Сулейманов, Ахьмад Сулейманович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Ахмад Сулейманович Сулейманов
Сулейманов, Ахмад Сулейманович.jpg
Вича тиллина цӀе

Ахьмад Муртазалиев

Вина де

1922 шеран 1 май({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})

Вина меттиг

Олхазар-КӀотар, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Кхелхина де:

1995 шеран 20 июнь({{padleft:1995|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (73 шо)

Кхелхина меттиг:

Олхазар-КӀотар, Нохчийчоь, Росси

Гражданалла:

ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси

ГӀуллакхан тайпа:

кавказйовзархо, хьехархо, поэт, гочдархо, художник, музыкант

Жанр:

стих, поэма

Произведенин мотт:

нохчийн мотт, оьрсийн мотт

Ахьма́д Сулейма́нович Сулейма́нов (1922 шеран 1 май, Олхазар-КӀотар, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР1995 шеран 20 июнь, Олхазар-КӀотар, Нохчийчоь, Росси) — нохчийн Ӏилманча, кавказйовзархо, хьехархо, поэт, художник, музыкант. Вевзаш ву цо язйина Нохчийн а, ГӀалгӀайн а мехкан топонимех а, тайпанех а лаьцна книгаш бахьнехь. Цунна елира Нохч-ГӀалгӀайн Республикан Халкъан поэтан цӀе. Иза вара Нохчийчоьнан пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Нохчийчоьнан а, СССР а яздархойн Союзийн декъашхо.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Иза винера Олхазар-КӀотарехь 1922 шеран 1 майхь. Цуьнан да-нана дехаш нах бара. Цуьнан да гӀиллакх долуш хилара бахьнехь даимна юртан да хоржуш вара. Цера цӀахь йоккха библиотека яра. Сулейманас шен бераш дешна кхиита царна массо а тайпан аьтто бан гӀерташ вара. Цуьнан воккха кӀантас Ростован дечкан институт чекхъяккхира; шозлугӀа кӀант Ӏарбийн мотт а, бусалба дин а хууш вара; йоӀ Кхокха кехат пондар дика локхуш яра[1].

Ахьмад массо хӀума хаа лууш вара. Цо дика доьшура. Школехь гучуелира цуьнан сурт дилларан а, байт язъяран а, пондар лакхаран а похӀманаш. Школа чекхъяккхича цо Наркомпросан инструкторан а, комсомолан райкоман секретарь а болхбира[1].

1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бехира. Юккъерачу Азехь цо чекхъяккхира Семипалатинскан пачхьалкхан хьехархойн институт. Институтехь доьшуш хенахь цунна топоними кӀорге Ӏамо дагадеара[1].

Сталин веллачул тӀехь иза шен юрта цӀавирзира. Цигахь иза школан директор хилира. Цо нохчийн а, оьрсийн а меттанаш а, литература а хьоьхура. Иза куьйгахь волу школаш даимна тоьлла хуьлура. Иза гӀертара дешархой дешар хууш хилара сов шайн мотт а, литература а хууш шайн халкъан хакъ йолу векалаш бан. Цо кест-кест буьгура шен дешархой республикан историца доьзна меттигашка, царна цигахь хилларг а дуьцура, тайп-тайпан литературан произведениш а йошура. Цуьнан дешархо Муса Бексултанов тӀаьхьа вевзуш нохчийн яздархо хилира. Ша язйина хьалхара книга цо шен хьехархон лерина язйинера[1].

Шен произведенишкахь Сулеймановс гойтура нохчийн мотт а, гӀиллакхаш а юкъара дӀабаларан шен сингаттам. И бахьнехь Ӏедало иза националист лорура, цо язйина книгаш хала арахоьцура, иза хьаьким волу школашка кест-кеста комиссиш йогӀура[1].

1967 шарахь арахийцира цо язйина байтан хьалхара гулам. Цул тӀаьхьа кхиъ иттехь арабевлира уьш: «Надежда», «Горный родник», «Огонь, согревающий сердце», «Симфония гор», «Дороги Родины», кхибераш а. Дукха цуьнан байташха хӀинца а евзуш йолу эшараш хилира. Сулеймановс нохчийн матта яккхира А. С. Пушкинан а, М. Ю. Лермонтован а, Муса Джалилин а, кхиболу а бевзуш поэтийн байташ. Цуьнан байташах а, поэмашах а дукха Нохчийн пачхьалкхан драман театран спектаклийн сценарийш хилира[1].

Иза жима волуш гучуелира цуьнан художникан похӀма. Цо дехкина сурташ гойтуш дара ерригроссийн гайтахӀоттамашкахь. Амма цӀера дохуш хенахь дерриг цуьнан суьрташ хӀаллакхилира. ШозлугӀа хӀаллакхилира цо дехкин суьрташ 1994 шарахь Нохчийчоьхь тӀом болабелча[1].

Цо чӀогӀа дика дечиг-пондур а, пианино а локхара. Ша школан директор волуш хенахь Сулеймановс берашна лерина масийтта эшар язйира[1].

Цо дӀаяздира дукха баккхийчу нехан шира дийцарш, иллеш, назманаш. Царна юккъехь «Ненан бӀархиш», «Зарон тӀулг», «Гио», «Алпатован гу», «Кура Малцаг», «Нахчи жаххӀан», «Пхьармат».

Пенси ваххалц цо хьехархо болх а бира, Ӏилман болх а бира. Иза вара Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилманийн талламан историн а, меттан а, литературан а институтан белхало[2].

1978 шарахь иза хилира Нохч-ГӀайлгӀайн яздархойн Союзан декъашхо. 1988 шарахь цо арахецна «Цхьа-ши дош» цӀе йолу философийн байтин гуламийн цунна делира Нохч-ГӀалгӀайн АССР пачхьалкхан литературан совгӀат. И гулам дукха чӀогӀа гӀарбаларан бахьнехь цхьаболчара Сулейманован Нобелийн литературан совгӀат дала деза бохуш дийца болабелира[1].

Коьрта болх[нисъе | нисъе чухулара]

Сулейманов 20 шарахь сов вара Ночх-ГӀалгӀайн Республикан топоними толлуш. Иза гӀаш кхечира массо а нохчийн а, гӀалгӀайн а юрте. Цо дӀаяздира Ӏаламат дукха топонимин цӀераш. Цуьнан йоӀас дуьйцура: «Цо шен болх беш хенахь юртан йистехь палатка хӀоттайора. Юртара наха шаш болчу чукхойкхара, амма цунна ца леара шех цхьанна а бала бан. Наха цунна чӀепалгаш а, кхийолу яа хӀуманаш кхоьхьура. Цхьана юртехь цунна дина уьстагӀ белира»[1].

Цуьнан балхах хилира 4 дакъа долу «Нохч-ГӀалгӀайн Республикан топоними» цӀе йолу книга. Иза арахоьцуш яра Соьлжа-ГӀалахь 1976—1985 шерашкахь. ХӀора декъан тираж 5000 экземпляр яра. Оцу книгехь гулйина материал дукха Ӏилманашца йогӀуш ю: истори а, этнографи а, топоними а, лингвистика а, археологи а, кхиераш а[3].

Исмаил Мунаевс дуьцура:

« 1977 я 1978 шарахь аса вигира Ахьмад Сулейманов СССР Ӏилманийн академин этнологин а, антропологин институте. Цигахь бара суна бевзуш дика накъостий. Суна леара цера Ӏилманийн советан хӀиц-хӀиц чекхдеккхина «Нохч-ГӀалгӀайн Республикан топонимин» хьалха дакъа гайта. Амма Ӏилманийн советан декаъшахой книге хевсича ца тешара и книга цхьана стагас язйина хиларех. «Иза хуьлуьла дац — элира цара. — Швецехь схьайиллина вайчунах тера институт. Цу чохь болх беш бу цхьа бӀе сов стаг. Цара хӀоттайина белхан бӀе шеран сов план. ХӀара болх бу оцу институтан болх сан боккху болх». »

1995 шарахь «Топоними» язъяран Сулейманован Нохчийн Республикан пачхьалкхан совгӀат делира. Амма и книга нахана ца кхечира — тираж тӀом бахьнехь хӀаллакхилира[1].

Виццавар[нисъе | нисъе чухулара]

2013 шеран июлехь цуьнан юртахь схьайиллира литературан а, мемориалана музей[1][2]. Оцу музейн директор ю Сулейманован йоӀ Совдат[1].

Оцу шеран декабрехь 1971—1995 шерашкахь иза Ӏийна цӀенон тӀетуьхуьра мемориалан у[4][5].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 Берсанова Залпа. Судьбы учёных: сборник документальных очерков. — Элиста: ЗАОр "НПП Джангар", 2014. — Т. 1. — С. 276-310. — 464 с. — ISBN 9785945875692
  2. 1 2 Открылся литературно-мемориальный музей Ахмада Сулейманова. Администрация Урус-Мартановского муниципального района (2013, 2 июль). Теллина 2015 шеран 16 июлехь.
  3. Сулейманов, 1976, с. 2.
  4. В селе Алхазурово, на стене дома, где жил и творил писатель Ахмад Сулейманов, установлена памятная доска
  5. Открыта мемориальная доска памяти чеченского писателя Ахмада Сулейманова

Библиографи[нисъе | нисъе чухулара]

  • Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — 711 с.
  • Сулейманов А. С. Рассвет в горах. — Москва: Фонд имени И. Д. Сытина, 1995. — 46 с. — (Поэты Северного Кавказа). — ISBN 5868630319
  • Сулейманов А. С. Симфония гор: стихи и поэмы. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1977. — 69 с.
  • Сулейманов А. С. Песнь о Родине: стихи, поэмы. — Грозный: Грозненский рабочий, 2012. — 238 с. — ISBN 5431400606
  • Сулейманов А. С. I часть: Горная Чечня // Топонимия Чечено-Ингушетии: в IV частях (1976-1985 гг.) / Ред. А. Х. Шайхиев. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1976. — 239 с. — 5000 экз.
  • Сулейманов А. С. II часть: Горная Ингушетия (юго-западная часть), Горная Чечня (центральная и юго-восточная части) // Топонимия Чечено-Ингушетии: в IV частях (1976-1985 гг.) / Ред. А. Х. Шайхиев. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1978. — 289 с. — 5000 экз.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]