Тайпа

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Тайп дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар

Тайпанах къаьмнийн (нохчий, гӀалгӀай, бацой) шена юкъахь болчеран цхьаннах я цхьанхьара схьавалар долу адамийн дакъа ду, тера ду, юьхьанца дуьйна мехкаца а, гергарлонашца а цхьаьнакхетаран амал хиллачух. Тайпан структуран лар йогӀу юккъера бӀешерашкара, хӀинцалерачу историн муьрехь а ладаме маьӀна ду дукхаха долчу вайнехан этносна, хӀетте а Нохчийчоьн а, ГӀалгӀайчоьн а тайп-тайпана кӀошташкахь хӀара термин кхетайо кхечу кепара а. Берриг а тайпа долчу муьрехь хийцамаш хилла цуьнан кхолларехь, ткъа иштта ца сецна вайнах баржар шайн «тайпанан мехкан йоцу» кӀошташкахула, кхечу регионашкахула, цуьнан жамӀ ду тахана нохчийн, гӀалгӀайн, цхьайолчу ДегӀастан ярташкахь иттаннаш бес-бесара тайпанаш хилар.

Этимологи[нисъе | нисъе чухулара]

Вайнехан дош тайпа, схьадаьлла хила тарло, Ӏаьрбийн дашах таифа, цуо билгалйоккху «тоба», «юкъаралла» (Ӏаьр. طائفة‎‎ [ˈt̪ˁɑːʔifa], множ. طوائف [t̪ˁɑˈwaːʔif], Ӏаьр. طاف‎‎ [ˈt̪ˁɑːfa] — «араваьлла лела»[1]). Азербайджанийн маттахь азерб. tayfa изза 'тайпа' ду. Киргизийн маттахь тайпа 'тоба' ю. Талламхочуна Л. Илясовн хета, тайпа дош Нохчийчу ца кхаьчна XVII бӀешарал хьалха, ткъа хьалха вайнехан хилла тайп-тайпана гергарлонийн кепийн цӀераш кхечу тайпана хилла[2]:33. Нах меттанашкахь тайпа дешан, Ӏаьрбийн таифа санна, кхин маьӀна а ду — «кеп», «сорт», «класс». Этнографа С. А. Хасиевс билгалдоккху, цхьаболу меттигера «талламхой кхийрира тайпа цхьатерра ларар этнографин тайпанца…»[3]:73, хӀунда аьлчи тайпа термин дукха чолхе ду. Вайнехан истори дика евзаш волу А. А. Саламовс яздина: «Нийса ца хета оьрсийн матте „тайпа“ дош гочдар род аьлла (нагахь юьйцург социалан-экономикан категори ялахь)»[4].

Бес-бесара ю тайпанийн цӀерийн этимологи: дайн цӀерех схьаевлла[5] (гендаргной, цӀонтарой, хӀимой, кхин а), беха меттигах евлла[6], белхан говзаллех евлла[6] (бIавлой — «бӀаьвнаш юттурш»), хьалхалерачу социалан хьолах евлла[6] (белгӀатой — «цхьанна болх бийриш», ялхой — «ял луш берш»), тӀеман тобанаш[2]:35 (лаьшкарой — «гӀодаран тобанаш», ширдой — «ширда герз лелориш»).

Терминан кхетам[нисъе | нисъе чухулара]

Таханлера Ӏилман терминологица вайнехан тайпа схьадалар цхьаъ долу, тера долу тоба ю. Иштта кепаш дукха хьолахь тайп-тайпана кхетам болуш хуьлу шеш лелош болчеран а, талламхошна юкъахь а[7]. Кавказйовзархойн белхашкахь тайпа термин билгалдаккхар къаьсташ хила тарло — иза билгалдоккху этносан юкъараллица, социалан юкъараллица, ткъа наггахь ийна — этно-социалан. Ондда ламасталлин структура хилла вайнехан этносан фрагментаци хьоьжуш, талламхоша дукха хьолахь хаамаш бо нохчех а, гӀалгӀайх а — наггахь бен ца хьахадо Бацойн тайпанаш[8].

Бевзачу историн муьрехь кхолладелла тайпа классикан тайпана юкъадахийта мегар ду, шен амал йолчу юкъарчу ден а, тӀехьенан силсилан идейн мифологица а[7].

Вайнехан тайпа олу дайшаха схьадаьллачу, геннара дуьйна юкъара беха мохк болчу гергарлонийн цхьаьнакхетарх, кӀеззиг къаьсташ ду нохчийн тайпа.ЦӀийн нахана санна тайпанара массарна а кхочуш яц чӀир, ца хила тарло юкъара бахам а. Тайпа билгалдоккху тайп-тайпана варианташ:

  1. М. А. Мамакаев, 1973. Тайпа (XVIII — XIX бӀешерийн муьрера) — адамийн цхьанакхетна гергара тобанаш я доьзалаш, схьабовлар юкъара дех болуш, кхолладалар кхолларан юкъаметтигаш бух тӀехь долуш. Цхьатерра бакъонаш йолу тайпана декъашхой, вовшашца цӀийн уьйр йолуш бара ден агӀора. Кхечу дешнашца аьлчи, нохчийчун а, гӀалгӀайчун а кхетамца тайпа — ден агӀора (патриархалан), экзогаман адамийн тоба ю, цхьаьна юкъарчу дех схьаялар долу[9]:21-23.
  2. С. А. Хасиев, 1986. Тайпа — юьхьанцара наха кхоьллина бахархойн лахарчу чкъоьрийн юкъаралла, шен бакъонийн социалан къийсамехь уьш цхьаьнатоха Ӏалашо йолуш, тӀаьхьуо, классан юкъараллин муьрехь, тайпа оьшуш ца хуьлу. Тайпанан лар хуьлу бес-бесара этносин, чкъоьрийн, географин, кхоллараллин амалехь. Тайпанан юкъараллин институт кхолларан коьрта бахьна ду вайнехан ахархойн феодалашна дуьхьала болу къийсам, шайчарна а, тӀебаьхкинчарна а[3]:75-76.
  3. Т. А. Мазаева, 1999. Тайпа — ден агӀора цӀийца гергара доьзалаш цхьаьнакхетар, уьш хила тарло 30 - 40 чкъор, дукхаха долчу цхьаьнакхетарийн хуьлу ах туьйра хилла да. Хьалха тайпанийн хилла шайн мохк, кешнаш, тӀеман бӀевнаш, дин лелон меттигаш[5].
  4. Л. Ильясов, 2001. Тайпа — «шен мохк болу, юкъара экономикан а, бакъонан а, идеологин а бух болу социалан кхолларан функци кхочушъеш йолу (аьлчи а пачхьалкхан функци лахарчу тӀегӀанехь) институт ю». И цхьаьнакхетар хуьлура цхьаъ я масех юьртах лаьтташ, амма иза мегар дац таръян цӀийнан кхолламех, типологехь иза дусталур ду классикан юьртан юкъараллица[2]:33.

Тайпанийн барам[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀинцалерачу вайнехан къаьмнашна (бацой, гӀалгӀай, нохчий) юкъахь а, юккъера бӀешерашкара вайнехан мотт лелочарна юкъахь а (меттигера юкъараллийн, хӀинцалерачу вайнехан дуьххьара болу дай, ткъа иштта цхьацца шеш йолу этносаш — аьккхий, орстхой, кхин а, дукхах берш, гӀалгӀайн а, нохчийн а этногенезехь компоненташ хилла болу), дерриг тайпанаш дагардан чӀогӀа хала ду, таханлерачу дийнахь талламхоша ло нийса доцу терахьаш[10]. Иза доьзна ду, ша термин тайпа чолхе хиларх, шайна нахашна юкъахь кхетадо тайп-тайпанчу кӀошташкахь бес-бесара, цундела, масала, тайпан къаьстина доза дац гарах а, некъех а (тайпан геннаш) я фамилех. ХӀинцалера Ӏилман бевзачу вайнехан историн муьрехь (XVI—XVII бӀешераш), гуттаренна йоьду тайпанаш хийцадаларан процесс, цхьадерш дайна (церан векал кхалхара тӀемашкахь, дӀакхалхара луларчу регионашка я ассимиляци йора кхечу тайпанашца), цхьадолу тайпана кхолладелла (наггахь, вайнехан доцу этносаш дакъа а лоцуш), иштта хилла даккхий тайпанаш деба а дебна кегийрачу тобанашна декъалуш, цхьацца дакъош царех, хан-хене яьлчи, шешша тайпанаш хуьлуш. Тайпанийн вовшен ассимиляци яран динамикан процессаш бахьнехь, талламхошна юкъахь кхоллало харцонаш билгалдаккхарехь, билггала муьлха девзуш долчу юккъерачу бӀешерийн ломан тайпанех вовшахкхетна нохчийн а, гӀалгӀайн а къаьмнаш[11].

  • Бацой/цӀов-тушинаш. Бацойн тайпанийн барам тахана теллина бац.
  • ГӀалгӀай. ГӀалгӀайн 50 сов тайпа ду.
  • Нохчий. XIX бӀешерашна юккъехь нохчийн юкъаралла латтара 135 сов тайпах, царех 100 гергга цхьаьнатоьхнера 9 тукхуме[9]:18-19, тахана дагардо 100—110 «ломан тайпа» а, 60—70 «аренан» а[12][~ 1]. Кхуза даладо деккъа нохчийн тайпанаш доцуш, кхин а «керла» тайпаш, цхьацца историн бахьнашца кхолладелла, аьлчи а натурализаци йина луларчу къаьмнийн векалш, шайн дай ширачу заманахь вайнахах а хилла, цхьацца бахьнашца ассимиляци йина, амма юха шайн орамашка цӀехьабирзина.[12]. Бакъ ду, церан дацара Нохчийчохь тайпанан лаьмнаш, юкъараллин латтанаш, шайн белла гергарнаш дӀабохка тӀулгах дина маьлхан кешнаш. Амма бухарчу бахархойн масалца цхьаьнакхетара цӀийца долчу гергарлонашца, цара гӀо дора шайн юкъараллин декъашхошна, шайн гергарниг вийча кхайкхайора чӀир, лелайора кхин а юкъараллехь лелон еза тайпан бакъонан институтан принципаш[9].
  • Аьккхий. Аьккхийн тайпанийн барам тахана теллина бац.
  • Орстхой. Орстхойн тайпанийн барам тахана теллина бац.

Талламаш[нисъе | нисъе чухулара]

XX бӀешеран 20-гӀа шерашках дуьйна советийн Кавказан талламхошна юкъахь лелаш дара тезис, вайнехан юкъаралла 1917 шеран Октябран революци хиллалц тайпана тӀегӀанехь лаьтташ гарца доьзна[13]:294. Масала, историка-марксиста М. Н. Покровскис яздора: «XVIII бӀешеран чекххенгара Нохчийчоь — феодалан заманал хьалхара патриархалан-тайпанийн демократин пачхьалкх ю»[14], гӀараваьллачу историка а, хьостӀаморхочо а Е. Н. Кушевас иштта Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а XVI—XVII бӀешерашкара ломан кӀошташкара бахархой бара «тайпанан-цӀийнан кхолламашкахь» аьлла жамӀ дира[15]. Вайнехан юкъараллаш кхиарехь тӀехьайисина бохучу гаршца, иза емалдан гӀертарх доьзна ду, XX бӀешеран 30-гӀа шерашкахь меттигера талламхоша а ала гӀортар вайнехан юкъараллин-экономикан хӀоттам тайпан-цӀийна — «тайпизм» я «тайпан хӀоттам»[16]. Оцу хьежаршна дуьхьалавелира М. А. Мамакаев шен белхаца «Нохчийн тайпа декъадаларан муьрехь»[9], цу чохь цуо дӀатеттира 1917 шеран революцел хьалха вайнехан тайпанан цхьаалла гар, церан юкъараллин ца гина хилар шайна юкъахь чкъоьрашна декъадалар а, юкъараллин антагонизм а. Шен балхехь цуо гайтира, тайпано, бӀешерийн исторех чекхдаьлла, цхьаьна муьрехь кхечира хьалхалерачу тайпанан цхьаалла йохаре. М. А. Мамакаевн таллам гӀарабелира, шозза юха зорба туьйхира 1960-гӀа — 1970-гӀа шерашкахь. Оцу белхан критика ечарна юкъахь хаъал реза ца хилар гайтира гӀараваьллачу нохчийн этнографа С. А. Хасиевс, цуо бахара, нохчийн тайпана цхьацца агӀонаш М. А. Мамакаевс гӀалатца цхьаьнатуху Л. Г. Морганан ирокезийн классикан тайпанан кхетамца[3]:70-72.

XX бӀешеран шолгӀачу декъехь, нийса а, гома а, вайнехан тайпан бала айбира шайн белхашкахь цхьа могӀа гӀарабевллачу Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а историкаш а, этнограф аш а: Ш. Б. Ахмадовс, Л. Ильясовс, Т. А. Исаевас, Т. А. Мазаевас, И. М. Саидовс, А. А. Саламовс, А. С. Сулеймановс, С. А. Хасиевс, К. 3. Чокаев, А. И. Шамилевс, кхечара а, амма тайпанийн истории тахна къовсаме ю, цхьадолчу хеттаршна хӀинца а жоьпаш дац, кӀезиг теллина а ю монографин агӀора[13]:295.

Кхолладалар[нисъе | нисъе чухулара]

«Тайпанаш а, тайпанийн кхоллам а юкъараллин чкъоьро кхоьллина, кхолладалар а, къагар а цуьнан дуккха а шира ду вайнехан историн муьрал, цуьнца дуьстича юьззина реконструкци янло шен социалан институташна ма-гарра».

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Тера ду, тайпа-тукхуман структура (гӀалгӀайн — шахьар) Тимар Кавказан тӀелеттачул тӀаьхьа XIV бӀешарахь кхоллаяларх. Талламхочун Л. Ильясовн хетарехь, вайнехан юкъараллаш хӀаллакъяр дӀадаьхьира церан пачхьалкхан институташ йохаярца, шайн урхаллин некъийшца а, нохчийн, гӀалгӀайн дайша бӀешерашкахь гулйина йолу цивилизацин урхаллин говзаллийца а[2]:34. Этнографа С. А. Хасиевс хуьлийта тайпанин институташ кхоллаяларан зама XIV бӀешерашкахь, тӀаккха а кхин хьалхо хилар а могийта.[3]:75-76. Иштта ю гипотеза (А. Х. Танкиев[17]), вайнах XIII бӀешарахь, монголаш тӀелеттачул тӀаьхьа, вовшехкхета йолаелира тайпана союзаш мостагӀашна дуьхьало аьттонца ярхьама. Дукхаха болу талламхойн ойла цхьаьна йогӀу, политикан а, экономикан а хьал ледара долчу муьрехь, вайнах мостагӀчун Ӏаткъамца беркате аренашкара луьрачу лаьмнашка хьалабаха безарна, кхоьллира кхолламан социалан модель кхолламан ницкъийн лахарчу кхиаран тӀегӀанехь хиларо а, классийн юкъараллин дифференци ца хиларо а — тайпа.

Тайпанаш кхолладаларехь хила тарло агӀонаш[2]:36: 1) махкара юкъараллаш цхьаьнакхетар (царна юкъахь тӀеман нах хевшина меттигаш, пхьерийн юкъараллаш), 2) шоръялар цӀийнан нехан кхолламаш, царна социалан функцеш ялар, аьлчи а тайпана функцеш, 3) тайпа кхиар гулахь хевшинчу кхечу махкара тобанех.

Ичкерин мур[нисъе | нисъе чухулара]

Ичкерин хӀост, седарчаша гойту исс тукхум.

1990-гӀа шерашкахь, ССРС йоьхначул тӀаьхьа, къобалъянза йолчу пачхьалкхан кхолламехь Ичкерехь гӀоьртира тайпанийн социалан институтийн Ӏаткъам чӀагӀбан, цуьнца цхьаьна денъеш шира бакъонийн база — Ӏадаташ. Дуьйцуш дара тайпанийн парламент а, тайпанийн правительство а яр. Ишттачу политико талламхойн дика а, гӀуо а ойланаш кхоллайора. Масала, Л. Ильясовс 2001 шеран цхьаьна белхачохь билгалдоккху: «тайпанийн структуран реанимаци яро лаахь а, ца лаахь а пачхьалкх йохор ю». Тахана а цхьаболу российн политикаш иштта йийца яьккхина Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а административан-урхаллин структура тайпан системан бух тӀехь яран романтикан, амма, тера ду, дукхах берш царех цхьан а кхетам болуш бац тайпанан социалан категорех, я цуьнан таханлерачу нохчийн а, гӀалгӀайн а юкъараллин функцех а[2]:33.

Нохчийн-гӀумкхийн мехкаш[нисъе | нисъе чухулара]

Малхбалера нохчий XIX—XX бӀешерашкахь массашкахь кхалхар бахьнехь, хилла цхьацца кегареш аьккхийн (аьккхий/Ӏовхой) тукхуман векалийн я цигахь бехачу гӀумкийн ю оцу меттигера цхьа могӀа ярташ. Къовсаме мехкаш ду Теркан-ГӀой-хин шина хин юкъара ГӀумкийн акъари (таханлере Къилбаседа ДегӀастан). Масала ду Кизилюртан кӀоштара Чонт-Эвл. Талламхоша А. А. Адисултановс[18], А. В. Твердыйс[19], кхечара а дуьйцу цуьнан цӀе нохчийн тайпанах Чонтойх яьлла бохуш, ткъа Г. А. Сергеевас[20], Ю. М. Идрисовс, кхечара а лору оцу юьрта хьалха гӀумкий ховшар, ткъа нохчий тӀехьа баьхкина бохуш. Паччахьан Российца хилла Кавказан тӀом, ткъа тӀаьхьуо нохчийн а, гӀалгӀайн а депортацино миграци вайнехан бахархойн, уьш шозлагӀа ховша болабелира ДегӀастанарчу ярташка охьа, юхабоьрзуш Нохчийчоьнан ломан кӀошташкара я арабаьхначу меттигашкара, цуо дира этносашна юкъарчу девнийн жимма эскалации, политикан бос а бира регионан бакъ болу бахархойх долчу хаттарна[хьост?].

Тахане[нисъе | нисъе чухулара]

XXI бӀешо долалуш гӀалгӀайн а, нохчийн а таханлера нах этносан тайпан фрагментацех йолу ойла чолхе ю. Нахе динчу хеттаршкахь, бахархойн цхьаьна декъана хета, тайпано дӀахьо шена тӀехь билгалъяьхна социалан функцеш хӀинца а, халкъан дахарехь доккха маьӀна долуш а ду. Оцу респонденташ чӀагӀдо, тайпанаш хиларо нах этнос лардо арахьарчу Ӏаткъамех — таро ца ло вайнахана шайн шакепаралла яйа, Ӏалашбо вайца богӀуш боцу кхечу къаьмнийн Ӏаткъамех чура а, арара а — тайпанийн юкъараллийн декъашхой кӀезиг емал бо шайн социумехь. Хеттарш динчарна юкъахь нисло дӀахьедарш а: «нохчий — тайпанийн юкъаралла ю, иза массарна а хаа деза. Ткъа цунах ца кхетарг, цхьанне хӀуманах кхеташ а вац»[~ 2][7].

Респондентийн кхечу дакъано лору, вайнеха тайпанаш доьхна, вайн деношкахь уьш дан а дац. «Тайпанаш дӀадевлла. Дисина формалан тардалар ламасталлин атрибут санна. Кегийрхоша тӀе а ца лоцу иза баккъала а. Вовшешца девнаш хилла тайпанаша вовшен зударий балабо. КӀенташа зударий идабо — цул тӀаьхьа мостагӀах гергарниг хуьлу»[~ 3]. Жоьпаш деллачарна юкъахь нисло ойла ерш, «суна тайпа — стеган доьзал схьабаларан географи ю»[~ 4][7].

Мухха делахь а — лелайой тайпано йоккха социалан роль я формалан лелайо? Тахана вайнахана юкъахь, тайпа билгалдаьккхича, къамел дечарна кхочу гӀеххьа чулацаме хаам: царна хаьа шеш схьадевлла меттиг, гергарнаш мичхьа беха, юкъара бевзаш берш билгалбахало, цуо таро ло вовшен юкъарчу къамелехь тешам бала. Кхета деза, тахана юкъара гергарлонех йолчу ойлан ладаме роль хилар тайпанан ша-кепаралла латторехь, амма дукхах болу тайпанан декъашхой кхета, биологин гергарлонийн кхетам — жамӀ ду социалан конструкцин[21].

Тайпан функцеш[нисъе | нисъе чухулара]

(нох. ЧIаьнтaчӀаьнтий тайпанан юрт).

Тайпа кхолладаларан хьесапаш[13]:308-313:

  1. Цхьалла а, талхамзалла а тайпана юкъаметтигийн хӀора тайпанара стеган.
  2. Юкъара латтанашна бакъо.
  3. Дерриг тайпано кхечу тайпана чӀира кхайкхаяр шайн тайпана стаг вийча я цӀе кхоьллина стаг сийсазварна.
  4. Шен тайпана зуда ца ялаяр.
  5. Цхьа зулам я бала хилча цхьацца шайн тайпанарчу нахана гӀодар.
  6. Тайпана стаг велчи — дерриг тайпа тезетахь латтар. Луьра цамагадар самукъане меттигашкахь латта.
  7. Тайпанан коьртехь хилла тайпанан хьалханча — Къанойн Кхеташон корта.
  8. Къанойн Кхеташоно тайпанан хьалханча харжар, и дарж дас кӀанте дӀалуш ца хилла.
  9. ХӀора тайпанан хилла шайн Къанойн Кхеташо.
  10. Къанойн Кхеташо хоржуш хилла хьекъале а, лераме а болчу бакхий нахах, церан бахаме а ца хьоьжуш.
  11. Къанойн Кхеташонан гулам биллина хилла, муьлхха а нохчий шен лаамца цига ванн йиш а хилла, дош деха а, шен хетарг ала а йиш хилла.
  12. Къанойн Кхеташонан массо а декъашхочун цхьатерра бакъонаш хилла.
  13. Тайпана бакъо хилла дӀаваккха а, хӀотто а шайн хьалханча а, баьчча а.
  14. Зударийн бакъо ца хилла бакъонан белхаш луьстуш дакъалаца.
  15. Бакъо хилла хира тӀеэца хира нах — шайн тайпанан юкъа иэца.
  16. Веллачун бахам тайпанан декъашхочун долабалар.
  17. ХӀора тайпана шен цхьа цӀе хилла, иза кхочуш хилла тайпа кхоьллинчунгара.
  18. Тайпанан шен мохк хилла, шен тайпанан лам хилла.
  19. Тайпанан хилла тайпан бӀов, тайпа кхоьллинчо йина я яйтина.
  20. Тайпанан хилла шайн кешнаш.
  21. Тайпанан хьошалла.

Структура[нисъе | нисъе чухулара]

Тайпа социалан структура хилла хӀуттучу муьрехь цунна юкъахь тайп-тайпана гергара цхьаьнакхетарш, царех уггар доккханиг дара вар. Хан мел ели вар нохчийн маттара дайна, цуьнан кхин а шуьйра социалан функцеш тайпане кхаьчна, ткъа готтанаш — кегийра цӀийца гергарчу цхьаьнакхетаршка — некъешка; гӀалгӀайн вар кхетам бисина, амма маьӀна хийцаделла[2]:33, 35.

Тайпанан чоьхьара структура: доьзал → цӀа → некъи → гар → тайпа.

  1. Тайпанан коьртехь хилла церан тайпанара бен хила йиш йоцу хьалхамча, иза цхьаьна цӀийнаха хила везаш а хилла. Тайпана коьрте къанол сов муьлхха а хӀотто йиш хилла, амма тайпанан хьалха цуо динарш гуш хила дезаш хилла. Хьалхамча хоржуш хилла Къанойн Кхеташоно билгала йоцучу хенан. Хьалхамча харжар тӀаьхьенашца дӀалуш ца хилла. Тайпанан хьалхамчо куьйгалла деш хилла беккъа тайпанан гражданийн кхолламан.
  2. Къанойн Кхеташоно куьйгалла дора тайпанан дахарехь. Къанойн Кхеташоне хоржуш а ца хилла тӀаьхьенашка болх дӀалуш. Къанойн Кхеташо кхуллуш хилла векалийн хьесапца билгал йоцучу хенан, дукха хьолахь валлалц я кхеташонан белхехь дакъа ца лацалуш лелацалучу хьоле кхаччалц. Къанойн Кхеташоно хоржуш хилла тайпанан хьалхамча а, тайпанан тӀеман хьалхамча а. Къанойн Кхеташо хоржура хӀора юьртара векалех я цуьнан юкъара тайпанан декъашхойн гуламехь, амма гуттарена йолу меже хилла еккъа Къанойн Кхеташо, гулам ца хилла. Гуламан Ӏалашо еккъа векал харжар хилла.
  3. ТӀеман хьалхамча – бӀаьчча цӀийх ца хилчи а мегаш хилла, иза коьртехь хилла ерриг тӀеман кхолламан. БӀаьчча хоржуш хилла Къанойн Кхеташоно, тӀом бан хаар а, тӀеман майралле а хьожий. БӀаьччано тӀеман гӀуллакхан агӀора тайпанан хьалхамчо аьлларг ца дора.

Тайпано хӀиттош а, Ӏалашъеш а хилла этикан барамаш, оьздангала — эсалалла, бакъхьаралла, кечалла, дог цӀоналла, гӀиллакх[22].

Вайнехан юкъараллин чохь[нисъе | нисъе чухулара]

Цхьаболчу талламхоша тайпанан ло цуьнан ширачу варан функцеш, амма, нохчийн тайпана уьш елчи гӀалат хуьлу. Кхин цхьаьнакхетар, дуьххьала дуьйна тайпанан конкурент хилла долу вирд. Дуккха а меттигаш ю вайнаха вирдан вешийла тайпанан вешийлел лакха хӀоттош[3]:74.

  • Вар (ваьр) — цӀийца гергарло долу цхьаьнакхетар, берриг декъашхой цхьаьна дех бу[2]:35.
  • Вирд — динан юкъаралла.

Кавказан кхечу къаьмнашца[нисъе | нисъе чухулара]

Вайнехан тайпанца цхьадолу дустарш дан мегар ду кхечу кавказан къаьмнийн терачу кепаша (С. А. Хасиевца)[3]:75-76:


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Комменташ
  1. Этнограф Т. А. Мазаева сообщает о существовании в Чечне в различное время до 160 тайпов и 11 тукхумов (Мазаева Т. А. Предисловие к книге Хожаев Д. Чеченцы в русско-кавказской войне. — Гр., 1999), этнолог Ваха Гарсаев — о 134—164 тейпах (Екатерина Сокирянская. Ингушетия и Чечня: конец тейпов? // «Неприкосновенный запас», 2012, № 4(84))
  2. Из интервью с преподавателем истории Серноводского сельскохозяйственного техникума Исраилом Муртазовым. Интервьюер: директор проекта по Северному Кавказу Международной кризисной группы, член правления общества «Мемориал» Е. Л. Сокирянская, Чечня (Сокирянская, 2012, с. 150).
  3. Из интервью с ингушским этнологом, поэтом и публицистом, министром по внешним связям, национальной политике и информации Республики Ингушетия Я. С. Патиевым. Интервьюер: Е. Л. Сокирянская, Ингушетия (Сокирянская, 2012, с. 150).
  4. Из интервью с чеченским писателем и журналистом Усамой Байсаевым. Интервьюер: Е. Л. Сокирянская, Самашки, Чечня (Сокирянская, 2012, с. 150).
Хьосташ
  1. Баранов Х. К. Арабско-русский словарь. — 2007.
  2. 1 2 3 4 5 6 7 8 Ильясов Л. Чеченский тайп: мифы и реалии. Вестник «Лам», Бюллетень Международного общественного и культурного центра «Лам», № 4(8). — Гр., 2001 г.
  3. 1 2 3 4 5 6 Хасиев С. А. О социальном содержании института «Тайп» чеченцев (XIX — начала XX вв.), «Вопросы политического и экономического развития Чечено-Ингушетии (XVIII — нач. XX вв.)» — Гр., 1986.
  4. Саламов А. А. Не затушевывать социальные противоречия прошлого. Известия ЧИНИИИЯЛ, т. 4, в. 1. — Гр., 1964.
  5. 1 2 Мазаева Т. А. Предисловие к книге Хожаев Д. Чеченцы в русско-кавказской войне. — Гр., 1999.
  6. 1 2 3 Чокаев К. 3. Географические названия Чечено-Ингушетии. Архив ЧИИИСФ, ф. 1, оп. 1, д. 16.)
  7. 1 2 3 4 Сокирянская, 2012, с. 150.
  8. Павлова, 2012, с. 55.
  9. 1 2 3 4 Мамакаев М. А. Чеченский тайп в период его разложения. — Гр., 1973.
  10. Павлова, 2012, с. 62.
  11. Ахмадов Ш. Б., 2002, с. 44.
  12. 1 2 Вачагаев Майрбек. Современное чеченское общество: мифы и реальность. — Швеция: CA&CC Press® AB. журнал № 2, 2003. — С. 26.
  13. 1 2 3 Ахмадов Ш. Б. Чечня и Ингушетия в XVIII — начале XIX века. (Очерки социально-экономического развития и общественно-политического устройства Чечни и Ингушетии в XVIII — начале XIX века). — Элиста: АПП «Джангар», 2002.
  14. Покровский М. Н. Дипломатия и войны царской России в XIX веке. — М., 1923. — C. 200.
  15. Кушева Е. Н. Народы Северного Кавказа и их связи с Россией в XVI — 30-е годы XVII в. — М., 1963. — С. 80-81.
  16. Революция и горец, журн. № 4. — Ростов-на-Дону, 1931. — С. 24.
  17. Танкиев А. Х. Ингуши. — Саратов, 1998.
  18. Адисултанов А. А. Акки и аккинцы в XVI—XVIII веках. — Гр.: «Книга», 1992.
  19. Твердый А.В. Топонимический словарь Северного Кавказа. Ч. 1, 2. — Краснодар, 2006.
  20. Сергеева Г. А. , Булатова А. Г. Традиционное и новое в современном быте и культуре дагестанцев переселенцев. — Москва: «Наука», 1988.
  21. Сокирянская, 2012, с. 150-151.
  22. Гродненский Н. Н. Первая чеченская. Минск: ФУАинформ, 2007. — 720 с. ШЫИТ 985-6721-10-5


Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]