Чермой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Къена тайпа
Чермой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Нохчмахкахой
Юкъара хаамаш
Мотт Нохчмахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
РоссиFlag of Russia.svg Росси: хууш дац
НохчийчоьFlag of the Chechen Republic.svg Нохчийчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нохч-Мохк

ЧермойНохчмахкахойн тукхумера нохчийн тайпа[1]. Тайп L3 гаплотобан юкъара ду[2]. Декъало гарашна а, некъешна а: Биги гар, Галай гар (L3), КӀорни гар, Чипи некъе (L3).

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

ХӀХ бӀешарахь Чермой эвла Хул-Хулон бердашца хилла. Чермойн доза хилла Хорачаца, ЧӀебарлаца, Садаца, Саьрбалаца, Дишни-Веданца, Элистанжаца. Дахар халахиларна Чермой охьабиссина акъари тӀе, баьржина ерриг Нохчийчухула. Дукхах берш охьахевшина Бас хин тогӀи чу, МахкатӀе эвла кхуллуш. Чермойн лам тӀиера МахкатӀе кхалхаран бахьана имам Шемалан эскаршна дежийлаш ца тоар хилла, цуо далийтина чермойн дежийлашна дуьхьала и латташ [1].

Чермойн мехкан юкъайогӀуш хилла нах беха меттигаш: ГӀарчханан кӀотар, ГӀотанаш Ӏийначу тӀехьах, Дуццахотие, Кхо-кха долтӀие, МахкатӀе, Мусаханан кӀотар, НикӀижан кӀотар, Садой, Селман-Тевзана, Тевзана, Тевзинхойн кӀотар, Туьнкахана, Хоттане, Хьаьмцан кӀотар, Чуьра лам, ЭгIашта, Яхьяйн кӀотар [3].

Тайпанан лам[нисъе бӀаьра | нисъе]

Чермойн лам – ломан бохь Веданан кӀоштехь; лаьтта шина хин юкъахь Кокичохь а, Хул-Хуло а. Локхалла – 2361 метр[4]. Лам бахбелла лаьтта къилба-малхбузера МахкатӀера къилбаседа-малхбалерачу Хул-Хуло хин йисттерачу Хорача кхаччалц, Веданан къилбехьа буьсу[1]. Орониман кхин цӀе – Горга лам. Тайпанан Чермойн лам тӀехь шира маьлха кешнаш ду, культан меттигаш ю, царна юкъахь Тишоли тӀе. Баха хала долун дела аренан юьрташка охьахевшина, дуккха а Басс хин майдане, МахкатӀе а кхуллуш. Чермойн ломан дакъа ду Хорачан гергара Беха лам[5].

Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

А.Д.Вагаповс а, Р.П.Ахмадовс а йоьхку субэтноним чермой нохчийн «черманца», жамӀ до тайпанан цӀе церан белхан говзаллех схьаяьлла, цара черманаш деш хилла олий[9].

К.З.Чокаевс Чармой дош доькъу масех декъе: «ча» – экхан цӀе, «ма» – цӀуйн динехь маьлхан делан цӀе, «р» – дожаран чаккхе, «ой» – суффикс[10].

С.Х.Нунуевс дийцарехь, Чармой тайпа ЧӀармахой тайпанан га ду.

Беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Чермой беха ярташ: Гал-ГӀала, ГӀойтӀа[7], Жима АтагӀа[11], Левобережни, Керла Солкушино, Новр-ГӀала, НогӀамирзин-Юрт[12], Соьлжа-Юрт[13], Фрунзенски, Цоци-Эвла[14], ЧӀулга-Юрт[15], Ӏалхан-Юрт[16], Ӏелин-Юрт.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 Сулейманов, 1997, с. 256.
  2. Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart
  3. Сулейманов, 1997, с. 257.
  4. Топонимический словарь Кавказа. А. В. Твердый
  5. Сулейманов, 1997, с. 260.
  6. Сулейманов, 1997, с. 488.
  7. 1 2 Сулейманов, 1997, с. 454.
  8. Сулейманов, 1997, с. 245.
  9. Вагапов А.Д., Ахмадов Р.П. Названия тэйпов восточной Чечни Лингвофилософия, 2010]
  10. Чокаев К.3. Географические названия Чечено-Ингушетии. Архив ЧИИИСФ, ф. 1, оп. 1, д. 16
  11. Сулейманов, 1997, с. 445.
  12. Сулейманов, 1997, с. 551.
  13. Сулейманов, 1997, с. 466.
  14. Сулейманов, 1997, с. 498.
  15. Сулейманов, 1997, с. 555.
  16. Сулейманов, 1997, с. 457.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]