Гребенски
ГӀала | |
Гребенски | |
---|---|
оьрс. Гребенская | |
43°31′36″ къ. ш. 46°22′09″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Нохчийчоь |
Муниципалан кӀошт | Шелковскан |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1740 |
Хьалхара цӀерш |
1908 кхаччалц — Новогла́дковская [1] |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↗7650[2] стаг (2020) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий, гӀезалой, гӀумкий, оьрсий |
Динан хӀоттам | бусалбанаш-суннийш, православи |
Официалан мотт | Нохчийн мотт, оьрсийн мотт |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87136 |
Поштан индекс | 366101 |
Автомобилан код | 95 |
Код ОКАТО | 96240806001 |
Код ОКТМО | 96640406101 |
Картин тӀехь | |
Гребенски — Нохчийчоьнан Шелковскан кӀоштара эвла.
Иза йу Гребенскан йуьртан меттиган административан центр[3].
География
[бӀаьра нисйан | нисйан]Лаьтта Теркан аьрру бердаца, 3 километ къилбаседа-малхбалехьа кӀоштан йукъан Шелковски гӀалин, 4 километр къилбехьа Воскресеновски эвлан[4].
Къилба-малхбалехьа лаьтта Теркан тӀехула диллина Гребенски тӀай, цунна тӀехула болу гӀалара дегӀастанан Хаси-Эвл боьду автонекъ. ТӀай дохийра 1996 шарахь, Дуьххьара нохчи-оьрсийн тIом болуш, тодина 2007 шарахь[5].
Топонимаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Меттигаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Айвалы – гӀалин малхбузехьара меттиг, хӀинца оханаш ду.
- Кхо бӀогӀам – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара меттиг, хӀинца ду дежийлаш, оханаш, кемсаш.
- КӀир – гӀалин малхбузехьара меттиг, бахархоша хӀусамашна тоха кӀира боккхура цигара, хӀинца байданаш ду.
- Морозовн бошмаш сады – гӀалин малхбалехьара меттиг, бошмаш йоцу дукха хан йу, амма цӀе йисина, 1917 шо кхачале хилла уьш, хӀинца оханаш а, Ӏедалан бошмаш а йу.
- Тибилеш – гӀалин малхбузехьара ногӀийн йуьрт лаьттина меттиг, ногӀийн меттера гочдича – летарш хуьлу, аьлча а эвлара нах девнехь бара гуонахьарачу бахархошца. ХӀинца цигахь дежийлаш а, уьстaгӀийн жоьлаш а йу.
- Ягарсу – гӀалин малхбузехьара меттиг, кхузахь лаьттина гӀалагӀазкхийчун Егоран кӀотар, цӀе нохчийн матте йаьккхича «Егоран хи» хуьлу, хӀинца цигахь ду дежийлаш, оханаш, кемсаш [6].
- Федюшкинан пайш – гӀалин малхбалехьара хьалха пайш хилла меттиг, хӀинца оханаш а, Ӏедалан бошмаш а йу. Федюшкин – оьрсийн фамили[7].
- Берзина барз (Голый яр) – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара шуьйра боьра, кхузахь хьалха кӀезиг ораматаш йара, Новран-Шелковски хи диллиран татол даккхар бахьнехь и латташ денделла.
- Бражниковн бошмаш – гӀалин малхбалехьара меттиг, хӀинца кемсаш лаьтта.
- ЧагӀалкхийн коьллаш (Чакаличьи кустарники) – гӀалин малхбалехьара меттиг, хӀинца кемсаш лаьтта[8].
- Акхтерек – гӀалин малхбузехьара меттиг, хьалха цигахь лаьттина акхтаргийн боьлак. «Акхтерек» кхолладелла ногӀийн дашах, «акх» + «терек» = кӀайн дитт.
- Кхошкхызыл – гӀалин малхбузехьара ГӀамаршкара йоккха меттиг.
- Уздемировн бошмаш – шира цӀе, гӀалин йукъахь йу. Хьалха гӀалин йист хилла[9].
Баьрзнаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Аспад тюбе – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, ногӀийн цӀе йу, хӀинца дежийлаш ду.
- Безаме барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе стенна йелла хууш дац, хӀинца дежийлаш а, оханаш а ду.
- Кхартанай барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг.
- Кхаьрзина барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе стенна йелла хууш дац, хӀинца дежийлаш а, оханаш а ду.
- Маяшни барз – гӀалин малхбузехьара кошан барз болу меттиг, цӀе схьайаьлла оьрсийн «маяк» дешах.
- Ши ваша – гӀалин малхбузехьара шина кошан барз болу меттиг, цӀе йелла уьш вовшех тера хиларна[6].
- ГӀалмакхойн барз – гӀалин малхбузехьара гӀалмакхойн кошан барз болу меттиг[8].
Аренаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Кхо мах (Три осины) – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара аренан шира цӀе, Берзина бердан гергахь. Баккхийчарна дагадогӀуш кхузахь лаьттина бӀешо долу кхо мах, хьалха хиллачу хьаннех дисина, хӀинца Ӏедалан кемсаш йу.
- Минкинан хьалхара аре – гӀалин малхбалехьара аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
- Минкинан шолгӀа аре – гӀалин малхбалехьара аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
- Синюховскийн аре – гӀалин къилбаседа-малхбалехьара гӀазакхийчун Синюховскийн аренаш, хӀинца Ӏедалан кемсаш.
- УьстагӀий (Барашки) – гӀалин къилба-малхбалехьара аренаш. ХӀинца Ӏедалан бошмаш[8].
Хиш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Косински татол – иштта меттиг лаьтта гӀалин малхбалехьа, хӀинца Ӏедалан бошмаш.
- Хи дуьллу татол – чекхдолу гӀалин малхбалехьа.
- Ленинан татол йа Новран-Шелковски хи дуьллу га – чекхдолу гӀалин къилбаседа-малхбузехьахула. [8]
- Уздемировн гӀу – хӀинца йолуш йу. Йаьккхина XIX бӀешарахь. ЦӀе йисина иза цхьаъ бен гӀалахь ца хилла чура бахархоша хьашташна хи доккхуш[9].
Хьаннаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Черновн хьун – гӀалин къилба-малхбалехьара хуьнан шира цӀе. Чернов хьун долахь йолу, гӀазакхийн атаман, волчух тера ду. [8]
- Нагорнин боьлакаш – гӀамаршкара шортта акацеш евлла меттиг, уьш йаьржина гӀазакхийчо Нагорнис аренашкара шен латтан тӀехь йоьгӀначу цхьаьна акацех[9].
Кешнаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Доккха Акхмола – гӀалин малхбузехьара арара ногӀийн кешнаш, цӀе схьаэцна ногӀийн - «Уйкен Акхмола» дашах[8].
- НогӀийн кешнаш – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара ГӀамаршкара йоккха кӀошт.
- Жима Акхмола – гӀалин малхбузехьара ногӀийн кешнаш, цӀе схьаэцна ногӀийн - «Киши Акхмола» дашах.
- Нагорнин жӀар – гӀалин къилбаседа-малхбузехьара Нагорнин ша лаьтта каш долу меттиг[9].
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]1711—1712 шерашкахь кхалхабо гребенски гӀазакхий Теркан аьтту берд тӀиера аьрру берд тӀе[10], кхолла доладо Гребенски гӀазакхийн эскар. Оцу хенахь (1711 шо) хьахайо Гладковски гӀала[11].
Новогладковски гӀала йиллина 1740 шарахь[12] гӀазакхаша ногӀийн Яна-кхала йа Янкхала эвла хиллачехь, ногӀийн цӀе нохчийн маттахь «Керла гӀала» хуьлу[13], ткъа Старогладовски гӀала кхоьллина 1725 йа 1735 шарахь[14]. Новогладковски йукъайоьдура Кавказан асанан гӀазакхийн эскаран Гребенски гӀазакхийн полкан. 1841 шарахь гӀала Теркан бердаш тӀиера 1—2 чаккхарма дехьайаьккхина. Йукъайоьдура Теркан областан ГӀизларан декъан. 1908 шарахь Новогладковски гӀалин цӀе хийцина Гребенски[15] аьлла.
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тахана кхузахь беха нохчий, гӀезалой, гӀумкий, оьрсий, ногӀий. Нохчашна йукъахь бу Ӏалларойн, зандакъойн, бенойн, ширдийн, даттахойн, чӀаьнтийн, энганойн тайпанийн векалш[13].
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1878[16] | 1883[17] | 1926[18] | 1970[19] | 1990[20] | 2002[21] | 2010[22] |
1575 | ↗1647 | ↗2540 | ↗3376 | ↗4880 | ↗5055 | ↗6227 |
2012[23] | 2013[24] | 2014[25] | 2015[26] | 2016[27] | 2017[28] | 2018[29] |
↗6494 | ↗6530 | ↗6751 | ↗7000 | ↗7127 | ↗7257 | ↗7409 |
2019[30] | 2020[2] | |||||
↗7530 | ↗7650 |
- Къоман хӀоттам
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 1926 шеран Ерригсоюзан бахархой багарбаран хаамашца [31]:
Къам | Бахамийн барам | Барам, чел. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|---|
оьрсий | 520 | 2224 | 87,56 % |
гӀезалой | 52 | 271 | 10,67 % |
гӀумкий | 5 | 23 | 0,91 % |
жуьгтий | 3 | 12 | 0,47 % |
ногӀий | 2 | 9 | 0,35 % |
гӀажарий | 1 | 1 | 0,04 % |
берриш | 583 | 2540 | 100,00 % |
ГӀалин бахархойн къоман хӀоттам 2002 шеран[32] а, 2010 шеран а Ерригроссийн бахархой багарбаран[33] хаамашца:
Къам | Барам (2002), ст. |
Дакъа, % |
Барам (2010), ст. |
Дакъа, % |
---|---|---|---|---|
нохчий | 4 220 | 83,48 % | 5 316 | 85,37 % |
гӀезалой | 480 | 9,50 % | 594 | 9,54 % |
гӀумкий | 182 | 3,60 % | 175 | 2,81 % |
оьрсий | 130 | 2,57 % | 95 | 1,53 % |
кхин берш | 43 | 0,85 % | 47 | 0,75 % |
берриш | 5 055 | 100,00 % | 6 227 | 100,00 % |
Гребенскехь дикка дукха гребенски гӀезалой бехаш хиларна, 2001 шарахь гӀалахь кхоьллина ГӀезалойн оьздангаллин йукъ[34].
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Гребенски
-
Гребенскера маьждиг
-
Гребенски
-
Гребенски
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Виноградов В. Б., Белецкая Е. М., Великая Н. Н. Календарная обрядность терских казаков // Этнографическое обозрение. 1996, № 2. С. 50-63. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 22 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 23 февралехь Архивйина 2018-02-23 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
- ↑ Закон Чеченской республики № 42-РЗ от 14.07.08 (doc). — Об образовании муниципального образования Шелковской район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения. ТӀекхочу дата: 2011 шеран июль. Архивйина 2012 шеран 15 февралехь Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Объём 8 МБ.
- ↑ РИА Новости. Восстановлен мост между Дагестаном и Чечнёй
- ↑ 1 2 Сулейманов, 2006, стр.657.
- ↑ Сулейманов, 2006, стр.657-658.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Сулейманов, 2006, стр.658.
- ↑ 1 2 3 4 Сулейманов, 2006, стр.659.
- ↑ Караулов М. А. Терское казачество в прошлом и настоящем. Пятигорск, 2002. С. 299.
- ↑ Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год. Справочник. Ч. 3. Основные сведения о населённых пунктах. С. 301. Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год. Справочник. Ч. 3. Основные сведения о населённых пунктах. С. 325. Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Сулейманов, 2006, стр.656.
- ↑ Административно-территориальное устройство Ставрополья с конца XVIII века по 1920 год. Справочник. Ч. 3. Основные сведения о населённых пунктах. С. 340. Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Полное собрание законов Российской империи. Собрание третье Отделение I. От № 29944-31329
- ↑ Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
- ↑ Список населённых мест Терской области. По сведениям к 1-му января 1883 года. Владикавказ. 1885
- ↑ Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
- ↑ Шелковской район (1970) .
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
- ↑ Материалы Всесоюзной переписи населения 1926 года по Дагестанской АССР. Выпуск 1. Список населённых мест Дагестанской АССР. Махач-Кала: Издание Дагстатуправления, 1927. Стр. 87.
- ↑ Шелковскан кӀошт (2002) .
- ↑ Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным кӀоштам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с барамю населения 3000 человек и более" . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 29 сентябрехь Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
- ↑ Гребенской татарский национальный культурный центр . Культура.РФ. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июль.