Билтой
Къена тайпа | |
Билтой | |
---|---|
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой а, Ӏовхой а |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан Ӏовхойн диалект а, нохчмахкахойн лер а |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Гергарло | Садой, Орсой, Устрадой |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() ![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Билтой[1] — Ӏовхойн а, Нохчмахкахой[2] а тукхумашна йукъара орамера нохчийн тайпа ду . Тайпанан юрт лору Нажи-Йуьртан кӀоштара Билта[3]. Тайпанан векалш J1 гаплотобанера бу[4]. Билтойн гергара тайпанаш ду Орсой, Садой, Устрадой.
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билтан доза ду: къилбехьа – Гендаргана, малхбузехьа – Энгана, Сесана, Ӏалара, малхбалехьа – Зандакъ.
Билтойн мехкан йукъайогӀу эвланаш: Айти-Мохк[5], Билта, БуланхитӀа[6], Замай-Юрт[7], Ишхой-Отар[8], ЛамтӀе[9], МехкаштӀехьа, Нажи-Юрт, Отара, РогӀа-КӀажа[8], Хьочи-Ара[5], Чуьрча-Ирзе[10].
Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Билта – Нажи-Йуьртан кӀоштан эвла; лаьтта Ястий хин бассейнехь, цунна къилбаседехьа лаьтта Билтой-Юрт[11].
- Билта – Тевзанан малхбален йисттера, Тевзанхойн лам уллера меттиг[12].
- Билта – Чермойн-Махкара меттиг.
- Билта – Элистанжхойн махкара меттиг. Шира маьлха-кешнаш карадо[13].
- Билта – Къилбаседа ХӀирийчура меттиг; Нови Урух эвлан тӀехьа лаьтта. ХӀирийн маттара гочдича хуьлу «бердаш», «Ӏинаш»[11].
- Билтовлой мохк – Мини-АтагӀан махкахь лаьттан дакъош хилла Билт-Эвлан бахархойн, оцу латташца гергарло а, этносан уьйранаш а латтош хилла. Аренашкахь белхаш бечу хенахь Билт-Эвлахой шайн доьзалашца Мини-АтагӀа схьабогӀуш хилла, атагӀхоша хазахетарца тӀе а оьций, хӀусамашка дӀасабоькъуш хилла «хьеший» аренан белхаш дӀадовлалц, массо а хӀуманан тӀехь гӀо а дой новкъа бохуш хилла Билт-Эвла.
- Билтойн куп – Боони-Юртара куп[14].
- Билт-Эвла – лаьтта Яьссин аьтту бердаца, Ӏовхахь.
Этноним Билтой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билтой этнониман бух хила тарло, А.В.Твердыйн хетарехь, гӀалмакхойн «бел» я «бил» – «дукъ» маьӀна ду. Ма-дарра аьлчи «Дукъан бахархой» хуьлу.
Ӏ.Д.Вагаповс а, Р.П.Ахмадовс а Билтан этимологи евзаш йац боху. Гипотезийца хила тарло гергара желтойн Belt – «дика, майра, дикачу нахах»[15].
Билтой беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билтой чӀогӀа шуьйра баьржина аренашкара эвланашкахула[8]. Уьш беха меттигаш: БердакӀел[16], Билт-Эвла[2], Боони-Юрт, БӀачи-Юрт[17], ГӀалайтIа[16], Девкар-Эвла[18], Дубовски[19], ЖугӀурта[20], Илсхан-Юрт[21], Ишхой-Юрт[22], Макане[23], Мелчу-ХитIа[24], Старогладовски[25], УстаргӀордойн-ГӀала[26], ЧӀулга-Юрт, Ӏелин-Юрт[27].
Гаранаш, некъеш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билтой бекъало кхаа гаре: Итт-бухой, Е-бухой, Зок-бухой[28].
Итт-бухой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Мачи некъе (J1)[4]
Е-бухой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Нуьркаш некъе (J1)[4]
Зокка-бухой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Легендаша боху, Кушул Нашха кхелхина, сецца Куьрчалахь Юьртачоь олучу меттигехь. Цуьнан 3 кӀант хилла: ШаӀа, ТӀелип, Курчалхан. ШаӀех Зандакъой бевлла, ТӀелипах – Билтой, Курчалханах – Курчалой. ТӀелипа Билта эвла йиллина. Амма еллачу ДНК тесташа и легенда бакъ ца хилар гойту, хӀунда аьлчи Зандакъой а, Курчалой а J2 гаплотобанера бу, ткъа Билтой – J1[4].
500 шо хьалха Билтоша йиллина ДегӀастанара Казбековн кӀоштан центр йолу Дылым эвла, цуьнан юьхьанцара нохчийн цӀе Дайн Лам хилла, амма хенан йохаллехь жӀайхойшна юкъахь трансформаци хилла[3].
Ишхой-Юрт йиллина Билтойша[29].
1989 шарахь гӀишлош йохош токхамаш хилла Нажи-Йуьртан кӀоштара РогӀа-КӀажа, Билта, МехкаштӀехьа эвланашкара Билтой кхелхина акъарин тӀе. Цара Гуьмсан кӀоштахь Бильтой-Юрт йиллира.
ГӀарабевлла Билтой[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Байбетар-Хьаьжа (велла 1894 шарахь) — Кхошкхалдара гӀараваьлла Ӏелам-стаг, накъшбандин тарикъатера шайх, Юсуп-Хьаьжин да;
- Дадашев Райком (17 декабрь 1950 шо, ССРС ГӀиргӀазойн ССР, Ошан область) — физикин-математикин Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академин бакъволу декъашхо, вице-президент;
- Жансари – Кунта-Хьаьжин зуда, Таймин Биболатан йиша.
- Таймин Биболат (1779 шо — 1832 шеран 14 июль) — нохчийн политикин а, тӀеман а гӀуллакххо[30].
- Хасимиков Салман (1953 шеран 5 апрель) — гӀараваьлла нохчийн паргӀата кепара латархо, рестлер, 4-за ССРС чемпион, 3-за Европин чемпион, 4-за Дуьнен чемпион, Дуьнен Кубок яккхинарг, ССРС Сийлахь спортан говзанча;
- Чермоев Орца (1825 шеран 16 июль — 1895 шеран 27 сентябрь) — нохчо, оьрсийн-кавказан (1842—1864) а, оьрсийн-туркойн а (1877—1878) тӀемийн декъашхо, 1877 шарахь Зандакъойн Ӏелабек-Хьаьжин а, Дуев Ӏума-Хьаьжин а, Бенойн Солтамурадан а, ЦӀоьнтаройн Сулейманан а куьйгаллица Нохчийчохь хилла гӀаттам бохоран декъашхо, Российн милицин инарла-майор. 1894 шарахь императоран лакхарчу омарца эла титул елла.[31];
- Чермоев Тапа (Ӏабду́л Межи́д)[32] ( (3 (15) март 1882, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Теркан область, Российн импери — 1936 шо, Париж, кхечу хаамашца: 28 август 1937, Лозанна[33]) — 1917—1919 шарашкахь Къилбаседа Кавказан политикин гӀуллакххо, мехкдаьттадаккхархо, Российн инарла Чермоев Орцин кӀант[31].
- Юсуп-Хаьжа Кошкалдара (велла 1924 шарахь) — накъашбандин тӀерикъатера авлияъ, Байбетар-Хьаьжин кӀант.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Тесаев, 2017, с. 48.
- ↑ 1 2 Тесаев, 2017, с. 43.
- ↑ 1 2 Юсуп Дадаев: ЧЕЧЕНЦЫ И ДАГЕСТАНЦЫ – БРАТСКИЕ НАРОДЫ. Газета “МОЛОДЕЖНАЯ СМЕНА” (2017, 24 октябрь). Теллина 2018 шеран 24 мартехь.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ 1 2 Сулейманов, 2006, с. 335-338.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 335-340.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 335-337.
- ↑ 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 335.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 339.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 335-339.
- ↑ 1 2 Твердый А.В., Топонимический словарь Северного Кавказа, Ч. 1, 2. Краснодар, 2006
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 258.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 253.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 371.
- ↑ Вагапов А.Д., Ахмадов Р.П. Названия тэйпов восточной Чечни Лингвофилософия, 2010.
- ↑ 1 2 Сулейманов, 2006, с. 503.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 523.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 593.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 671.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 320.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 526.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 536.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 586.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 527.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 659.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 514.
- ↑ Сулейманов, 2006, с. 577.
- ↑ Тесаев, 2017, с. 29.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 514.
- ↑ Вахит Бибулатов «Славный Бейбулат, гроза Кавказа…». chechnyatoday.com (2008, 7 август). Теллина 2016 шеран 15 январехь.
- ↑ 1 2 Чермоев Абдул-Межид (Тапа): воин, политик, дипломат, предприниматель. Альви Лулуев — Ежемесячный литературно-художественный журнал "Вайнах" (2012). Теллина 2018 шеран 13 майхь. с. 56
- ↑ Встречаются разные варианты написания отчества Тапы Чермоева: 1. БСЭ, ссылаясь на работу 1969 года М. А. Абазатова «Борьба трудящихся Чечено-Ингушетии за Советскую власть (1917—1920)», указывает отчество «Орцуевич»; 2. Как офицер Собственный Его Императорского Величества Конвой, он значится в изданиях «Весь Петербург» за 2-ю пол. 1900-х годов: в 1905 г., отдел 1, стб. 95 — «хорунж. Чермоев Абд. Медж. Арц.» = Абдул Меджид Арцуевич; 3. То же (Арцуевич, уже в звании сотника) на 1907 год: отдел 1, стб. 106.
- ↑ Незабытые могилы, т. 6, ч. 3, стр. 193. (умер 28 августа в Лозанне, Швейцария, тело перевезено во Францию, на мусульманское кладбище пригорода Парижа — Бобиньи, где похоронен 25 сентября)
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Жайнаш
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП "Книжное издательство", 2006. — 711 с. — 5000 экз. — ISBN 598896002-2.
- Йаззамаш
- Тесаев З.А. К истории образования современных гаров тайпа Билтой // (на чеч. яз.). — Грозный: Таллам, 2017. — № 1 (12). — С. 29-53.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |