Лакха Невре

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Лакха Невре[1]
Сурт
43°36′39″ къ. ш. 45°15′03″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Теркан кӀошт
Йуьртан меттиг Лакха Неврен
Йуьртда Лечиев Хьусайн
Истори а, географи а
Центран локхалла 83[2] м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 5441[3] стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 87132[2]
Поштан индекс 366812
ОКАТО 96216807001
Картин тӀехь
Лакха Невре[1] картан тӀехь
Лакха Невре[1]
Лакха Невре[1] картан тӀехь
Лакха Невре[1]
Лакха Невре[1] картан тӀехь
Лакха Невре[1]

Лакха НевреНохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла. Бахархой — 5441 лерина 2010 шарахь. Меттигерчу бахархоша Лаха а, Лакха а Невре цӀераш йоьхку туьйранашкахь дуьйцучу наьртах Новрах. Йуьртан къилбехахь бердах доьдуш ша даьлла Ӏуьрг ду - Новр-ор (Новр-Ӏуьрг). ХӀинца а дуьйцуш ду наьртех Новрах, ГӀоьжакъех а, церан йиезаршах Сатех а, Белшех а[1].

Иза йу Лакха Неврен йуьртан меттиган административан центр[4]. Лакха Неврен йуьртан меттиган йукъайогӀу Эмасуле кӀотар.

Лакха Неврен администраци

География[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лакха Невре лаьтта 12 км малхбалехьа кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан, 20 км гена цӀерпоштнекъан Ишорен станцин, Лаха Неврен малхбузехьа, Теркан аьтту бердаца[1]. Лулара нах беха меттигаш: къилбаседехь — Алпату йурт, къилбаседа-малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Лаха Невре а, къилба-малхбалехь — ярташ Макан-КӀотар, Минеральни, къилба-малхбузехь — ГӀулоз[5].

Микротопоними[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • "Куьзга доьхна чоь" - йуьртара кӀотара боьлхуш бертаза йуьртахь цхьаъ бен доцу куьзга доьхна меттиг. Оцу заманахь бохам боккха хиларна оцу меттиган цӀе йисина. Лакха Неврен къилбаседехьа.
  • "Сатийханан тIай" - йуьртан къилбаседехьа. ЦӀе уьйр йолуш йу вайнехан мифологехь хаалучу наьртан зудчун Сатийхица.
  • "Таьллангаш лаьттина чоь" - йуьртан къилбаседехьа.
  • "Шина эвлан йукъ" - йуьртан йукъахь, лакха эвлан а, лаха эвлан а йукъара яьсса меттиг, ХӀинца гӀишлош йина.
  • "Новран чоь" - йуьртан къилба йист.
  • "Новран Iуьрг" - йуьртан къилбехьа, Теркан дукъан къилбаседа басешкахь. Лаьтта бухахула даьккхина (Даьлла) Ӏуьрг, малхбузехьа доьду, арадолу Ӏелин-Юртан къилбехахь. ЦӀе тиллина мифологерачу наьртан Новран цӀарах.
  • "БатIал чувахна токхум" - йуьртан къилбаседехьа. Дежийла, коллаш. БатIал — нохчийн цӀе. Йуьртахь Баталов фамили а йу.
  • "Паччахьалкхан дукъ" - Лакха Неврен къилбехахь, цигахь Ӏедалан хьаннаш хилла. И цӀе йелла XIX бӀешарахь, оцу хенахь йуьртахошкара схьадаьхна латташ паччахьо доькъуш хилла эпсаршна а, элашна а "башха къахьегарна".
  • "Хьадин кIотар" - кӀотар лаьттина меттиг. Хьада - нохчийн божарийн а, зударийн а цӀе. Схьаялар нохчийн дешах «хьада» (чехка гӀо), «хьадалч» - хабар эцна вохуьйтург. Йуьртахь беха Хадиев фамили йолу бахархой[6].

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1970[7]1990[8]2002[9]2010[10]2012[11]2013[12]2014[13]
2965301350255441563657515847
2015[14]2016[15]2017[16]2018[17]2019[18]2020[19]
595460206091611561866188
Къаьмнийн хӀоттам

2002 шарахь нохчий — 5 025 стаг (99,8 %), кхин берш — 11 стаг (0,2 %).

Инфраструктура[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йуьртахь шиъ ишкол, оьздангаллин цӀа, пошта, туьканаш[1], берийн беш, заправкаш йу. Йуьртахь рузбана маьждиг а, 6 жамаӀата маьждиг а ду.

Тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йуьртахь беха нохчий лахарчу тайпанашкара:

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.557
  2. 1 2 Село Верхний Наур / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  3. 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2012 шеран 16 апрелехь.
  4. Верхненаурский сельский округ (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
  5. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 18 февралехь. Теллина 2010 шеран 2 январехь.rar. Объём 8 МБ.
  6. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа", 1997,стр.558
  7. Надтеречный район (1970)
  8. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  9. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
  10. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  12. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  13. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  17. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  18. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
  19. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
  20. 1 2 3 4 5 6 7 8 Сулейманов, 2006, с. 582.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]