Элистанжхой
Элистанжхой | |
Этноиерархи | |
---|---|
Раса | кавказан |
Тукхам | нохчмахкахой |
Юкъара хаамаш | |
Мотт | нохчийн меттан нохчмахкахойн лер |
Дин | ислам (суннизм) |
Къам | нохчий |
Таханлера дӀасакхалхар | |
![]() ![]() |
|
Хьалхалера дӀасакхалхар | |
• шира. мохк Нохч-Мохк |
Элистанжхой - Нохчмахкахойн тукхумара, J2 а, L3 гаплотобанашкара тайпа[1]. М.А.Мамакаевс тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпашна юкъатуху[2].
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Элистанжан мохк хилла Хоттанен 6 км малхбалехьа, ЦӀен Веданан 1 км къилба-малхбузехьа, дӀалоцуш хилла Саьрбалан, Бас а, Хул-Хулуо а хишна юкъара латта, къилбаседехьа акъари тӀе араболуш хилла. Элистанжан къилбехьа баьхна Садой а, Пешхой а, тӀаьхьуо аратеттина болу Орсойша[3].
Элистанжхойн лам лаьтта эвлан къилба агӀора[4].
Элистанжхойн эхк – Веданан кӀоштара доьда хи; долало Барзиарлам (2214 м) герга, ломан малхбалехьа, кхета Хул-Хулох[3].
Беха меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Элстанжхой беха меттигаш: Алда, ГӀойтӀа[5], Девкар-Эвла[6], Лакха Невре[7], Макане[8], Сиржа-Эвла, Тевзана, Хоттане, Шела, ЭгIашта.
Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Элистанжа дешан бух бу, легендаш дийцарехь: «эла»+»сту»+»жӀай», амма цуо шеко кхуллу[3].
Шешша Элистанжхойша и дош Элса бохачу цӀарах трансформаци хуьлуш схьадаьлла лору: Элса – Элсанчу – Элстанча – Элстанжа, ткъа Элса – Нашхара бух болуш хилар а, шен жимах волчу вешийца Дишница кхелхина Шулукъ дукъо екъна акъареш тӀехевшина. Дишний хевшина Хул-Хуло бердашца, ткъа Элса Билта[4] меттигехь Ӏаьржа эхк бердаш тӀе. Элсанан тӀаьхьенаш тӀаьхь-тӀаьхьа охьахевшина акъари тӀе Алда кхаччалц, ехкина Хоттане, Тевзана, ЭгӀашта, Шела, Сирж-Эвла, кхин дӀа а.
«Элиста» дош алсама хаало гӀалмакхойн топонимикехь. А.В.Твердыйс хуьлуьйту этноним гӀалмакхойн – «гӀамаран», хӀунда аьлчи Элистанжхой шуьйра баьржина акъарийн эвланашкахь. Цуо хуьлуьйту Наврузхан тӀелетначу заманахь цӀе хийцина. Кхин тӀе Элистанжахь топоним ю Менги Ӏола а, Менги басса а Чингисханан кӀентан сийна тиллина (цуьнан кӀентан цӀе Менгу хилла)[3].
Элистанжахь топоним ю «Элан-жӀаран-корта», дийцарехь иза йиллина Элистанжхойн тайпанан хьалхарчу Орс-элас, аьлчи а, уьш хила тарло оьрсийн элин тӀаьхьенах а[3].
Тайпа декъадалар[нисъе бӀаьра | нисъе]
Элистанжхой бекъало некъешка: Арсан (L3), Ашнай (J2), Аюб (L3), Биги (J2), Гири, Дади (J2), Дарси, Музи, Ушурми (L3), Чуштар (J2), ЭгӀаштой (L3), Эльти.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Элистанжан акъари XVI бӀешарахь дӀалаьцна хилла гӀалмакхаш. Цигахь ханан ставка хилар а дуьйцу. Цхьаьна нохчийн «ГӀалмакхий Нохчийчуьра лахкарх» йолчу легендехь боху, гӀалмакхий, Къилбаседа Кавказе баьхкира XVI бӀешарахь, дӀалецира ерриг аьлча санна Нохчийн акъари, ногӀий ара а тоттуш. XVIII бӀешеран юкъахь нохчаша барт бира гӀалмакхой арабаха, амма, шайн ницкъаш лерина, хиира уьш тӀамца арабахалурбоций, тӀаккха гӀалкхой ханах шайн нуц вира, уггаре хаза йоӀ елла маре, хан Аштаркхнен аренашка дӀавоьдург. Цуо ханан шиъ кӀант вира, цхьаьнан цӀе Хавадж хилла.
Элистанжа масийттаза хӀаллакйина, бахархой арабаьхна Теркан тӀе а, ломан кӀажошкара акъари тӀе а ховшийна. Шайн тайпанан меттигаш йита ца лууш уьш хьаннашкахь кӀотарш йохкуш охьаховшура. Элистанжан юкъараллехь 70 кӀотар хилла, Кавказан тӀом болуш ехкина. Бахархой арабохура оцу меттигашкара паччахьан эскарша, акъарин тӀе кхалхабора. Уьш лаьттира 1932-1935 шераш кхаччалц[9].
XVII-XVIII бӀешерашкахь Элистанжхой массашкахь кхелхира Алда. ШолгӀа цабевлла кхелхира 1865 шарахь Девкар-Эвла, Харачойн Акмурзаев Тозин гӀаттам охьатаӀийначул тӀаьхьа, оьрсаша Элистанжа ягийра, ткъа бахархой кхалхийра. 1869 шарахь паччахь Александр ӀӀ-гӀа шен мехкашкахула чекхволуш хилира Сиржа-Эвлахь. Паччахьан дуьхьала бахара векалш, коьртехь Агатаев Шаба а волуш. Векалийн, паччахье Элистанжхойн шайн махка цӀаберза пурбало аьлла дехар дӀакховдо, Ӏалашо яра. Векалшна юкъахь вара чӀогӀа дика хелхарча Бурсинов Солса, цуо хелхарца дӀакховдийра дехар. Хелхар хазделлачу паччахьо дехаран жоп делира.
ГӀарабевлла тайпанан векалш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Шайх Мансур (1732 шо – 1794 шо — XVIII бӀешеран чеккхенгахь Кавказан ламанхойн тӀеман, динан а, политикан а корта. 1785—1791 шерашкара Кавказан тӀеман гӀуллакххойх цхьаъ.
- Гехаев ТӀахӀир – Кунта-Хьаьжин башха уллера мурд, кхелхина Кавказан тӀамехь йинчу чевнех.
- ГӀарабатиран ЧагӀа — Элистанжа эвлан наиб.
- Дудаев, Муса Абдиевич (1938 шеран 16 февраль, Элистанжа, Нохчийн Республика — 2014 шеран 6 август, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — вевзуш волу нохчийн артист, Советийн Союзан Турпалхочун Ханпаша Нурадиловн цӀарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театран артист, РСФСРн Сийлахь артист (1991 шо), ГӀалгӀайн Республикан Халкъан артист (2008 шо).
- Дудаев, Ӏабди Дудаевич (1901 шо, Элистанжа, Нохчийчоь, Российн импери — 1937 шеран 24 декабрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — нохчийн поэт а, яздархо а, нохчийн литературан бухбиллинчарах цхьаъ.
- Ӏийса – Элистанжан вахархо. Имам Шемалан тобан баьчча. Кхелхина Несаран гӀап йолчахь паччахьан эскаршца болчу тӀамехь.
- Ӏумар-Хьаьжа. Зиярат Элистанжа эвлахь.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ https://www.familytreedna.com/public/chechen-noahcho/default.aspx?section=yresults
- ↑ Мамакаев М.А. «Чеченский тайп (род) в период его разложения» Грозный, ГУП «Книжное издательство», 1973
- ↑ 1 2 3 4 5 Сулейманов, 1997, с. 252.
- ↑ 1 2 Сулейманов, 1997, с. 253.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 454.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 568.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 558.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 562.
- ↑ Сулейманов, 1997, с. 256.
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Сулейманов А. С. Топонимия Чечни : топоним. слов. — Нальчик : «Эль-Фа», 1997. — 685 с. — 1000 экз. — ISBN 5-88195-263-4.