Тевзана
Эвла | |
Тевзана | |
---|---|
![]() | |
42°58′39″ къ. ш. 45°54′30″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
Муниципалан кӀошт | Веданан |
Корта | Зумаев Русланбек Абдулвахатович |
Истори а, географи а | |
Хьалхара цӀерш |
1944 кхаччалц — Таузен 1958 кхаччалц — Киров-Аул 199? кхаччалц — Киров-Юрт |
Центран локхалла | 625 м |
Климатан тайпа | бараме |
Бахархой | |
Бахархой | ↗3591[1] стаг (2020) |
Къаьмнийн хӀоттам | нохчий |
Динан хӀоттам | бусалбанаш суннийш |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87131 |
Поштан индекс | 366330 |
Автомобилан код | 95, 20 |
ОКАТО | 96204822001 |
Картин тӀехь | |
Тевзана (нох. Тевзана, Бастӏи) — Нохчийн Республикин Веданан кӀоштара эвла. Тевзанан йуьртан меттиган административан йукъ[2].
Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Йуьрт лаьтта Жалкх эркан аьтту бердаца, МахкатӀе эвлан дуьххьала[3], кӀоштан йукъан Веденон 28 км малхбузехьа.
Гергара нах беха меттигаш: къилбаседехьа — ЭгӀашта эвла, къилбехьа — МахкатӀе, малхбалехьа — Хоттане а, Элистанжа[4].
Микротопонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ГӀалин дукъ - Тевзанан а, МахкатӀен а йуккъехь. Хьун, байданаш, хьосташ.
- Суьйла корта - Тевзанан малхбален йистехь. Хьун, байданаш, хьосташ.
- Ӏинал дехьа - Тевзанан йуккъехь.
- ТогӀичу - Тевзанан малхбален декъехь[5].
- Эвла тӀе - Тевзанан йуккъера дакъа.
- Тевзанхойн лам - Тевзанан малхбален йистехь.
- Цанин корта - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, Тевзанан малхбален йистехь.
- Билта - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, Тевзанан малхбален йистера меттиг.
- Элсичу - Тевзанан малхбален йистера меттиг.
- КӀентий багийна арие - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, ЭгӀаштхойн ломан малхбален йистехь, Тевзанан къилбехьа.
- Чолхан дукъ - Тевзанан къилба-малхбузехьа.
- Тевзинхойн кӀотар - МахкатӀен 6 км къилбехьара кӀотар.
- Чолха ирзо - эвлан къилбехьа, эркан аьтту бердаца[6]..
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1944 - 1958 шерашкахь, нохчийн а, гӀалгӀайн а депортаци йинчул тӀаьхьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, Тевзанан цӀе хийцира Киров-Аул аьлла[7] ДАССР Веданан кӀоштан йукъахь йара[8].
1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлан цӀе хийцира Киров-Юрт аьлла. Таханлера цӀе йухаметтахӀоттийра 1990-гӀа шерашкахь.
Эвла йиллина элистанжахоша. Паччахьан администрацин, 19-гӀа бешеран шолгӀачу декъан терахь долчу, хаамашца, Тевзана йу Нохчийчоьнан уггаре ширачу 35 эвланах цхьаъ.
Эвлан гӀараваьлла йуьртахо — Гиреев Лорс-Хьаьжа, 1877—1878 шерашкарачу гӀаттаман тхьамданех цхьаъ. Прапорщик Муртаз-Ӏалис мотт тоьхна, инарла Смекаловс дегӀастанан гӀаттаман куьйгалхочуьнца МаӀадца цхьаьна йийсар вина 1877 шеран 24 октябрехь Тилитли эвлара тӀом чекхбаьлча. Ирх оьллина 1878 шеран 9 мартехь Ӏуьйрана 6 сахьт долуш кхин а 11 гӀаттаман куьйгалхочуьнца Соьлжа-ГӀалин центран майданехь[9].
Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1990[10] | 2002 | 2010[11] | 2012[12] | 2013[13] | 2014[14] | 2015[15] |
2007 | ↘1991 | ↗3378 | ↗3434 | ↗3448 | ↗3469 | ↗3502 |
2016[16] | 2017[17] | 2018[18] | 2019[19] | 2020[1] | ||
↗3539 | →3539 | ↗3546 | ↗3577 | ↗3591 |
Дешар[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Тевзанан муниципалан йуккъера йукъарадешаран ишкол[20].
Бевзаш болу йуьртахой[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Ахмадов Шарпудин Бачуевич (1941—2016) — советийн а, оьрсийн а, нохчийн а историк. Историн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо (2003).
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2020 шеран 24 апрелехь. Теллина 2020 шеран 24 апрелехь.
- ↑ Тевзанская сельский округ (сельсовет)* (Веденский район)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 29 январехь. Теллина 2011 шеран 14 июлехь.
- ↑ Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 267. — 5000 экз. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2015 шеран 25 августехь. (переиздание 1976—1985 гг.)
- ↑ Карта Чечни Объём 8 МБ.
- ↑ Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 267. — 5000 экз. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2015 шеран 25 августехь. (переиздание 1976—1985 гг.)
- ↑ Сулейманов А. С. Топонимия Чечни. — Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006. — С. 268. — 5000 экз. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2015 шеран 25 августехь. (переиздание 1976—1985 гг.)
- ↑ Ведомости Верховного Совета РСФСР № 5 1958
- ↑ О восстановлении Чечено-Ингушской АССР и упразднении Грозненской области (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). lawru.info. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 6 августехь. Теллина 2018 шеран 8 ноябрехь.
- ↑ Богуславский, 1892, с. 472—473.
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017, 31 июль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 31 июлехь. Теллина 2017 шеран 31 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 26 июлехь. Теллина 2018 шеран 25 июлехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года (оьр.). Теллина 2019 шеран 31 июлехь.
- ↑ МОУЧ СОШ С.ТЕВЗАНА 89280166090, 2003000965
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- История Апшеронского полка, 1700—1892 / Сост. Л. А. Богуславский (в 3-х т.). — СПб. : тип. М-ва пут. сообщ. (А. Бенке), 1892. — Т. II. — [4], VIII, 552, XV с. : 2 л. портр. — Перед загл.: Вел. кн. Георгий Михайлович.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Топонимика слова Тевзана Архивйина 2022-01-01 — Wayback Machine