Айткхаьллой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Шира тайпа
Айткхаьллой
Кхин цӀерш Айт-Кхаьллой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам нохчмахкахой
Юкъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Йоза кириллица
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Тайпан юкъа догӀу Гизи гар, ГӀамбулат гар, Оьлака гар, Оьспа гар, Тунжахан гар
Дай Айта
Гергарло сесаной, ишхой
Таханлера дӀасакхалхар
Азамат-Юрт, УстаргӀардой, ТӀехьа-Марта, ВаларгтIе, Гелдагана, Гуьмсе, Джалкха, ЧӀулга-Юрт, Боти-Юрт, Кхошкелда, Курчалой-Эвла, Мелчхе, Мескар-Эвла, Ойсхар, Йоккха АтагӀа, Хьалха-Марта, Хьиди-КӀотар, Чечан, Энакхаьлла, Ялхой-Мохк
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Айткхаьллой[1]нохчмахкахойн тукхумара нохчийн тайп, тайп даьржина малхбален а, къилбаседа а Нохчийчохь[2].

Тайп J2 гаплотобан[3] юкъара ду.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Тайпанан тептаршкахь дийцарехь айткхаьллой, сесаной, ишхой Нашхара веана хӀинцалерачу Сесанан уллорчу ГӀудукх олучу меттиге охьахиинчу Садин тӀаьхьенах бу[4].

Шен «Топонимия Чечни» белхан чохь нохчийн гӀараваьллачу Ӏилманчо А.С. Сулеймановс яздо, Aйткхаьллоша шайн тайпана да лору Нашхара веина Айт-Кхаьлла йиллина Айта. Дийцарехь Айткаьллой, Энганой, Сесаной вежарех схьабевлла лору[5], ткъа уьш шен рогӀехь гергара бу Чеччалхой а, Даттахой а.

Тайпа даьлла лору Сайд-Ӏали Шамин кӀента-кӀента-кӀентан Шамханан тӀаьхьенах волчу Айтех.

Кхечу баккхийчара дийцарехь Айткхаьллойн ден цӀе Сейса Сада хилла. Сада ваьхна Нашхахь йолчу Моцкъарахь, XIII-XIV бӀешерашкахь малхбален Нохчийчу кхелхина, дуьххьара охьахиина ГӀудукъ олучу меттиге, тӀаьхьо меттигах ала долийна Сесана а, Айти-Мохк а. И цӀе лелаш ю Айткхаьллойн а, Сесанойн а силсилашкахь. Сесана йиллина лору Сейса Садас, цуо весет дина шен тӀаьхье ворхӀ чкъор хийцадаллалц Моцкъарахь дӀабохкар.

Силсила: Сада – Саьркъа – Холча – Хьашта – Такхмисар (Такхмисар цӀе Сесаноша язйина Нашхо аьлла, цӀе хийцаелла хила тарло, дуьхьанца иза масала – Нашхо Такхмисар хилла хила тарло) – Гела – Ата – Айта (иза сесанойн, а айткхаьллойн а да ву, цуо биллинчух тера ду Айти Мохк), – Байбаркъа – Хьашукъа - Яшуркъа – Хьесалби (цуьнан кӀентий хилла Ӏацми (Ӏарби), ГӀамбулат, Оьспа, Оьлакъ).

ГӀамбулатан тӀаьхьенаш дакъалаьцна Илсхан-Юрт юьллуш. Оьлакъа кхелхина Жима ГӀебарта (хӀинца Теркан, Малхабекан кӀошташка), церан тӀаьхьенаш хӀинца а еха ЧӀулга-Юртахь а, Лаха Неврехь а, амма тӀаьхьуо цхьайолу тӀаьхьенаш юхайирзина Сесанойша а, ГӀордалойша а йиллина лоручу МелчхитӀе. Оьспа кхелхина гӀумкийн ярташка. Ӏацмин ши кӀант хилла. Цхьанах, Тунжуханах, Айткхаьллой тайпанара Тунжхан гар (гаплотоба J2) даьлла. И гар тайпанехь уггар доккханиг ду, иштта доккха ду Теркан кӀоштахь деха Сесанойн гар, цара лелайо фамилеш КасаевгӀар, ЯндаровгӀар, ХамидовгӀар, ХуклаевгӀар, КукаевгӀар, АсхабовгӀар. Ӏацмин (Ӏарбин) шолгӀа кӀентан – Селимханан тӀаьхье еха сесанахь.

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Айткхаьллойн мохк Энакхаьлла, Гуьна, Ширдий-Мохк юкъахь, Гуьмс-хи тӀехь лаьтта, цунна юкъайогӀу: Айткхаллойн регӀа-тӀе, Айткхаьлла, Ачаршка, Гунин кӀотар, ЖагӀларги, ЖагӀи-КӀотар, НикӀи-ХитӀа, ткъа уггар шира эвланаш – Ачарашка, Айткхаьлла я ЖагI-Iин-кIотар – ца йисина.

СихӀсиха хуьлу токхмаш бахьнехь уьш йитина, ткъа бахархой кхелхина кхечу ярташка а, акъари тӀе а. Тахана, Ачарашка, НикIин-хитIа, ЖагI-Лергие, РегIа-тIе йоцуш, айткаьллой беха Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а юрташкахь а, гӀаланашкахь а: Азамат-Юрт, УстаргӀардой, ТӀехьа-Марта, ВаларгтIе, Гелдагана, Гуьмсе, Джалкха, ЧӀулга-Юрт, Боти-Юрт, Кхошкелда, Курчалой-Эвла, Мелчхе, Мескар-Эвла, Ойсхар, Йоккха АтагӀа, Хьалха-Марта, Хьиди-КӀотар, Чечан, Энакхаьлла, Ялхой-Мохк, кхин а[6].

Тайпана цӀе юкъахь йолу топонимаш[нисъе | нисъе чухулара]

«Айткхаьлла» – Гуьмс-хин тогӀенца, Энакхаьлла юьртан къилбехьа. Кхузахь хилла тайпана да Айта дуьххьара охьахиина меттиг. Юьрт йиллале оцу дӀакхоьссинчу меттигах ЖагӀ-Ӏин олуш хилла. Сих-сиха токхамаш хиларна юьрт йитина, бахархоша керла юьрт йиллира Ачаршка.

Айткхаьллойн кешнаш – Айт-Кхаьлла лаьттинчу меттиган къилбехьара шира кешнаш[7].

XIX бӀешарахь Ясси хин бердашца Айткаьлла эвла хилла, цуьнан бахархой дӀакхалхийна Жимачу ГӀебарта[8].

Айткхаллойн юкъ[9] - Курчалойн юртара куп.

Тайпан гаранаш[нисъе | нисъе чухулара]

Айткхалойн гаранаш: Гизи гар, ГӀамбулат гар (гаплотоба J2), Оьлака гар, Оьспа гар, Тунжахан гар (гаплотоба J2).

Тайпан гӀарабевлла нах[нисъе | нисъе чухулара]

Мадин Жаьммирза – Нохчийн къоман турпал.

Термол-шейх – XVI бӀешарахь Берса-шайхаца ислам хьоьхуш къахьегна дешан стаг. Цуьнан каш Айткхаьллахь ду.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. ↑ К вопросу о количестве чеченских тайпов. Натаев Сайпуди Альвиевич
  2. Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006 г. (переиздание 1976—1985 гг.)
  3. Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart
  4. Стр. 64 - Журнал Нана
  5. Сулейманов, 1997, с. 303.
  6. Сулейманов, 1997, с. 302-303.
  7. Сулейманов, 1997, с. ?.
  8. Берже А.П. «Чечня и чеченцы», Тифлис, 1859
  9. Сулейманов, 1997, с. 496.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]