Нашхой

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Къена тайпа
Нашхой
Кхин цӀерш Нашах, Нашхо
Этноиерархи
Раса кавказан
Йукъара хаамаш
Мотт вайнехан меттанийн нохчмахкахойн лер
Йоза Кириллица
Дин ислам (сунниташ)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нашха

Нашхойтукхумашна Къамш доцу тайпа[1], J2, Т[2] гаплотобанера тайпа ду. Шен XV бӀешеран тептарехь Аздин Вазара[3] хьахийна Нашой а, Нашхой а нохчийн 48 тайпана йукъахь. Нашхойн тайпанах схьадевлла МозгӀарой а, ЧӀармахой а тайпанаш.

ЦӀе[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тайпана цӀе Нашхой таханлерачу Ӏилманан-публицистикийн литературехь ца къаьстташ уьйр йолуш ю историн мехкаца Нашхаца. Цхьацца белхашкахь царех синонимаш хуьлу — дукха хьолахь авторш, Нашхой/Нашха хьахош, кхетадо нашхойн этнотоба а, уьш дуьххьала охьахевшина мохк а. Советийн нохчийн меттан талламхочо А. Г. Мациевс, хаам бира, шайн цӀе нохчий лелош болчу кхечу нохчех къаьсташ, Нашхойн тайпана наха кхечу тайпана йоккху шайн цӀе — нашха[4] олий. А. Г. Мациевн гипотеза ю, цуо дийцарехь йукъараллин/мехкан цӀе Нашхой/Нашха хила тарло эндоэтнониман нохчий [4] (хьажа Нохчий. Этимологи) бух. Иштта этимологин вариант лерира тергоян езаш бевзаш болчу нохчийн Ӏилманчаша, масала лингвист, фил.Ӏ.д., профессор волчу И. Ю. Алироевс[~ 1] а, и.Ӏ.д., профессор волчу Ш. Б. Ахмадовс а[5].

ХӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нашхойн тайпан хӀоттам, иза декъадалар тайпанан геннашна (гаранаш, некъи) таханлерчу талламхоша дика теллина дац. Ӏилманан а, публицистикийн а белхашкахь хуьлу юьззина а йоцу, тера а йоцу геннийн испискаш.

Тайпанан геннаш
(гараш)
Тайпанан геннаш
(некъи)
Кхечу
хӀосташца
XIX, XX, XXI бӀешерийн фамилеш
(цӀа, доьзал)
Тайпанан ярташ
Нашхахь
1 МоцIархой МоцIара[~ 2]
2 ТIистархой ТIиста
3 Хьайбахой Хьайбаха
4 Хьижахкхой Хьижахка[~ 3]
5 ХIилхой 1 Берса-некъе БоршиговгӀар ХIийла[~ 4]
2 Бода-некъе
3 БIоза-некъе
4 Саккхал-некъе
5 Хушпар-некъе
6 ЧIармхой ЧIармаха

Мотт[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нашхой хилла/бу? Нашхойн диалектан аьккхашка-орстхошка узуш буьйцу мотт (иштта наггахь олу галанчӀоьже узуш буьйцу мотт) лелориш. Таханлерачу лингвистин классификацица иза бу нах-дегӀастанан меттанийн нахийн геннан вайнехан кластеран мотт[6]. Аьккхийн-орстхойн узуш буьйцу метто латтабо нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанашна йукъара меттиг, амма XX бӀешарахь цкъа нохчийн, юха гӀалгӀайн диалектех тухура, ткъа нашхойн диалектах талламхоша олура лер[7].

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дозанаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нашхан доза ду Пешхаца, ТӀерлаца, Галайца, Ялхараца. Нашха лаьтта Гихан а, Рошни а хиш йукъахь. Йекъало 2 декъе: ТӀехьа Нашха а, Сехьа Нашха а[8].

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нашхойн хиЧӀебарлара хин цӀе ю. Нашха – Курчалара шовда. Лахарчу Курчалан къилба-малхбузан йисташкахула охьадоьду шовда. Нашах лаьттинчу кӀога – Аьккхара ВӀовган малхбалехьа. Нашхойн кӀайчу юххие – КӀайчу юххиен малхбузехьара саьлнаш. Нашхойн хи – ЧӀебарлара Буонахуойн саьлнашна малхбалехьа[8]. А.Сулеймановс дийцарехь, хин бердашца баьхна Нашхой.

Этноистори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цхьа могӀа Ӏилманчаша дийцарехь дуьххьара нашхой охьахевшина мохк — Нашха, дукхах долчу нохчийн, гӀалгӀайн тайпанийн Даймохк бу[9], нохчийн тайпанийн цхьаьна декъо (20 сов хила тарло[~ 5]) шайн дай оцу историн мехкара хуьлуьйту[10]. Дукхаха долчу дийцаршкахь нохчий охьахевшина шира меттиг лору Нашха, цундела царна йукъахь ойла лела, нагахь милла а Нашхара ваьлла велахь — иза Нохчийчохь бух болуш стаг хилар[4].

Шеш Нашхойх, иштта тайпа олу, кхин тӀе иза лору даккхийчарех[4], ца догӀу тукхмашна йукъа. Ш. Б. Ахмадовс (2002) дийцарехь хьалха Нашхахь хилла ладаме вайнехан шайн урхалла даран йукъ — «Къанойн кхеташонах» цхьаъ[5] ( тиламало Мехк-кхел ца юьйцу).

Нохчийн талламхочо-мохкӀаморхочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс дийцарехь (нохчий арабахар таьӀна дуьту цуо), нашхой «лаьмнашкахь баха хала долун дела шайн эвланаш а йитина, шуьйра охьахевшина акъарийн гӀаланашкахь а, ярташкахь а»[11]. Амма, тера ду, нашхойн доккхаха долу дакъа даьхначух шайн историн Даймахкахь — Нашхахь 1944 шо кхаччалц, оцу меттигера бахархой Кхазакхстане арабаххалц[7]. Тептарш дийцарехь, тайпан да ву Нашхо нохчийн къоман да. Кхечу версешца, къоман да хилла Турпал Нохчо[12]. Гуьржехахь нашхоша лелайо гуьржийн чеккхе йолу фамилеш: Борчашвили (БорчаевгӀар, БоршиговгӀар). Дуьххьарлера нохчийн дай охьахевшина Галайн-Ӏам уллохь, уьш Шемара паччахьах бевдда бара (МоцӀархан уллохь ду Шама дукъ[13]). Вайнехан шира дай севца меттиг нажан хьун (нажх) яра, цхьаьна новкъахочо шен лаьттах Ӏоьттина йицйира, юхаберза дагадеачи цуо терго йира оцу гӀаж тӀехь зуьгалаш довларан. Иза делера хаам хетна уьш севцира оцу езачу меттигашкахь. Нажх боху дош хенан йохаллехь хийцаделира Нашх аьлла, иза массо а нохчийн Даймохк хилира, нохчий кхузара кӀез-кӀезиг баьржира хӀинца шеш бехачу махкашкахула. Нашхоша шайн тайпанан юрт лору Моцкъара, цигахь Ӏалашбина тайпанан яй. Иза хилла ялх цӀестан экъанех бина, хӀора экъан тӀехь Ӏарбойн маттахь вежарийн цӀераш хилла язйина. Цуо гойту нохчийн дай бусулба хилла хилар, баьхкина уьш оцу махка VӀӀ бӀешерал тӀехьа, иза мелла а бакъдо «Нохчий схьабовларх долчу тептаро». Оцу тептаро дийцарехь Нашхан да хилла Шамхан Ӏабдул-ханан кӀант а, Шамахь эмир хиллачу Сайд-Ӏали-Шамин кӀентакӀант. Циггахь дуьйцу Шамханах Нашхахь 13 гуола (тайпа) яьлла бохуш[3]. «Путевые наброски А.Костерина» («А.Костеринан новкъара йаззамаш») цӀе йолчу тептарехь дуьцу, Шамханан да Ахьмадхан (ӀабдуллахӀ шолгӀа цӀе хила тарло, «АллахӀан лай» бохург ду иза) хилар, ткъа Нашха кхоьллинарг Шамханан ваша Ӏаббас вуьйцу. Кхин тӀе Гендаргнойн тайпа Нашхара даьлла а боху тептаро[14].

Гендаргнойн тайпанан «ДегӀастане Шамара элий бахкарх лаьцна тептар[15]» тӀехь изза цӀераш йоху, амма Нашха йиллинарг лору Фахьруддин (Хьамзатан а, АргӀанан а шича), цунна и латташ дитина Шамханан кӀанта Хьамзата. Оцу тептарехь ялайо Гендаргнойн тайпанан силсил. Силсилехь Гендаргнойн дайшлахь ву Ахьмадханан кӀентакӀант АргӀан.

Сулейманов Ахьмада ялийна ширачу Моцкъара эвлара некъен силсил: СолтагӀа – ШапаӀ – Ӏусман – Бешти – Бузарт – Алдам – Ислам – Ислам – ИсмаӀил – ИсмаӀил – Ишхо – Ӏела – Ӏела –Уьйрасха – Ида – Анзор – Золза – Зама – Замбек – Мурат[16].

Тайпанан яй[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кхечу дийцаршкахь нохчийн да Нашхо я Нохчо хилла боху. Цуьнан ялх кӀант хилла: Моцкъаро, Хьайбахо, ЧӀармахо, Хьижигхо (ГӀой), ТӀистархо, Хьийлахо. Цара иштта цӀераш йолуш эвланаш ехкира. Вежарий хӀора дийнахь гуллалуш хилла тайпанан яй тӀе кхаа рожехь, оцу яй чуьра цхьаьна юуш, вежаралла чӀагӀдора. Тайпанан яй хилла ялх цӀестан экъанех бина, хӀора вешийна цхьацца экъа кхочуш. ХӀора экъан тӀехь Ӏарбойн маттахь вежарийн цӀераш хилла язйина: Моцкъаро, Хьайбахо, ЧӀармахо, Хьижигхо, ТӀистархо, ХӀийлахо. ХӀораниг шайн цӀеран экъан дуьхьала хаара, уьш церан долара меттигаш яра[8]. Нашхахь бара оцу яйн дакъа доцу нах а, цара цунна гонаха питанаш леладора, царна цатовра тайпанан яйно вежарийн доьзалан уьйр чӀагӀъяр. ХӀуъа а дора наха яй бохабайтархьама. Яй кхечира Шамилан замане. Оцу хенахь яй чохь юург ца йора, хӀора доьзалан шайн яй бара, шира яй маьждигехь Ӏалашбеш бара, динан Ӏиданашкахь сагӀа доккхуш лелабора. Дуьххьара Нохчийчухула чекхволуш, имам Шамил кхечира шен эскарца Нашха, ЧӀармаха эвлахь сецира иза. Питанечу юртахоша Шамилан чудиллира, нагахь Нашхойн яй хӀаллак ца бахь хьан Ӏедал тӀе муххале а лоцур дац цара, дуьхьала бовла а мега аьлла. Шамила эскаран юург ян беза аьлла яй схьа а баийтина, чохь юург йина, яй бохийра цӀестан кийсакаш йина. Кийсакаш Ӏинах кхийсира, иштта хӀаллак бина Нашхойн яй.

Беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Нашхой беха массо аьлча санна Нохчийчоьнан ярташкахь: ВаларгтӀе, Галне, Гихчу, Дечкан-ГӀала, Доьлаке, Котар-Юрт, Лакха-Невре, Ӏалхан-ГӀала, Ӏалхан-Юрт, Ӏашхойн-Марта. Нашхан йукъахь хилла нах беха меттигаш: ГӀарбихьакханчу, Ехкачу, Зерха, КӀайчаюхе, КӀелахбаса, МогӀасте, МоцӀарха, Мушечу, Саканжиеле, ТӀийста, Хотташкоча, Хьайбаха, Хьижахка, ХӀийла, ЧӀармаха (J2), Ӏажгечу, ӀаршӀалечу [16].

Тайпанан гӀарабевлла нах[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Бисанин Гелаг — Нашхара наиб, схьаваьлла Хьайбахь эвлара.
  2. Нашхойн Олдам — имам Шамилан Нашхара наиб.
  3. Сота-шайх – Накъшбандин шайх. Вина Теркйисттера юртахь Лакха Неврехь. ДӀавоьллина Кхазакхстанехь. Лакха Неврех зиярат дина[17].
  4. Элах-молла – Накъшбандин шайх. Вина Доьлакехь. Кхелхина 1885 шарахь Ӏаьржа хӀорд тӀиерачу кеман тӀехь. ЧӀаьнта Юртахь зиярат дина[18].
  5. Эльдарханов, Таштемир Эльжуркаевич – Ӏ-ра а, ӀӀ-гӀа а Российн Пачхьалкхан Думан депутат, 1918 ш. ГӀойтӀан халкъан Советан председатель, Нохчийн ревкоман председатель, Къилбаседа-Кавказан мехкан кхочушдаран комитетан Къоман Советан председатель (1925 ш.) Дон тӀиера Ростовхь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Комментареш
  1. В своей работе 1990 года «Язык, история и культура вайнахов» И. Ю. Алироев высказал мнение о том, что заслуживает внимание этимология этнонима нохчий от слова «народ» и является интересной этимология предположенная А. Г. Мациевым от названия исторической области Нашха. Также в этой работе он предложил собственную этимологию имени нохчий — от слова «плуг». В дальнейшем он просто повторил эти утверждения в работе 1999 года («Чеченский язык», переиздана в 2001). В работе 1999 года («Чеченцы! Кто они?», в соавторстве с председателем Госсовета ЧР М. М. Сайдуллаевым) и в работе 2002 года («История и культура вайнахов», в соавторстве с министром культуры ЧР М. К. Осмаевым), И. Ю. Алироев уже не упоминает гипотезу А. Г. Мациева, ровно как и свою гипотезу — теперь он останавливается только на предположении родства этнонима нохчий со словом «народ» (Алироев И. Ю., 1990, с. 14-15; 2001 (1999), с. 5-6; Алироев И. Ю., Сайдуллаев М. М. 1999, с. 8; Осмаев М. К., Алироев И. Ю. 2003, с. 33).
  2. Также именовался Моцкъара, МоцIарха.
  3. Также именовался ГIой.
  4. Иштта олуш хилла ХIийлах.
  5. В своей работе 1990 года «Язык, история и культура вайнахов» И. Ю. Алироев сообщает, что согласно одному из преданий, выходцы из области Нашха расселились почти по всей Чечне и количество их тайпов было более 20. В дальнейшем он повторил это утверждение в работе 1999 года («Чеченский язык», переиздана в 2001) (Алироев И. Ю., 1990, с. 15; 2001 (1999), с. 6).
хӀост
  1. Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
  2. Chechen-Noahcho DNA Project - Y-DNA Classic Chart
  3. 1 2 Газета «Республика» от 14 февраля 1991 года
  4. 1 2 3 4 Мациев А. Г., 1965, с. 6.
  5. 1 2 Ахмадов Ш. Б., 2002, с. 283.
  6. Коряков Ю. Б., 2006, с. 26.
  7. 1 2 Арсаханов И. А., 1969, с. 97.
  8. 1 2 3 Сулейманов А.С. «Топонимия Чечни», стр.62, Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  9. Куркиев А. С., 2005, с. 316.
  10. Сулейманов А. С., 1978, с. 145.
  11. Сулейманов А. С., 1978, с. 146.
  12. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Гр.: ГУП «Книжное издательство», 2006
  13. Сулейманов А.С. «Топонимия Чечни», стр.78, Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  14. А. Костерин, «По Чечне», (Путевые наброски), стр.288-289
  15. «Теркйист» газет, 2007 ш. 23 январь, № 7-9, «ДегӀастане Шамара элий бахкарх лаьцна тептар»
  16. 1 2 Сулейманов А.С. «Топонимия Чечни», стр.63, Нальчик, Издательский Центр «Эль-Фа» 1997
  17. Духаев А. «Плеяда шейхов из Надтеречья», стр.27, Лаха-Невре, 1997
  18. Духаев А. «Плеяда шейхов из Надтеречья», стр.22-26, Лаха-Невре, 1997

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]