Чунгарой
Къена тайпа | |
Чунгарой | |
---|---|
![]() Чунгаройн эвла 1892 шеран картин тІехь | |
Кхин цӀерш | Чунгурой, Чунгрой, ЧІунгарой |
Этноиерархи | |
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой, Ӏовхойн |
Йукъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан нохчмахкахойн леер а, Ӏовхойн меттадакъа а |
Йоза | Кириллица |
Дин | ислам (сунниташ) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира мохк Нохч-Мохк |
Чунгарой — нохчийн тайпанех цхьаъ[1][2]. Дийцарехь, курчалоша а, чунгроша а йиллина ГІурий хин йистехь лаьтта Алмакха[3]. Тайпан векалийн йаьхначу ДНК тестийн жамӀаш гайтина уьш L3 гаплотобанера хилар[4]. Охьахевшина беха: Аьчка-ХитӀехь, ГӀойтӀахь, Йоккха АтагӀахь, Кешен-Эвлахь, Лакха Неврехь, Маканехь, Минеральнехь, Хьалха-МартантІехь, Чуьйри-Эвлахь, Шела, Ӏалхан-Юртахь[3]. Чунгарой нохчийн шина тукхумна йукъабоьлху: нохчмахкахойн, Ӏовхойн.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Нохчийн историка историкан Іилманийн кандидата Натаев Сайпудис тардолийта чунгрой а, чартой а тайпанаш говзаллийн хьесапца кхолладалар[5].
Этноним йекъа мега шина орамна «чIу» а, «гарой» а (чІунгарой). ЧІу герзан кеп йу. Ораман шолгІачу декъо (гар) гойту иза хьалха доккхачу тайпана гар хилар, ткъа тІаьхьа доккха мел хуьлу (историн хиламашкахь) хІинцалерчу доккхачу тайпане кхаьчна. Нохчийчохь ЧIуной тайпа а ду, царах къаьстина хила а тарло.
Хьалха-Мартан гена йоцуш, СаІдин-КІотаран (Бачин-КІотар, ГӀой-Чу) къилба-малхбузехьа йу хьалха Чунгурой баьхна топоним Чунгуройн Іин. ХІХ бІешарахь ГІойтІа хин лакхенашкахь лаьттина Чунгуройн эвла, цуьнан бахархой 1848 - 1849 шерашкахь кхалхийна оьрсийн эскарша Хьалха-МартантІе а, Гелен-ГІойтІа а.
ГІойтІан цхьаьна декъах 1859 шарахь Чунгуройн ГІойтІа олуш хилла. ХІинца ГІойтІахь Чунгуройн йукъ йу.
Топонимаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Чунгуройн Іин – СаІдин кІотарна къилба-малхбузехь. Кхузахь хьалха баьхна чунгрой тайпана нах[3].
- Чунгарой-Юрт – лаьттина ГІойтІа агІора ГИБДД пост лаьттинчу меттигехь[6].
ГІарабевлла Чунгрой
[бӀаьра нисйан | нисйан]• Чунгаройн Атин Атаби — нохчийн наиб.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе: этноконфессиональный аспект Лицевая обложка Гаджи Пирмурадович Герейханов
- ↑ Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
- ↑ 1 2 3 Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ Натаев Сайпуди Альвиевич кандидат исторических наук, доцент кафедры истории народов Чечни Чеченского государственного университета К ВОПРОСУ ОБ «ОТДЕЛЬ НЫХ» И «ПРИШЛЫХ» ТАЙПАХ В СОЦИАЛЬНОЙ СТРУКТУ РЕ ТРАДИЦИОННОГО ОБЩЕСТ ВА ЧЕЧНИ
- ↑ Немного об истории Грозного Мохди Шамаев №98 (2031)
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Угрозы национальной безопасности России на Северном Кавказе: этноконфессиональный аспект Гаджи Пирмурадович Герейханов, Алексей Григорьевич Лукьянов, Игорь Сергеевич Моренов Граница, 2004
- Этнический состав населения Северного Кавказа: в ХВИИИ-начале ХХ века Наталия Георгиевна Волкова "Наука,", 1974
- На терских берегах В. Б. Виноградов, Н. Н. Великая, Евгений Иванович Нарожный Армавирский государственный педагогический институт, 1997