Желтойн мотт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Lua гӀалат: not enough memory.Lua гӀалат: not enough memory.
Грекийн мотт
Кхин: Проект:Лингвистика

Желтойн мотт — ХӀинди-Европин меттанаш тобан мотт бу. Ша-шена тиллина цӀе Ελληνικά (elliniká) ю. Желтойчоьнан а, Кипран а леррина болу мотт бу иза.

Уггар хьалха иза бийца болабелла Желтойчохь а, цул тӀаьхьа баьржина Жимчу Азехь (таханлера Туркойчоьн мохк) а, Къилбера Италехь а. Цхьан хенахь грекийн мотт буьйцура Малхбузен Азехь а, Къилбаседа Африкехь а. Таханлерачу дийнахь грекийн метташан группехь цхьаъ бен бац.

Желтойн меттан йозанан историн 3 эзар 5 бӀе шо ду. Масийтта мур хила грекийн маттахь: микенан грекийн мотт, шира грекийн мотт, византийн, керла грекийн мотт.

Дуьненахь 14 миллион адам ду керла грекийн мотт ненан мотт санна лоруш.