Харачой
Харачой | |
Этноиерархи | |
---|---|
Раса | кавказан |
Тукхам | Нохчимахкахой |
Юкъара хаамаш | |
Мотт | Нохчимахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() ![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |

Харачой я Хорочой — Нохчмахкахойн тукхумара, нохчийн даккхийчех цхьа тайпа. Тайпанан векалийн яьхна ДНК тесташ гайтина дукхаха болу Харачой L3 гаплотобанера хилар, ткъа царна юкъахь J2 а, R1b а тобанера векалш а бу[1].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Тайпанан коьрта юрт Хорача лаьтта Веданан кӀоштахь; Харач хин хикхочехь (Хул-Хулон бассейн). Эвлан къилбаседа-малхбузан йисттехь лаьтта Хорочойн лам.
Хорачан доза ду малхбалехь – ДаьргӀаца, БелгӀатаца, Эрсанаца, Гуьнаца, къилбехь – Ӏаьндаца (ДегӀаста), ЧӀебарлаца, малхбузехь – Саьрбалаца, Лаьшкараца, Садаца, Элистанжаца, ткъа къилбаседехь - Веданаца, Тезa-Кхаьллаца. Харачой охьахевшина акъари тӀе[2].
Тайпанан махка юкъа йогӀу эвланаш а, кӀотарш а: Байтарке, Кха ӀомиетӀа, Тимишан ирзуо, Хьеха Хьалха, Хьочие, ЭгӀазгие, ӀомиетӀа.
Топонимаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Хорочойн дозанера ор – Тезa-Кхаьллан къилбехьара меттиг.
- Хорочойн дозанера чхор – Теза-Кхаьллан къилбехьара меттиг[3].
Этноним[нисъе бӀаьра | нисъе]
Этнониман хьост мичара ду хӀинци а дика хууш дац. А.Сулеймановс доькъу дош иштта: «хан + ара + чоь» - «ха ден чоь»[2], амма цхьаццамма Харачой Кхарачой къомаца дусту тера догӀуш хиларна. А.Д. Вагаповс а, Р.П. Ахмадовс а топоним яьлла лору нохчийн дешах «хара» + «чу», аьлчи а «лаьмнийн херонера эвла».
Тайпа даржар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Харачоша ЦӀонтарошца цхьаьна кхоьллина БӀачи-Юрт.
Нохчийн талламхочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс билгалъяьхна Харачой беха меттигаш: БердакӀел[4], БӀачи-Юрт[5], Гелдаган[6], Девкар-Эвла, Лакха-Невре[7], Майртуп[8], Сиржа-Эвла[9], Соьлжа-Юрт[10], Ойсхар[11], Хьаьнгаш-Юрт[12], Цоци-Эвла[13], Чечана[14], ЧӀулга-Юрт, Шела[15].
ГӀарабевлла Харачой[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Акмурзаев Тоза — Нохчийчоьн имам 1865—1866 шерашкахь.
- Гака молла – накъшбандин тӀарикъатера шайх. ДӀаверзийна БӀачи-Юртахь.
- Мани-Шайх (Мохьмад Назиров) (вина 1860 шарахь Цоци-Эвлахь – кхелхина 1924 шарахь ЧӀулга-Юртахь) – къадарийн тӀарикъатера авлияъ, Кунта-Хьаьжин (Кишин-Хьаьжа) а, ИбрахӀим-Шайхан (Аба) а мурид.
- Харачойн Зеламха (вина 1872 шеран январехь Хорачахь — кхелхина 1913 шеран 26 сентябрехь Шелахь) — гӀараваьлла нохчийн обарг.
- Хасбулатов Руслан[16] (1942 шеран 22 ноябрь, Соьлжа-ГӀала) — Российн политикан гӀуллакххо, Ӏилманча а, публицист а, декъашхо-корреспондент РАН (1991), Российн Федерацин Лакхара Советан тӀаьххьара председатель, Российн дуьххьара президент Борис Ельцинан накъост, тӀаьхьо цуна коьрта оппонент а, Российн конституцин кризисан жигара декъашхо 1993 шеран октябрь кхаччалц, 1994 шарахь — «Профессор Хасбулатовн машаран мисси» Нохчийчохь вовшахтохархо.
- Шахмирзин Бота (Бота Шамурзаев) – вина Дади-Юртахь. Йийсарехь кхиийна барон Розена. Ведда Нохчийчу. Йоккха Нохчийчоьнан а Мичиган а наиб. 1851 шарахь имам Шемалца довдаьлла паччахьан эскарехьа ваьлла. ГӀачалкхан наиб. Ламанхойн гуонан суьдан председатель. Оьрсашкахьа Имамаллин дуьхьала тӀамехь дакъалацна, бухарчу милицин капитан даржехь, эла Барятинскийн гочдархо. Кавказан тӀом чекхбаьлча паччахьан ша гайтарна майоран Б.Шамурзаевн 545 гектар латта делла.
Тайпа декъадалар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Харачой бекъало некъешка: Айдайн, Байгишан, ГӀезалойн, ГӀубайн, Кудайн, Мершадойн, Меснайн, СугӀуран, Хьаьжханан, Чагайн, Юнусан, Ӏумаран (R1b)[17].
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 260.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 296.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 482.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 500.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 492.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 558.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 499.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 486.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 466.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 511.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 549.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 498.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 478.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 487.
- ↑ Ъ-Газета - Ситуация в Чечне. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 13 мартехь. Теллина 2013 шеран 25 февралехь.
- ↑ Головлёв А. А. Экономическая география Российской Федерации: Курс лекций. — В 3 ч. — Ч.1 / А. А. Головлёв. — Самара: Изд-во Самарск. гос. экон. ун-та, 2006. — с. 100
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни : топоним. слов. — Нальчик : «Эль-Фа», 1997. — 685 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.