Виноградни (Къилбаседа ХӀирийчоь)
Эвла | |
Виноградни оьрс. Виноградное, хӀир. Винограднæй | |
Пачхьалкх | Росси |
---|---|
Регион | Къилбаседа ХӀирийчоь |
Муниципалан кӀошт | Мазалкан кӀошт |
Координаташ | 43°41′56″ къ. ш. 44°29′15″ м. д.HGЯO |
Юьртда | Гугиева Лиана Георгиевна |
Йиллина | 1880 шарахь |
Хьалхара цӀерш |
1942 кхаччалц — Гнаденбург |
ХӀордан сизал локхалла | 144 м |
Бахархой | 2333[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | хӀирий, туркой, оьрсий |
Динан хӀоттам | православин, бусалба-суннийш |
Бахархойн цӀерш | винограднихой, винограднихо |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Телефонан код | +7 86736 |
Поштан индекс | 363713 |
Автомобилан код | 15 |
Код ОКТМО | 90230810001 |
Виноградни картан тӀехь |
Виногра́дни (хӀир. Винограднæй, оьрс. Виноградное) — Российн Федерацин Къилбаседа ХӀирийчоьн Мазалкан кӀоштан эвла. Муниципалан кхолламан «Винограднин юьртан меттиг административан юкъ».
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвла лаьтта Терк эркан аьтту бердаца, Мазалкан кӀоштан малхбуза декъехь, кӀоштан центран Мазалкан 18 км къилба-малхбузехь, БуритӀе гӀалан 91 км къилбаседа-малхбузехь.
Доза ду эвланашца: Мирни а, Раздольни а малхбалехь, Сухотски къилба-малхбузехь. Эркан дуьхьаларчу бердаца лаьтта Павлодольски гӀала.
Эвла ю ГӀебартойн акъарин тӀехь республикан аренан зонехь. Теркан атагӀан йохалла малхбузера малхбале агӀора Теркан дукъан басеш ю. Эвлан малхбуза агӀо (Советски, Нови, Подгорни урамаш) лаьтта Теркан тогӀи чохь. Дисина дакъа Теркан дукъ тӀехь. Муниципалан кхолламан латтан юкъара локхалла ю хӀордан тӀегӀанал 144 метр гергга сов.
Гидрографин маша гайтина коьртаниг Терко. Муниципалан кхолламан къилба декъехула чекхдолу Малокабардински а, Надтеречни а татолаш, церан хиш дохку юьртан аренашна.
Климат тӀуьна бараме. ХӀаваан шеран юкъара температура +10,7°С ю. ХӀаваан температура техка июлан +23,5°С тӀиера январан −2,5°С кхаччалц. Йочанийн шеран юкъара барам бу 550 мм гергга. Алсама догӀа догӀу майра июль кхаччалца болчу муьрехь. Аьхке чекхйолуш сих-сиха бекъа мехаш хуьлу, уьш хьоькху Каспийн йисттера аренашкара.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
1880 шарахь инарла Смыкаловн латта хиллачохь, Балтикайистера немцоша-мухажираша йиллира Гнаденбург колони. Меттиг хаьржира лерина, гергахь Терк охьадоьду дера, ткъа эвлан малхбузехьа яра йоккха хьун, цуо дика гӀишлошъяран гӀирс лора.
Немцойн колонин гена йоцуш Николаевка кӀотар (Ново-Николаевски) яра, цигахь хевшина алсама хӀирий бара.
1944 шо кхаччалц Гнаденбург колони ГӀебартойн-Балкхаройн АССР Курпан кӀоштан административан юкъ яра.
21.09.1941 шеран № ГКО-698сс болу «Краснодаран, Орджоникидзен маьхкашкара, Тулин областера, ГӀебартойн-Балкхаройн а, Къилбаседа ХӀирийн а АССР немцой кхалхорах» цӀе йолу сацамца ерриг немцойн колонин бахархой арабехира Кхазакхстане.
1942 шеран 15 июлан РСФСР ПВС омарца Курпан кӀоштан Гнаденбург эвлан цӀе хийцина Виноградни эвла аьлла, ткъа Гнаденбурган юьртан совет Винограднин[2] юьртан совет.
1944 шеран 7 мартехь ГӀБАССР Курпан кӀошт дӀаяьккхина, ткъа берриг цуьнан мохк Курп эркан малхбалехьа долу латта дӀаделира Къилбаседа-ХӀирийн АССР юкъа.
1956 шарахь Ново-Николаевски эвла дӀа а яьккхина дӀатуьйхира Виноградни эвлах[3].
Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бахархойн дукхалла |
---|
2010[1] |
2333 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийской бахархой багарбаран [4]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
хӀирий | 1 461 | 62,6 % |
туркой | 528 | 22,6 % |
оьрсий | 234 | 10,0 % |
кхин берш | 110 | 4,7 % |
берриш | 2 333 | 100 % |
Дешар[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Юккъера юкъарадешаран ишкол — Советски, ур. 63.
- Ишколал хьалхара урхалла Берийн Беш № 6 — Садови, ур. 24.
Могашалла Ӏалашъяр[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Лоьрийн амбулатори — Советски, ур. 1.
Оьрсийн православин килс[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Покров Богородицин килс
Урамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
|
|
|
Сахьтан аса[нисъе бӀаьра | нисъе]
Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса ю UTC+3.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
- ↑ Указ ПВС РСФСР «О переименовании некоторых населенных пунктов и сельских советов Кабардино-Балкарской АССР». www.alexanderyakovlev.org. Теллина 2019 шеран 18 февралехь.
- ↑ Малая Родина. Селение Виноградное. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 30 августехь.
- ↑ Том4. Таблица 4. Национальный состав РСОА по муниципальным образованиям по переписи 2010 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 19 августехь.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Решение комитета министров о льготах кавказской колонии Гнаденбург, утверждённое Александром III
- Появление немцев на Северном Кавказе
- Коды ОКАТО и ОКТМО — Виноградное
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|