Аьчка-ХитӀе

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Аьчка-ХитӀе
Сурт
43°30′29″ къ. ш. 45°21′31″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Теркан 
Йуьртан меттиг Аьчка-ХитӀан
Йуьртда Исраилов Ӏабдул-Межед Харонович[1]
Истори а, географи а
Йиллина 1705 шо[2]
Майда 12,3 кв.км[2] км²
Центран локхалла 194 метр
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 758[3] стаг (2010)
Луьсталла 66 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366819
Автомобилан код 95
ОКАТО 96216813001

zebir-urt.ru
Картин тӀехь
Аьчка-ХитӀе картан тӀехь
Аьчка-ХитӀе
Аьчка-ХитӀе картан тӀехь
Аьчка-ХитӀе
Аьчка-ХитӀе картан тӀехь
Аьчка-ХитӀе

Аьчка-ХитӀе, кхин цӀерш Аьчган-ХитӀе, Аьчкашка, Зибир-Йурт (оьрс. Зибир-Юрт, Ачкишк[4]) — Нохчийчоьнан Теркан кӀоштара эвла.

Аьчка-ХитӀан йуьртан меттиган йукъайогӀу[5] административан центр йу.

Йуьртан панорама

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьтта Теркан дукъан къилбаседан басешкахь[6], Соьлжа-ГӀалин къилбаседа-малхбузехьа а, кӀоштан центр йолчу ЧӀулга-Юртан къилба-малхбалехьа. Гергара ярташ: къилбаседа-малхбузехьа — Лаха Невре, Лакха Невре, Минеральни, къилбаседа-малхбалехьа — Макане 20 км генахь, Макан-КӀотар, къилба-малхбузехьа — Бартхой а, Керла-Юрт а, къилбехьа — Долински, къилба-малхбалехьа — Радужни а, Победински а[7].

Микротопоними[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аьчка-ХитӀан йисташкахула лахара топонимаш йу[6]:

  • Алкханчан берд — йуьртан къилбехьа. Кхозуш болчу берда тӀехь хӀора шарахь бенаш бой ховшу алкханчаш.
  • Аьчган хи — дарбане лору. Йуьртан къилбан агӀора ду.
  • Аьчган хьун — йуьртан къилбехьара жима хьун.
  • Бамт хи чу — йуьртан къилба-малхбалехь.
  • Бовха боьра — йуьртан къилбехьара дежийлаш, кхузахь латтан бухахь мела хиш дохку. Боьра иза бахьнехь чӀогӀа хьекъаш бу. Латта Ӏай а гӀора ца до, шеран муьлхачу заманчохь а сийна буц хуьлу.
  • Говрийн боьра — йуьртан малхбузехьара дежийлаш.
  • Гомушан мара — йуьртан къилбехьара аратаьӀна тарх. Дежийлаш.
  • Гомушан Ӏам — йуьртан малхбален йисттехь.
  • ГӀамаран мара — йуьртан къилбехьара дежийлаш.
  • Дозанан саьнгар — элийн латташна гуонахьа даьккхина дара, Аьчкан-ХитӀера Девкар-Эвла кхаччалц.
  • Доккха шовда — къилба эвлан йисттехь.
  • ДӀамийн Ӏуьргаш — къилба эвлан йисттехь.
  • ЖагIжагIан боьра — йуьртан къилбехьа.
  • Жима шовда — йуьртан къилбехьа долуш ду. Дарбане ду. Йуьртахоша цигара кхоьхьура мала хи.
  • Куллан боьлак — дежийла йуьртан къилба-малхбалера.
  • Лорсин бекъа кхетта чоь — дежийла йуьртан къилба-малхбалера.
  • Лоьша хи — къилба-малхбален эвла йисттехь.
  • Майда — йуьртан йуккъехь кегий нах гуллало.
  • РогӀан дукъ — Теркан дукъ ГӀебартой-Балкхаройчуьра Гуьмсе кхочу.
  • Сосакхан корта — йуьртан малхбузехьара дежийлаш.
  • Суосин дукъ — йуьртан къилбехьа. Суоса — нохчийн боьршачу стеган долара цӀе.
  • ТангIалкх йолчу — аьчкхоша тангӀалкх аьлла цӀе тиллира геодезин хьаьркан — реперан. Дежийлаш.
  • Хин корта — йуьртан къилбехьа мел долу хин хьостан корта.
  • ХьажкӀийн боьра — йуьртан къилба-малхбузера боьра, цигахь йуьртахоша хьаьжкӀаш йуьйра.
  • Хьаьмцан боьлак — йуьртан къилба-малхбалехьара дежийлаш. Кхузахь акха стоьмийн коллаш а, хьаьмцаш а кхуьура.
  • «Минеральни» совхозан йуккъера керт. Лаьтта йуьрйуьртан тан къилбаседа агӀора, Макане боьдучу новкъан аьрру агӀора.
  • ЦIийдарийн боьра — йуьртан малхбузехьа. Кхузахь йуьртахоша басар доккхура.
  • Шира кешнаш — йуьртан йукъахь.
  • Шира тӀулгаш — йуьртан къилбехьа Ӏохкура тӀулгаш, уьш цига кхачар хууш дац. Дуьйцура уьш доьхначу ширачу чуртах дисина.
  • Ширчу ардашка — йуьртан къилба-малхбалехьа.
  • Эла вийна чоь — йуьртан малхбузехьа.
  • Элашханан боьра — йуьртан малхбузехьа Элашханан дакъа хилла.
  • Элийн мохк — Аьчкан-ХитӀера Девкар-Эвла кхаччалц дара Бековичаш-Чергазийн элийн латташ. Латташна урхалла деш хьадалчаш бара, лелош ялхой а, латтан дайх бозуш болу ахархой а бара.
  • Элса вийна чоь — йуьртан къилбехьара дежийлаш.
  • Эльдаровн тогӀи — малхбузехьара мехкдаьттан кӀошт, тогӀе ГӀулозе кхаччалц яра.
  • Янарсин хи — йуьртан къилба-малхбалера Янарсас тодина хьост.
  • Iуьргаш дохкачу — йуьртан къилба-малхбалехьара дежийлаш.

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1990[8]20022010[9]2012[10]2013[11]2014[12]2015[13]
770669758806869870886
2016[14]2017[15]2018[16]2019[17]2020[18]
892890901906909

Социалан объекташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дарбанийн пункт
Аьчка-ХитIан администраци а, пошта а
Аьчка-ХитIан йуккъера ишкол
  • Аьчка-ХитӀан муниципалан йуккъера йукъарадешаран ишкол[19]. Керла йина 2010 шарахь.
  • Аьчка-ХитIан дарбанийн пункт. Керла йина.
  • Поштан дакъа.

Тайпанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Юьртахь деха тайпанаш:

  1. Энганой[6],
  2. Зандакъой[6],
  3. Анастой[6],
  4. Ширдий[6],
  5. Мелардой[6],
  6. ТӀерлой[6],
  7. Чунгарой[6],
  8. Таркхой[6],
  9. Ӏалларой[6],
  10. Курчалой

Аьчка-ХитӀе Ӏалароша йиллина олу.

ГӀарабевлла аьчк’хой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дени-Шайх (Деда) Арсанов

Дени-Шайх (Деда) Арсанов (185127 декабрь 1917) — исламан Суьпаллин агӀора Накъшбандин тӀарикъатера авлияъ. Энганойн тайпанара хилла.[1][2] Архивйина 2013-11-05 — Wayback Machine

1996 шеран августехь Масхадов Аслан (салт духар дерг) Лебедь Александрца Хаси-Эвлан барт бухахь куьг яздеш ву

Масхадов, Аслан Алиевич (Халид) (1951 шеран 21 сентябрехь, Шокай, Карагандан область, Кхазакхийн ССР, ССРС2005 шеран 8 мартехь, Девкар-Эвла, Нохчийн Республика, Российн Федераци) — Нохчийн Республикин Ичкерин (НРИ) къобалъянза йолчу тӀеман а, пачхьалкхан а гӀуллакххо. 1990-гӀа шерашкахь дакъалецира НРИ тӀеман ницкъаш кхуллуш, тӀемлошна куьйгаллехь вара тӀемехь федералан ницкъашна дуьхьала; 1997 январера 2005 март кхаччалц — НРИ президент. Вийна 2005 шеран 8 мартехь ФКХГӀ леррина операцехь[20][21]. Тайпана Ӏаларой вара.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. http://zebir-urt.ru/%D0%B3%D0%BB%D0%B0%D0%B2%D0%B0-2/
  2. 1 2 Паспорт-досье Зебир-Юртовского сельского поселения 2016 г.
  3. 11. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 1 июнехь. Теллина 2012 шеран 16 апрелехь.
  4. Сунженский округ Терской области
  5. Зебир-Юртовская сельский округ (сельсовет)* (Надтеречный район) Архивйина 2012-02-10 — Wayback Machine
  6. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 * Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006 г.
  7. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 18 февралехь. Теллина 2010 шеран 2 январехь.rar. Объём 8 МБ.
  8. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  9. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  10. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  11. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  12. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  13. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
  14. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  15. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
  16. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
  17. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
  18. Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
  19. МОУЧ 'СОШ с. Зебир-Юрт Надтер муниц. района' 89280184320, 2007004350
  20. Убит Аслан Масхадов // «Коммерсантъ», № 40 (3124) от 09.03.2005
  21. Уничтоженные чеченские боевики. Справка // РИА «Новости», 9 марта 2005

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]