Энганой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къена тайпа
Энганой
Шайх Дени́ Арса́нов — Энганой тайпанан векал Шайх Дени́ Арса́нов — Энганой тайпанан векал
Кхин цӀерш Аьнганой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Нохчмахкахой
Юкъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Гергарло ГӀордалой, ЭгӀашбатой
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
    НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
    ДегӀастаFlag of Dagestan.svg ДегӀаста: хууш дац
    ГӀалгӀайчоьFlag of Ingushetia.svg ГӀалгӀайчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

Энганой, (Даьттахахь бехачех Даьттахой[1], ткъа Чечель-Хихь болчарех Чеччалхой олу[1]) (оьрс. Энгеной) — Нохчмахкахойн туккхумара нохчийн даккхийчех цхьа тайпа ду. Энганан гена боццуш тайпанан Энганойн лам[2] бу. Тайпанан юьртахь Энганахь генара схьа догӀу жӀалеш ца леладар[1]. Энгана йоцуш тайпанан юьрташ ю Даьттаха а, Чечель-Хи[1] а. Энганой Q1а гаплотобанера бу, ГӀордалой а, ЭгӀашбатой а санна [3].

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Энгана лаьтта ТӀергӀан-дукъан малхбузан басехь, Сесанан 1,5 км къилбехьа. Дийцарехь, Энгана малхбален басера дехьа яьккхина цхьаьна дицделлачу бахьанца.

Энганан доза ду къилбаседехь Сесанца, малхбалехь Хьочин араца а, Гендарганца а, къилбехь Бенаца. Малхбуза агӀора охьадоьду Яьсси[4].

Топонимаш[нисъе | нисъе чухулара]

А. С. Сулеймановс шен «Нохчийчоьнан топоними» жайнахь билгалъяьхна тайпанца йоьзна микротопонимаш:

  • Энганойн мохк – Сиржа-Эвлан къилбаседа-малхбалехь[5].
  • Энганойн татол – Ишхой-Юртан гена доццуш. Хи дуьллу татол чекхдолу Ишхой-Юртан къилбаседа-малхбуза агӀора, Сулейманов Ахьмада дийцарехь иза даьккхина XIX бӀешерах Энганан бахархоша[6].

Тайпа декъадалар[нисъе | нисъе чухулара]

Энганой бекъало 8 некъе: Баций, Беси, ГӀанша, Денгиз, Жаммарза, Илес-Хьаьжи, Лежиг, Ябалкх.

Охьаховшар[нисъе | нисъе чухулара]

Энганойн тайпана нах чӀогӀа шуьйра баьржина охьахевшина Нохчийчоьнан акъари тӀе[7]. Нохчийн талламхочо-мохкбовзархочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс, билгалъяьхна Энганой беха меттигаш: Аьчка-ХитӀе, Бена-Юрт[8], БердкӀел[9], Галне[10], Гребенски[11], Гуьмсе[12], ГӀалайтӀе[13], Девкар-Эвла[14], Доьлаке, Дубовски[15], Къеди-Юрт[16], Лакха Невре[17], Лаха Невре[18], Макане[19], Минеральни[20], НогӀамирзин-Юрт[21], Сиржа-Эвла[22], Старогладовски[23], УстаргӀардой[24], ЧӀаьнти-Юрт[25], ЧӀулга-Юрт[26], Шела[27], Эвтара, Энгель-Юрт[28], Ӏелин-Юрт[29].

1989 шарахь чӀогӀа даккхий токхамаш хилла НГӀАССР Нажин-Юртан кӀоштарчу Энганахь, цигарчу нахана Гуьмсан кӀоштахь йиллина Керла-Энгана. Тахана цигахь 3550 стаг веха, 177 гектар майдан тӀехь.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

А. С. Сулеймановс дуьйцу, дийцаршкахь нохчийн тайпанаш Айткхаллой, Энганой, Сесаной кхаа вешех бевлла бохуш[30], амма иза нийса ца хилар карийра генетика олучу Ӏилманна. Энганойн векалийн ДНК-тесташ гайтира уьш Q1а гаплотобанера хилар а, ГӀордалой а, ЭгӀашбатой а церан гергара хилар а[3].

Энганой этнониман маьӀна даккхало дош шина декъе а доькъуш, «эн»+«гане» – анасиз гар.

СаьӀидан эвла – Шелан кӀоштара меттиг. Шелан къилбаседа-малхбалехь хьалха Кавказан тӀом балале СаьӀидан эвла лаьттина. Йиллина иза Девкар-Эвларчу энганочо Ӏелам стага СаьӀида. Кавказан тӀамехь иза а, цуьнан гергара нах а жигара дакъа лецира паччахьан эскаршна дуьхьал тӀом беш. Цунна вовзара имам Шемал, Ташу-Хьаьжа, Кунта-Хьажа, Таймин Биболат. 1840 шеран ВалартӀа йоккхучу тӀамехь наиб вара Теркйисттерачу нохчийн.

ГӀарабевлла тайпанан векалш[нисъе | нисъе чухулара]

  • СаьӀид – Девкар-Эвлара Ӏелам стаг, шелан гергахь СаьӀидан эвла йиллина. 1840 шеран ВаларгтӀе йоккхучу тӀамехь наиб вара Теркйисттерачу нохчийн.
  • Батыров, Элаха-Молла − вина 1836 шарахь Доьлакехь, кхелхина 1885 шарахь махках ваьккхинчу хенахь. ТӀаьхьа дӀакхелхина ЧӀаьнти-Юрта. Авлияъ, накъшбанди тӀарикъатера[31][32].
  • Деда (185127 декабрь 1917) — Накъшбандийн тӀарикъатан шайх[33][34].
  • Бахьа (вина 1892 шарахь, велла 1962 шеран 11 июнехь) – шайх Накшбанди тӀарикъатера[35].
  • Ӏумар-шайх. Зиярат Энганахь ду.
  • Ахмадов Амхьад – Брестан гӀопан турсло, тӀепаз вайна.
  • Тамаев Ӏалавди – Брестан гӀопан турсло, човйина каравахна, тӀепаз вайна.
  • Эльмурзаев Ӏелам – Брестан гӀопан турсло, тӀепаз вайна.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 ЧГТРК "Грозный", Заманан йохаллехь. История и современная жизнь с. Энгеной 2018 г.
  2. Сулейманов, 2006, с. 328.
  3. 1 2 https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
  4. Сулейманов, 2006, с. 314.
  5. Сулейманов, 2006, с. 508.
  6. Сулейманов, 2006, с. 538.
  7. Сулейманов, 2006, с. 327.
  8. Сулейманов, 2006, с. 578.
  9. Сулейманов, 2006, с. 503.
  10. Сулейманов, 2006, с. 591.
  11. Сулейманов, 2006, с. 656.
  12. Сулейманов, 2006, с. 562.
  13. Сулейманов, 2006, с. 535.
  14. Сулейманов, 2006, с. 593.
  15. Сулейманов, 2006, с. 671.
  16. Сулейманов, 2006, с. 565.
  17. Сулейманов, 2006, с. 582.
  18. Сулейманов, 2006, с. 583.
  19. Сулейманов, 2006, с. 586.
  20. Сулейманов, 2006, с. 588.
  21. Сулейманов, 2006, с. 576.
  22. Сулейманов, 2006, с. 507.
  23. Сулейманов, 2006, с. 659.
  24. Сулейманов, 2006, с. 514.
  25. ГЕНЕАЛОГИЯ ГЕНЕАЛОГИЯ НАРОДОВ КАВКАЗА ТРАДИЦИИ И СОВРЕМЕННОСТЬ Выпуск VI. — Владикавказ, 2014. — 154 с. — ISBN 978-5-91480-203-2 c. 28
  26. Сулейманов, 2006, с. 580.
  27. Сулейманов, 2006, с. 509.
  28. Сулейманов, 2006, с. 539.
  29. Сулейманов, 2006, с. 577.
  30. Сулейманов, 2006, с. 315.
  31. Признавший лишь власть Всевышнего
  32. А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.22-28
  33. Шейх — миротворец
  34. А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.23-29
  35. А.Духаев, Плеяда шейхов из Притеречья, Лаха-Невре, 1997, стр.29-31

Литература[нисъе | нисъе чухулара]