Беной
Беной | |
![]() Беной тайпана стаг | |
Этноиерархи | |
---|---|
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Юкъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан нохчмахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Бе́ной — нохчийн тайпанех Нохчмахкахойн тукхумера даккхийчех цхьа тайпа[1]. Тайпан коьрта эвла ю Нохчийн Республикан Нажи-Юьртан кӀоштара Бена. Тайпа J1, J2 гаплотобанера ду (коьртаниг J1)[2].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Нохчийчоьнан къилба-малхбалехь, лакхарчу Нохч-Махкахь (таханлера Нажи-Юьртан кӀошт), гуонаха хьаннийн лаьмнаш долчу аган чохь, лаьтта кIотарш. Оцу меттигах Бена олу. Бенан доза ду: къилбехахь — ДегӀастанан Республикан ГӀагӀатӀла, малхбузехь — ДаьргӀа, къилбаседехь — Энгана а, Гендаргана а, малхбалехь — Даьттаха[3].
Бенойн лам Бенан къилбехьа бу[4]. Ломан корта Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а дозанехь бу, цунна аьтту агӀора Беной-Яьсси охьадогӀу. Ломан локхалла — 1942 м.
Бена чуйогӀу ярташ: Бена, Беной-Ведана, БулгӀат-Ирзе, Гуьржи-Мохк, Денги-Юрт, Коьран-Бена (Гумс эркан аьрру бердаца), Лоьма-КӀорца, Оьла махка (О-махка), Оьси-Юрт, Пхьача, Стерч-Керчашка, Чилла кӀажа, Ӏожи-Юрт[5].
ДегӀастахоша оцу меттигах Баян олу, жӀайхойн цхьаьна декъо — Баини олу, оьрсаша — Беной олу.
Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бейни — дукха хьалха дӀатесна эвлан саьлнаш, Харапиен къилбаседа-малхбузехь КашетӀан гергахь. Бейни — олуш хилла гӀалгӀаша Мохлойх, амма халкъан этимологино кхетадо иза кхелхина тӀемлой олий.
- Бен-дукъ я Дерга-дукъ — ломан дукъ; дахделла Орга а, Шара-Орга а цхьаьнакхетачура къилба агӀора Хьаккойн-ломан (2463 м) коьрте кхаччалц. Дерга-дукъ цӀеран маьӀна ду «турс-дукъ» я «деха дукъ».
- Бена — Нохчийчуьра эвла, лаьтта Ястийн а, Яссийн а лакхенашкахь.
- Бена — Рошни-хин аьтту бердаца лаьтта Жима-Таьнган къилбехьара саьлнаш. Йиллина Беноша[6].
- Бена — Шуьйтара Борзе эвлан къилба-малхбузера саьлнаш[7].
- Бена-кха — Моцкъаран гергахь ХӀийлан малхбуза агӀора[8].
- Бена-Юрт (БехӀно боьра — меттиган историн цӀе) — Теркан кӀоштара эвла, лаьтта Теркан аьтту бердаца, 5,5 км малхбузехьа кӀоштан юкъ йолчу ЧӀулга-Юртан[9].
- Бена-Ясса — Нажи-Юьртан кӀоштахула охьадогӀу хи.
- Беной-Ведана — Нохчийчуьра эвла, лаьтта Бена эвлана къилбехьа Бена-Яссин аьрру бердаца.
- Беной-КӀотар — лаьтта Гуьнахь, ЦӀен-Веданан къилбаседехьа[10].
- Беной-КӀотар — лаьттина СаӀдин-КӀотаран къилба-малхбалехьа, ГӀой-арцан къилбаседа басехь. Йиллина Беноша[11].
- Бенойн арц — дукъ лаьтта Жима АтагӀан къилбехьа[12].
- Бенойн кешнаш — цӀе йолуш меттиг ю БӀачи-Юртан къилбехьа[13].
- Бенойн татол — Шелан малхбалера малхбузехьа доьду татол[14].
- Биение дукъ — Пешхан къилба агӀора.
- Коьрен-Бена — Нажи-Юьртан кӀоштара кӀотар; Бена эвлан 2 километр къилба-малхбалехь. Кюйра экха олхазар[15].
Беной беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бенара яртош йоцург Беной беха аренан ярташкахь: БелгӀата[16], Бена-Юрт[17], БердакӀел[18], БуланхитӀа[19], БӀачи-Юрт[20], Гелдаган[21], Гребенски[22], Гуьмсе, ГӀойтӀа[23], Жима АтагӀа[12], ЖугӀурта[24], Илсхан-Юрт[25], Нойбоьра[26], Ойсхар[27], СаӀдин-КӀотар[11], Соьлжа-Юрт[28], Старогладовски[29], Таьнги-Чу[30], Устрада-ГӀала[31], Хоси-Юрт, Хьалха-Марта[32], Цоци-Эвла[33], Шела[34], Ӏалхан-ГӀала[35], Ӏалхан-Юрт[36].
Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Литературехь чӀагъелла ойла, топоним Бена схьаяьлла нохчийн дашах «бен, бун». Ширачу заманахь нохчийн дай баьхначу мехкашкахь хаало «Ван» топонимаш: Нахичеван, Ереван (Эребун), АргӀван, Ван Ӏам кхин дӀа а. «Ван» дешан шерашкахь трансформаци хилла «бен — бун».
Кхечу талламхошна хетарехь, топониман этимологи хьалайоьду тюркийн «боян» — бехаш, хьалдолуш даше. Кхин ойланаш а ю, оцу цӀеран орам баьлла нохчийн а, гӀалгӀайн а гуьржаша йоккхучу цӀарах — «бейни» дашах.
К. З. Чокаевн хетарехь, Беной цӀе схьаяьлла Бена эвлан цӀарах.
К. М. Тумановс йоьхку «Беной» цӀе Урарту мехкан ширачу цӀарца — Биайна. К. М. Туманов лингвистийн цхьаьнадагӀаран бух тӀехь а, топонимикин хаамашца а жамӀ дина, нохчий хилла Урартун уггаре ширачех цхьа тайпа.
Ӏ.Д.Вагаповс а, Р. П. Ахмадовс а боху, этноним «бено» йоьзна хила мега хӀиндоевропан орамца *bha — , *bhan — «лепа, кӀега, серло етта, кӀайн» (= вайнехан bӀa «серло, лепар; бӀаьрг»), гӀажарийн *banu — «серло», шира хӀирийн «бан» — «кӀайн серло, де», ирландин — ban «кӀай», желтойн pheno — «лепа», латинан bene — «дика ду», bonus — «дика, сийлахь, дикачу хӀух, нийсаниг». Цуо кховдайо бенон чоьхьара кеп «кӀай, кӀаймеда, тӀехдика, хаза, дикачу хӀух» маьӀна долуш. Кхузахь дало мегар ду Ӏаьрбийн «баяна(т)» — «гушдерг, хаза къамел, хаза дийцар, маттана шера», баййин — «хаза къамел дийриг», жӀайхойн «баяна» — хаза къамел дийриг, Баян — Бенан цӀе, кхин тӀе фонетикца нохчийн маттахь Баянах Бена хуьлу, иштта тюркийн Саясанах — нохчийн Сесана санна.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бенойша шеш Шеман эмир хиллачу Сайд-Ӏалин кӀента кӀента кӀентан Пахруддинан тӀаьхьенах лору. Нашхахь Пахруддинах схьадаьлла 13 тайпа. Уьш Нашхара дӀасакхалха доладелира массо а агӀора. Бенойн дайх волу Биан охьавеара Органан Ӏин чухула, цигахь цуо йиллира бӀаьвнех лаьтта ОргӀун эвла, Тевзана йолчухула хӀинца йолучохь Бена эвла йиллира.
Юха ца яларна паччахьан Ӏедало барт бира Бена хӀаллакйина дӀаяккха. 1861 шеран 29 январехь еккъа цхьаьна Бена эвлара араваьккхира 1218 стаг, уьш 5 — 10 цӀа цхьаьна долуш бекъна Нохчийчоьнан аренашкара ярташка охьаховшийра. Оцу хенахь йиллина Шуьйтахь (ГӀатенкхаьллан гергахь) Бена эвла. Амма паччахьан Ӏедале хӀаллак ца банбелира къар ца ло Беной. Нах юхабоьрзура бенойн хьаннашка, тодира шайн цӀенош, ткъа дӀасабаржийна беноша гӀо масала гойтуш Ӏаткъам бора кхечу нохчашна а.
Беношкара масала ца эцийта паччахьан Ӏедало уьш Ӏовдал гайтархьама, царех туьйранаш а, забарен хабарш а даржадора. Цигара схьадогӀу нахера Ӏовдал мел даьлларг а беношна тӀеяздар.
1877 шарахь Бена ерриг йохийна, ягийна дӀаяьккхира, ткъа беной юха а эвлара арабехира, амма бахархойн цхьа дакъа юхадоьрзура оцу чим юкъа.
Гуьржмахкахой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Гуьржийчоьнан тӀелеттачу хенахь жима кӀант валийра Бена. Кхуьуш волуш жима йийсархо гӀаравелира шен хенарчу берел а, цхьаболчу баккхийчарел а хьекъалца, кадаларца, хазаллийца. Цунах кхин берш санна Бенойн юкъараллин декъашхо хилира, хаза йоӀ маре а елира, латт делира, цӀа деш белхи а бира, етт а, белхан стерчий а делира, говр елира. Гуьржийчу кӀентан тӀаьхьенех Гуьржмахкахой олу.
Силсил[нисъе бӀаьра | нисъе]
Жоби некъех волчу цхьаьна беночун силсил: Сайд-Ӏали аш-Шами — Ӏабдулхан — Сайд Ӏалий — АргӀун — Ӏамирхан — Уза — Ула — Ӏела — Биан (Бена йиллинарг) — ТӀур — Хурсул — Йовта — Бахьанда — Жоба (Жоби-некъе цунах схьабевлла) — Элдар — Ӏубайд — Юьрташ — Мохьмад — Оьлкъа — Тур.
ГӀарабевлла Беной[нисъе бӀаьра | нисъе]
Махкана а бевза Бенойн векалш:
- Ада — дукха шерашкахь БугӀан-Юьртан юьртда лаьттина, эла ТӀурлон дуьхьала лаьтта юьртхойн коьртехь лаьттина.
- Айдамирова Марьям (1924—1992) — йишлакхархо, музыкахо, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Халкъан артист, РСФСРн Хьакъдолу артист[37].
- Айдамирова Аймани (йина 1965 шеран 8 март) — йишлакхархо, актриса, Нохчийн Республикан а, ГӀалгӀайн Республикан а халкъан артист, Российн Федерацин Хьакъ долу артист. Айдамирова Марьяман вешин йоӀ[38].
- Амин Бено — Урданин таможнин гӀуллакхан хьаькаман гӀовс.
- Арсамиков, Ӏийса — Нохчийн Республикан Парламентан декъашхо, Кавказан ломан къаьмнийн Конфедерацин вице-президент.
- Бенойн Вара Бена-АтагӀара (Жима АтагӀа). Атабин (молла Атаби) цхьаьна тобан наиб, дакъалаьцна 1860 — 1861 шерийн гӀаттамехь, цул тӀаьхьа шайх волчу Кунта-Хьаьжин (Киши-Хьаьжа) векал хилла, ткъа 1864 шарахь Шелахь хиллачу гӀаттамал тӀаьхьа гӀараваьлла обарг хилла, паччахьан Ӏедална дуьхьало еш. Паччахьан администрацин ЧӀебарлойн наибан декхарш кхочушдеш волчу Жима АтагӀара Мударов Гуданта 1865 шарахь шен доьзал гархьама Бена-АтагӀа веанчехь паччахьан драгунашка гуо лацийтина вийна.
- Боьршгин БойсагӀар — вина 1794 шарахь. 1839 шарахь дуьйна Бенойн наиб. 1845 шарахь тӀам тӀехь куьг даьккхина. 1847 шарахь ДегӀастанан эвлахь Гергебилехь йоккхачу тоьпан хоъ кхетта ког баьккхина. 1860 шеран майхь Нохчийчоьнан имам хӀоьттина. 1861 шарахь ирхоьллина Хаси-Эвлахь. ДӀавоьллина Ӏовхойн махкарчу ГӀачалкъехь.
- Болатан Тимаркъа — Бенан вахархо. Имам Шемалан тобан баьчча.
- Висангариев, Хайрудин — тӀеман хӀаваан кеманан пилот.
- Гапуров Шахьрудин (1951 шеран 6 январь, Таш-Кумыр, Джалал-Абадан область, ГӀиргӀазойн ССР, ССРС) — нохчийн Ӏилманча, историн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийчоьнан Ӏилманийн академин академик а, президент а.
- Гучигов Альберт — советийн боксёр, 1986 шеран РСФСР чемпион, ССРС спортан дуьненаюкъара классан говзанча, боксер-профессионал.
- ГӀойтукъин Раъсу — имаман Алдамов Ӏелбаг-Хьаьжин секретарь, Ӏелбаг-Хьаьжин гӀаттамах а, ша каторгехь хьегна баланах а Ӏарбийн маттахь истори язйина.
- Дааев Нужден — Чеченавтодоран инарлин директор.
- Джанаралиев, Ӏела — НГӀАССР хьакъдолу хьехархо.
- Дошукаев, Муса — Нохчийн Республикан Правительствон вице-премьер.
- Дудаев, Адам — философ, юридически Ӏилманийн кандидат.
- Закаев, Ӏабдурашит — Нохчийн Республикан Парламентан декъашхо.
- Исаев, Харон — художник.
- Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (вина 1951 шеран 23 августехь, Карагандехь — 2004 шеран 9 май, Соьлжа-ГӀала) — Нохчийчоьнан динан а, пачхьалкхан а гӀуллакххо. Нохчийн Республикан президент. Хьалха масийтта шарахь Нохчийн Республикан Ичкерин муфтий лаьттина.
- Кадыров Рамзан (5 октябрь 1976, Хоси-Юрт, Курчалойн кӀошт) — Российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллаккхо а, Нохчийн Республикан Президент а, тӀаьхьа Корта а.
- Керимов, Муса — НГӀАССР Министрийн Советан председатель.
- Майрсултанов, Ӏела — театран актер.
- Минцаев Мовсар (1952 шеран 8 апрель, Караганда, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн операн а, эстрадан эшархо, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Сийлахь артист, Российн Сийлахь артист, Сочехь хилла йолу эстрадан эшеран конкурсан лауреат (1980 шо), Глинкин цӀарах йолу конкурсан лауреат (1982 шо), Рио-де-Жанейрехь йолу Вила Лобоса цӀарах йолу конкурсан лауреат (1983 шо), халкъашна юккъера Шаляпинан цӀарах йолу конкурсан лауреат (1993 шо)[39].
- Минцаев Мохьмад — техникан Ӏилманийн доктор[40], академик М. Д. Миллионщиковн цӀарах йолчу Соьлжа-ГӀалан Пачхьалкхан Мехкдаьттан техникан университетан Ӏилма-талларан секторан (ӀТС) хьаькам.
- Мулаев Ӏимран — НГӀАССР Министрийн Советан председателан гӀовс.
- Мусхин ЖаӀпар — бӀен тобан баьчча. 1854 шарахь Гуьржийчоьнан тӀелатарехь дакъалаьцна.
- Рамзин Ӏада — Бенан вахархо. Тобанан баьчча. 1845 шаран ДаргӀан тӀамехь кхелхина.
- Сайд Бено — Урданин некъийн хаамийн министр.
- Сами Ӏабдель-ХӀади — Урданан инарла.
- Самихь Муса Бено — Урданан инарла.
- Солумгирин Солтамурд — 1860—1861, 1863—1865, 1877 — 1878 шерашкарчу гӀовттамийн а, обаргийн боламийн а куьйгалхо. 1877—1878 шерийн гӀаттамехь Солтамурд наибийн баьчча хилла. ГӀаттам охьатаӀийча къайлаваьлла хьаннашкахь, велла 1878 шарахь. ДӀавоьллина Бенахь.
- Умалт-Хьаьжа (Мата). Шайх — Накъшбанди. ГӀеза-Хьаьжин мурд.
- Умхаев, Леча — нохчийн дерриг къоман гуламан 1 муьран оргкомитетан председатель.
- Ханбиев Мохьмад — дивизионан инарла, Нохчийн Республикан Ичкерин хиллаволу Мохкларбаран министр а, НРИ Къоман гвардин баьчча, Нохчийн Республикан Парламентан декъашхо.
- Хухан Ӏарбий — Бенара тобан баьчча, жоьпаллехь хилла Гуьржи-махкан декъех. Дакъалаьцна 1854 шарахь Гуьржийчоьнан тӀелеташ.
- Ямадаев Руслан (Халид) (1961—2008) — полковник, Пачхьалкхан думан депутат , Российн турпалхо. Москохахь вийна.
- Ямадаев Джабраил (1970—2003) — лейтенант, Российн Турпалхо. Вийна Веданахь.
- Ямадаев Сулим (Сулейман) (1973—2009) — Российн эскаран подполковник, Российн Турпалхо. Дубайхь вийна.
- Ямадаев Ӏийса (вина 1975) — российн хьуьнархо, гӀишлошъяран компани «Ямад» кхоьллинарг. Нохчийн республикан хьалхарчу кхайкхаман парламентан депутат.
- Ясаев, Ӏадлан — РСФСР хьакъдолу хьехархо.
- Ясаев, Ӏийса — художник.
- Ӏабдул ЛатӀиф Сайд БатӀал — Урданан инарла.
- Ӏабдул-Межид — Урданан инарла.
- Ӏемазан ТӀалбиш — Бенан вахархо. Тобан баьчча. Имаматан орден елла. ТӀамехь 1850 шарахь кхелхина.
Тайпанан некъеш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Тайпа декъало некъешна[41]:
- Ати-некъе
- Гуьржмахкахой (J1)
- Дез-некъе
- Доьвши-некъе (J1)
- Жоби-некъе (Джонха-некъе, ЖаӀпар-некъе, Кхай-некъе (J1), ЛитӀи-некъе, Щаци-некъе, Ӏиски-некъе (J1))
- Ими-некъе (J1)
- Очи-некъе (J1)
- Уонжби-некъе я Онжби некъе J1.
- Чопал-некъе (J1)
- Эди-некъе (J1)
- Юспан-некъе (J2)
- Ӏасти-некъе
- Ӏела-некъе
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Далхан Хожаев: Роль беноевского тайпа в истории чеченского народа, 1993 год
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 316.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 318.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 317.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 72.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 197.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 66.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 553-555.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 278.
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 406.
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 445.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 503.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 490.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 283, 317.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 281.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 553.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 482.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 327.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 501.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 494.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 629.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 454.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 307.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 504.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 510.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 511.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 466.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 632.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 398.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 493.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 402.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 498.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 487.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 535.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 457.
- ↑ Марьям Айдамирова
- ↑ https://www.youtube.com/watch?v=ZFBnNIj32hA
- ↑ http://kkre-34.narod.ru/mincaev.htm
- ↑ gstou.ru/index…/951-magomed-mintsaev-zashchitil-doktorskuyu-dissertatsiyu.html
- ↑ Д. Е. Фурман — «Чечня и Россия: общества и государства», 1999г. — с.99
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Нальчик: «Эль-Фа», 1997. — 682 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Айдамирова Аймани(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Гапуров Шахрудин Айдиевич Архивацийина 12 августехь 2014 шеран.
- Альберт Гучигов. wsport.su. Теллина 2017 шеран 8 июлехь.
- Ямадаев, Иса — статья в Лентапедии. 2012 год.
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|