паша а, Ахьмад а, Такаев Лема, Тасуев Мохьди, Довлетукаев Ӏарби, Чалаев Ӏийса, Саралиев Ӏела, Базаков Хьамид, кхин дуккха а.

Висаитов Мовлад - Советийн Союзан Турпал, полкан баьчча, Советийн Эскаран полковник, 1945 шарахь дуьххьала Эльба хин тӀекхаьчначарех хьалхарчех цхьаъ, цигахь дуьхьалкхетта бартхойн эскаршна, цунна АЦШ Президентан Трумэнан омарца АЦШн лакхара пачхьалкхан "Сийн легион"орден елла. Иштта яздина цунах лаьцна АЦШн Президента Трумэн Гаррис: "Полковника Висаитовс гайтина турпалалла Германин дуьхьала бартхоша цхьаьна операци еш. Цуо гайтина хьекъале, майра тӀеман баьчча хилар. Баьччаллин говзалла, майралла, лакхарчу тӀегӀанера шен тӀемлочун декхар кхочушдар полковника Висаитовс, хилира коьрта фактор цуьнан декъо аьттонца тӀом бар."

Гитлеран Германин тӀехь толам баккхарехь нохчийн тӀемлоша лаьцна доккха декъе ца хьоьжуш, 1944 шеран 23 февралехь дерриг нохчийн къам арадаьккхира Кхазакхстане а, Юккъерчу Ази а.

Оцу юкъара ца бевлира лахановрхой а, уьш кхечира Кхазакхстанан Карагандан областе. Лаха-Невре, оьрсий ховшийра, юьртан цӀе хийцира «станица Надтеречная» аьлла.

13 шо даьккхина Лаха Неврен дай цӀабирзира шайн Даймахка. Реабилитаци йина, цара долийра керла дахар, шайн хӀусамаш оьрсашкара мехах схьаоьцуш.

ГӀарабевлла юьртахой[нисъе | нисъе чухулара]

Дешар[нисъе | нисъе чухулара]

  • Юккъера юкъарадешаран ишкол № 1[19].
  • Юккъера юкъарадешаран ишкол № 2[20].
  • Юккъера юкъарадешаран ишкол № 3[21].

Оьздангалла[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртахь ю Ӏарби Мамакаевн литературан-мемориалан музей а, кӀоштан оьздангаллин цӀа а.

Тейпанаш[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртахь деха тайпанаш:

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Карта 1:100000 (хотя на более ранних картах обозначалась именно как Надтеречная)
  2. Указ Президиума Верховного Совета РСФСР о переименовании некоторых сельских советов и населённых пунктов Грозненской области (см. документ №100)
  3. 1 2 Село Надтеречное / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  4. Итоги переписи 2002 г.
  5. Название населённого пункта согласно Закону Чеченской Республики от 20 февраля 2009 г. № 16-РЗ "Об образовании муниципального образования Надтеречный район и муниципальных образований, входящих в его состав
  6. Надтеречная сельский округ (сельсовет)* (Надтеречный район)
  7. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Сулейманов, 1997, с. 558.
  8. Карта Чечни Объём 8 МБ.
  9. Сулейманов, 1997, с. 559.
  10. Сулейманов, 1997, с. 560.
  11. Сулейманов, 1997, с. 561.
  12. Сулейманов, 1997, с. 562.
  13. Надтеречный район (1939).
  14. Надтеречный район (1970).
  15. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  16. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  17. Кислицын С. А., Паршин А. В. Лидеры российской власти и оппозиции: учебная книга в 2-х томах. — Ростов н\Д: ДЮИ. — Т. 1: Большевистские вожди. — С. 157. — ISBN 5-89871-024-8
  18. Жиленков М. Политическая борьба после смерти Сталина. Свержение Берии // ИА «Красная Весна». — М. — № 143, раздел «Аналитика».
  19. МОУЧ 'СОШ 1 с. Надтеречное Надтеречного района' 89288940513, 2007004390
  20. МОУЧ 'СОШ 2 с. Надтер Надтеречного муниц. района' 89287829267, 2007004400
  21. МОУ 'СОШ 3 с.п. Надтеречное' 89635904515, 2007003847

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]