Саьнгар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Нью-Йоркан 1-ра шен лаамца кхоьллина инженерийн полкан сапёраш Моррис-Айлендехь саьнгар йоккхуш, гуш ю фашина, 1863 шо.

Саьнгар (фр. Tranchée, оьрс. Траншéя) — дукха хьолахь, трапецикепара хадор долу, оьшшучу йохаллера (иттаннаш метраш тӀиера эзарнаш километрашка кхаччалц, газан-нефтан биргӀа юьллуш) йолу, дӀайиллина латта хьаладаьккхина меттиг.

Хьалха саьнгар йоккхуш хилла тӀамехь гӀопан тӀекхача[1].

ТӀеман гӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дуьнанан дукха пачхьалкхийн тӀеман гӀуллакхехь, дукха хенахь дуьйна лелош ю саьнгарш.

Саьнгарх, валца, латах дуьзина галешца я турашца къевлина йолу — сапа[2] олу, цунах даьлла сапёр боху дош, сапа яьккхинчух олуш хилла иза.

ТӀеман ницкъашкахь саьнгар (окоп) лелайо коьрта Ӏалашо шайн салтий мостагӀчун герзах ларбеш.

Саьнгар, цӀеххьана тӀекхаьтта герз тохаран ойсараллех (эскаршкахь пулемёташ юкъаевлча) ларваларан кеп, шуьйра яьржира Хьалхара дуьненан тӀом болуш, хӀинца а церан тӀамехь иэшар лагӀ а ца делла.

ССРС ТӀН БАЦӀЭхь саьнгар, аренан хьолашкара дуьхьалон, коьрта тӀеман эскарийн дуьхьалон асан элемент ю:

Дуьхьалон инженерийн гӀирсашна юкъахь ца хедда саьнгарийн система ю коьртаниг, цуьнца цхьаьна хьалхара я коьрта саьнгар кечйо дуьхьалонан хьалхарчу йисттехь. Саьнгар йоккху меттиган, герз тохаран, гаран хьолашка хьожжий, хьалхарчу йисттал хьалхара 400 метр ерриг аса фронталан а, разхьажоран а гӀашлойн герзо лоцуш хилийта. Оперативан я тактикан хьоле хьаьжжина йоху шолгӀа, кхоалгӀа, кхин дӀа а саьнгарш.

Саьнгар йоккхуш лело еза иштта параметраш:

Кхин дерг[нисъе бӀаьра | нисъе]

Саьнгар йоккху леррина техникица (тайп-тайпана экскаваторш, кхин техника), техника ца лелачухула куьйга йоккху. Саьнгар йоккху коммуникацеш (хин а, газан а биргӀа, токан а, зӀен а кабелаш) йохкуш.

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Траншея // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
  2. Сапа // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]